• VTEM Image Show

Арсанукаев Шайхи
На Фото Арсанукаев Шайхи

Абдулла Арсанукаев.

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

«Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин а санна, нохчийн литературин а коьрта кхо «турпалхо» ву: хьалхара – Адам (Адаман амал, цуьнан ойла, сатийсам, гIиллакх, гIуллакх). ШолгIа – и Адам шена тIехь дехаш долу Латта (Даймохк). КхоалгIа – и Адам шена чохь дехаш йолу Зама. Нохчийн яздархоша – прозаикаша, поэташа, драматургаша – хестош дерг а ду дезаниг, даима а сийлахьниг: Даймохк, Нана, Адамалла, Къинхетам, Къинхьегам, Оьздангалла, Къонахалла, Тешам, ДоттагIалла, Безам» – яздина Арсанукаев Шайхис шен цхьана статья тIехь. Оцу мехаллаш тIехь кхиъна ю Арсанукаев Шайхин поэзи. И мехаллаш ю цуьнан кхоллараллехь коьртанаш, цо чIагIйираш.

Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь  дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг.

Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла.  Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. 1944 шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински  финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина. ШайхигIеран доьзал шайн юьрта Дишни-Ведана цIа баьхкина 1958 шарахь. Арсанукаев Шайхи Веданан районан финансови отделан куьйгалхо вохуьйту. Амма школехь волуш дуьйна стихаш язъеш волу Шайхи шен дахар финансийн органашца доьзна Iа лууш вацара. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени. 1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи.  Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн  яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.

Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.

Школе вахале дуьйна а туьйранаш тIехь долу книгаш йоьшуш а, стихийн шатайпа екар хазахеташ, баккхийчара уьш йоьшуш ладегIа лууш хилла жима Шайхи. Стихаш язъян волавелла школехь доьшуш волуш, амма зорба ца тухуьйтуш еххачу хенахь латтийна. Шен яздархочун корматалла гIеххьа кхиъна яллалц зорбане ца елла цо произведенеш.Арсанукаев Шайхин стихаш зорбанехь дуьххьара гучуевлла 1959 шеран юьххьехь. «Ленинан некъ» газета тIехь 18 январехь зорбатоьхна «Кавказ» цIе йолу стихотворени поэтан дуьххьара араевллачу произведенех хилла. Оцу муьрехь «Орга» альманаха тIехь а, республикин газетийн агIонаш тIехь а, юкъарчу сборникаш тIехь а алссам арайилина цуьнан стихотворенеш. Цара гойту волалуш волу поэт исбаьхьаллин дош довза а, цунах говза пайдаэца а Iемаш хилар, шена гонахарчу Iаламе, адамийн дахаре иза леррина хьоьжуш хилар.

Поэтан дуьххьарлера книга араяьлла 1965 шарахь. «Лаьмнашкахь Iуьйре» цIе а йолуш, поэзин гулар яра иза. Цу тIехь зорбатоьхнера авторан дуьххьарчарах йолу стихашший, поэмий. Гуш дара къоман литературе шен некъ, кхоллараллин хатI лохуш волу, поэтически корматалла йолу автор веъна хилар. Хье ца луш исбаьхьаллин лакхенашка кхечира поэт. ХIетахь дуьйна ши-кхо шо моссаз дели керла книгаш арайийлина Арсанукаев Шайхин. Царах ю   «Безаман шовда». Стихаш (1967), «ЦIеран суй». Стихаш, поэма (1969), «Новкъахь». Стихаш, поэма (1970), «Сийна некъаш». Стихаш, драматически поэма (1973), «Лакхенан гIиллакх». Стихаш, драматически поэма (1975), «Тешам». Поэмаш (1976), «Керла де». Стихаш, поэма (1980), «Ушармин Ших». Драматически поэма (1982), «Кхолламан сизаш». Стихашкахь роман (1987), «Лаьмнийн иллеш». Стихаш, драматически поэма (1991), «Сийна гене». Стихаш, поэмаш, драма. Хьалхара том (2009), «Уьш хийца тарлуш дац». Стихаш, драма-легенда, поэма, стихашкахь роман, гочдарш. ШолгIа том (2009). Оьрсийн маттахь Соьлжа-ГIалахь а, Москвахь арахецна поэтан книгаш «Стихи». Грозный (1971), «Вершины». Стихи (1977), «Голубые вершины». Стихи (1981), «Выбор судьбы». Драматическая поэма (1985), «Роща любви». Стихи, поэма (1988), «Преодоление». Стихи, поэма  (1989), «На доброй земле». Стихи (1995).

