• VTEM Image Show


Нохчийн меттан Iаматех дийцира

IMG 998788-mЗама кхиарца кхуьуш, хийцалуш схьадогIу Iилма а, дешаран кепаш а. Цуьнца доьзна вайн республикехь а хийцина, карлаяьхна нохчийн меттан а, литературин а Iаматаш юха зорбане йохуш боккха болх бина.

Россин Федерацин серлонан министерствос федеральни переченна юкъаяхийтина нохчийн меттан Iаматаш. Оцу Iаматех лаьцна дийцира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманана а министерствон Дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата.

Хьамзат, вайн республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а, школашкахь а дукха хаамаш бира карлаяьхначу, юха зорбане яьхначу нохчийн меттан Iаматех дуьйцуш. Дай-наношна юкъахь хьовха, могIарерчу хьехархошна юкъахь а нисло: «Оьшуш дарий вайн Iаматаш карлаяха? Хьалха шаьш ма-хиллара мегаш яцара уьш?» – олуш берш. Ахь хIун эр дара шеконехь болчу нахе?

Карла ца яьхча ца йовлура нохчийн меттан а, литературин а Iаматаш. Советийн Iедал долчу хенахь, оцу Iедалан идеологица йогIуш хIиттийна яра уьш. Чулацам, кеп, царна тIехь дерг дерриге а ширделла дара. Цул сов, дешаран федеральни стандарташкахь хилла хийцамаш бара кхузаманан дешарехь тидаме эца безаш. Уьш хьесапе оьцуш хийца езаш яра Iаматаш.

ТIаккха оцу Iаматаш тIехь, хийцамаш беш, къахьегначу Iилманчийн белхан мел мах хадор бара ахь? И Iаматаш муха тIеийци хьехархоша а, меттан говзанчаша а? Iаматаш вовшахтохархошка хаза дош олурш бевллий-те?

Тахана, дийнна схьаэцча, вайн меттан Iилманчаша дика а, боккха а болх бина аьлла хета суна. Iаматашна тIехь хийца дезаш, нисдан дезаш дуккха а хIуманаш дара.

Цаьрга шаьш тIелаьцнарг кхочушдаделла аьлла хета, хIунда аьлча, дешар Федеральни керлачу стандарташца нисдеш, Iаматашна тIехь вай ма-барра болх бан безаш Россин кхийолу субъекташ а яра. Амма схьагучу суьртаца Нохчийн Республикий, ГIезалойн Республикий бен ларийна яц и болх бан. Цхьана дашца аьлча, вайн шина республикехь бен ницкъ ца кхаьчна и хийцамаш бан.

Цкъа делахь, карлаяьхна Iаматаш экспертизех чекхъевлла. Вайн вешан эксперташа мах хадийна ца Iаш, Москвахь Федеральни тIегIанехь а зорба тоха магийна вайн тойина Iаматаш. Iаматийн кхиаман барам билгалбоккху аьлла хета суна Дешар кхиоран институтан Iилманан белхахоша кечйина Iаматаш федеральни переченна юкъаяхийта къобалйина хилар а.

Дан а ду иза доккха хIума. Нохчийн мотт кхиоран, Iалашбаран декъехь масех конференци дIаяьхьна вайн республикин дуккха а министерствошкахь. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь дIадаханчу 2018-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 28-чу дийнахь дIаяьхьначу «Къилбаседа Кавказан халкъийн меттанаш Iалашдар – Кавказан истори а, шира культура а Iалашъяран хьелаш» Iилманан-практикин конференцехь вара Дагестанан меттан а, литературин а, искусствон а Iилманан туьшан Iилманча Магомадов Мохьмад. Цо шен докладехь билгалдаьккхира хIокху тIаьхьарчу 15 шарахь Дагестан Республикехь дехачу къаьмнийн меттанашкахь йолу дешаран Iаматаш цкъа а карлаяьхна яц аьлла. Хууш ма-хиллара, дукхакъаьмнийн мохк бу иза. Цаьрга диллича, вайн республикехь нохчийн мотт кхиорна а, Iалашбарна а оьшуш долу хьелаш а дика ду, оцу Iалашонца деш дуккха а гIуллакхаш а ду.

Доцца аьлча, Iама луучарна хьелаш ду, Iаматаш, методикин пособеш ю.

