• VTEM Image Show

Айдаев Юшаl
Арсанукаев Iабдулла.  

АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004)

Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу гIуллакхъхо» сийлаллин цIерш лелийна волу Айдаев ЮшаI ХХ бIешеран 60–90-чу шерашкахь къоман литература, Iилма, культура кхиорехь эвсараллица болх бина вара. Цуьнан Iилманан-талламан белхаш нохчийн литературоведени, литературин критика кхиарехь Iаламат мехала хилла.

Айдаев ЮшаI вина 1938 шеран 20 мартехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Ахъядан доьзалехь. Хьалххе да а кхелхина кхаа кIантаца йисина нана. Воккхаха волу ваша Юнус хилира шайна ден метта, олура ЮшаIа.

Нохчийн къам 1944 шарахьмахках даьккхича, Казахстанерчу Лениногорске нисбелла ЮшаIгIеран доьзал, цхьа хан яьлча уьш дIабахна Киргизерчу Токмак гIала. Цигахь ЮшаIа тIехдика доьшуш чекхъяьккхина белхаца болчу кегийрхойн юккъера школа (Средняя школа рабочей молодежи № 1 города Токмак).

Нохчийн къам ссылкехь долчу хенахь, жимма паргIато яьлча, 1955 шарахь, Алма-Атахь нохчийн маттахь арахеца долийра «Къинхьегаман байракх» цIе йолу газета. Оцу газето 1957 шеран аьхка хаам бира, Соьлжа-ГIалахь   Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтехь схьайиллина оьрсийн, нохчийн меттанаш а, литература а хьоьхуш йолу отделени, цига деша кхойкху юккъера школа чекхъяьккхинчу кегийрхошка, аьлла. Нохч-ГIалгIайн республика юха меттахIоттийна юьхь яра иза. Амма цIадерза бакъо массарна а ца еллера. Ах миллион адам цхьана дийнахь махках даьккхинера, ткъа цIадерзар масех шарахь кхочушдийра ду аьлла, сацам бинера. Цундела леррина бакъо елларг бен шен махка ца вуьтура. Казахстанехь, Киргизехь юккъера школа чекхъяьккхина кегийрхой, цIабахка бакъо йоцурш а, лечкъаш цIа оьхура, ненан мотт, литература хьоьхучу вузехь деша лаам чIогIа хиларна. Оцу шарахь институте деша хIиттина дуккха а нохчийн студенташ иштта цIабаьхкинера. Цхьаберш, кхечу вузашкахь доьшуш болчуьра дIа а бевлла, кхуза деша баьхкина а бара. ХIетахь ненан матте, дайн ламасташка, къоман культуре йолу шовкъаш инзаре чIогIа яра кегийрхойн. Ишттачарах вара Айдаев ЮшаI а.

Нохчийн матте, къоман культуре болчу безамо валийра ЮшаI Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан нохчийн мотт, литературий, оьрсийн мотт, литературий юккъерчу школехь хьехаран корматалла караерзочу историко-филологин факультетан отделени деша. ТIехдика доьшуш вара ЮшаI. Кхузахь гучуделира цуьнан кхоллараллин похIма. ЮшаIан дийцарш а, статьяш а арайийла йолаелира муьран зорбанехь. Цуьнан дуьххьарлера статья «Александр Казбеги – нохчийн, гIалгIайн доттагI» араяьлла «Ленинан некъ» газета тIехь 1959 шеран 9 январехь. Иза гуьржийн литературин классикан Александр Казбегин произведенешкахь нохчийн васташ кхолларх лаьцна яра.

1960 шеран 21 октябрехь арадаьллачу «Ленинан некъ» газет тIехь зорбатоьхна яра «Маца хьаьар ду техьа «Орга» цIе йолу Айдаев ЮшаIан критически статья. Цу тIехь, сакхташ билгалдохуш, теллинера «Орга» альманах тIехь зорбатоьхна материалаш. И статья яздархойн гонашкахь шуьйра евзира. Альманахан редакцехь йийцаре а йина, автора гучудаьхна кхачамбацарш нийса хилар къобал а дина, и статья редакцин балха тIехь тидаме эца езаш хилар магийнера. Иштта кхиам хилира Айдаев ЮшаIан Нохч-ГIалгIайн радион нохчийн меттан редакцин балхах лаьцна язйинчу статьян а.

Гуьржийн яздархочун Александр Казбегин нохчех лаьцна йолчу произведенех дуьххьара яздинарг ЮшаI вара. 1960 шарахь араелира цуьнан статья «Творчество А. Казбеги и Чечено-Ингушетия».