ХIинцалерчу нохчийн литературехь бакъйолчу поэзин цхьа агIо ю Арсанукаев Шайхин кхолларалла. Шатайпа атта адамийн дегнашка кхочуш, шайца лаккхара исбаьхьаллин аьхналла йолуш, йоьшучуьнан кIорггера синхаамаш меттахбохуш, дахаран ойла йойтуш ю цуьнан произведенеш. ГIалгIайн яздархочо Ведзижев Ахьмада яздина: «Хетарехь, нохчийн поэзехь уггаре а эмоциональни ницкъ болчарах лара еза Арсанукаев Шайхин поэтически произведенеш. Дукха хIуманаш чулоцу поэтан стихаша а, поэмаша а. Цара гойту дахаран массо а агIонаш. Безаман лирика иза хиларх, я даймахках, я винчу юьртах лаьцна язйина иза хиларх, церан коьртаниг ду – адамийн юкъаметтигаш гойтуш хилар, хIора стеган цIена, хьанала ойланаш самайохуш уьш хилар».

Авторан деган йовхо, граждански ойланаш ю Арсанукаев Шайхин стихашкахь. Шен мехкан воI ву цуьнан лирически турпалхо, цунна Iаламат хьоме бу даймохк, иза воккхавеш ду къоман хьалха дIадахнарг  а, хIинцалерниг а, цо дозалла до шен махках, дайн къонахаллех:

Лаьмнийн мохк! Курачу къонахийн латта!
Лайначийн моьнаш го хьан некха тIехь.
Иэшам а, иэшар а кхаьчна хьан хьаьтта,
Амма ца лайна ахь осаллин эхь!
(«Винчу лаьмнашкахь»)

Даймохк Iалашбар, дайн гIиллакхаш лардар, нохчийн меттан сийдар тIекхуьучарна тIедуьллу «Весет» стихотворенин турпалхочо а.

Арсанукаев Шайхин лирически турпалхо гIиллакх-оьздангалла кхайкхош, къоман ламасташ чIагIдеш, муьлххачу а вочун хIуманна дуьхьал къийсам латтош ву. Тийналла, синтем ца бевза цунна, даим новкъахь, даим лехамехь, бакъдолчуьнгахьа, нийсонехьа  болчу къийсамехь, харцонна дуьхьал ву иза.  Нийсо кхай¬кхайо, нийсо чIагIйо цо:

ХIун хир ду дуьненчохь Нийсонал нийса?
Кхерац и кхерамах, озалац ницкъах,
Харцо цо харцайо,  ца кIордош къийса,  
ХIилланах Iехалац, я хьегац рицкъах –
ХIун хир ду дуьненчохь Нийсонал нийса?

Хастам бу Нийсонна!Ехийла Нийсо!                
Халкъашлахь вошалла чIагIдийриг – Нийсо,             
Пачхьалкхийн машаран дозанаш – Нийсо,
Адамаллин хьекъалан дозалла – Нийсо.

Хастам бу Нийсонна! Ехийла Нийсо!

Арсанукаев Шайхин «Нийсонна гимн» тIера ю и ши строфа. Гимн лирикин жанран цхьа тайпа ду. Юьхьанца гимн олуш хилла цхьана доккха маьIна долчу хиламна я къаьсттина онда хьуьнар гайтинчу турпалхочун сий деш даьккхинчу иллех. Хьалхалерчу Грецехь цIе яххана болу халкъан турпалхой я шайн деланаш хестош, базбеш, церан сий деш йохуш хилла гимнаш. ТIаьхьо гимн олуш хилла хазахетарна, толам баккхарна я сийлахьчу стеган лерам беш даьккхинчу иллех. ХIХ бIешарахь дуьйна гимн олу къаьмнийн цхьаалла, пачхьалкхан сийлалла кхайкхош лаккхарчу айамца даьхначу иллех а.

