• VTEM Image Show


«Ас дIалур ю ПКЭ!»

pke-m5-чу мартехь Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтехь «Ас дIалур ю ПКЭ!» гIо-Iаматан авторша - институтан белхалоша: Абдуразаков И.Ш., Дашаева Х.Л., Дудаев А.-Х.С., Тутаева Л.С., Хунарикова А.П. республикин ишколийн нохчийн меттан хьехархошца «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбар»цIе йолу практически семинар дIаяьхьира.

Семинаре кхайкхина бара нохчийн меттан а, литературин а хьехархой (хIора районера 3-ккха стаг ‒ шиъ хьехархо а, районан методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхо а).

Абдуразаков Шертбека дийцира 9-чу классехь нохчийн меттан экзамен юкъаяккхаран Iалашонах а, цуьнан мехаллех а лаьцна. Методически гIо-Iамат «Ас дIалур ю ПКЭ!» нохчийн меттан хьехархошна а, уьссалгIачу классийн дешархошна а пачхьалкхан коьртачу экзаменна (ПКЭ) кечамбарехь гIо-накъосталла дан лерина вовшахтоьхна мехала болх хилар тIечIагIдира цо шен къамелехь.

IMG 1257-x

Нохчийн меттан экзаменан декъашхочо жоьпийн бланкаш кхочушъяран инструкци а, экзаменационни белхан мах хадоран къепе а йовзийтира  Дашаева Х.Л.

IMG 1256-x

Талламан-лараран коьчалан 1-ра дакъа кхочушдаран алгоритмаца болх бар дийцаре а дина, жима йозанан болх кхочушбайтира Дудаев Султана. Цу белхан жамI деш, кхин цкъа а тидаме ийцира хаттаршна делла жоьпаш йозучу тексте дирзина хила дезар.

IMG 1262-x

2-чу декъан тIедахкарш кхочушдаран ойлаяран кеп йовзийтира Тутаева Л.С. ДIадаханчу шерашкахь зеделлачуьнга а хьаьжна, дешархошна чолхе хетачу цхьадолчу тIедахкарш тIехь болх дIабаьхьира цо хьехархошца.

IMG 12562-x

Семинаран декъашхоша жигара дакъалецира шайга дIакховдийна тIедахкарш кхочушдарехь. Шайгара тайп-тайпана масалш а далош, балха тIехь зеделларг дийцаре дира гулбеллачара.

IMG 10352-x

3-гIа дакъа дийцаре дира Хунариковас А.П. Цо довзийтира сочинени-ойлаяр язъяран некъаш (15.1, 15.2, 15.3), тидаме ийцира церан башхаллаш. Цул сов, хьехархошца цхьаьна билгалъяьккхира 15.3 тIедиллар кхочушдарехь пайдаэца мехала коьчал.

IMG 12653-x

Семинаран декъашхоша рефлекси ярца дерзийра шайн цхьаьнакхетар.