• VTEM Image Show


НОХЧИЙН МОТТ – САН ДАХАР, САН ЛАЗАМ

20140425 181200-mАпрель баттахь къаьсттина жигар баьккхира «Нохчийн меттан Денна» лерина болу болх. Массо дешаран хьукматашкахь, министерствошкахь дIадаьхьира оцу денна лерина даздарш. Дешар кхиоран институтан белхахой ца бисира юьстах. Царна тIехь дара уггаре жоьпаллале гIуллакх.

Конференцешкахь, цхьанакхетаршкахь дакъа лецира: Институтан директора Арсанукаев IабдуллахIа, филологийн Iилманийн докторша – Тимаев Вахас, Овхадов Мусас, филологин кандидаташа – Эдилов Салаудис, Солтаханов ИбрахIима, Ирезиев Сайд-Хьамзата, Бурчаев Хьалима и дI.кх.

Вайн пачхьалкхехь вевзина ца Iаш, дозанал арахьа а дика вевзаш, кIорггера хаарш долуш, массара а чIогIа лоруш Iиламанча ву Тимаев Ваха.

Нохчийн мотт талларехь, кхиорехь вайн кегийрхошна и хьехарехь даггара къахьоьгу Тимаев Вахас.

Ваха шен хьаналчу къинхьегамца гIаролехь лаьтташ ву къоман гIиллакхашна, нохчийн маттана. Цо бечу Iилманан белхан лаккхара мах хадийна Iилманан юкъаралло а, Iедало а. 1986-чу шарахь цунна елла «Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманан хьакъволу белхахо» сийлахь цIе, Дуьненаюкъарчу Iилманан конференцехь Кавказоведийн Европейски юкъараллин декъашхо хаьржина иза. Цуьнан дерриге совгIаташ дийцина вер вац. Цо нохчийн мотт кхиоран хьокъехь бинчу белхийн мах бан а бац.

Хаза кхаъ бу 2015 шеран 25 апрелехь «Нохчийн меттан Де» билгалдоккхуш Тимаев Вахина Республикин Куьйгалхочун Указца дина рогIера совгIат ‒ «Нохчийн Республикин хьакъволу вахархо» цIе тилларца.

Ваха Джахаевич! Оха даггара декъалво хьо «Нохчийн Республикин хьокъволу вахархо» цIе яларца. Могашалла а, доьналла а лойла хьуна айхьа хаьржинчу новкъахь баккхий кхиамаш баха.

                                                                                                                                                                            НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ДЕШАР
                                                                                                                                                                            КХИОРАН ИНСТИТУТАН БЕЛХАХОЙ