• VTEM Image Show


Нохчийн меттан хьехархошна гIоьнна йинера семинар

nohchiyn-mettan-mНохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Дешар кхиоран институто нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн республикин семинар – практикум дIаяьхьира лахьанан (ноябрь) беттан 20-чу дийнахь.

Соьлжа-ГIалин №1 йолчу гимназийн йоккха зал Iуьйранна дIаюьзира республикин ерриге а кIошташкара схьабаьхкинчу хьехархоша.

Залан сцени тIехь йолчу проекторна тIехь язйина тема «Нохчийн меттан, литературин урокашкахь а, урокел арахьарчу белхашкахь а Даймахке безам, синкхетам, эхь-бехк кхетош-кхиор. Халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» романехь Даймехкан васт (хиламийн суьрташ, турпалхойн васташ)».

Семинар дIахьош яра республикехь дика евзаш йолу нохчийн меттан хьехархо, Дешар кхиоран институтан Iилманан лакхара белхахо Вагапова Асет. Хьехархой а, дуккха а Iилманчаш а бара семинарах беркат эца баьхкина.

Семинаран болх дIаболош Умхаев Хьамзата элира: «Вайн республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала лерринчу тергонехь латтош ду школашкахь нохчийн мотт хьехаран гIуллакх. Вайна, массарна ма-хаьара нохчийн мотт безаш а, хууш а, цуьнан кханенах дог лозуш а ву вайн министр.

Нохчийн меттан хьехархойн балхана гIо хуьлу муьлхха а гIуллакх къобалдеш, схьавогIуш а ву.

Нохчийн меттан де герга кхочуш кхайкхайо республикин конкурсаш, семинараш, «йиллина» урокаш. Хьехархошна а, дешархошна а юкъахь конкурсаш дIахьо министерствос хIора шарахь. Вайн республикерчу а, луларчу Дагестанерчу а нохчийн меттан хьехархошца цхьаьнакхетарш дIахьо цо.

Нохчийн меттан говзанчех дага а дуьйлуш, нохчийн мотт кхиорехь хьехархошца дIахьо болх а, цхьаьнакхетарш а алсамдаха ойла ю тхан институтан. Тхайна хууш дерг шуна а довзуьйтуш, шуна зеделлачух пайда а оьцуш, кест-кеста вовшахкхеташ дIахьур бу вай болх. Хьехархошна тIехь доккха дукъ ду. Аша марзбича бен безар бац берашна нохчийн мотт а, литература а. Аша бийриг мехала, хала, жоьпалле болх бу. Аша хьоьгу къа тхуна хууш ду».

Цул тIаьхьа Вагапова Асета дийцира школашкахь нохчийн меттан сахьташ кIезиг ду аьлла ца Iаш, урокел арахьарчу балхах хьехархоша эвсаре пайдаэца безаш хиларх лаьцна. Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» романаш историн, литературин, этнографин хIолламаш бу.

IMG 10824-x

Проекторна тIехь гойтуш слайдаш а йолуш, дора А.Вагаповас шен къамел. Романан турпалхойн ойланаш йовзуьйтуш, нохчаша лайначух лаьцна дуьйцура цо.

Семинаран болх кхин а чулацаме бира Нажи-Юьртан кIоштара леррина оцу семинаре кхаьчначу «Ламанан аз» божарийн вокальни тобано. А.Айдамировн дешнаш тIехь даьккхина «Чекхъяла, хIай Iаьржа буьйса» илли а, МухIажара язйина назма а дIаэлира цара.

Соьлжа-ГIалин №7, №39 йолчу школийн дешархоша а кечйинера литературин номерш. Яздархочун байташ а, «Еха буьйсанаш» романа юкъара къийсакаш а йийшира цара.

Семинаран болх къамелан кепехь нисбелира. Абузаран кхоллараллах буьззина пайдаэцча, цо берийн синкхетам кхиорна боккха тIеIаткъам бийриг хилар гайтира Асета.

Дукхах болчу хьехархошна дуьххьара хезаш дара семинарехь дийцина цхьадолу хIуманаш. Масала, А.Айдамировн книгаш зорбане ца йовлуш 10 шо даьлча, уьш зорбане яха таро йоций хиъна, нохчийн ламанца йолчу цхьана юьртара кхо доттагI вайн луларчу республике жаIуьнан балха вахана, 18 эзар сом а дохьуш Абузар волчу веана хилла. Абузара схьа ца эцна и ахча. Амма чIогIа дагахкхетта оцу кегийчу нехан доьналла, яхь.

Яздархочун йоIа Айдамирова Машара шен «Абузаран дахар а, кхолларалла а» документальни-публицистикин жанрехь язйинчу книги тIехь дуьйцуш а ду иза.

Иштта, дуккха а хаза, мехала хIуманаш довза аьтто хилира хьехархойн.

Вовшашна газа дукха хан яьллачу хьехархойн, вовшех марзо оьцуш, Iен аьтто а хилира семинар дIаяьлча.

Семинарана кечам даггара бинера. Хьехархой дIасакъастале царна совгIаташ дира Дешар кхиоран институто зорбане яьхначу Гереев Вахин а, Дикаев Бексолтин а книгаш яларца.