Поэташа шаьш сийлахь лоручу, халкъалахь сийлахь долчу хIуманашна а, хиламашна а язйо гимнаш. Арсанукаев Шайхис Нийсонна яьккхина гимн. «Нийсо» боху дош доккхачу элпаца яздина цо. Нийсонна хастам беш ю поэтан гимн. Пачхьалкхийн гIуллакхашкахь, къаьмнашна юккъехь, адамийн юкъаметтигашкахь Нийсо лелаяхь дуьненахь хьарамло хир яц, харцо хир яц, ирсо заздоккхар ду, боху поэта. Нийсо ю дуьненчохь лелаезарг: «Хастам бу Нийсонна! Ехийла Нийсо!»

 Арсанукаев Шайхин «Нийсонна гимнан» шен дIахIоттам бу. Дукха яьржина йоцчу пхеамогIанан строфашца язйина гимн. ПхеамогIанан еа строфах лаьтташ ю и. Алссам юхааларш, риторически хаттарш, айдарш ду. Цара поэтан синхаамаш, шовкъаш гучуяхарехь гIуллакх до. Хьалхарчу кхаа строфахь рифмофка абаба ю. ТIаьххьарчу строфахь рифмовка хийцина, кхузахь рифма кхуллуш дерг гимнан коьрта дош «Нийсо» ду, цуьнца чекхйолу строфан пхи а стих. ХIор строфа чIагаран кепехь ю, строфа йолалуш йолу стих иза чекхйолуш юха ялийна. Юха ялош йолчу стихехь ду строфан коьрта маьIна. Оцу поэтически приеман авторан ойла къеггина гучуяккхаран маьIна ду.

Арсанукаев Шайхин поэзин лирически турпалхо къинхетаме ву, цуьнан коьрта амал адамалла ю, гIийлачух къахета цунна, вон деанчунна орцахвала кийча ву, адаман гIайгIа-бала шега схьаэца кийча ву. Масала, стихотворенеш «Ма ойла ца йо вай», «Нагахь хьан гIо оьшуш», «Догдикаллех стихаш», «Ненан доIа», «Исбаьхьчу дуьнене», «Мохкбегор», «Лаьа суна», поэма «Баркалла, адамаш», сонетийн кочар «Адам и дуьне ду, жима планета».

«Мохкбегор» стихотворенин лирически турпалхочуьнга берриге а мехкан, дерриге а лаьттан бала кхочу. Цуьнан дагах кхета махке, Лаьтте беана бохам:

ЦIеххьана кхерийна, лаьттан дегI дегий,
ЭхI, Латта, дийцахьа хиллариг хьайна.
Алахьа,
ХIун цатам хилла хьо дегий?
Я дог хьан лазий-те,
Харцо ца лайна?
Я атом иккхина, мархаш гин гIенах?
Я жима бер гин те къаьстина ненах...?

Иза кхидIа а къинхетамен, кIеда-мерза вистхуьлу бохам беанчу Лаьтте:

Алахьа, хIай Латта,
ХIун гира хьуна:
ДоттагIчо тешнабехк
Бин доттагIчунна?
Я меттахь дIатесна
Шайн нана къена,
СапаргIат баха-те кIентий дIа гена?
Я къона безам гин осалчо Iехош?
Я поэт воллура харц дешнаш лехьош?
Бендоцуш лелачийн гин аьрта яххьаш?

Шайн чулацамца тайп-тайпана долу и дерриг а гIуллакхаш махкана кхераме лору поэта. Къинхетамах дуьзначу даггара боху цуьнан лирически турпалхочо:

ЭхI, маржа яI, Латта, хIун хили техьа?                
Со орцах вер ву-кх, хьо дега ма дехьа...

