• VTEM Image Show

Абдулаев Зияудин
Арсанукаев Iабдулла

АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994)

Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах ву Зияудин». Яздархо Абдулаев Зияудин шуьйра вевзира нохчийн къам махках даккхарх лаьцна язйинчу произведенешца.

Абдулаев Зияудин вина 1926 шеран 4 августехь Ачхой-Мартанан районан Котар-Юьртахь СаIдуллин доьзалехь. Юьртахоша лоруш, доьналла долуш стаг хилла СаIдулла.

Шен юьртара школа чекхъяьккхинчул  тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу рабфакехь дешна Зияудин, цуьнца цхьаьна исбаьхьаллин студи а чекхъяьккхина. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом лаьттинчу шерашкахь болх бина “Окна ТАСС”-н  Соьлжа-ГIаларчу отделенехь. Исбаьхьаллин дашца, суьртийн плакатан гIирсашца адаман ойла фашисташна дуьхьал яккхарехь доккха гIуллакх дора Соьлжа-ГIаларчу “Окна ТАСС”-н белхахоша. Царна юккъехь вара къона Абдулаев Зияудин а.

Даймехкан тIамехь болчу нохчийн бIаьхойх лаьцна материалаш кечйора цо. Иштта, Шуьйтан районерчу вежарийн ДзухайраевгIера бIаьхаллин хьуьнарех лаьцна стихотворени а, йоккха очерк а тIехь йолуш плакат арахецнера цо. Иза Абдулаев Зияудин дуьххьара зорбане валар ларалуш ду.

Нохчийн къам махкахдаьккхинчу хенахь Казахстанан  Чимкентски областе нисвеллера Зияудин. Цигахь 1946 шарахь гIишлошъярхочун говзалла караерзийна. Цул тIаьхьа прораб волуш белхаш бина тайп-тайпанчу гIишлошъяран организацешкахь Казахстанехь, Кабардино-Балкарехь, Краснодарски крайхь, Нохч-ГIалгIайчохь. Ша миччахьа болх беш хилча а адамийн юкъаметтигаш тергалйина Абдулаев Зияудин, дахаран хьелаш довза гIиртина. ГIишлошъяран организацийн куьйгаллехь ша волуш даим а белхалошца йовха, адамаллин юкъаметтигаш латтийна цо, цаьрца хьаькхна хилла, церан хьашташ кхочушдан гIиртина. Цундела хIара везаш а, кхуьнга лерам болуш а хилла кхуьнца болх  бинарш.

Жимчохь дуьйна а исбаьхьаллин литературе шовкъ йолуш  хилла Зияудин. Цо хаддаза ешна оьрсийн а, нохчийн а яздархойн произведенеш. ДIадаханчу бIешеран 50-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь ша а тIевирззина яздан волавелла иза. Цо ша зийна журналистикехь а, исбаьхьаллин литературехь а.  Абдулаев Зияудинан кегийра произведенеш зорбатоьхна 1953 шарахь Кахастанехь Ленгер гIалахь арадолуш хиллачу “Ленгерский рабочий” газетан агIонаш тIехь. Цул тIаьхьа цуьнан дийцарш, очеркаш, кегийра повесташ арайилина «Къинхьегаман байракх», “Ленинан некъ”, “Грозненский рабочий” газеташ тIехь, “Орга” альманахан агIонаш тIехь, Москвахь арахоьцучу “Юность”, «Дружба народов» журналаш тIехь, юкъарчу сборникаш тIехь.   Оьрсийн маттахь язйина Абдулаев Зияудина шен произведенеш. Цуьнан дийцарийн, очеркийн, повестийн турпалхойн тайп-тайпанчу къаьмнех а болуш, авторна гонахара адамаш хилла. Церан ойланаш, гIуллакхаш, гIиллакхаш дика девзаш волчу яздархочо исбаьхьаллица кхоьллина  шен турпахойн васташ.