Кест-кеста кхойкхура цуьнга республикин телевиденин а, радион а редакцеша нохчийн маттах, литературех йолчу передачашкахь дакъалаца. Цу тайпана, студент волуш дIаболийна Айдаев ЮшаIан литературех, культурех лаьцна талламан белхаш.

Кхиамца институт чекхъяьккхича, вайнехан филологин кафедрехь ассистентан балхахь витина Айдаев ЮшаI. Кхузахь чекхъяьккхина аспирантура а. 1968 шарахь Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтан динан социологихула йолчу секторан куьйгалхо хIоттаво. Институтехь хIетта кхоьллина керла сектор яра иза, цуьнан болх вовшахтохарехь а, дIабахьарехь а дика ларавелира къона Iилманан белхахо.

Нохчийн, гIалгIайн литературашкахь драматургин жанр толлуш вара Айдаев ЮшаI. 1969 шарахь «Чечено-ингушская советская драматургия (1920 – 1940 гг.)» темехула диссертаци кхочушйича, филологин Iилманийн кандидатан дарж делла цунна. Къоман литературехь драматургин жанр кхидIа а кIорггера толлуш белхаш бина цо. Оцу темина докторски диссертаци а язйина: «Основные проблемы развития чечено-ингушской драматургии (20-80 гг. ХХ в.)». 1990 шарахь иза чIагI а йина, филологин Iилманийн докторан дарже а кхаьчна иза.

1970 шерашкахь Айдаев ЮшаIа белхаш бина республикерчу газетийн редакцешкахь а, книжни издательствехь а: «Ленинан некъ» газетан редакторна заместитель, цул тIаьхьа «Комсомольское племя» газетан редактор, республикин книжни издательствехь коьрта редактор, тIаккха Iилманан-талламан институтехь Iилманан секретарь лаьттина. 1980 шарахь «Ленинан некъ» газетан редактор хIоттаво иза. Оцу даржехь 10 шарахь болх бина цо. Цигара ваьлча, Нохч-ГIалгIайн Республикин Лакхарчу Советан къаьмнашна юкъарчу гIуллакхийн отделан куьйгалхо вохуьйту. 1992–1996 шерашкахь Айдаев ЮшаIа болх бо Москвахь: «Институт книги» генеральни директоран заместитель волуш а; Къаьмнийн литературийн, энциклопедин институтан генеральни директоран (Институт национальных литератур и энциклопедии) даржехь а. Москвара цIавирзича, 1996 шарахь Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтан ректор хIоттаво. КхидIа йолчу хенахь Айдаев ЮшаI Нохчийн Республикин Iилманан академин вице-президент лаьттина, Нохчийн энциклопедин отделан куьйгаллехь а волуш. 2000 шарахь дуьйна хаддаза Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан коьрта Iилманан белхахо а хилла иза, оцу институтан Iилманан кхеташонан а, Iилманан-редакцин кхеташонан а декъашхо а волуш. Айдаев ЮшаIа Iилманан-талламан болх дIабахьарца цхьаьна Нохчийн Республикин вузашкахь хьоьхура, Нохчийн пачхьалкхан университетан оьрсийн, дозанал арахьарчу литературийн кафедрин куьйгалхо а лаьттина иза.

Айдаев ЮшаI кIорггера хаарш долуш, шуьйра кхетам болуш Iилманча вара. Шен дерриг кхоллараллин хьуьнарш нохчийн литература, Iилма, культура кхиорна тIехьажийнера цо. БIе ткъе итт гергга Iилманан а, публицистикин а белхаш язбина цо. Царна юккъехь иттех книга а ю: монографеш, Iилманан статьяш тIехь йолу гуларш, вайнехан барта кхолларалла гулйина книгаш. Царах ю: «Чечено-ингушская советская драматургия (20-40 гг.)» (1975); «От эпической песни до эпопеи» (1975); «Хьекъале дош. Нохчийн кицанаш» (хIоттийна Х-М. Цугаевца цхаьна) (1976); «Грани жизни. Сб. лит.-крит. статей (составитель. Ю.А. Айдаев) (1976); «Народные пословицы чеченцев и ингушей» (сборник составлен совместно с А.О. Мальсаговым) (1982); «Зеркало жизни» (1987); «Жизнь и слово» (1992); «Чеченцы: история и современность» (1996).

