• VTEM Image Show


НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ДЕШАР КХИОРАН ИНСТИТУТЕХЬ МОВЛАД ЙИЙШИРА

a-mini-4Нохчийн Республикин къаьмнийн гIайгIа-бала дагалоцучу Денна лерина, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьажина тIера, ткъа иштта 70 шо хьалха махках баьхна, гIело, цамгарш ловш кхелхинчарна тIера а мовлад йийшира Дешар кхиоран институтехь. 

Мовлад йоьшуш дакъалецира Кунта-Хьаьжин цIарахчу Российскин Исламски университетан филологин, Iаламан-гуманитарнийн Iилманийн кафедрин куьйгалхочо Дукаев Вахитас а, оцу университетан студенташа а.