• VTEM Image Show


Министерствохь дагадовлар

174378762-mП1ераскан дийнахь, 12-чу маяхь, Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а Министерствохь дагадовлар д1адаьхира. Цигахь дакъалоцуш Дешар кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат а, Нохчийн хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтан ректор Эльмурзаева Ганга а,

«Грозненский рабочий» типографин директор Гебаев Ислам а, Министерствон 1аматийн отделан куьйгалхо Ибрагимова Зараъ а,  1аматийн авторш Овхадов Муса а, Эдилов Салавди а, Солтаханов Ибрах1им а, Абдулкадырова Раиса а цхьамог1а кхин а накъостий а бара. 

Дийцаре динарг нохчийн меттан а, литературин а 1аматаш керла дешаран шарна, федеральни пачхьалкхан дешаран стандарташца йог1уш,  кечъярах а, царна зорбатохарх а долу хаттарш дара. 

Дагадовлар д1адолош министра Байханов Исма1ала  иттаннаш шерашкахь хийцанза йолу 1аматаш карлайохуш биначу балхана авторшна даггара баркалла элира. Керла дешаран шо доладалале, ишколашка д1асаялан, уьш зорбатоьхна хилан езаш хилар билгал а даьккхина, гулбеллачаьрга шайна цу декъехь оьшуш дерг къастаде элира цуо.

Умхаев Хьамзата 1аматаш т1ехь беш болу болх цкъачунна т1ехьабисина бог1уш хиларх хаийтира. Бахьана -  1аматийн авторша а, типографин белхалоша а, экспертни комиссино а шайн-шайн декхарш шен хенахь кхочуш ца дар ду элира цуо: цхьацца болу авторш шен хенахь УМК кечйина ца бовлар, экспертни комиссино – сихха экспертиза ца яр, типографино шен балхана хьем бар.

Гебаев Ислама типографин балхах дерг дийцира. Шаьш кечйина 1аматаш авторша шен хенахь шайга схьа ца лахь, 1-чу сентябрана шаьш царна зорба тоха кхуьург ца хилар хаийтира цуо. Цул совнаха, ша 1амат кийча хилча а, УМК-н юкъадог1у методически куьйгалла, дешаран программа, белхан тетрадаш т1е ца тоьаш меттигаш а нисло цкъацкъа элира типографин директора.

Овхадов Мусас а, Эдилов Салавдис а шайн1аматаш, экспертиза йина ца йолуш, масех баттахь хьелуш хиларх дийцира. Иштта, январехь экспертизе чуелла нохчийн литературин 5-7 классийн 1аматаш х1инца а йовланза ю элира Эдиловс. Биначу балхана издательствоно луш йолчу гонорарашна шаьш реза ца хилар а хаийтира автораша. Министран дехарца, т1ейог1учу хенахь и резадацар  д1адаккха т1елецира Гебаевс. 

Хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтан белхалочо Дашаева Лайлаас, 1илманан а, педагогически а экспертиза яр т1едиллина йолчу,  белхан декхарш дукха хиларна, экспертиза ян ша ларош ца хиларх даре дира. Цу хьокъехь коьртачу белхан декхарех иза ша мукъа юьтург хиларх а, и болх, тоьлла болу хьехархой юкъа а балош, ша шен тергаме оьцург хиларх а элира хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтан ректора Эльмурзаева Гангас. 

Цхьаьнакхетор дерзош, 1аматийн авторша а, экспертни комиссин декъашхоша а, издательствон куьйгалло а книгаш шен хенахь кийча хуьлу аг1о йийр ю, аьлла, министрана дош делира.