• VTEM Image Show


Юхьаьнцарчу классийн  хьехархошна  семинар йира

seminar2019-mХууш ма-хиллара карлаяьхна ю вайн республикин школашкара юхьанцарчу классийн нохчийн меттан Iаматаш. Уьш йовза а, цаьрца болх бан Iама а жимма хан еза. Оцу Iалашонца Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Дешар кхиоран институтан Iилманан белхахоша республикин юьхьанцарчу классийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина семинар-практикум дIаяьхьира. Цуьнан тема яра «Керла Iаматаш – керла таронаш» аьлла.

Республикин ерриге а кIошташкарчу школийн юьхьанцарчу классийн хьехархой бара оцу семинар-практикумехь дакъалоцуш. Иза дIаяхьаран Iалашо яра нохчийн маттехула карлаяьхна йолчу Iаматашца болх барехь нислучу хаттарех дерг дийцар а, хьехархошна оцу Iаматийн хьокъехь хетарг довзар а, керлачу Iаматашца гайтаман дарсаш дIадахьаран «мастер-класс» яр а.

 IMG 11732-x

Дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата маршаллин дош олуш, билгалдаьккхира юкъараллехь нохчийн мотт цабийцаран а, цабовзаран а ледарлонах дерг. «Тахана схьагуш долчу суьртаца, вайн школашкахь бераша вовшашца буьйцург а оьрсийн мотт бу, оцу берашна тIаьхьабогIучу дайша-наноша буьйцург а оьрсийн мотт бу. Уггаре а хьалха ца хиъча йиш йоцу мотт хила безара шен ненан мотт. Вай йоккхачу пачхьалкхехь дехаш ду. Оьрсийн а, ингалсан а меттанаш хууш хила деза вай, уьш дуьнен меттанаш ду, амма шен къоман мотт хууш хила а везара хIора а. Вайн къоман са а вайн нохчийн маттаца ду. Иза иштта хир дац наха вовшашка буьйцуш берг нохчийн мотт бацахь. Шуна, хьехархошна дика хаьа нохчийн меттан беркатах дерг. Тахана цхьаволчунна хета тарло вайн школашкахь йолу дешаран программа чолхе ю аьлла. Школашкахь нохчийн маттана къастийна сахьташ тоьаш дац олу хьехархоша. Тоьаш а дац. Советийн заманахь кIиранах луш хилла долу ялх сахьт ца тоьаш а Iийна вай-м. Вай ца боху таханлера Iаматаш хила ма-еззара, кхачам боллуш, дика ю, амма вайн тахана йолчарах тоам а беш, цаьрца болх бан Iемаш, цхьаьнакхетарш, семинараш дIаяхьа лерина ю институт вайн республикин дешаран а, Iилманан а министран Байханов ИсмаьIалан тIедилларца».

Семинар-практикум дIахьош бара республикехь  бевзаш болу нохчийн меттан а, литературин а Iаматаш вовшахтохархой Эдилов Салавди а, Солтаханов ИбрахIим а.

IMG 11932-x

Эдилов Салавдис билгалдаьккхира: «Тахана вай пайдаоьцуш лелош йолу Iаматаш  кхачам боллуш дика Iаматаш ю  ца боху оха.  Муьлхха а керла Iамат юкъаяьлча иза пхеа шарахь дIасаяржо езаш ю. Iаматашна  тIехь долу ледарниг цаьрца  болх беш долчу шуна, хьехархошна, дика гур ду. Карийна гIалаташ, кхачамбацарш дIа а дохуш, юха карлайоккхуш  хуьлу Iаматаш дуьнен чохь массо а маьIIехь».

Солтаханов ИбрахIима хьехархошна йовзийтира ша вовшахтоьхна  электронни АБАТ. Проекторна тIехь АБАТ-н агIонаш  гайтира цо.  Хьалхарчу классана лерина электронни Iамат (АБАТ) кийча ю. Цуьнан лаккхара мах а хадийна говзанчаша. Дешаран федеральни стандартаца йогIуш хIоттийна ю иза. Ткъа шолгIачу классан нохчийн меттан Iаматан электронни кеп, цкъачунна, кийча яц.

Берийн мелла а самукъадера долчу кепара, тIехь керла, къегина суьрташ долуш йина ю иза, цул сов, берашна ойла ян Iамор долу ловзаран кепехь долчу тIедахкаршца тIеюьзна а ю керла АБАТ.

IMG 1196-x

«Школашкахь нохчийн маттана лерина долу сахьташ а, программа а цхьаьнайогIуш нисъян еза. Цкъачунна, дукхахйолчу школашкахь нохчийн маттана лерина долу сахьташ кIезиг ду. Оьрсийн маттахь 33 элп ду, нохчийн маттахь – 49. Оьрсийн маттана цхьана кIиранна луш дерг 6 сахьт ду, ткъа нохчийн маттана билгалдинарг 3 сахьт бен дац. Вайн керла Iаматаш Iамар  кIиранах 4 сахьтехь хиларна лерина йина ю. Цунах дерг а къасто дезаш ду вай», – билгалдаьккхира И.Солтахановс.

Соьлжа-ГIалин №4 йолчу гимназин 4-чу классан нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Эжаева Розас ша кечдина гайтаман дарс (демонстрационный урок) семинаран дакъалацархойн тидаме диллира. Массеран а тидам тIебохуьйтуш, чулацаме болх бара цо кечбинарг. Хьехархоша шайна пайдехь  хир долу дуккха а хIума  схьаийцира. Дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата а, ткъа иштта, Iилманчаша Эдилов Салавдис а, Солтаханов ИбрахIима а, евзаш йолчу нохчийн меттан хьехархочо Вагапова Асета а лаккхара мах хадийра Р.Эжиеван гайтаман дарсан.

IMG 1204-x

Семинарехь барт хилира юьхьанцарчу классийн нохчийн меттан хьехархойн белхан гIоьнна сайт схьаелла. Цигахь хIоранан шен агIо  хир ю, хьехархойн вовшашна зеделларг довзийта аьтто  хир бу.

Иштта, оцу семинарехь дакъалоцуш бара «Ас дIалур ю ПКЭ» (Пачхьалкхан коьрта экзамен) пособи вовшахтоьхна болу авторш, дешар кхиоран институтан Iилманан белхахой Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Абдурзаков Шертбек а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Тутаева Сацита а. Оцу пособех лаьцна доцца дош элира цара. Умхаев Хьамзата кхин цкъа а карладаьккхира Дешаран а, Iилманан а министран Байханов ИсмаьIалан дIадолорца республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юкъахь берашна лерина нохчийн маттахь дийцар яздаран  конкурс дIахьош хилар.

IMG 1210-x

Беркате хилира семинар-практикум дIаяхьар. Хьехархойн дуккха а дара дийца а, хатта а. Царна дуккха а керланиг  девзира оцу дийнахь.. 

ХИЗИРОВА ЗАЙНАП