Абдулаев Зияудинан дуьххьарлера книга “На берегах Ассы” араяьлла 1975 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Цу тIехь зорбатоьхна яра книга шен цIарах йолу повесть “На берегах Ассы”, очеркаш “Балкарский Гаврош”, “Побратимы”, “Цветы у обелиска”, “Сестры”, “Ветераны”, дийцарш “Оранша”, “Случай на трассе”, “Чужой”.   И книга араяьлча, литературоведа Айдаев ЮшаIа яздина: «Вышла первая книга  З. Абдулаева, в которой проявился безусловный творческий талант ее автора. Он строитель по профессии, человек пытливого ума, влюбленный в жизнь, старающийся уловить наиболее интересные ее закономерности. Прежде всего волнует писателя человек и его дело, богатство и разносторонность его духа, чувство взаимной привязанности и ответственности друг перед другом людей разных национальностей… Автор сумел в своих произведениях художественно убедительно рассказать о вещах привычных и избежать при этом декларативности и банальности. Писатель очень чуток к слову, умело использует живописную разговорную речь. Образы его произведений запоминающиеся».  Айдаев ЮшаIа яздархочун дуьххьарлера книга араяьлча, цуьнан кхоллараллин хадийна мах нийса хилар гайтина Абдулаев Зияудина кхидIа арайийлинчу произведенеша а.

“На берегах Ассы” повесть тIехь Нохчийчоьнан станицашкарчу дахаран суьрташ го вайна. Боккхачу безамца кхоьллина гIалагIазкхийн васташ, дегайовхонца гайтина церан Iер-дахаран хьелаш, ламасташ. Исбаьхьа бу персонажийн мотт. Повесть “На берегах Ассы” Iаьс хина тIехула тIай тилларан хьокъехь ю, амма повестан сюжет къеначу гIалагIазкхичун Волков Тимофейн дийцарех-дагалецамех лаьтташ ю. Оьрсийн-японски тIамехь Котар-юьртахочуьнца Алиханов Гириханца шен кхолладеллачу доттагIаллех, тIаьхь-тIаьхьа а вовшашца лаьттинчу вошаллин уьйрех даггара воккхаверца дуьйцу гIалагIазкхичо. Шен дехачу дахаран новкъахь (72 шо ду цуьнан) халонаш лайна, адамийн къизалла (шен ден къизалла а тIехь) гина волчу воккхачу стеган дог чIагI ца делла, оьгIазалле ца дирзина. Адамаш къаьмнашка а доькъуш ца хадабо цо церн мах. Гириханца а, и санна болчу кхечаьрца а хиллачу юкъаметтигашца гучуйолу цуьнан деган дикалла, адамашка цуьнан йолу деган йовхо, деган марзо. Адамалла, адамийн вовшашца беркате уьйраш хила езар – иза ду повестехь коьртаниг.

«Дорога через пустыню» повесть а, «Случай на трассе» дийцар а Мангышлакерчу халчу хьелашкахь гIишлошъярхоша гойтучу хьуьнарех, цара шайн белхан декхарш жоьпаллица кхочушдарх лаьцна ю. Тайп-тайпана ду яздархочо кхоьллина васташ : Кара-Куман кхерамечу гIамаршкахула машинаш лелош болу шофераш Зогнин, Болат, Якъуб; ГАИ-н начальник Гольцов; Мангышлакера гIишлошъярхой а, церан бригадир Петухов а; ЖаIуьнан йоI скрипачка Софья а, цуьнан тIехьиза кIант ветеринар Асан а; ледара гIуллакхъхо волу исполкоман председателан заместитель а, кураллах юьззина йолу цуьнан зуда а. Царах цхьаберш текст тIехь кIеззиг бен гайтина бацахь а, церан хIоранна а амалш исбаьхьаллица  гучуяьхна яздархочо.

Абдулаев Зияудинан произведенеш юккъехь шен лиризмаца къаьсташ ду “Оранша” цIе йолу дийцар. Казашка Оранша ю дийцаран турпалхо. Лакхарчу исбаьхьаллица кхоьллина автора шен турпалхочун васт. Оьзда амалш, деган комаьршалла,  цIена безам гайтина. Оцу дийцаран чулацам шен «Всполохи» повестан а, цул тIаьхьа «Сокрушение идолов» романан а тексташна юкъа бахийтина автора.

