• VTEM Image Show


Кадам

Timaev-V-mМасех баттахь вуно луьра цамгар текхначул т1аьхьа, кхелхина г1араваьлла волу нохчийн а, вайнехан а, нахийн а 1илманча, филологин 1илманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин 1илманийн Академин бакъволу академик Тимаев Ваха.

Тимаев Ваха вина 1938 шарахь Соьлжа-Г1алахь. 1962 шарахь цуо т1ехдика чекхяьккхира Соьжа-Г1алин педагогически институтан филологин факультет.

1967 шарахь Гуьржийн 1илманийн Академин метта1илманан институтехь кандидатан диссертаци ч1аг1йира Тимаев Вахин.

1984 шарахь оццу институтехь «Нахийн меттанийн грамматически классан категори» ц1ейолу докторан диссертаци т1еч1аг1йира цуьнан.

1986 шарахь «Нохч-Г1алг1айчоьнан 1илман хьакъволу белхало» ц1е елира цунна.

1975 шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан кафедрин куьйгалхочун болх бира Вахас.

1994 шарахь Марбургехь д1аяьхьначу дуьненаюкъара 1илман конференцехь Европера кавказталлархойн юкъараллин декъашхо хаьржира иза.

Нахийн метта1илманан декъехь болчу 100 сов 1илманан белхийн автор ву Ваха.

Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан белхалоша доггах халахетарца кадам бо Тимаев Ваха кхалхарца цуьнан доьзале а, гергарчаьрга а! Дала гечдойла цунна! Дала иманаца собар лойла цуьнан дакъа мел долчунна!