• VTEM Image Show


Яндаров Андарбекан 80 шо кхачарна лерина

IMG 20180227 161731-mСелхана Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь «Кьилбаседа Кавказан къаьмнийн динах  а, юкъараллех а болу кхетам: истори а, тахана дерг а» ц1е йолу, г1араваьлла волчу нохчийн 1илманчин-философан, философийн 1илманийн докторан, профессоран Яндаров Дудин Андарбекан сина лерина, конференци д1аяьхьира (иза вина 80 шо кхачарца доьзна).

Конференци вовшахтоьхнарг яра (Нохчийн Республикин 1илманийн Академица а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетаца а, М.Д. Миллионшиковн ц1арах йолчу Соьлжа-Г1алин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетаца а цхьаьна) Нохчийн Республикин дешар кхиоран институт.

Конференцехь дакъалоцуш бара Москвара а, Г1езалойн махкара а, Дег1астанара а, Г1ебартойн-Балкхарера а, ткъа иштта Нохчийчуьра а г1арабевлла болу 1илманчаш.

Конференци йолалуш, маршалла хоттуш, бистхилира: Нохчийн Республикин 1илманийн Академин Президент Гапуров Шахрудди а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Халадов Хож-Ахьмад а, М.Д. Миллионщиковн ц1арах йолчу Соьлжа-Г1алин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан проректор Гайрбеков Ибрах1им а, Нохчийн Республикин Дешар кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат а.

IMG 20180227 114721-x

1илман гуламехь коьрта докладаш йира философийн 1илманийн доктора, профессора Акаев Вахьида а, Дег1астанан пачхьалкхан университетан онтологин кафедрин куьйгалхочо, философийн 1илманийн доктора, профессора Билалов Мустафас а, Россин 1илманийн Академин Малхбале талларан институтан 1илман сотрудника Кашаф Шамилас а.

IMG 0077-x

Докладаш йийцаре еш бистхилира: Дег1астанан пачхьалкхан университетан профессор, философийн 1илманийн доктор Бутаева Асият; Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан философин кафедрин профессор, философийн 1илманийн доктор Бетельмирзаева Марет; Нохчийн Республикин 1илманийн Академин гуманитарни талламийн Институтан директор, историйн 1илманийн кандидат Магомадов Супьян; Г1ебартойн-Балкхаройн пачхьалкхан университетан этнологин кафедрин доцент, философийн 1илманийн кандидат Хоконов Мурат, цхьмог1а кхин а 1илманчаш.

Конференци ерзош хьакъйолу резолюци т1еийцира.