Дешархошна оьшург а, хьехархошна гIоьнна лерина динарг а кIезиг дац аьлла хета суна. Кхин дукха ца дийцича а 1-11-чуй классашка кхаччалц йолу нохчийн меттан а, литературин а Iаматаш карлаяьхна, тойина, зорбане яьхна вайн республикехь. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал ша а ву нохчийн мотт безаш а, цуьнан кханенах дог лозуш а. Массарна гуш ду цо нохчийн меттан хьехархойн до сий а, нохчийн маттахь болх бечу яздархойн, журналистийн бо ларам а.

Хьамзат, оцу Iаматашна тIехь къахьегнарш муьлш бу?

Нохчийн меттан а, литературин а Iаматаш карлайохуш къахьегна болу Iилманчаш хIокху вайн Дешар кхиоран институтан Iилманан белхахой бу. Царна юкъахь нохчийн меттан а, литературин а хьаьрмахь гIарбевлла бевза Iилманчаш, яздархой, меттан говзанчаш, хьехархой бу. Масала, филологаш Овхадов Муса, Вагапов Iаьрби, Солтаханов ИбрахIим, Эдилов Салавди, Абдулкадырова Раиса, Абдурзаков Шертбек, Дудаев Султан, Тутаева Сацита, Хунарикова ПетIамат, Дашаева Лайлаъ, Ахмадов Муса, Алиева Зарина. Институтан филологин лабораторин говзанчаш бу уьш.

Вайн республикин школашна вуно дукха Iаматаш ю оьшуш. Уьш зорбане яхар хьенан чоьтах нислуш ду?

Цкъачунна вайн республикин чоьтах зорбане йохуш ю и Iаматаш. Амма тIедогIучу шарахь кхечу предметашкахула йолу Iаматаш санна Федеральни чоьтах зорбане яхар нислур ду аьлла хеташ а ду вай.

Оцу керлачу Iаматех лаьцна хIун аьлла хета-те вайн республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна?

Хьехархошкара схьахезачу хабарехь уьш реза бу оцу Iаматашна. Ткъа хIинца вайн институтан Iилманчаш оцу хьехархошна лерина семинараш вовшахтухуш, дIаяхьа Iалашо йолуш бу. Юьхьанцарчу классашкара лакхарчу классийн хьехархойн биста кхаччалц болчу хьехархошна лерина хир ю и семинараш, мастер-классаш. Цигахь дийцаре дийр ду керлачу Iаматех пайдаэцарх дерг. Хьехархошна хетарг хьесапе а оьцур ду, юха зорба тухуш царна хетарг тидаме оьцуш, болх бийр бу.

Хьамзат, тахана нохчийн меттан дошамах дерг аьлча, массара, къобалъешъерг Мациев Ахьмадан дошам ю. Дошам карлаяккхаран гIуллакхах дерг дийца хан хуьлий ахь куьйгалла дечу институтан коллективаца?

Нохчийн халкъ депортацера цIадирзина, хала мур бара Мациев Ахьмада болх бинарг. Ахьмада шен хенахь бинарг Iаламат боккха болх бу, цо динарг дика гIуллакх а ду. Тахана цуьнан дошам академически лоруш, иза коьрта лоруш, цунах пайдаоьцуш схьадогIуш ду вай. Амма цул тIаьхьа, вайна гуш ма-хиллара, маттаца хийцамаш хилла, мотт кхиъна, иза тидаме а оьцуш, и дошам юха тIеюьзна зорбане яккхар оьшуш дара вайна. Мациевн дошам карлаяьккхича тоьар дара аьлла хета суна. Цкъа цул хьалха вай дан дезарг – иза нохчийн меттан йозанан бакъенаш цхьана хорша, цхьана низаме, къепе яло хьовсар дара. Меттан Iилманчаш цхьана юкъарчу ойланехь севцца бац вайн. Иза дика дац. Хан дIайоьдуш ю. Комисси кхоьллина, цо сацам бича дика хир дара аьлла хеташ ву со.

Дешар кхиоран институтан Iилманан говзанчаша нохчийн мотт кхиорехь а, Iалашбарехь а беш болу болх оьшуш бу. ГIуллакх деш хилча бен ца хуьлу кхиар а. Iилманан хьаьрме беш болу къинхьегаман некъ хала а, чорда а хуьлу. КхидIа а баккхий кхиамаш хуьлда, Хьамзат, ахь куьйгалла дечу Институтан коллективан. Дела реза хуьлда хьуна!

Массарна а хуьлда Дела реза! Нохчийн мотт кхиа а, иза нохчаша буьйцийла а лууш ду-кх вай, Дала мукъ лахь, диканиг хир ду!