• VTEM Image Show


Министерствохь дагадовлар

DSC 5893-mСелхана, 2018 шеран 3 декабрехь, Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а Министерствохь «Ишколашкахь нохчийн мотт хьехаран дикалла совъяккхарехь дан дезарг» аьлла йолу семинар-совещани д1аяьхьира. Дагадовларехь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министр Байханов Исма1ал а, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат а, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Ахмадов Муса а, «Орга» журналан коьрта редактор Алиева Зарина а, «Нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин» куьйгалхо Бергоева Аза,  республикин районийн нохчийн меттан методически цхьанакхетараллийн куьйгалхой а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархой а.

Шен вистхиларехь Байханов Исма1ала дийцара нохчийн мотт бийцарехь вайн кегийрхоша терахьдешнийн ц1ераш а; беттанийн, к1иранна юккъедог1учу денойн ц1ераш а; диттийн, бецийн ц1ераш а; беснийн ц1ераш; яртийн цераш нохчийн маттахь йохуш ца хилар а, цу декъехь хьехархоша урокашкахь а, классал арахьа бечу балха т1ехь а  дича бакъахь дерг а.

DSC 5937-x

Нохчийн Республикин дешар кхиоран  институтан директора 2019 шарахь нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юккъехь дийцарш яздеш хинйолчу конкурсах а, нохчийн меттан керлачу терминологех а лаьцна а къамел дира.

Бергоева Азас нохчийн меттан хьехархойн Ассоциаци юридически кхоллаелла чекхъяларх а, цуо бан лериначу балхах а лаьцна дийцира. Ассоциацин юккъехь х1инцале а масех б1е стаг хилар хаийтира цуо.

Ахмадов Мусас а, Алиева Заринас а нохчийн мотт кхиорехь, шайна хетарехь, дан дезарг хьахийра. Царех цхьаъ дара – юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн матте даккхар. Ненан маттахь йолчу изданешна массо а вазвалар вуно мехала хилар а билгалдира цара.

DSC 5917-x

Балха т1ехь хуьлучу кхачамбацарех а, нисдича бакъахь долчух а шайна хетарг хьехархоша а элира. Иштта цара дийцира дешаран методически коплекташца хилан дезаш долу, 1аматашца цхьаьна,  белхан тетрадаш а, методически куьйгаллаш а ца хиларх а, 1аматаш т1ехь нислучу г1алатех а лаьцна.

DSC 5902-x

Вайна ма гарра, Министерствон белхалошна а, хьехархошна а, яздархошна а юккъехь вуно мехала дагадовлар хилира.