Философски маьIна ду стихотворенин. Поэта цу тIехь дагардинарш адамийн юкъаметтигаш гойту гIуллакхаш ду: нана дIатесна йитар, дестечо мербер човхор, доттагIчо доттагIчунна тешнабехк бар, осалчо шех тешна йоI Iехор, нахаца бенвоцуш хилар, поэта харц дешнаш яздар. ГIиллакх-оьздангаллица, адамаллица ца догIу хIуманаш ду уьш. Нахана юкъара адамаллин юкъаметтигаш талхахь, оьздангаллин ламастех адам юхадалахь дуьненна а бохам хила тарлуш лору поэта, махке ца ладаллал кхераме лору. Атом эккхаран могIарехь далийна поэта и гIиллакх-оьздангалла талхарца доьзна хIуманаш.

Арсанукаев Шайхин уггар евзаш йолу стихотворени ю «Ненан мотт». Ненан маттах лаьцна стихотворенеш нохчийн поэташа дуккха а язйина Шайхисчул хьалха а, тIаьхьа а. Амма массарна а дагах кхеташ Шайхинаг нисъелла. Оцу стихотворенех лаьцна Халкъан яздархочо Бексултанов Мусас аьлла: «Со теша, «Ненан мотт» цIе йолчу Арсанукаевн стихотворенис дуккхаъчу поэташна некъ бихкина хиларх, ненан маттах кхин дика стих язъян йиш а йоцуш». Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленис билгалдаьккхина: «Нохчийн меттан шатайпа шатлакхан илли хилла лаьтта «Ненан мотт» стихотворени тоьар яра Арсанукаев Шайхин цIе даиманна а вайн дегнашкахь йиса».

«Ненан мотт» стихотворени, беамогIанан ворхI строфах лаьтташ а йолуш, еа гIулчан дактильца язйина ю. ХIор стихехь каталектика ю: стихехь тIаьххьара дактилан гIулч цхьаъ я шиъ дешдакъа тIеоьшуш ю. Шалза (нечетные) стихаш шена тIехь тохар доцчу цхьана дешдекъаца чекхйовлу, шаланаш (четные) тIехь тохар долчу дешдекъаца чекхйовлу. И барам ворхIе строфахь ларбина. Стихотворенин чулацам нохчийн мотт сийсазбечуьнга дечу къамелан кепехь бу. Хьалхара шина строфахь гIеххьа оьгIазвахаран интонаци ю. Цул тIаьхьа паргIатчу къамелехь нохчийн меттан башхаллаш юьйцу:

ГIиллакхе, оьзда бу доттагIчуьнга буьйцуш,
МостагIчуьнга вистхуьлуш –  ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бекан и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Цуьнга терра ю кхидIа йолу кхо строфа а. ТIаьххьара, воргIалгIа строфа къаьмнаша ненан меттан лерамбар а хьахош, шен маттах хаьддарг декъаза хилар, шен къомах дIакъаьстина, цхьалха вуьсарг хилар чIагIдеш ю:

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, – хьо цхьалха ву!

Стихотворенехь поэзин тайп-тайпанчу гIирсех (исбаьхьа эпитеташ, даьржина дустарш, дош шена дуьхьал долчу маьIнехь далор, юхаалар, тIедерзар, вовшашца хийцалуш йолу зударийн, божарийн клаузулаш, каталектика, жIарийн рифмовка) пайдаэцна, автора шен Iалашонца догIуш долу нуьцкъала дешнаш лаха а лохуш, уьш говза вовшахтесна, чулацамца йогIуш йолу ритм а, интонаци а ялийна. И дерриге а стихотворенин чулацаман, формин исбаьхьаллин цхьаалла кхуллуш ду.

Арсанукаев Шайхин кхоллараллехь тайп-тайпана интонационни екар долу стихаш ю. Церан лирически интонацино стихан маьIнийн бес-бесара агIонаш гучуйоху, ойланаш хийцаялар, кIаргъялар гойту. «Баьпкан юьхк», «Ненан мотт», «Лаьттана, сискална хастам беш даим», «Кхо бос», «Гиний шуна», «Нагахь хьан гIо оьшуш», «Варий, йоI, ма гIолахь поэте маре» – оцу стихотворенийн интонационни мукъам церан маьIна дан гIо деш бу.

