• VTEM Image Show


«Уьссалг1ачу классийн дешархошна нохчийн меттан экзамен д1аяла кечам бан методически г1о-накъосталла дар»

IMG 6948-mГуьмсе-г1алара №1 йолчу юккъерчу ишколехь муниципальни к1оштан ишколийн уьссалг1ачу классийн нохчийн меттан хьехархошца 2019-чу шеран доьйтталг1ачу майхь д1аяьхьира «Уьссалг1ачу классийн дешархошна нохчийн меттан экзамен д1аяла кечам бан методически г1о-накъосталла дар» ц1е йолу теоретически семинар.

К1оштарчу ишколашкара нохчийн меттан хьехархой вовшахтохаран коьрта 1алашо яра уьссалг1ачу классийн дешархошца царна ТЛК-на (талламан-лараран коьчалш) т1ехь болх бан хаарш шардарехь методически г1о-накъосталла дар.

Нохчийн меттан, хьехархойн рог1ера семинар д1айолош, вистхилира Гуьмсан урхаллин к1оштан нохчийн меттан, литературин хьехархойн методически ассоциацин куьйгалхо Абдуразаков Шертбек. Шен къамелехь цо элира: «Уьссалг1ачу классийн дешархой нохчийн меттан пачхьалкхан коьрта экзамен д1аяла кечбар хьехархочун балха т1ехь коьртачех цхьаъ ду. Вайн коьрта декхар ду дешархойн хаарш т1ехь йолу галморзахаллаш д1аяхар а, цаьрца бен болх кхин а лакхарчу т1ег1ан т1е баккхар а. Тахана вай гулделла оцу балха т1ехь шун кхолладеллачу хаттаршна жоьпаш дала а, г1о-1амат т1ехь дешархошца аш бен болх бийцаре бан а. Аша арахецархошца бен болх лакхарчу т1ег1ан т1е боккхуш, хаарш шардеш, цхьана демоверси т1ехь болх бийр бу вай».

Семинаран декъашхоша дийцаре дира пачхьалкхан коьрта экзамен арахецархоша д1алуш талламан-лараран коьчал кхочушъеш даьхна ламасталлин г1алаташ. Иштта дийцаре дира дешархошца ПКЭ д1аяла кечам бен болх д1абахьар лакхарчу т1ег1ан т1е даккхар.

6845722

Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан белхалоша х1оттийначу «Ас д1алур ю ПКЭ!» г1о-1аматан чулацамехь хийцамаш бар дийцаре дира авторийн декъашхочо. Цу т1ехь хьехархошна а, дешархошна а кхачаме довзуьйту экзаменационни белхан 1-ра дакъа (ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш далар) кхочушдаран коьрта некъаш. Масална ялийначу текста т1ехь гайтина, чулацаман коьрта ойла ларъеш, муьлхачу кепех пайдаэца таро хир ю дешархочун, и т1едиллар кхочушдеш. Масалшна ялийна тексташ а, царна хаттарш а, хаттаршна юккъерчу барамехь жоьпаш а.

15.1 т1едиллар кхочушдарехь доккха маь1на долуш ю методически г1о-1амат т1ера жима лингвистически дошам. Мехала ю 15.3 т1едиллар кхочушдеш пайдаэца лерина коьчал а. Вайн къоман синмехаллаш билгалъечу дешнийн маь1наш довзуьйту цу т1ехь.

Арахецархошна пайдехьа хир ю г1о-1амата т1ера сочиненеш-масалш а, иштта сочинени-ойлаяр язъяран методически хьехамаш а. Х1ора т1едилларехь сочинени язъяран алгоритм а, х1ора абзацана йог1у клишеш а ю ялийна. Сочинени-ойлаяр (15.1, 15.2, 15.3) язъяран методически некъ, карлабоккхуш, бийцаре бира Абдуразаковс Ш.И. семинаран декъашхошца.

IMG 6942-x

Нохчийн меттан хьехархойн коьрта тидам т1ебахийтира йисинчу хенахь хьехарсахьташкахь а, классал арахьа а (консультацешкахь) дешархошца къаьстина бен болх лакхарчу т1ег1ан т1ехь д1абахьа безаш хиларна. Дешархошна хаа деза жоьпийн бланкаш, г1алаташ а ца дохуш, кхочушъян. Уьш 1емина хила беза, ешначу текстан коьрта чулацам гал а ца боккхуш, шайна хьалха х1иттийначу хаттаршна йозанца жоьпаш дала.

Сочинени-ойлаяр язъеш текстах пайдаэцна ца 1аш, дахарера масалш дало хаа деза арахецархошна. Оцу новкъахь царна г1о-накъосталла дар хьехархочун коьрта декхар ду.

Семинаран декъашхоша, шаьш дийцаре динарг т1еч1аг1деш, кхочушбо ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца бен жима йозанан болх. Х1ора хьехархочо кхочушйо шена къаьстина билгалъяькккхина талламан-лараран коьчал.