Оцу белхаш тIехь гуш ду церан авторна ша толлуш йолу материал кIорггера евзаш хилар, литературоведчески анализан корматалла цунна карайирзина хилар, Iилманехь хьалха гучудаьллачунна тIе а тевжаш, кхидIа иза воьдуш хилар.

1976 шарахь Москвахь араяьллачу «Обряды, праздники, традиции» книги тIехь зорбатоьхнера Айдаев ЮшаIан статья. Ерригсоюзан къоначу Iилманчийн конкурсехь шолгIачу даржан диплом а, шолгIа преми а еллера оцу статьян авторна Айдаев ЮшаIана. Йоккхачу Советски Союзан пачхьалкхехь дIаяьхьначу конкурсехь шолгIа меттиг яккхар къоначу Iилманчийн боккха   кхиам а хилла, ерриг республикина юхькIам а хилла.

Юьхьанца Iилман-талламан балха тIехь Айдаев ЮшаIа коьртачу тидамехь дара нохчийн, гIалгIайн литературашкахь драматургически жанран башхаллаш таллар, къоман театр кхоллаялар, кхиар. Иза цо кхочушдина шуьйра материал юкъаозош, нохчийн литература, культура кхиаран хьелаш гайтарца цхьаьна. Пхийттех гергга болх язбина цо нохчийн, гIалгIайн драматургех, театрах лаьцна. Царах ю вай лакхахь хьахийна монографи “Чечено-ингушская советская драматургия (20-40 гг.)”, докторски диссертаци «Основные проблемы развития чечено-ингушской драматургии (20–80 гг. ХХ в)», “Зеркало жизни” цIе йолу книга, статьяш: «К вершинам мастерства ( о путях развития чечено-ингушской драматургии и театра» (1968); «Народные истоки чечено-ингушской драмы» (1968); «Чечено-ингушская драматургия периода Великой отечественной войны» (1968); «Роль С. Бадуева в становлении чечено-ингушской драматургии и театра» (1972), кхиерш а.

Литературин критика Бурчаев Хьалима яздо: «Нохчийн а, гIалгIайн а театр, драматурги кхиарх лаьцна долчу шен йозанашкахь Айдаев ЮшаIа хаамаш ло Нохч-ГIалгIайчохь дуьххьарлера драматически театр кхолларх а, цуьнан буха тIехь къоман театр берриге махкахь шен цIе а, меттиг а йолуш дIахIоттарх а. Цо кIорггера таллам барца довзуьйту Яндаров Мохьмада, Шерипов Денилбека, Эльдерханов Iийсас, Бадуев СаьIида, Н.Мошенковс, кхечара а цу юкъадиллина мехала дакъа. Хьалхарчийн дикалла а, жигаралла а бахьанехь боццачу муьрехь нохчийн театр, шена тIе хаамийн гIирсаша тидам бохуьйтуш дIахIоттарх долу документаш а даладо автора. Вайн халкъан санна, хала а, чолхе а хилла болу вайн театран кхоллам бовзуьйтуш, Айдаевс билгалйоккху нохчийн къоман культура кхиорехь цо дIалоцу меттиг а».

Айдаев ЮшаIа нохч-гIалгIайн драматургех а, театрах а лаьцна язбинчу белхаша вайнехан литературехь драматургически жанр талларан Iилманан бух биллина. Оцу хьокъехь кхидIа бен талламаш шайна тIетевжаш бан безар болуш кIорггерчу маьIне бу и белхаш.

Вайнехан барта кхоллараллин произведенеш зорбане а кечъеш, арахоьцуш болх а бина Айдаев ЮшаIа. Цугаев Хас-Мохьмадца цхьаьна цо арахецна «Хьекъале дош» цIе а йолуш нохчийн кицанаш (1976), оьрсийн маттахь А.О. Мальсаговца цхьаьна арахецна «Народные пословицы чеченцев и ингушей» цIе йолу книга (1982). Шен цхьана статья тIехь нохчийн иллийн башхаллаш хьахийна цо: «Нохчийн иллеш хIора а ша къаьстина поэма ю. Цара уггар хьаьлхарчу метте хIоттадо халкъийн доттагIалла. Оцу иллеша гойту луларчу къаьмнашка нохчийн болу лерам, цуьнца цхьаьна билгалйоху муьлххачу а халкъан векалийн амалш. Цара кхайкхадо, хестадо тешаме хилар, доттагIалла, догцIеналла, вовшийн гIолацар, адамаш дезаш хилар, нийсонехьа къийсам латтор, халкъаш сийсаза цадар. Оцу иллийн турпалхой бу дукхахьолахь нохчашца цхьаьна дегIастанхой, оьрсийн, гуьржийн. Иштта кхечу къаьмнийн а кIентий. Нохчийн иллешкахь цкъа а карор дац цхьа а къам вочу агIор дуьйцуш». Нохчийн иллеш дIаяздиначарах, иллиалархойх лаьцна а дуьйцу Айдаев ЮшаIа шен белхаш тIехь. Масала, Нажаев Ахьмада нохчийн барта кхоллараллин произведенеш дIа а язъеш, зорбанехь арахецар. 1926 шарахь араяьлла Нажаев Ахьмада гулйина «Нохчийн эшарш, дийцарш, кицанаш» цIе йолу книга. Вайнеха эшарш, дийцарш, кицанаш нохчийн маттахь зорбатоьхна дуьххьарлера книга яра иза. Цул тIаьхьа хье ца луш араяьлла Нажаев Ахьмада И. Ибриевца цхаьна кечйина «Нохчийн эшарш» цIе йолу гулар а.

