• VTEM Image Show


Институтехь дагадовлар д1адаьхьира

IMG 20170425 102012-mТахана, 25 апрелехь, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтехь рог1ера дагадовлар д1адаьхьира.

Уггар хьалха Институтан директора Умхаев Хьамзата гулбелларш Нохчийн меттан Денца декъалбира. Цул т1аьхьа цуо ша Бурит1а а (Владикавказ), Хинжа-г1ала а (Махачкала) вахарх лаьцна хаам бира. 1илманчаша  къобалбина т1еийцира директора цига баьхьна некъ.

Шолг1а хаттарехь йийцаре йира Институтан структурин керла проект. Иза Институтан куьйгалла а, 1илман Кхеташо а, административно-бахаман дакъош а доцуш, 8 дешаран-1илманан лабораторех лаьтташ хир ю: Нохчийн меттан а, литературин а; оьрсийн меттан а, литературин а; 1алам довзаран-математически (естественно-математического) дешаран; историн а, юкъаралла йовзаран а (обществознания); школе кхачале а, юхьанцара а долчу дешаран; къоман культурин а, этнопедагогикин а; кхечу мехкийн меттанийн; физически культурин а, исбаьхьаллин-эстетически кхиоран а.

IMG 20170425 101641-x

Йийцаре йина структура рог1ерачу цхьаьнакхетарехь т1е а эцна, дешаран а, 1илманан а Министерстве т1еч1аг1ъяйта д1аялан сацам бира.

Иштта дийца юкъадиллира д1адаханчу к1ирнахь Институто Нохчийн меттан Денна лерина йиначу «Нохчийн мотт хьехаран проблемаш: керла 1аматаш а, федеральни пачхьалкхан дешаран стандарташ а» ц1е йолчу семинарах а, «Вестник» журналан рог1ера номер арахецарх а, и журнал «РИНЦ» олучу 1илман цитированин индекс юккъе дахийтарх а, цхьамог1а кхин а хаттарш.