1988 шарахь зорбанера араяьлла “Всполохи” повесть. Иза нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш 1944 шарахь махкахдахарх лаьцна ю. Боккха кхиам хилира повестан, цуьнан тираж туьканашкара сихха дIаелира. Эца ца карош, наха кар-кара а луш ешара иза.

Iедал а, халкъ а, советан Iедало вайнахана тIехь латтийна харцо – и ю повестан  коьрта тема. Нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш махкахдохуш гайтарца дIайолало повесть. Бежнаш лелочу вагонаш чохь,  тоъал  яа, мала йоцуш, мацалла, хьогалла ловш, вагонаш чохь адам дукха хиларна цамгарш токхуш, баларш хуьлуш, велларг салташа эрна ара дIакхуссуш,  сибрех дIабигира банний бехк боцу зударий, бераш, баккхий нах. Оццу хенахь дукхахаболу нохчийн, гIалгIайн божарий Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь мостагIчунна дуьхьал лаьтташ бара, ткъа церан дай, наной, ийжарий, бераш Iедалан мостагIий а лерина, сибрех хьовсийна.

Повесть тIехь кхидIа болу  хиламаш Казахстанан аренашкахь кхочушхуьлуш бу.

Коьрта турпалхочун Зурабан васт ду ерриг повестах чекхдолуш. Иза цIена, хьанал, къинхетаме жима стаг ву. БерхIитта шо ду цуьнан дуьххьара вайна иза вевзаш. Хийрачу махкахь, дахаран халчу хьелашкахь кхуьу цуьнан амал. Iедал харц делахь а, адамаш дика ду. Шена гонахболчаьрца Зурабан йолу юкъаметтигаш гайтарца кхуьуш бу повестан хиламаш.  Iер-дахарехь, балха тIехь Зурабана дукха хьолахь дика адамаш нисло. Цара гIо до халчу киртиг тIе хIара нисвелча,. Шегара гIо оьшучохь Зураб а волу  царна орцах. 

Махкахдаьхначохь мел яккхий халонаш лайнехь а, нохчийн къам шен амалх ца доьхна.  Адамах доглазар, къинхетаме хилар лору яздархочо адамаллин лаккхарчу мехаллех. Иза нохчийн амалехь дисина лору цо. Нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш махкахдохуш коьрта зуламхо хилла волу Лаврентий Берия халкъан мостагI хилар дIа а кхайкхийна, иза жоьпе озор повесть тIехь хьахийнчохь автора яздо: «Но никакое зло в мире не остается безнаказанным. Близился день, когда мерзавцы державного масштаба понесут заслуженное наказание за свои черные дела. И когда на станции Джамбул высадят на поселение семью Берия, забыв про собственные страдания, чеченские и ингушские женщины будут плакать от жалости. Бедные и великодушные жены и матери кавказцев! Проронили ли хоть одну-единственную слезу супруга и дочери каина в золотом пенсне, когда, вырывая из объятий, на глухих полустанках бросали в раскаленные пески трупики ваших детишек, умиравших от тесноты и голода в товарных вагонах? Вряд ли. Благоденствовали на роскошных подмосковных дачах, и в те дни им не было никакого дела до ваших нечеловеческих страданий. А вы плакали!».

Говза, йьошушволчуьнан ойлане дIакхочуш, цуьнан дагна Iаьткъаш долу сурт хIотто хаьа яздархочунна.

Автора исбаьхьчу сурташца гучуйоккху  турпалхойн дог-ойла а. Шен ши кIант тIаме ваха новкъа воккхуш, царна тIаьхьаяьлла Райхан гойтуш иштта сурт кхоьллина яздархочо: «Когда тропа привела на большак, Райхан остановилась, позвала сыновей, прижала их головы к сердцу.

– Милые мои верблюжата, берегите себя, да сохранит Всевышний ваши молодые души!