Йоккхачу АтагIарчу иллиалархойх Гехин Абубакарах, Гехин Абу-Муслимах, Мусин Гадех, кхечарах а хаамаш ло Айдаев ЮшаIа шен белхаш тIехь. Оцу иллиалархойх дуьххьара яздинчарах вара иза.

Нохчийн, гIалгIайн яздархойх лаьцна а алссам статьяш ю Айдаев ЮшаIан. Яздархочун кхолларалла цуьнан дахарца цхаьнаюзаш йовзуьйту автора. Масала: Мамакаев Мохьмадан 60 шо кхачарна язйина статья «Жизнь в поэзии» (1972); Мамакаев Iаьрбех лаьцна статья «Жизнь, отданная народу» (1979); Сулаев Мохьмадан кхоллараллин шатайпаналла гайтина статьяш «Жизнь поэта (1972), «Путь к мастерству» (1980), «Негасимый огонь поэзии» (1980); Эдилов Хасмохьмадан поэзех а, прозех а лаьцна – «Поэзия дел земных (1982); Ошаев Халидан романах лаьцна – «О романе «Пламенные годы» и его авторе» (1988); Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах лаьцна яздинчу авторех а, церан произведенех а – «На боевом посту (Чечено-ингушская литература в годы Великой Отечественной войны») (1985); Дадашев Iабдуллин «Лаьмнашка некъ» романах лаьцна – «Имя в литературе (1989), дуккха а кхиерш а.

Айдаев ЮшаIан «Жизнь и слово» (1992) цIе йолчу книги тIехь зорбатоьхна яра нохчийн яздархойн кхолларалла толлуш йолу статьяш, материалаш. Автора ойуш йолу теманаш кхачам боллуш яьстийна царна тIехь. Исбаьхьаллин текст толлуш къастийна цуьнан чулацаман а, суртхIотторан гIирсийн а башхаллаш, гайтина яздархочун кхоллараллин шатайпаналла, билгалъяьккхина нохчийн тоьллачу яздархойн кхоллараллин мехалла, къоман литературехь церан маьIнех лаьцна дийцина.

Нохчийн литературехь цхьайолу произвденеш шайн чулацаман а, исбаьхьаллин а тIегIа лахара долуш хиларан коьртачу бахьанех лорура Айдаев ЮшаIа корматаллин литературин критика кхиана цахилар. Цо яздора: «Литературина чIогIа оьшу исбаьхьаллин произведенин леррина толлуш, сакхташ гучудохуш, амма яздархо кхиарна гIо деш волу хьехамча. И хьехамча критика хила еза». Литературин критикина хьалха лаккхара лехамаш хIиттабора цо. Вай литература республикел арахьа шуьйра евзаш цахилар критикин а кхачабацарех лорура Айдаев ЮшаIа. Нохчийн литературоведенехь, литературин критикехь кIорггера талламаш беш язбина белхаш хила безар чIагIдина цо. Произведенин текст юха схьайийцар, цуьнан тIехулара хIуманаш гайтар а дитина, текстан чулацам а, исбаьхьалла а муха кхоьллина, нохчийн меттан таронех муха пайдаэцна, исбаьхьаллин суртхIоттор гIирсаш муха бу, уьш лелоран хIун башхаллаш ю боху гIуллакхаш къасто дезарш хилар билгалдаьккхина цо. Нохчийн яздархойн исбаьхьаллин тексташ вовшашца юстуш, церан къастамаш билгалбахар а, цул совнаха нохчийн литература Къилбаседа Кавказерчу а, кхидолчу а къаьмнийн литературашца цхьаьнаялош, юстуш талла езар а гойту Айдаев ЮшаIа. ТIаккхий бен къоман литературин башхаллаш кхачам боллуш гучуяхалур яц боху цо. И лехамаш тахана а мехала бу нохчийн литературоведени а, литературин критика а кхиарехь.

