• VTEM Image Show


Нохчийн меттан урокашкахь текстаца болх барехь эвсараллин некъаш а, кепаш а

sharif-1-mГуьмсе-г1алара №1 йолчу юккъерчу ишколехь муниципальни к1оштан ишколийн нохчийн меттан хьехархошца 2018-чу шеран 20-чу ноябрехь рог1ера «Нохчийн меттан урокашкахь текстаца болх барехь эвсараллин некъаш а, кепаш а» ц1е йолу теоретически семинар д1аяьхьира.

К1оштан нохчийн меттан, литературин хьехархойн методически ассоциацин куьйгалхочо Абдуразаковс Ш.И. семинаран декъашхошца дийцаре дира ПКЭ (пачхьалкхан коьрта экзамен) арахецархоша д1алуш ТЛК (талламан-лараран коьчал) кхочушъеш даьхна ламасталлин г1алаташ. Дийцаре дира дешархошца ПКЭ д1аяла кечам бен болх д1абахьар лакхарчу т1ег1ан т1е баккхаран методически некъаш.

ПКЭ д1аяларан низам лардан х1оттийначу инструкцин чулацам бовзийтарца д1аболийра хьехархойн методически ассоциацин декъашхошца бен хьехамаллин болх. Абдуразаковс Ш.И. нохчийн меттан, литературин хьехархошна бовзийтира Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан белхахоша х1оттийначу «Ас д1алур ю ПКЭ!» г1о-1аматан чулацамехь бина керла хийцамаш. Методически г1о-1амат нохчийн меттан хьехархошна а, уьссалг1ачу классийн дешархошна а пачхьалкхан коьртачу экзаменна (ПКЭ) кечам беш г1о-накъосталла дан лерина хилар билгалдаьккхира цо шен къамелехь.

sharif-2-x

Абдуразаковс Ш.И. элира: «9-чу классашкахь нохчийн меттан пачхьалкхан жамIдаран аттестаци ПКЭ-н (ОГЭ) кепехь д1аяхьар ламаст хилла д1ах1оьттина вайн республикехь.ПКЭ (пачхьалкхан коьрта экзамен) – 9-чу классашкахь пачхьалкхан жамIдаран аттестацин коьрта кеп хилар вайна хууш ду.

Цхьаболчу арахецархоша (дешархоша-заьIапхоша, шатайпа башхаллаш йолчу хьукматийн кхиархоша) дIало АПЭ (арахецархойн пачхьалкхан экзамен (ГВЭ) мелла а атта йинчу кепехь.

«Ас д1алур ю ПКЭ!» г1о-1амат х1отторан болх Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а Министерствос тIечIагIйинчу спецификацица цхьаьнабогIуш д1абаьхьна. Вай тешна ду, хIокху гIо-Iаматах хьехархойн жамIдаран аттестацина кечам беш, пайдаэца таро хирг хиларх. Ткъа иштта – дешархоша а, шаьш экзаменна кечам беш.

Вовшахтоьхначу балха юкъайогIу: жоьпийн бланкаш, бланкаш кхочушъяран инструкци, хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбечу йозанан белхан кеп, жима йозанан болх кхочушбан лерина тексташ, сочиненеш-масалш, сочинени-ойлаяр язъян пайдаэца лерина коьчал, талламан-лараран коьчалийн (ТЛК) варианташ (контрольно-измерительные материалы – КИМ), экзаменационни белхан мах хадоран къепе (критереш), ТЛК-н жоьпаш.

Цул сов, гIо-Iаматехь гайтина экзаменационни белхан 1 дакъа (хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх), 2 дакъа (доцца жоп даларан тIедахкарш), 3 дакъа (сочинени-ойлаяр) кхочушдаран алгоритмаш.

Иштта юкъаялийна Арсанукаевн I.М. «Нохчийн литературин Iилманан терминийн лугIатан» а, Халидовн А.И. «Нохчийн меттаIилманан терминийн лугIатан» а коьчалех пайдаоьцуш хIоттийна жима лингвистически дошам.

Г1о-1амат авторша вовшахтоьхна хьехархойн а, дешархойн а пачхьалкхан жамIдаран аттестацина кечамбаран эвсаралла ма-хуьллу лакхаяккхаран Iалашонца.

Гуьмсан муниципальни к1оштан Энгель-Юьртара №1 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочо Абдулмежидова Марет Нажаевнас семинаран декъашхошца д1аяьхьира «Нохчийн меттан урокашкахь текстаца болх барехь эвсараллин некъаш а, кепаш а» ц1е йолу мастер-класс. Хьехархочо шен къамелехь билгалдаьккхира: «Х1ора заманан шен лехамаш бу, оцу заманан хьелашца боьзна болу, цунна т1е доьг1на бу ФГОС-ан коьрта бехкамаш. Тахана дешархочунна кийчча хаарш д1а ца луш, иза ша лехамийн новкъахь хилар ду мехала, дешархочо керланиг деллар… Нохчийн меттан урокехь текстаца болх барехь коьрта 1алашо хилла лаьтта текст вовшахтохаран некъаш довзар».

sharif-3-x

Абдулмежидова Марета хьехархошца тобанашкахь, тайп-тайпана т1едахкарш а деш, презентацеш а еш, тексташ т1ехь болх бира.

sharif-4-x

Оццу ишколера нохчийн меттан, литературин хьехархочо Атаева Аминат Шахидовнас семинаран декъашхошца д1аяьхьира «Хандешан яхана хан» ц1е йолу мастер-класс.

 sharif-7-x

Хандешан яханчу хено х1ун гойту хаар, къамелехь царах пайдаэца хаар. Хаамаш лахьор, нисбар, таллар, вовшахтохар. Ша шена т1ехь болх бар кхиор. Текста т1ехь, дешнаш т1ехь болх бар шардар. Иштта 1алашонаш х1иттийнера хьехархочо шена а, мастер-классан декъашхошна а хьалха. Уьш кхаа тобане бекъна бара. Кхаа а тобанна къаьстина т1едахкарш а луш, тобанийн векалшка жоьпаш а долуьйтуш, эвсараллица болх д1ахьо Аминат Шахидовнас.

Мехала ду хьехархочо шен презентацешкахь халкъан барта кхолларалех пайдаэцар. Кицанаш юкъадалош бечу балхо дика т1е1аткъам бо бечу балхана, дешархо даима лехамехь хилар билгалдолу.

Зеделларг долчу хьехархочо Атаева Амината, шен ден, халкъан поэтан Рашидов Шаидан стихотворени т1ера мог1анаш а доьшуш, берзабо ша семинаран декъашхошца бен болх.

sharif-6-x

Нохчийн меттан, литературин хьехархоша лакхара мах хадийра Гуьмсан муниципальни к1оштан «Нохчийн меттан урокашкахь текстаца болх барехь эвсараллин некъаш а, кепаш а» ц1е йолчу семинарехь бинчу белхан.