Шена гонахарчу дахарца, дуьненца поэтан йолу юкъаметтигаш го вайна лирическин стихашкахь. Iаламехь я адамийн дахарехь шена гуш долчо меттах боху поэтан синхаамаш, ойланаш, тIаккха кхоллало лирически произведени билггалйолчу шен интонацица. Арсанукаев Шайхин «Баьпкан юьхк» цIе йолу стихотворени иштта дIайолалуш ю:

Баьпкан юьхк Iуьллу.
Дийнна баьпкан юьхк.
Iуьллу и новкъахь,
Iуьллу дIасалелачу адамийн
когаш кIел!

Кхузахь поэтан бIаьрг тIехIоьттина лаьттахь, адамаш дIасалелачохь, когаш кIел Iуьллучу баьпкан юьхкана. Лаьттахь Iуьллу баьпкан юьхк а, и тергал ца еш, ца гуш санна, цунна тIехдуьйлу адамаш а. И сурт поэтана Iаьткъина. Цуьнан синтем байна, дог карзахдаьлла:

ТIехбуьйлу…
ТIехбуьйлу –
ца гуш санна,
ТIехбуьйлу –
бен доцуш.
ТIехбуьйлу –
ойла ца еш.
ТIехбуьйлу –
шайн модни мачашца
кхоамза,
дахаран цуьрг а хьоьшуш!
ТIехбуьйлу…

Оцу суьрто инзарваьккхинчу поэтана карладолу хьалха хилларг, адамо хьалха лайнарг. ХIинца шена гуш дерг оцу хьалхалерчуьнца ойланехь дуьстича, кхин а чIогIа тохало поэтан дог, карзахбовлу синхаамаш, дулало аз. Иза гучудолу юхааларш далорца а, айдаран хьаьркаш хIитторца а, дукхатIадамаш дахкарца а.

ТIехбуьйлу –
Ленинградан блокада
Цкъа а ца хилча санна.
ТIехбуьйлу –
къизачу тIеман
бIаьстенийн юьххьехь,
мокхачу арахь,
шийлачу мохо лоькхучу
эгIазчу бераша
ахдешначу лай кIелхьара
берцан кан
цкъа а ца лехьийча санна!

Кхузахь поэтан дог-ойла, синхьегам шаьш кхиарехь лакхарчу тIегIане кхаьчна. Цул тIаьхьа цецвийлар, тамаш бар лах а лой, шена гинчу хьокъехь паргIат ойлаяре волу иза. Стихотворени ерзош и шайца дIайолаелла дешнаш делахь а, хIинца церан маьIна кхин ду, иза хаало интонацехь. Хьалха айдаран хьаьрк хIоттийнчохь хIинца дукхатIадамаш дехкина поэта:

Баьпкан юьхк Iуьллу.
Динна баьпкан юьхк!
Iуьллу и новкахь.
Iуьллу дIасалелачу адамийн
Когаш кIел…

Поэтан доггах кхоьллинчу исбаьхьаллин васто вайн синхаамаш а карзахбоху, дог Iавжадо, ойланашка доху.

Дукха болх бина Арсанукаев Шайхис поэзин эпически жанрашкахь а. Цо язйина поэмаш «Хан-гIала», «Захар», «Баркалла, адамаш», «Заманийн аьзнаш», «БIаьстенан юьххьехь», «Ушурмин Ших», «Харачойн Зеламха», «Къизаллин хелхар», сонетийн кочар «Адам и дуьне ду, жима планета»,   стихашкахь драмаш «Безаман ирзу», «Тимуран тур», стихашкахь роман «Кхолламан сизаш».

