• VTEM Image Show


Референдуман – 15 шо!

konstitution-mМа сиха д1айоьду хан. Селхана санна ду-кх, т1ом чекхбаланза а болуш, яьлла ц1е санна, Нохчийчохь Референдумна кечам беш лелла. 15 шо хан яьлла-кх цул т1аьхьа.

Мел дукха х1ума шена чулаьцна оцу, цхьана юкъанна х1ора де шарал дах а луш, цул т1аьхьа - цхьа шо иттанна метта а долуш еанчу, хено.

Берриге а бохийна, берина, багийна охьабиллина мохк, массо а г1ала а, юьрт а, т1еман лар йоцуш, къагийна, куцдина д1ах1оттийна, дерриге дуьне цец а дуьйлуш. Иттаннаш, б1еннаш уггаре тоьлла йолу ишколаш, берийн бошмаш, больницаш, санаториш,  культурин а, спортан а, административни а г1ишлош, юьртан бахаман а, промышленни а предприятеш, маьждигаш, хьуьжараш, зияраташ дина. Б1еннаш километраш Россехь а тоьллу лоруш долу некъаш дехкина, иттанаш керлла т1еш техкина, иттаннаш эзарнаш белхан меттигаш йина, масане ду уьш кхин а. Дерриге а тадина, дендина вайн махкахь,  цхьаъ доцург -  оцу къизачу шина т1амо а, цаьрца доьзна мел хиллачо а байъина цхьа а бехк-гуьнахь доцу иттаннаш эзарнаш (кегий а, баккхий а) вайн дай-наной, йижарий-вежарий, гергара нах, лулахой, доттаг1ий, бевза-безарш бац-кх вайца!  (Дала гечдойла царна! Дала ялсаманин дай бойла царех!).

15 шо хьалха кхин хьелаш дара вайн махкахь. Т1ом чекхбаланза бара. Массанхьа а эскарш лаьттара. Юьртара юьрта вахан йиш яцара, масех блок-постах чекхваьллий бен. Цигахь лаьттачу эскархоша нах, бахан а, бовла а ца буьтуш, хьийзабора. Шайна ца тайна стаг цара, цхьа а бахьна а доцуш, саца а вой, лоций д1авуьгура. Иштта д1авигинарг, дукхахьолехь, цхьанхьа вийна 1уьллуш кара вора я  т1епаза вовра. Х1ора денна ярташкахь зачисткаш яра еш. Хьан керта а бог1ий, чуьра нах, дукхахьолехь кегийрхой, нуьцкъах д1абуьгура.  Уьш, мича бигна а ца хууш, къайлабохура. Жимма а мах болу х1ума (зударийн куьйгара а, кочара а дашон х1ума бист кхаччалц), схьа а йохуш, д1ахьора, хьан дан х1ума а доцуш. Дуьхьало йинарг, т1е герз а тухий, воьра. Буьйсанна комендантски сахьт дара. Ара а, чу а валан йиш яцара. Цунах пайда а оьцуш, хан йоцчу хенахь керта а лелхаш, нах бойъура, талораш дора. Буьйсанна шен х1усаме вирзина цхьа а стаг ша дийна-маьрша кханенга вер ву алан йиш йолуш вацара. Хьан бойъу а ца хууш, иттаннаш юьртан дайш, къеданаш, хьехархой, жимма а шаьш лелош дерг къобал ца деш верг бойъура.  Орца даккха меттиг бацара, шадериг герз карахь долчу нехан кара д1аделла дара, цара диннарг мага а мегаш. Оцу х1инццалца вайн къоманна цкъа а гина а, хезна а доцучу къематан дийно (1944 шарахь вай дохийна ц1ера дахар а т1ехь) адамаш кхерийна ца 1аш, 1адийнера, хьере динера. И 1азап шайна т1ера д1адаккхан некъ лоьхуш бара нах.

Ткъа Ичкерин 1едалах дерг аьлча, и долу меттиг хууш цхьа а вацара. Халкъанна доладар-м х1унда дуьйцура, шайн ц1оканех б1о хилла, лаьмнашкахула бевдда лелаш цхьаберш бара, шаьш оцу эскарна когаш к1ела тесначу халкъана, аш х1ара дахь, важа дахь, могуьйтур дац, бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Цхьаберш нахана г1азот а кхайкхина, шаьш шайн доьзалашца кхечу мехкашка д1а а кхелхина, цигара, къам йоьхье дохуш, кхайкхамаш беш бара. Ткъа цара дуьйцучо  ир-кара х1иттийна доьналлех, йохьах, майраллех буьзна, деши санна ц1ена болу вайн кегий нах а, цхьаболу баккхийнарш а ка йоцчу цу т1амехь шайн синош д1алуш бара.

И шадериг гуш, къам х1аллакдарах к1елхьара даккхан 1алашо йолуш, шен накъосташца цхьаьна, аравелира Ахьмад-Хьажа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!). Иза дика хьовзар бахьана долуш (дукха ницкъаш бара цунна дуьхьала Россин куьйгаллехь а, уггаре хьалха нуьцкъаллин структурашна юккъехь, дозанал арахьа а), Делан лаамца, 2003 шеран 23-чу мартехь, 1ай-б1аьстий къаьстачу дийнахь, Россица йолу юкъаметтиг къастош Референдум а йина, цул т1аьхьа Нохчийн Республикин Президент а, Парламент а хаьржина, цаьргахула кхин мел йолу 1едалан структураш болх бан д1а а х1иттийна, вешан махкахь долчуьн мукъ кара а лаьцна, мехкан дай а хилла, дено-дено керла толамаш а бохуш, д1адахара вайн къам.