• VTEM Image Show


Нохчийн меттан хьехархойн дийцарийн конкурсан хьокъехь

konkurs-26-06-2018-mНохчийн меттан хьехархойн дийцарийн конкурс юкъаяккхар чIогIа мехала гIуллакх ду, хIунда аьлча, цкъа-делахь, яздан лаам, похIма долчу хьехархойн аьтто хилла шайн кхолларалла йовзийта, шолгIа-делахь, дийцаран жанрах кхетам алсамболу церан, шаьш шайн хаарш тIехь болх бар алсамдолу. КхоалгIа-делахь, дешархойн аьтто хир бу оцу дийцарех пайдаэца.

Шадерг теллинарг 48 дийцар дара.

Теллинчу дийцаршна юкъахь тIекхуьучу чкъурана пайдаэца, генара доцуш, гергара, доьзалера юкъаметтигаш, мотт, мохк буьйцуш, кхетош-кхиорехь алссам пайдаэца чулацам болуш дийцарш ду цхьадерш. Таханлерчу хьолан уггаре а лазаме хаттар хIоттадо Магомадова Розас шен «Джамбулатан лазам» цIе йолчу дийцар тIехь.

Баккхийчаьрца уьйр-марзо латтош хьалакхиъначу кегийрхойн дог-ойла а, оцу юкъаметтигах схьадолу беркат а гойтуш яздина ду цхьадолу дийцарш: Дашаева Шовда «Бабин беркате тIорказ», Саламбиева Яхита «Ас хьуна заза Iенор ду», Мажаева Малика «Туьркийн дитт».

Жил-Iаламца йолу юкъаметтиг а, дийнаташца къинхетаме хила везар а гойту хIокху дийцаршкахь: Исаева Малика «Дагалецамаш», Ахматова Зулихан «Мяу», Магомадова Резида «Къинхетаме дог».

Хала хеташ делахь, цхьадолчу дийцаршкахь нийсаяздаран гIалаташ алсам ду. Цо гойту хьехархойн предметехула долу кхачамбацарш. Иштта билгалдаккха деза, шайн ду аьлла, хьехархоша схьакховдийна цхьадолу дийцарш оьрсийн а, нохчийн а литературера схьаэцна хилар (плагиат): Довлетукаева ПетIамат «Овкъарбика» («Золушка»), Кадырова Роза «Асет дохкоялар» (Чантиев I. «Мурадан дохковалар»).

Цхьадолу дийцарш туьйранан жанрехь яздина ду.

Юха и конкурс вовшахтухуш мехала хир дара вевзаш волучу яздархочо, конкурсан декъашхой новкъабохуш, методически хьехамаш бича, хIунда аьлча хьехархой мотт хууш хиларх, яздархойн корматалла церан кхиъна яц.

Дашаева Л.Х.

27.06.2018.