• VTEM Image Show


«Россехь меттигерчу къаьмнийн шо»

IMG 1169-m2019-чу шеран 21-22 мартехь Ханты-Мансийскехь д1аяьхьира «Россехь меттигерчу къаьмнийн шо» ц1е йолу Дуьненаюкъара Форум.

Форумехь д1абаьхьна болх вовшахтоьхнера Россин къаьмнийн г1уллакхийн Федеральни агентствос. Форумехь дакъалоцуш бара ООН-ера меттигерчу къаьмнийн векалш, Россин Федерацин 1едалан хьукматашкара а, меттигерчу къаьмнийн а векалш. Нохчийн Республикера Форуме хьажийна вара Гуьмсан муниципальни к1оштан Комсомольскера юккъерчу ишколан нохчийн меттан хьехархо Абдуразаков Шертбек Ибрагимович.

Форуман «Цхьа Дуьне – эзар аз» ц1е йолу пленарни кхеташо д1айолаелира Россехь меттигерчу къаьмнийн шо д1аделларца.

Россерчу къаьмнийн меттанаш кхиорах лаьцна мехала къамелаш дира Россин Федерацин Президентан Администрацин куьйгалхочун земеститело М.Магомедовс, къаьмнийн г1уллакхийн Федеральни агентствон куьйгалхочо И.Бариновс, меттигерчу къаьмнийн ООН-ан векалша: Н.Жервэс, П.Чаудхари, Ч.Сяоана.

Кхид1а Форуман болх д1абаьхьира секцешкахь:

  • Ненан меттанаш кхиоран тоьлла практикаш а, проекташ а.
  • Оьрсийн мотт – къаьмнашна юкъарчу уьйран мотт.
  • Меттигерчу кегийчу къаьмнийн меттанаш 1алашдарехь а, кхиорехь а 1илманан маь1на.
  • Ненан меттанаш 1амор даржорехь хаамийн технологийн а, шуьйрачу хаамийн зорбанан а маь1на.
  • Меттигерчу къаьмнийн меттанаш 1алашдаран дешаран-оьздангаллин хьелаш. Ненан меттанийн литературни дахар.

Форуман декъашхойн тидаме диллира меттигерчу къаьмнийн меттанаш кхиорна 1аматаш, г1о-1аматаш оьшуш хилар а, уьш х1итторан болх жигара д1абахьа безаш хилар а.

Форумехь билгалдаьккхира меттигерчу къаьмнийн меттанаш 1алашдар а, кхиор а Федеральни т1ег1анехь тидамехь латторг хилар.