Поэтан лиро-эпически произведенеша чулоцу вайн халкъан истори а, хIинцалера зама а. Цара гIо до   вайн Даймехкан хьалха дIадаханчух а, таханлерчу дийнах а кхета. «Тимуран тур» произведенин чулацаман бухе бехкинарш Нохчийчохь XIV бIешо чекхдолучу XV бIешо долалучу муьрехь лаьттина исторически хиламаш бу. Литературоведа Бурчаев Хьаьлима шен «Лар йоцуш ца дов дIадахнарг» цIе йолчу статья тIехь яздо: «Нохчийн истори евзачарна бевзаш болу и хиламаш Арсанукаев Шайхис исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош синхаамашна тIеIаткъам чIогIа болуш хуьлу, историкийн доццачу тоьшаллел. ХIара произведени ша кхуллуш, автора шена хьалха хIоттийна Iалашо АстагI Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца Iа, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра хIетахьлера политикин а, Iер-дахаран а хьелаш, юкъараллин дIахIоттаман башхаллаш, луларчу къаьмнашца хилла юкъаметтигаш, хIетахьлерчу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам, амалш, дуьнене хьежамаш».

Билггал йолчу хенахь, 1587-1589 шерашкахь, кхочушхуьлуш бу Арсанукаев Шайхин «Ушурмин Ших» цIе йолчу драматически поэмин хиламаш а. Цу хенахь исторически хилла гIуллакхаш ду поэмин чулацамехь дерш. ХVI бIешарахь нохчийн, оьрсийн вовшашца лаьттина машаре юкъаметтигаш гайтина поэми тIехь. Произведенин коьрта турпалхо нохчийн эла Ших-Мурза ву. Иза Окин мехкан долахо ву. Шен дас Ушурмас, ша кхелхаш, весет дина кIанте Ших-Мурзе:

Машарна кховдийна            
Куьг дIа ма татта.                
Луларчу элашца                
Бертахь хьо ваха,                
Я даьхний, я мохк а
Ма къийса нехан.
Москохан паччахьца
Гергарло чIагIде…

Ушурма ша а хилла луларчу элашца барт болуш, оьрсийн пачхьалкхаца машаре юкъаметтигаш латтош, доттагIаллин уьйраш лелош. ХIинццалц схьа ша схьабеана некъ шел тIаьхьа кIанта дIакхехьа лууш ву Ушурма. Ден весет кхочушдо кIанта. Шена гонахара дуккха а берш дуьхьал а боллушехь, оьрсийн халкъаца доттагIаллин уьйраш чIагIъярехьа къийсам латтабо цо.

Поэмин чулацам шуьйра бу. Дуккха а турпалхой а, эпически суьрташ а ду цу тIехь. Поэма дIайолало халкъан хала дахар гайтарца. Иза кхочушдо барта произведенех пайдаоьцуш а, стихашна юкъа прозаически кийсакаш ялош а. Поэмин юьххьехь ялийнчу халкъан эшаршкахь, иллешкахь билгалдолу адамашкара гIийла хьал. Хезаш долу цхьалха аз а, ахархойн хор а, зударийн хор а, мехкарийн хор а, йийсаре лоьхкучу кегийрхойн хор а гIайгIанах, баланах юьзна.

Халкъан машаре дахар дохош кест-кеста тIелиэта тайп-тайпанан мостагIий. Шаьш йоккхуш йолу гота юьтий, дIадуьйш долу ялта сацадой, мостагIашна дуьхьал бовлу ахархой. Майра леташ турпалаллица дуьхьало йо мел нуьцкъалчу мостагIчунна а. Кхерабалар, юхабовлар доцуш, шайн мохк ларбеш, шайн синош дIало цара. "Летачийн хор" аьлла ялийнчу стихашкахь къеггина гучуйолу къоман ойла, къоман амал.

Амма шен амалца машаре долу халкъ даим а тIамехь лаьттина ца долу. Адамийн гота аха а еза, ялта ден а деза, баккхийчеран терго ян а, бераш кхио а деза. Халкъана машаре дахар оьшу, тIеман алу хьашт яц. Цундела йо Ших-Мурзас шен махкана тешаме хинволу доттагI лоьхуш ойланаш: "Лаьтта со, лаьтта со, ца хууш хIун дер, лаьтта со къаьстачохь ца девза некъаш: муьлхарниг хоржур бу? Муьлха бу нийса? Мила ву, мичахь ву кхерамехь шена тIетовжа тешаме хинволу доттагI?". Шен дас Ушурмас шега динчу весетаца оьрсийн махкана, оьрсийн халкъана тIетовжаран ойла чIагIло Ших-Мурзин. Майралла йолуш, доьналла долуш, шен мехкан дола деш гайтина поэми тIехь Ших-Мурза. Къонахаллин амалш ю цуьнан вастаца. "Дозаллий, кураллий дац хьуна цуьнца. Майра ву, лом санна, оьздаллий, яххьий цуьнгара йоккхур яц цхьана а кIанта", – боху поэми тIехь.

