• VTEM Image Show


Кадам

IMG 1698-mНохчийн  къоман культурина а, нохчийн литературина а, нохчийн дешаран декъана  а боккха иэшам хилла – шен  78-чу шарахь бакъдуьнене вирзи Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директор, Россин яздархойн Союзан декъашхо, Россин естественни 1илманийн академин член-корресподент, РФ-н лаккхара корматаллин дешаран лараме белхахо, 1илманча-методист, литература таллархо, критик, школан учебникийн, методически пособийн автор Арсанукаев 1абдулла.

Арсанукаев 1абдулла   1939-чу шеран апрель беттан 25-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Хьалха-Мартанан районан  1алхан-юьртара вайн махкахь а, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а г1араваьлла вевзаш волчу 1еламстеган  Арсанукаев Мохьмад-Бешар–Хьаьжин доьзалехь. Генарчу махкахь, Казахстанехь, д1адахна цуьнан бераллин а, кхиаран а шераш. 1957-чу шарахь чекхъяьккхира Арсанукаев 1абдуллас Семипалатински областан Урджар юьртара юккъера школа. Оццу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн-филологин факультетехь дуьххьара схьайиллинчу къоман отделене деша болчу лаамо Даймахка ц1аверзаво иза. Церан доьзал цул т1аьхьа пхи шо даьлча бен даймахка юха ца бирзина. И  лаам цуьнан кхочуш а хилира. 1962-чу шарахь институт кхиамца чекхъяьккхинчул т1аьхьа белхаш бина Чечанарчу, Валаргт1ерчу, 1алхан-юьртарту юккъерчу школашкахь директоран даржехь. РСФСР-н серлонан Цул т1аьхьа Министерствон къаьмнийн школийн 1илманан-талламан институтан филиалехь къахьегна цо. Юьхьанца 1илманан белхахо хилла иза, цхьа хан яьлча оцу филиалан куьйгалхо а х1оттийна. Филиалах 1илманан-талламан институт йича а, директоран даржехь къахьоьгуш схьавеъна  шен дахаран т1аьххьара де т1екхаччалц. Хала а,  жоьпалле а, амма беркате хилла нохчийн халкъана Арсанукаев 1абдуллин къинхьегаман некъ.

Ахб1е шерийн муьрехь 1илманехь а, хьехарехь а ша къахьоьгуш, цо школин директоран даржа т1ера воккхачу 1илманчин дарже кхаччалц некъбина. Цо шен берриг ницкъаш, лаамаш дешар кхиорна а, нохчийн литература талларна а, кхиорна а т1ехьажийна бара.

1илманан-методикехь а, хьехарехь а Арсанукаев 1абдуллас кхочушдинарг дукха ду. Цхьа б1е шовзткъе иттанал сов бу цо зорбане баьхна шен белхаш, царна юкъахь ю ткъа книга, иштта монографеш, учебникаш, хрестоматеш, методикин пособеш, луг1аташ, программаш; критикин а, литература талларан а статьяш; яздархойх а, нохчийн литература кхиаран некъех а лаьцна язбина белхаш. Арсанукаев 1абдуллин белхашна юккъехь массарел а маь1не, чулацаме, 1илманан талламан болх бу «Нохчийн яздархой» ц1е йолу книга.

IMG 0825-ob

Цо куьйгалла а деш, дакъа а лоцуш х1иттийна мехала документаш Нохчийн Республикин дешаран система кхиоран Концепци», «Нохчийн Республикин юккъерчу а, корматаллин юккъерчу а, лаккхарчу а дешаран заведенешкахь нохчийн мотт хьехаран Концепци», карарчу хенахь д1ахьош бу  керлачу  стандартаца   боьзна болу болх а. Х1иттош ю школашна лерина керла программаш, учебникаш, дешаран методически комплекташ.

Нохчийн мотт а безаш, литература а  езаш, доггах къахьегна цо уьш кхиорехь.

Дуьненан хьал-бахам ца лоьхуш, школашкахь  дешар, нохчийн  мотт, литература  кхиор шен коьрта г1уллакх лоруш, цунна хьанал вецаш, Дала шена дуьненахь яккха  елла хан текхна, бакъдуьнена вирзи 1абдулла.

Кху дуьнен чу халкъана ваца веана вара иза. 

Оьзда, г1иллакх долуш, дика  куьйгалхо  вара Арсанукаев 1абдулла.  Балхаца жоьпалле, адамашца г1иллакхе, хьанал, ц1ена ваьхна стаг вара 1абдулла. Тхан дегнашкахь даима а даха дуьсур ду цуьнан адамаллин, оьздангаллин амат.

Оха даггара халахетарца кадамбо 1абдуллин доьзале а, гергарчаьрга а. Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла халахетаран дакъа мел кхаьчначунна.