Къоначу яздархошна гIо дора Айдаев ЮшаIа. Ша литературин критикина хьалха хIитточу лехамашца кхион гIертара иза яздархойн керла чкъор. Оцу хьокъехь Бурчаев Хьалима яздо: «Айдаев ЮшаIа къаьсттина терго йора къоначу литераторийн. Цо церан тидам тIебохуьйтура меттан исбаьхьаллин гIирсех пайда муха эца беза бохачунна, яздаран куц-кеп хиларна. Цо даггара къобалбеш тIеоьцура церан кхиамаш, церан произведенийн кхачамбацарш къастош, ледара яздарх ларбора уьш, церан гуларш арахоьцура, дуккха а киншкашна дешхьалхенаш а язйира».

Шуьйра бевзаш бара Айдаев ЮшаIан къаьмнийн литературашкахь, культурехь вовшашца хилла уьйраш гойтуш болу белхаш. Царах ю статьяш: «Творчество А. Казбеги и Чечено-Ингушетия» (1960); «Учитель и друг (влияние М. Горького на чечено-ингушскую литературу) (1968); «Звезда среди звезд» (1981); «Современный литературный процесс и литературная критика на Северном Кавказе» (1981); «У истоков нашего творчества ( к 50-летию Первого съезда советских писателей» (1984); «Песни горского края» (1984); «Литература братских народов» (1986); «М. Горький и чечено-ингушская литература» (1990); «Л.Н. Толстой в Чечне ( к 150-летию приезда Л.Н. Толстого в Чечню)» (2001); «Мотивы чеченского фольклора в повести Л.Н. Толстого «Хаджи-Мурат» (2003). И белхаш, шайн литературоведенин маьIна хиларал совнаха, мехала бу нохчийн литературехь, культурехь кхидолчу къаьмнашца хьалххе дуьйна хилла уьйраш гучу а йохуш, чIагIъярехь а.

 Айдаев ЮшаIа зорбане а кечйина, 1996 шарахь арахецна йолу «Чеченцы: история и современность» цIе йолу книга нохчийн къомах, цуьнан Iер-дахарах, исторех, литературех, культурех лаьцна Iаламат шуьйра дуьйцуш яра. Цу тIехь йолчу материалаша нохчийн къоман дахаран дуккха а агIонаш, къоман ламасташ, гIиллакхаш хIинццалц зорбанехь ца хиллачу кепара шуьйра довзуьйтуш хилар билгалдоккхура иза араяьлча. Иза Iаламат мехала дара къаьсттана Нохчийчохь буьрса тIом лаьттачу хенахь, нохчийн къам тайп-тайпанчу хаамийн гIирсашкахула сийсаздан гIертачу хенахь.

Айдаев ЮшаI болх беш вара нохчийн энциклопеди кхолларан гIуллакхаш тIехь а. Къоман энциклопедин мехалла хууш волчу цо леррина къахьоьгура цу тIехь. Авторийн шуьйра го юкъаозийнера энциклопедина материалаш кечъярна, амма и язйина чекхъяккхар доьгIна ца хиллера цунна. Иза ца кхиира ша дуккха а шерашкахь къахьегна йолу энциклопеди чекхъяккха.

Дукха ю Айдаев ЮшаIа язйина литературоведенин, критикин, фольклористикин, публицистикин статьяш. Уьш арайилина авторан шен книгаш тIехь а, тайп-тайпанчу юкъарчу гуларшкахь а, республикерчу а, арахьарчу а муьран зорбанехь а. Шуьйра ю авторан белхаш зорбанехь арабийларан географи. Соьлжа-ГIалахь, Москвахь, Ростовехь, Махачкалахь, Симферополехь, Тбилисехь, немцойн маттахь – Берлинехь зорбатухуш арайийлина цуьнан книгаш а, статьяш а.