Амма Ших-Мурза эла ву, элийн ерриге а амалш ю цуьнца. Ахархошкара ясакх йоккху цо мел хала бохкуш, мел къен уьш хиларх.

Къинхетам болуш, адамашца аьхна, кIеда-мерза хиларца къаьсташ ю Ших-Мурзин зуда БIаьсте. Элин сту елахь а, къинхетаме дог долуш, адамах дог лозуш ю БIаьсте. Шен амалшца элашначул юххе ю иза къинхьегаман адамашна. Иза билгалдаьккхина поэми тIехь БIаьстес шен ойланаш, гIайгIанаш халкъан барта эшаршка йохкуш хиларца а.

Дуккха а персонажаш ю поэми тIехь: нохчийн, гIалгIайн, гIумкийн, оьрсийн элий, паччахьан посолаш, молла, мозгIарш, гIалгIазкхийн атаман, кегий а, баккхий а нах, зударий, бояраш, паччахь, дворянаш. Ерриг поэмех чекхдолуш ду коьртачу турпалхочун Ших-Мурзин васт. Поэмин коьрта идея цуьнгахула кхочушхуьлуш ю. Адамийн лаамца догIуш ду поэмин хиламаш чекхбовлуш, къийсаман жамI деш Ших-Мурзин барта автора дехкина дешнаш. Поэмин чулацаман жамI деш ду Ших-Мурзин къамел а, иза къобалдеш наха детта маьхьарий а. Поэмин коьрта маьIна кхузахь билгалдолу.

Шатайпанчу дIахIоттамца а, стихан башхаллашца а, диалогически кепаца а шен къастамаш болуш ю "Ушурмин Ших" поэма. Эпический, лирический, драматический билгалонаш цхьанаийна ю поэми тIехь.

Арсанукаев Шайхис шен кхоллараллех лаьцначу цхьана анкета тIехь яздина: «Суна хетарехь хIор поэта шен дуьнене, дахаре хьаьжжина ечу ойланаша билгалбоккху цуьнан кхоллараллин некъ; оцу новкъахь цо лоьху шен басарш, шен кепаш и. дI. кх. Со даима а гIиртина хIинцалерчу нохчийн стихан Iалам довза, гIиртина нохчийн стихан таронаш талла, керла бустамаш, кепаш лаха. Сайн стихашкахь со даима а гIиртина поэтически синтаксис шоръян, керла рифмаш юкъаяло».

 Ян а еана поэтан шен произведенешца нохчийн поэзи юкъа керла теманаш, идейш, жанрийн форманаш, стихан керла кепаш. 1973 шарахь араяьллачу шен «Сийна некъаш»  книги тIехь Арсанукаев Шайхис нохчийн поэзехь дуьххьара юкъаялийна паргIат стих (верлибр). МогIанашкара дешдакъош а, тохарш а цхьана барамехь доцуш, строфаш а цхьана тайпанан йоцуш, рифмаш  а йоцуш язйинчарах олу паргIат стихаш.

Поэтан «Баркалла, адамаш» (1978) цIе йолу дийнна поэма а ю паргIатчу стихашца язйина.

Къоьжачу Кавказан баххьашна юккъехь,
ламанан аьрзунийн баннашна лулахь
хьаннийн, бошмийн IиндагIашлахь
маьрша Iуьллу
дай баьхна шира юрт
Дишни-Ведана.
Кхузара,
кху лаьмнийн сийначу
аганара, гIаьттина,
лаьмнеххий,
малхаххий
цецваьлла, лаьттина,
ваьлла со новкъа....