Попрощавшись с матерью, парни быстро зашагали по большаку. Когда они скрылись из виду, ноги Райхан сделались как ватные и она рухнула на землю, царапая заскорузлыми ногтями солончак. Горько-горько зарыдала, и та самая земля, по которой уходили ее сыновья, жадно впитывала материнские слезы, вобравшие в себя и боль, и нежность, и предчувствия страшной, непоправимой беды. В какое-то мгновение сердце Райхан подстегнул безотчетный ужас, она хотела вскочить и крикнуть: «Мальчики, вернитесь – я растила вас не для войны!» «Но разве другие матери на праздник провожали своих?» - будто услышала она чей-то голос – и Райхан притихла, не в силах оторваться от земли».

1991 шарахь “Всполохи” повестан шолгIа книга арахийцира автора. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча араелира “Сокрушение идолов” цIе йолу книга. Цу тIехь “Сокрушение идолов”  роман а яра, шиъ повесть а, очеркаш, дийцарш а дара зорбатоьхна, царал совнаха нохчийн яздархойх лаьцна дагалецамаш а, статья а яра.

«Сокрушение идолов» роман «Всполохи» повестан материала тIехь язйина ю. Повестан тема шоръеш а, маьIна кIаргдеш а бу романан чулацам. Коьрта долчунна повестехь  хилла персонажаш ю роман тIехь а. Романан коьрта турпалхо Зураб къаьмнаш махкахдахийтинчунна бекхам бан араволу, амма шен Iалашоне-м ца кхочу.

Абдулаев Зияудинан произведенийн ша-тайпа башхалла ю царна тIехь авторан шен  ойланехь кхоьллинчу персонажашца цхьаьна дахарехь долу адамаш а хилар, шайн цIаршца, шайн леламашца ма-хиллара гайтина.. Уьш а исбаьхьаллин васташка дерзийна автора. Мел кIезиг хьахийнчийн а коьрта амал билгалъяккхина яздархочо. Масала, Нохч-ГIалгIайн АССР-н куьйгалхо лаьттина волу Моллаев Супьян, цуьнан хIусамнана, ГIалмакхойн республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитель лаьттина майор Худаев, чекист Маскуров Шахангирей,  Нохч-ГIалгIайн республикин Совминан председателан заместитель хилла волу Сагаев Шамсуддин, кхиберш а.

Яздархочун дукхахайолу произведенеш документальни бух болуш ю. Схьахетарехь, Абдулаев Зияудина шена гинарг, ша теш хилларг, ша лайнарг, шена юххера девзинарг бен ца яздеш хиллачух тера ду.

Абдулаев Зияудинан кхоллараллехь алссам очеркаш а ю. Царах цхьаерш граждански тIамехь а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь а майралла, турпалалла гайтинчарах лаьцна ю: «Балкарский Гаврош», «Цветы у обелисков», «Лицо фашизма», «Ветераны», «Сестры», «Солдат Победы», «Рассказ о лейтенанте Камаеве»; важаерш машаре къинхьегамехь шайн хьунаршца билгалбевлчарах ю: «Звезда Шамсудина», «Ревазовское озеро», «Разбуженная окраина».

Абдулаев Зияудинан публицистикехь шена тIе тидам бохуьйтуш ю «Авторханов и перестройка» цIе йолу статья.

Шен накъостех яздархойх лаьцна бовха дагалецамаш битина Абдулаев Зияудина. Даггарчу лерамца яздина цо Мамакаев Мохьмадах лаьцна («Памяти магическая нить. Из воспоминаний о встречах с Магомедом Мамакаевым»), гIалгIайн поэтах Яндиев Джамалдинах лаьцна (Несколько эпизодов из жизни «Гусара»). Оцу дагалецамашкахь Мамакаев Мохьмадан а, Яндиев Джамалдина а дахарах болу хаамаш мелла а тIе а бузуш, церан амалийн керла агIонаш гайтина.