Айдаев ЮшаIа юххера доттагIаллин а, кхоллараллин а уьйраш яра оьрсийн а, кхечу къаьмний а баккхийчу Iилманчашца. Цунна адамашца уьйраш таса а, доттагIалла лело а хаьара. Къаьсттина лелайора цо ша санна болчу баккхийчу Iилманчашца кхоллараллин уьйраш, цаьрца юххера юкъаметтигаш яра цуьнан. Царах дага а волура иза, уьш кхунах дага а бовлура. Иштта хиларо гIо дора Iилманчина шен кхоллараллин балха тIехь. Цуьнга кест-кеста кхойкхура вайн пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а дIахьош йолчу Iилманан конференцешка. Цигахь баккхийчу Iилманчашца цхьаьнагулвалар, керла уьйраш тасар пайдехьа хуьлура цунна шен балха тIехь.

Айдаев ЮшаIа Iилманехь болх барца цхьаьна хаддаза дакъалоцура республикин юкъараллин дахарехь а. Iилманан гонашкахь лерам хилла ца Iара ЮшаIе, цуьнан сий дора иза мел вевзичара а. Дукхазза хаьржина иза Соьлжа-ГIалин халкъан Советан депутат, Нохч-ГIалгIайн Республикин машар ларбаран Комитетан председатель, кхечу юкъараллин организацийн куьйгалле а.

Айдаев ЮшаIа Iилманехь йитина тIаьхье нохчийн литературина, культурина пайдехьа хилла ца Iаш, мехала ю ерригроссийски Iилманехь а.

Айдаев ЮшаI цIеххьана кхелхина 2004 шеран 1 июнехь Соьлжа-ГIалахь.

 

АЙДАЕВ ЮШАlАН-ПРОИЗВЕДЕНЕШ

КНИГАШ
НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Хьекъале дош. Нохчийн кицанаш. Грозный, 1976. (Сборник хIоттийна Х-М. Цугаевца цхьаьна).

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Чечено-ингушская советская драматургия (20-40 гг.). Грозный, 1975. От эпической песни до эпопеи. Грозный, 1975. Грани жизни. Сборник литературно-критических статей. Сост. Ю.А. Айдаев. Грозный, 1976. Народные пословицы чеченцев и ингушей. Грозный, 1982. (Сборник составлен совместно с А.О. Мальсаговым). Зеркало жизни. Сборник литературно-критических статей. Грозный, 1987. Жизнь и слово. Грозный, 1992. Чеченцы: история и современность. М.,1996.

МУЬРАН ЗОРБАНЕХЬ А, ЮКЪАРЧУ ГУЛАРШКАХЬ А АРАЙИЙЛИНА ПРОИЗВЕДЕНЕШ

СТАТЬЯШ, РЕЦЕНЗЕШ, ДИЙЦАРШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Александр Казбеги – нохчийн, гIалгIайн доттагI. Статья // Ленинан некъ. 1959. 9 янв. Маца хьаьар ду техьа «Орга». Статья // Ленинан некъ. 1960. 21 окт. А. Казбегин кхолларалла а, Нохч-ГIалгIайчоь а. Статья // Орга, 1960. № 3. А.72-74. Халкъана дIаделла дахар. Мамакаева Мохьмадан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна // Орга. 1961. № 2. А.58 – 64. «Органа» рогIера номер ( «Орга» № 3 1962) // Ленинан некъ. 1962. 