• VTEM Image Show


ТАХАНЛЕРЧУ ХААМИЙН ГIИРСАШКАХЬ НОХЧИЙН МАТТАХ ПАЙДАЭЦАР
(Чеченский язык в СМИ)

mini-8Нохчийн маттахь йоза кхолладалар, дукха хьолахь, вай дузу дIадаханчу бIешеран 20-чу шерашца. Бакъ а долуш, вайн маттахь йоза-дешар халкъа юкъа шуьйра даржар вай хьехош делахь, иза нийса а ду. Цул хьалха а хилла вайн къома юккъехь лелаш йоза, Iаьрбийн элпийн буха тIехь кхоьллина. Амма иза дукха хьолахь, цхьана Iеламнахана а, мутаIеламашна а хууш а, цара пайдаоьцуш а йоза хилла.

Къаьсттина доккха маьIна лелийна оцу йозано XIX бIешеран шолгIачу эхехь. Оцу хенахь вайн гIарабевллачу Iеламнаха, эвлаяаша Iаьрбийн элпашца нохчийн маттахь жайнаш яздо, я уьш Iаьрбийн я гIумкийн маттера вайн матте дохуш гочдо. Оцу хенахь зазадоккху динан чулацам болчу поэзино а. Тайп-тайпанчу Iеламнаха язйина назманаш адамаш гулделлачохь: тезетахь, сагIа доккхучохь, мовладехь, кхечухьа – олуш хилла. Динан лехамаш буьйцуш, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахар а, гIуллакхаш а довзуьйтуш, эвлаяийн дика амалш хьехош язйина и назманаш ладоьгIучеран дегнех кхеташ, цаьрга дахарх а, дуьненах а кIорга ойла йойтуш хилла, тахана а ян а ю иштта. Вайн къоман синкультурин мехала дакъа хилла дIахIиттина уьш.

Хьалхалерчу вайн Iеламнаха массо а нохчашна кхетачу маттахь яздина шайн жайнаш, назманаш, цара юкъадалийна, шаьш кхуллуш, динан кхетамаш билгалбоху керла дешнаш (неологизмаш), я кхечу меттанашкара дешнаш тIеэцна (коьрта долчунна, Iаьрбийн маттера, наггахь гIумкийн маттера а), нохчийн меттан бакъонаша ма лоьххура хийца а хуьйцуш. Масала: шариIат – шарI, ахират – эхарт, и. дI.кх.

И дерриге тидаме эцча, вайн таро ю вайн Iеламнаха шайн хенахь нохчийн юкъарчу (литературин) меттан бух биллина ала. Цу тIе а тийжаш кхоьллина 20-чу бIешеран 20-чу шерашкахь шайн дуьххьарлера говзарш нохчийн керлачу литературин векалша Нажаев Ахьмада, Дудаев Iабдис, Сальмурзаев Мохьмада, Айсханов Шамсуддис.

Оцу хенахь яздархоша йозанан маттана юкъадаладо керлачу дахарца доьзна дуккха а дешнаш: хIайттархо (передовик), жигархо (активист), цхьалхахо (единоличник), орамат (злак), дийнат (животное), юьрткорр (юьртан корреспондент) иштта дукха кхин а.

Царал тIаьхьа баьхкинчу нохчийн яздархоша: Мамакаев Мохьмада, Бадуев СаIида (хьалхарчо – поэзехь, шолгIачо – прозехь) – кхиндIа а кхиош, чIагIйира литературин меттан кепаш. Оцу хенахь кхоллало нохчийн меттан Iилма а. Цуьнца доьзна керла дешнаш а юкъадогIу маттана: абат (букварь), дошам (словарь), алам (предложение), цIоьмалг (запятая), къовларш (скобки) и дI.кх. Нохчийн гIарабевллачу Iилманчаша Мациев Ахьмада, Джамалханов Зайндис, Дешериев Юнуса, Чокаев Катис, цхьамогIа кхечара а кхуллу нохчийн меттан нийсаяздаран бакъонаш. Еххачу ханна уьш лоруш, царна тIетийжаш язйо ишколашна лерина нохчийн меттан Iаматаш, болх бо радиос, телевиденис, газеташа. Амма дIадаханчу бIешеран 80-чу шерашкахь хаадала долало хьалха юкъаялийна цхьайолу бакъонаш денна а кхуьучу, шорлучу нохчийн маттаца йогIуш цахилар, я цунна уьш готта хилар. 

Масала, иштта бакъо: «Оьрсийн маттера тIеоьцу дешнаш цу маттахь ма-яздарра яздо нохчийн маттахь а». Хетарехь, цхьана а къоман грамматикехь хир яц и тайпа бакъо. Муьлххачу а кхечу маттера тIеоьцу дош хийцало, оцу меттан грамматикин системе хьожжий. Иштта хилла иза нохчийн маттахь а, и бакъо юкъаяккхалц. Масала, офицер нохчийн матто тIеэцна «эпсар» аьлла, генерал – инарла, пристав – пурстоп, школа – ишкол, машина – машен, газета – газет аьлла, и дI.кх. 

Цхьаболчарна моьтту, уьш иштта хийца а хуьйцуш вай тIеэцна, вайна цу хенахь оьрсийн мотт ца хууш хилла дела, ткъа хIинца вайна дукхаболчарна оьрсийн мотт дика хаьа цундела «профессорх» – «парпессар» алар, я «номерх» – «лоьмар» алар беламе хета. Иштта хетахь а вайн меттан бакъонаш вай лоруш хилча, и дешнаш хийцина тIеэцча бакъахьа дара.

