• VTEM Image Show


Мехала цхьаьнакхетар

conferen-min-mol-2-mСелхана Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхийн Министерствехь дӀаяьхьира "Нохчийн мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а проблемаш" цӀе йолу шуьйра конфренци.

Конференцехь дакъалоцуш вара нохчийн виъ министр (Байханов ИсмаьIал, Дааев Хож-Баудди, Ибрагимов Iийса, Умаров Джамбулат) парламентан декъашхой а, НР тайп-тайпанчу хьукматийн а, департаментийн а, университетан, институтан куьйгалхой, директорш (Ельсаев Iаламхад, Умхаев Хьамзат, Сельмурзаева Хеди, кхиберш а) яздархой а, меттаӀилманчаш а (Овхадов Муса, Джамбеков Овхьад, Абдулкадыров Адам, Ахмадов Муса, Ярычев Iумар, Хабаев ИсмаьIал) газетан а, журналан а коьрта редакторш а (Шамсудинов Бувайсар, Петирова ПетIмат, иштта цхьа мог1а кхин а нохчийн меттан говзанчаш. 

conferen-min-mol-3-x

Дийцаре дира нохчийн мотт кхиорехь шуьйра дан дезарг а, нохчийн мотт ларбарехь вайзаманан цхьадолчу хьелаша (телевизор, интернет, телефон) ен новкъарлонаш а. Дийцинчун жамI а дира.