10 окт. Некъахо. Дийцар (Ахъядов А. псевдонимца) // Орга. 1962. № 4. А. 66 – 69. Говзаллин лакхенга // Орга, 1968. № 3. А. 51-54. Поэтан некъ // Орга, 1970, № 2. А. 54-58. Нохч-ГIалгIайчохь социалистически талламаш бар // Ленинан некъ. 1971. 22 дек. Советски къаьмнийн социалистически культура // Ленинан некъ, 1971. 3 янв. Вайн мотт − вайн хазна // Ленинан некъ, 1971. 9 июль. Революцин бIаьхо. Н. Ф. Гикало вина 75 шо кхачарна // Ленинан некъ, 1972, 19 март. Шераш а, адамаш а. (Дуьххьарлера говзанчаш арахецна – 10 шо) // Ленинан некъ. 1972. июль. Нийса яздаран бакъонаш // Ленинан некъ, 1972, 19 июль. Атта дуй-техьа стихаш язъян. Редакце яхкийтинчу стихийн обзор // Ленинан некъ. 1972. 15 окт. Халкъан гIиллакхаш а, керла стаг кхетош-кхиор а // Ленинан некъ. 1974. 12 июль. Нохч-ГIалгIайн чоь а, Л.Н. Толстойн кхолларалла а // Ленинан некъ. 1978. 8 сент. Сулаев Мохьмадан «Сирла суьйре» книгина хьалхара дош // Сулаев М. Сирла суьйре. Поэзий, прозий. Грозный. 1980. Халкъан яздархо // Ленинан некъ. 1980. 24 окт. Оьрсийн мотт − халкъийн доттагIаллин мотт // Ленинан некъ. 1982. 24 март. Леррина долу тIедиллар // Ленинан некъ. 1983. 22 апр. БIаьхаллин могIарехь. (Сийлахь-боккха Даймехкан тIеман шерашкахьлерчу нохч-гIалгIайн литературех лаьцна // Ленинан некъ, 1984. 14 дек. Нохчийн литературин бухбиллархо // Ленинан некъ. 1984. 25 нояб. Кавказ схьайиллинарг. Сийлахь-воккха оьрсийн поэт А.С. Пушкин вина 185 шо кхачарна // Ленинан некъ. 1984. 8 июнь. Цуьнан кхоллам − халкъан кхоллам (Боков А.Х. юбилей) // Ленинан некъ. 1984. 9 дек. БIаьхаллин гIароллехь. (Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахьлерчу нохч-гIайлгIайн литературех лаьцна // Орга. 1985. № 1. А. 59-61. Дахаран илланча // Ленинан некъ. 1986. 3 янв. Яздархо а, дахар а // Ленинан некъ. 1986. 1 окт. «Даймехкан мукъамаш». Нунуев С.-Х. «Даймехкан мукъамаш» дийцарийн книгина рецензи. // Ленинан некъ, 1986. 30 нояб. Революцин мурд. Шерипов Асланбек вина 90 шо кхачарна // Ленинан некъ, 1987. 18 сент. М.Ю. Лермонтов, П. З.Захаров. // Ленинан некъ. 1989. 15 окт. Теркайистехь цхьанакхетарш. (Ш. Айсхановн кхоллараллина доьзна долу даздарш дIадаьхьира Лаха-Неврехь). ( Яхъяев Лечица цхьаьна) // Ленинан некъ, 1989. 29 сент. Халкъана шен бакъйолу истори йовза еза. Махачкалахь хиллачу Iилманан конференцис кхоьллина ойланаш // Ленинан некъ. 1989. 20 окт.