Абдулаев Зияудинан тоьлуш йолу произведенеш нохчийн къоман дахаран уггаре хала мур (1944 – 1957 шераш) чулоцуш ю. Нохчийн а, кхидолу а къаьмнаш махкахдахаран тема иштта шуьйра айинчу хьалхарчу яздархойх вара Абдулаев Зияудин. Зорбанера ара ма евллинехь Iаламат боккха кхиам хилира цуьнан произведенийн. ХIинца а наха дукха йоьшучарна юккъехь ю цуьнан произведенеш. Уьш юха зорба а тухуш, кест-кеста арахоьцуш ю.

Абдулаев Зияудин кхелхина 1994 шеран 23 сентябрехь  Соьлжа-ГIалахь.

 

АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

КНИГАШ
ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

На берегах Ассы. Повесть, рассказы, очерки. Грозный,1975. Оранша. Повесть и рассказы. Грозный, 1978. Звезда Шамсудина. Грозный, 1979. Всполохи. Повести, рассказы, очерки. Грозный, 1988. Всполохи. Повесть. Вторая книга. Грозный, 1991. Сокрушение идолов. Роман, повести, рассказы, очерки. Грозный, 1992. Избранное. Всполохи. М., 2009.


МУЬРАН ЗОРБАНЕХЬ А, ЮКЪАРЧУ ГУЛАРШКАХЬ А АРАЙИЙЛИНА ПРОИЗВЕДЕНЕШ
НОХЧИЙН МАТТАХЬ

ДоттагIчуьнга // Орга. 1961. № 3. А. 50. ТIай туьллуш ду. Дийцар // Орга, 1970, №3. А. 3-18. Новкъахь нисделларг. Очерк // Ленинан некъ. 1972. 13 дек. Вежараллин кешнаш. Новелла // Орга, 1973. № 2. А. 3-13. Разведчикан Маашевн дийцарш // Орга, 1973. № 3. А. 24-28. Къоначийн ойланаш. Дийцарийн, очеркийн книжка. (З. Абдулаев, Дугин I., А. Дадашев). ХIоттийнарг М. Мусаев. Грозный, 1973. Дахаран пхона тIехь (Гудермесски биохимзаводах лаьцна) // Орга. 1987. № 2. А. 3-12. Цхьанакхетар. («Салтичун йиша» книгин тIера кийсиг) // Ленинан некъ, 1989. 12, 14 июль. Разведчикан Маашевн дийцарш. – Дуьххьара «талла» вахар. – Юьхьдуьхьал. – Йижарий. Дийцарш // Орга. 2005. №5. А.10-12.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

На берегах Ассы. (Рассказы казака Волкова). Отрывок из повести // Грозненский рабочий, 1971. 3, 4, 7, 9, 10 сент. Цветы у обелиска (Никто не забыт, ничто не забыто) // Грознен. рабочий, 1972, 16, 17 нояб. Сестры. Рассказ Б. Маашева о фронтовых сестрах. // Грозненский рабочий, 1973. 12 июнь. Разбуженная окраина (Писательский репортаж со строительства Гудермесского биохимического завода) // Грозненский рабочий. 1987. 21 июнь. «Белые журавли» России. (О всероссийском литературном празднике в г. Махачкале.) // Грозненский. рабочий, 1989. 27 авг. Рассказ о лейтенанте Камаеве // Хьехархо. 2010. 18 июнь.

СТАТЬЯШ, ДАГАЛЕЦАМАШ
ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Открытое письмо. Мусе Ахмадову по поводу его статьи «Все впереди» // Комсомольское племя, 1989. 21 янв. Авторханов и перестройка. Статья // Абдулаев З. Сокрушение идолов. Роман, повести, рассказы, очерки. Грозный, 1992. С. 281-287. Памяти магическая нить. Из воспоминаний о встречах с Магометом Мамакаевым // Абдулаев З. Сокрушение идолов. Роман, повести, рассказы, очерки. Грозный, 1992. С. 288-295. Несколько эпизодов из жизни «Гусара» (Воспоминания о Дж. Яндиеве) // Абдулаев З. Сокрушение идолов. Роман, повести, рассказы, очерки. Грозный, 1992. С. 296-299.

Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3084 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1494 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:853 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:829 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:628 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4842 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2021 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5964 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6340 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2967 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2730 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2502 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5368 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1324 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4629 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2177 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8382 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »