• VTEM Image Show


Мехала семинар

IMG-20170503-WA0004-mТахана, 3-чу маяхь, институтехь «Нохчийн мотт юьхьанцарчу классашкахь хьехаран хаттарш» ц1е йолу рог1ера семинар д1аяьхьира. Цхьа бутт хьалха семинарехь йийцаре йинарг 3-чу классан, керла федеральни пачхьалкхан юкъардешаран стандарташца нисъеш, карлаяьккхина 1амат хиллехь, тахана йийца леринарг рог1ера 4-чу классан 1амат яра.

Семинарехь дакъалоцуш бара нохчийн меттан юьхьанцарчу классийн хьехархой а, 1аматийн авторш а, институтан белхалой а.

Семинар схьайоьллуш, Институтан директора Умхаев Хьамзата 4-чу классан 1амат керла федеральни пачхьалкхан юкъардешаран стандарташца нисъеш а, г1алаташ д1адохуш а авторша биначу балхах лаьцна доцца дош элира. Цуо хаам бира х1инццалца оьрсийн маттахь хилла йолу цхьайолу терминаш керлачу 1аматаш т1ехь нохчийн маттахь хирг хиларх («учебник» – «1амат», «упражнени» - шардар, «словарь» - «дошам»).

1аматан авторша Солтаханов Ибрах1има а, Эдилов Салавдис а шаьш керлачу 1амата т1ехь биначу хийцамех а, цуьнца болх муха бан беза а дийцира.

Хьехархоша 1амат т1ехь шайна карийначу г1алатех а, иза карлайоккхуш, шайна хетарехь, нисделлачух а, ца нисделлачух а дийцира. Цул совнаха, цара нохчийн мотт хьоьхуш шайна ца тоьуш дерг а хьахийра. Иштта, хьехархошна ца тоьу: методически литература а, диктантийн гулараш а, белхан тетрадаш а, тайп-тайпана дошамаш а, кхин болу г1оьналлин г1ирсаш а. 

IMG-20170503-WA0005-x

Семинаран болх д1аберзош, Институтан куьгалхочо а, авторша а 1амат кхин т1е а нисъеш а,  г1оьналлин г1ирсаш арахоьцуш а шаьш бан леринчу балхах дерг хьахийра.