• VTEM Image Show


«Нохчийн меттан урокашкахь текстаца болх бар»

0120190122 122132-mГуьмсе-г1алин №1 йолчу юккъерчу ишколехь муниципальни к1оштан ишколийн уьссалг1ачу классийн нохчийн меттан хьехархошца 2019-чу шеран ткъе шолг1ачу январехь д1аяьхьира рог1ера «Нохчийн меттан урокашкахь текстаца болх беш эвсараллин некъаш а, кепаш а» ц1е йолу практически (1аморан) семинар.

Муниципальни к1оштан нохчийн меттан, литературин хьехархойн ассоциацино, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан белхахоша «Ас д1алур ю ПКЭ!» г1о-1аматан авторшца (Абдуразаков Ш.И., Дудаев С.А.-Х., Дашаева Л.Х., Тутаева С.Л., Хунарикова П.А.) цхьаьна вовшахтоьхна бара и мехала болх.

Семинаран декъашхошка маршалла хоттуш вистхилира муниципальни к1оштан дешаран Урхаллин куьйгалхочун заместитель Эскиев Бувайсар. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира 1аматийн, г1о-1аматийн авторшца ассоциацин декъашхоша цхьаьна бен болх мехала хилар а, иштта д1ахьош долу цхьаьнакхетарш хьехархошна пайдехь хилар а.

К1оштарчу ишколашкара нохчийн меттан хьехархой вовшахтохаран коьрта 1алашо яра уьссалг1ачу классийн дешархошца ТЛК-шна (талламан-лараран коьчалш) т1ехь болх бан церан хаарш лакхарчу бараме дахарехь а, шардарехь а методически г1о-накъосталла дар.

Семинаран болх, д1аболош къамел дира Гуьмсан муниципальни к1оштан дешаран Урхаллин методически кабинетан куьйгалхочо Шалаева Ларисас. Шен къамелехь цо элира: «Вайн к1оштарчу ишколашкарчу уьссалг1ачу классийн дешархой хьехархоша нохчийн меттан пачхьалкхан коьрта экзамен д1аяла кечбар ламаст хилла схьадог1у. Тахана «Ас д1алур ю ПКЭ!» г1о-1аматан авторшца цхьаьнакхетаран 1алашо ю дешархошца бечу балха т1ехь шун кхолладеллачу хаттаршна жоьпаш дала а, г1о-1аматех пайдаэцар шун муха нисло хьовса а. Вайн цхьаьнакхетар Дала беркате дойла!».

Авторийн тобанан декъашхочо Дашаева Лайлаа семинаран декъашхошна боцца бовзийтира шаьш х1оттийначу «Ас д1алур ю ПКЭ!» г1о-1аматан чулацам. Йийцаре йира 2019 шарахь пачхьалкхан коьрта экзамен д1аяхьа лерина йолу талламан-лараран коьчалийн спецификаци.

IMG-20190122-WA0003-x

ТЛК-н хьалхара дакъа – ладоьг1начу текстан буха т1ехь хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх язбаран методически хьехамаш бинчул т1аьхьа семинаран декъашхошца практически болх бира Абдуразаков Шертбека.

Экзаменационни белхан шолг1а дакъа кхочушдаран алгоритм а йовзийтина, дешархоша ламасталлин г1алаташ доху бакъонаш билгалъехира Тутаева Сацитас: меттан суртх1отторан г1ирсаш, дошкхолладалар, юкъадало дешнаш, чолхе предложенеш. Оцу теманашна ша кечдинчу т1едахкаршца семинаран декъашхошца болх д1абаьхьира цо.

0220190122 122132-x

ТЛК-н кхоалг1а дакъа кхочушдар дийцаре дира Хунарикова Пет1амата. Цо семинаран декъашхошца бийцаре бира 15.1, 15.2, 15.3 т1едахкарш кхочушдаран методически некъаш. 15.3 т1едилларан жоп яздар дешархошна хала хилар билгал а даьккхина, хьехархошца язйира оцу т1едилларна йог1у сочинени.

0420190122 122132-x

Цхьаьнакхетар дерзош, к1оштан дешаран Урхаллин а, нохчийн меттан, литературин хьехархойн ассоциацин а ц1арах методически кабинетан куьйгалхочо Шалаева Ларисас даггара баркалла элира г1о-1аматан авторшна, мехала семинар вовшахтохарна.