Я иштта бакъо ю: «Оьв хезачохь ев, яздо масала чов – чоьвнаш ца яздеш чевнаш яздо… Ткъа нагахь и оьв I-на, я хь-на тIаьхьа хезаш делахь аь яздо а боху оцу бакъоно: бIов – бIаьвнаш, хьовда – хьаьвдда». И бакъо стенна юкъаяьккхина хууш стаг вац. Оьв хезачохь ша ма хаззара оьв стенна ца яздо, вайн хийра бакъо юкъара дIа а яьккхина?

ТIаьххьарлера бохаме хиламаш бахьанехь, нохчийн мотт хьехар а, Iамор а гIелделира, я и данне доцуш хенаш а яьхкира. Хийрачу махкахь хьалакхиъначу берашна ишколашкахь Iаммане Iама ца бора и мотт. Цундела чIогIа къен ю церан къамелашкахь ненан меттан лексика. Цара буьйцург я иэбина мотт бу, я кхечу къоман мотт бу, наггахь нохчийн дош юкъа а кхуссуш.

Изза хьал ду нохчийн мотт бийцарехь вайн меттигерчу хаамийн гIирсашкахь а. Цигахь билгалдолуш ши сакхт ду. Хьалхара – хьалха дуьйна билгальяхна йолу нохчийн литературин меттан норманаш цаIамор, цахаар бахьанехь, хIора а белхалочо дош шайн юьртахь ма оллура олуш, я яздеш хилар. Масала, мел? Я масс? хаттар хIотто дезачохь «моццул» олу; «лууш» алар нийса хир ду «лаьаш» олучул, оьшучохь ца оьшучохь а аз тIедетта, я и дукха дахдина алар: вай ала дезачохь вайъа олу цIерниг дожарехь а и долушехь, и дI.кх.

Цхьаволчо радиочухула, телевиденихула къамел деш, къамеле ладоьгIча ца кхеташ вуьсу хьо: дуьйцу дешнаш нохчийн ду, амма къамелан мукъам я оьрсийн, я кхечу меттан бу.

Орфоэп – бохуш цхьа Iилма ду, иза нийса дешар бохург ду. Нохчийн меттахь а хила еза орфоэпин бакъонаш. Масала ишттаниг. ЦIердешан лаамечу причастин доланиг дожарехь – н яздо, амма деша ца доьшу: масала, меттиган сурт, дикаллин ницкъ, ишколан майда и дI.кх.

Таханлерчу вайн телевиденин белхалошна а журналисташка а лерина аудиоэкъанаш арахеца езара, тIехь цкъа цхьана хенахь нохчийн радион дикторш хиллачу Эльмурзаева Розин, Ганаев Адаман, иштта цхьаболчу нохчийн актерийн къамелаш а долуш дIаяздина. Цаьргара Iама беза таханлера кегийрхой нийса деша а, къамелехь нохчийн мукъам ларбан а.

ШолгIа сакхт – оьрсийн маттера дешнаш дукха юкъадалор, я цкъа мацах оцу дешнашкахь хилла хийцамаш тидаме а ца оьцуш, уьш оьрсийн маттахь ма-яздарра, яздар алар. Масала, ткъе итталгIачу шерашкахь, тIеэцна дош ду ишкол, цхьайолчу изданешкахь иза хийцам боцуш яздо: школа.

Наггахь грамматикехь дукха хенахь дуьйна хIоьттина лаьттина бакъонаш талхош, яздеш меттигаш а нисло, могIарерчу нехан йозанаш стенна дуьйцу, Iилманчийн белхашкахь а. Масала, иштта бакъо ю: «г – ний, к – ний хьалха шеконийн а, и хезачохь и яздо: тайниг, бепиг, эчиг, саьрмик иштта дIа кхин а. Амма и дешнаш иштта ца яздеш а элп дуьллуш яздо цхьаболчара. И хIунда до аьлча, далош цхьа делил а ду: тхо долчохь иштта олу. Ткъа хIорамма а шаьш долчохь ма-аллара яздахь, цунах массеран юкъара литературин мотт хир буй? Бац.

Кхин цхьа масал. Чаккхенгахь г долуш дешнаш ду вайн: дечиг, эчиг. Цхьадолчу йозанашкахь а, ткъа иштта Iаматашкахь а тидам тIебоьду, лач дожаршкахь и г к-не дерзош хиларна: аьчкан ков, дечкан неI… Муьлхачу бакъонца доьрзу и г к-не? Нагахь и бакъо елахь, гучуяккха еза я юкъаяккха еза. Яцахь, цIерниг дожарехь ма хиллара, г яздан деза и дешнаш легадеш а. Бакъду, оьрсийн маттахь-м ю цхьа бакъо, зевне мукъаза аьзнаш чаккхенехь къарло дIаолучу хенахь бохуш. Амма оьрсийн мотт оьрсийн мотт бу, нохчийн мотт – нохчийн мотт бу.

Соьга хаьттича, вайн нохчийн маттах пайдаэцар тодан уггар хьалха дан дезаш ду:

Хьалхара – массо а вайн Iаматашкахь йолчу нийсаяздаран бакъонаш тIе юхаверза веза.

ШолгIа – беш болу хийцамаш вайн Iилманчаш, яздархой, цхьаболу журналистийн векалш реза а болуш бан беза; массо а реза ца хилахь, дукхаболчарна хетачунна тIетан деза.

Ткъа уггар хьалха, уггар чIогIа оьшург хIора нохчийн берехь, хIора нохчийн стагехь шен ненан маттахь дийца а, яздан а Iамон ондда лаам кхоллар ду. И лаам ца хилахь, вай мел чIогIа графика кечъярх, грамматикехь мел чIогIа нийса хийцамаш барх, оцу декъехь вайн хIумма а толур дац. И лаам хилахь, толур ду.

Ахмадов Муса