ГIАЛГIАЙН МАТТАХЬ

Даймехка тIема шерашка нохч-гIалгIайн драматурги // Лоаман Iуьйре. 1968. № 3. А. 56-58. Вахар – поэзеца // Сердало, 1970, 19 дек. Халкъалеи говзалеи новкъа // Сердало, 1980. 11 окт.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Борец революции, патриот // Грозненский рабочий. 1968. 24 март. Научно-критические поиски литературоведов республики // Грозненский рабочий, 1968, 3 окт. Учитель и друг (Влияние М. Горького на чечено-ингушскую литературу) // Грозненский рабочий. 1968. 28 март. Народные истоки чечено-ингушской драмы // Известия (ЧИНИИИЯЛ). Т. V. Вып. 3. Литературоведение. Вопросы чечено-ингушской литературы. Грозный, 1968. С. 49-60. Пробуждение. Рецензия на книгу Ш. Арсанукаева «Искорки огня» («ЦIеран суй») // Грозненский рабочий. 1970, 22 февр. Модернистские тенденции в современном исламе // Блокнот агитатора. Грозный, 1971. № 23. С. 9-12. «Зелимхан». Рецензия на роман М. Мамакаева «Зелимхан» // Грознененский рабочий. 1972. 27 июнь. Главная тема. Интернациональный пафос чечено-ингушской культуры // Грознен. рабочий, 1972, 13 февр. Жизнь в поэзии (Магомету Мамакаеву 60 лет) // Известия Чечено-Ингушского НИИ истории языка и литературы. Грозный, 1972. С. 216-218. Роль С. Бадуева в становлении чечено-ингушской драматургии и театра // Известия Чечено-Ингушского НИИ истории, языка и литературы. Грозный, 1972. С. 59-81. Проблемы конкретных исследований религии. (Соавтор В.Г. Пивоваров) // Известия Чечено-Ингушского НИИ истории, языка и лит-ры. Грозный, 1972. С. 3-22. Аксакал атеизма // Наука и религия, 1972. № 8. Аксакал атеизма // Блокнот агитатора. Грозный, 1972, № 11. С. 18-22; Бойцы-интернационалисты. (Гикало, Шерипов, Ахриев) // Блокнот агитатора. Грозный, 1973. Без устали гореть хочу. О творчестве молодого поэта М. Шамсаева // Комсомольское племя. 1973. 26 май. Будущее рождается сегодня. Заметки о развитии чечено-ингуш.литературы // Грозненский рабочий. 1973. 8 авг. Модернистские тенденции в Исламе. На атеистические темы // Комсомольское племя. 1973. 26 июль. В борьбе за умы. Традиции атеизма в чечено-ингушской. литературе // Грозненский рабочий, 1974. 29 март. Будущее рождается сегодня. Заметки о состоянии чечено-ингушской критики // Комсомольское племя, 1975. 23 дек. Альтернатива. Политика вокруг «Синкъерам» национального обычая // Комсомольское племя. 1976. 11 май. Чечено-ингушская литература 1976 года: поиски, проблемы // Грани жизни. Сборник литературно-критических статей. Грозный, 1976. С. 9-23. Атеистические мотивы в чечено-ингушском фольклоре // Известия (ЧИНИИИЯЛ). Вып. 1., т. III. Социология, атеизм, религия. Грозный, 1976. С. 322-333. Обычай обычаю − рознь. Трибуна атеиста // Грозненский рабочий, 1976. 8 янв. Праздник в ауле. (О празднике песни в с. Старые-Атаги Грозненского района) // Мы − советский народ. Ростов-на-Дону, 1976. С. 174-177. Праздник в ауле // Наука и религия, 1976. № 3. С. 25-27. Край родной. Чечено-Ингушетия. (За строкой Конституции) // Грозненский рабочий. 1977. 16 нояб. Верность мечте. О кандидате исторических наук М. Каратаевой // Грозненский рабочий. 1977. 18 март. Состязаются ашуги // Молодая гвардия. 1979. С. 133-136. Воспитать гражданина. Вопросы атеистической пропаганды на страницах районных газет. // Грозненский рабочий. 1980. 26 авг. Во имя братства. Национальное и интернациональное в чеченской и ингушской литературе // Грозненский рабочий. 1980. 11 июнь. Сулаеву – 60 лет // Грознененский рабочий. 1980. 11 окт. Верность жизни. О поэтическом творчестве. М. Сулаева // История и современность в литературах Северного Кавказа. Орджоникидзе, 1980. С. 71-80. Сто двадцать лет спустя. Рецензия на книгу С. Шерипова «Александр Дюма-отец в Чечено-Ингушетии, или Сто двадцать лет спустя». // Грозненский рабочий 1980. 5 март. Времени не подвластны. О революционных вождях чеченского и ингушского народов А. Шерипове, Н. Гикало и Г. Ахриеве // Грозненский рабочий. 1981. 18 дек. Крах двуликого // Грозненский рабочий. 1984. 9 февр. Ноома Тукаев (1987-1940) // Пламенные борцы за власть Советов. Грозный, 1982. С. 280-284. Поэзия дел земных. К 60-летию чеч.поэта и прозаика Х.Э. Эдилова // Грозненский рабочий. 1982. 25 нояб. На пульсе жизни. Газете «Ленинан некъ» − 60 лет // Грозненский рабочий. 1983. 28 окт. Маяковский и чечено-ингушская литература. К 90-летию со дня рождения поэта // Грозненский рабочий. 1983. 19 июль. «Особое поручение». Рецензия на повесть С. Дацагова «Особое поручение» // Грозненский рабочий, 1983. 9 июнь. У истоков. К 50-летию первого Всесоюзного съезда советских писателей // Грозненский рабочий, 17 авг. Исследуется эпос «Илли». Рецензия на книгу «Вопросы поэтики и жанровой классификации героико-исторических песен илли» // Грозненский рабочий, 1985. 24 сент. Имя в литературе. (Вышла 1 часть романа чеченского прозаика А. Дадашева «Дорога в горы») // Грозненский рабочий. 1989. 12 авг. Незабываемые встречи. (11-17 нояб. проходили Дни чечено-ингушской литературы в Казахстане) // Комсомольское племя. 1989. 30 нояб. Борец революции, патриот. (Н. Тукаев) // Грозненский рабочий, 1968. 24 март. Научно-критические поиски литературоведов республики // Грозненский рабочий, 1968, 3 окт. Учитель и друг. (Влияние М. Горького на чечено-ингушскую литературу) // Грозненский рабочий. 1968. 28 март. Какой быть национальной школе? // Ичкерия. 1994. 29 март. Магомет Сулаев. Статья // Вестник Института проблем образования МОиН ЧР. Выпус 2. 2004. С. 53 – 74.

Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:853 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4843 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5965 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6340 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2730 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2503 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5368 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4629 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8382 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »