• VTEM Image Show


«Лен йоцчу сийлалле кховдаеш ц1е …»

Suleymano-mv1-чу маяхь 95 шо кхочу г1араваьлла волу нохчийн поэт а, этнограф а, суртдиллархо а, хьехархо а Сулейманов Ахьмад вина. Цунна лерина Нохчийн Республикин 1илман Академин актови зал чохь тахана «Сулейманов Ахьмадан 1илман  т1аьхьало» ц1е йолу историко- этнографически конференци д1аяьхьира.

Конференци вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин 1илман Академис а, Сулейманов Ахьмадан ц1арах йолчу литературни-дагахьлатторан музейс а, Нохчийн Республикин Айдамиров Абузаран ц1арахчу къоман библиотекас а, Нохчийн Республикин лакхарчу дешаран заведениш а, ткъа иштта  республикин дешар кхиоран Институто а.

Гулбеллачаьрга маршалла хоттуш вистхилар Нохчийн Республикин 1илман Академин Президент Гапуров Шахрудди. Доцца Сулейманов Ахьмадан кхоллараллех а, цуьнан 1илман т1аьхьалонах а дийцинчул т1аьхьа, цуо конференци схьайиллира.

Пленарни заседани д1айолуш «Сулейманов Ахьмадан кхоллараллехь эхь-бехкаман концепташ» ц1е йолу доклад йира «Нохчийн пачхьалкхан педагогически университетан» филологин а, историн а, бакъонан а Институтан директора, педагогически 1илманийн доктора Мусханова Йиситас.

Куьг бехкечун дахарех а, кхоллараллех а «Лен воцчу сийлалле кховдаеш ц1е …» аьлла йолу доклад йира Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата.

Докладаш йийцаре еш шайн Ахьмадца хиллачу адамаллин а, кхоллараллин а юкъаметтигех дийцира республикин халкъан яздархоша Бексултанов Мусас а, Ахмадов Мусас а, гуманитарни талламийн Институтан директора Магомадов Супьяна а, цхьамог1а кхечу конференцин декъашхоша а. Сулейманов Ахьмадан ц1арах йолчу литературни-дагахьлатторан музейн куьгалхочо Сулейманова Совдата музей вовшахтохарах а, цуьнан балхах а лаьцна хаам бира.

Конференци д1ахьош волчу Дадашев Райкома, республикин 1илман Академин вице-президента, хаам бира шаьш герггачу хенахь Сулейманов Ахьмадан шина томах лаьтташ йолу гулар арахеца лерина ду аьлла.

Делкъал т1аьхьа конференцино шен болх секцишкахь д1абаьхьира.