• VTEM Image Show


ГIалмакхойн махкахь

DSC 0036-mОханан (апрелан) беттан 29, 30 деношкахь дIаяьхьира «Родной язык в поликультурном образовательном пространстве: современные технологии и эфективные практики» цIе йолуш регионашна юкъара конференци.

Цигахь дакъалецира Нохчийчуьра векалша а: школан нохчийн меттан хьехархоша, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан а, ЧИПКРО-на, белхалоша, Iилманчаша. Уьш массо а нохчийн меттан хьехархойн Ассоциацин Кхеташонан декъашхой а бара. Оханан 28-чу дийнахь делкъа хенахь новкъадевллехь а, маьркIажхенахь бен цига дIа ца кхечира. Тхуна дикка дуьхьалбаьхкинера гIалмакххойн векалш. Iаламат дика тIелецира цара тхо: даа-мала делира, дIадийша хIусам елира.

Конференцин хьалхарчу дийнахь гIалмакххойн этнокультурни Зая Пандитан цIарахчу гимназехь дара тхо. Шайн Iедалехь, коча кIайн шарфаш ухкуш, эшарш а локхуш, тIелецира. Уггаре а тхуна тайнарг дара дешархойн тобано дина Кавказера хелхар. Мехкаршкахь кIудалш яра, кIенташкахь – тарраш. Боккха чулацам болуш дара иза.

DSC 0059 1-x

3,5 гектар майда йолуш: берашна нека дан бассейн, футболех ловза йоккха а, жима а майданаш, пхьола дан пхьалгIа йолуш, иштта кхин цхьацца хIума йолуш, инзаре йоккха яра гимнази. Тхо тIелецначарех цхьаъ вара Эльжуркаев Iумар, вайн махкахо, ГIалмакххойн Республикин нохчийн диаспоран куьйгалхо.

Лакхарчу тIегIан тIехь шайн корматалла гайтира Нохчийчуьра баьхкинчу хьехархоша а.

29-чу апрелехь «ЦIердош – коьрта къамелан дакъа» цIе йолуш урок елира Нохчийчуьра хьехархоша Хасаров Рамзана а (Соьлжа-ГIала № 54 школа), Исакова Бирланта а (Соьлжа-ГIала № 8 школа).  Мастер-класс «Къонахалла» елира Шахгираев Аслана (Цоци-Юрт № 1 школа), ЧИПКРОн нохчийн меттан кафедран хьехархочо Говдаханова Алама «Хелхар – халкъан са», аьлла болу болх гайтира.

Гимназехь делкъе йинчул тIаьхьа, Элиста гIала йовзуьйтуш, экскурси йира.

Цул тIаьхьа – «Горга стол». Шен къоман мотт ларбарехь, кхиорехь вовшашна зеделларг дуьйцуш къамелаш дира цигахь. ЧИПКРОн проректор Исламова Маликас «Проблемы билингвизма в школах Чеченской Республики» мехала доклад йира.

DSC 00365-x

Ишшта цара деллачу хаттаршна жоьпаш делира Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан Iилман лабораторин куьйгалхочо Солтаханов ИбрахIима (юьхьнцарчу классан нохчийн меттан Iаматан автор). 

Дашаева Лайлаа нохчийн меттан экзаменах лаьцна дийцира.

DSC 0550-x

ШолгIачу дийнахь Дагестанан дозанехь йолчу Адык цIе йолу юьртарчу школехь елира урокаш а, мастер-классаш а. «Ненан мотт – халкъан хазна» урок елира Архиева Айманис (СемаIашкара №2 йолу школа). «Нохчийн кхача» мастер-класс елира Бергоева Айзана (Соьжа-ГIалин № 106 йолу школа).

ЧIогIа баркаллаш бохуш, лаккхара мах хадийра Нохчийчуьра хьехархойн белхан. КРИПКРОн ректор йолчу Мунчинова Лилия Демьяновнас элира шайн бераш нохчийн маттахь дикох йоьшура, шайн маттахь чул а, аьлла. (Мукъаза элпаш дукха хиларна гIалмакхойн маттахь еша хала хуьлу.) Архиева Айманис шен урокехь нохчийн маттахь а, гIалмакхойн маттахь а ешийтира, Дикаев Мохьмадан «Дай баьхна латта» стихотворенин дешнаш тIехь йиш а лакхийтира церан берашка.

Вуно дика хьошалла дира тхуна Адыкехь а: шайн юьртара бIегIийла меттигаш йовзийтара, «Кюр» олуш болу шайн къоман кхача муха кечбо а гайтира. Де хьалха урс хьаькхна кечбина уьстагI, алун юккъера схьаабаьккхина, тхуна хьалхха, охьабиллира. Концертни программа а гайтира. Программехь дакъалоцуш дара цигахь дехаш долу нохчийн бераш а.

Кхин дIа а гергарло лело тIелоцуш барт бира шинна а агIоно.