• VTEM Image Show


Iилманан хьаьрмахь

14-11-2018-mШайн балхах а, керлачу Iаматех а лаьцна дийцира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Дешар кхиоран институтан Iилманийн белхахоша дIахьочу балхах  а, карарчу дешаран шарахь кхочушъян билгалйинчу Iалашонех а лаьцна дуьйцуш кхеташо хилира хьастагIа.

Кхеташо дIахьош вара институтан директор Умхаев Хьамзат.

Институтан белхан низамца нийса а догIуш, белхахой хIора кхо бутт дIа мосазза болу шаьш кхочушбинчу балхах дийца дезаш бу, цул сов дешаран керлачу шарахь шаьш хIиттийна  Iалашонаш йовзийта езаш  бу.

Цигахь Умхаев Хьамзата йовзийтира Нохчийн Республикин Правительствон Архивни урхалло Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина зорбане яьккхина йолу документийн книга.    «ХIокху книги тIехь долчу терахьаша а,  хиламаша а шайх пайдаэца хууш болчарна дуккха а хIуманашна бIаьргаш схьабоьллур бу. Шен мехкан истори йовза луучарна  хаза кхаъ  бу хIара книга» – элира цо. 

Иштта,   философин Iилманийн докторан, профессоран Акаев ВахIидан монографи йовзийтира.  Экстремизм темина лерина болх бу Iилманчас бинарг. Иза вайн заманахь кегийрхойн кхетам кхио оьшуш болх хилар билгалдаккхарал  сов, цуьнан тираж совъяьккхина, вайн республикин школашка дIакхачо хьажар а мехала хирг хиларх лаьцна элира кхеташонехь хиллачара.

14-11-2018-2-x

Хууш ма-хиллара, Дешар кхиоран институтан белхан коьрта дакъа вайн республикин школашкахь нохчийн мотт а, литература а кхиорна оьшуш йолу программаш, Iаматаш, методикин гIирсаш карлабохуш, тIебузар ду. Оцу белхан къаьсттина терго еш ву Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал. Иштта, хаза кхаъ хилира Нохчийн Республикин халкъан хьехархочо Абдуразаков Шертбека, шен накъосташца С.Дудаевца, Л.Дашаеваца, С.Тутаеваца, П.Хунариковаца цхьаьна 10–11-чуй классийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна гIоьнна «Нохчийн меттан диктанташ» гулар вовшахтоьхна хилар. Гуларна юкъайогIу дешнийн, графически, дагалацаран, кхоллараллин, талламан, харжаман, харжаман – декъаран теманашна лерина диктанташ. Дуьсуш дерг, цуьнан чулацам теллинчул тIаьхьа, иза зорбане яьккхина хьехархошка дIакхачор ду.

Институтан болх дешаран – методикин литература карлаяьккхина ца Iаш, къоман яздархойн юбилейш билгалйохуш цхьаьнакхетарш, конференцеш, семинарш, кхоллараллин суьйренаш дIаяхьар а ду.

14-11-2018-3-x

Иштта, эсаран (октябрь) беттан 15-чохь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь нохчийн литературин классикан Мамакаев Iарбин 100 шо кхачарна лерина кхоллараллин суьйре дIаяьхьира. Цигахь дакъалецира институтан белхахоша филологийн Iилманийн доктора Джамбеков ШаIранис а, профессора Овхадов Мусас а, нохчийн халкъан яздархочо Бексултанов Мусас а, Iарбин кIанта, республикин Яздархойн союзан председателан заместитела Мамакаев Эду-Хьаьжас а.

Студенташца, кегийрхошца дIахьочу цхьаьнакхетаршкахь дакъалацар оьшуш, дика гIуллакх хилар билгалдоккхуш, институтан болх кхин а беркате хиларе дог дохуш къахьега дезаш хилар карла а доккхуш дIаерзийра кхеташо.