Ткъа, хIара...
ХIара лаьтта хIетахь
сох кхеттачу сан Некъан Накъостех
уггаре Хьалхарнииг -
ЦIеначу бIаьргаш чохь самукъа ловзу
Безаме жима стаг...

– Маршалла!                                                                    
Сан деган маршалла дIаэцар доьху,
Сан некъан Хьалхара Накъост!
Бехк сайна цабиллар доьху
ЦIе хьайн цаяккхарна цхьа а.
Ма мотта йицъелла, Накъост,
ЦIе хьайн ца йоккхуш со Iийча -
Йокхуш и хезна вац цкъа а
Ма-дарра дIааьлча-м, суна
хIун бен ду, цIе муьлхха а хилча?
Дац стеган хIумма а
Шен цIарах дозуш:
Я амал,
Я гIиллакх,
Я гIуллакх...

ХIан-хIа, со вевзар вац хьуна -
Суна дагадогIуш, вайша
Цкъа бен вац гина а вовшийн...

«Баркалла, адамаш» поэми тIера цхьа кийсак ю вай ялийнарг. Кхузахь стихан могIанаш шайн барамашца – деха, доца хиларца – цхьатера дац, тайп-тайпанан ду: кхаа дешдекъа тIера цхьайтта дешдекъе кхаччалц хийцалуш бу церан барамаш. Строфаш а яц кхузахь цхьанабарамехь, масала, хьалхарниг – кхойтта могIанах лаьтташ ю, шолгIаниг – ялх могIанах, кхоалгIаниг – пхийттаннах, йоьалгIаниг кхаа могIанах лаьтташ ю, цаьрга терра кхиерш а. Рифма ян а яц. Стихан чаккхенаш – клаузулаш – тайп-тайпанан ю: божарийн («юрт»), зударийн («хIара»), дактилически («сийначу»), гипердактилически («IиндагIашлахь»). Амма иза стихотворени санна могIанашка екъна ю, стихашкахь ма-хиллара соцунгIаш а ю, интонаци а ю. Оцу билгалонашца къаьста паргIат стих прозех.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах лаьцна йолу Арсанукаев Шайхин «Кхолламан сизаш» роман араяьлла 1987 шарахь. Иза нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь язйна роман ю. Сулаев Мохьмада, «Кхолламан сизаш» роман зорбанехь араяьлча, яздина: «И роман нохчийн поэзин тIаьххьарчу шерийн хилла ца Iаш, цуьнан ерриге хенахь а уггаре баккхийчарах а болу кхиам бу».

Иштта кхиам хилла поэтан кхечу жанрашкахь а. Поэзин уггар халчу жанрех ю сонет. Арсанукаев Шайхис болх бина оцу жанрехь а. МогIанийн барам сецна билгалбаьккхина йолу стихийн форма ю сонет. Рифмовкин шен башхаллаш а йолуш, бейтта могIанах лаьтташ йолу стихотворени ю иза. Сонетан бейтта могIа шина кепара дIанисбой хуьлу: беа могIанан ши строфай (катренаш), кхаа могIанан ши строфай (терцеташ) я беа могIанан кхо строфай (катренаш), шина могIанан цхьа строфай (дистих). Катренашкахь ши рифма лелайо, терцеташкахь – шиъ я кхоъ. Рифмовка катренашкахь чIагарийн я жIарийн хуьлу, терцеташкахь рифмаш паргIат дIанисйо, амма катренашкахь йоцчу кепара хила еза.

Сий лардеш чекхбаккха дахаран мур –
Ца лоцу Iалашо и цхьаболчара.
Махкана, халкъана эшарх, дац лур
Цкъа а шайн доьналла я хьекъал цара.

Ишттачийн Дела ву тахана сом,
И доккху, ца къестош Хьарам я Хьанал.
Стаг вуьйр ву сом даккха, болор бу тIом,
Шайн дуьхьа бехк боцчу адамийн цIий Iано.

ДоттагIий, гергарнаш бицбина шайн,
Дицдина ГIиллакхаш, Ламасташ дайн,
Амма бу «оьшу нах» хьаста-м уьш говза.

Митингехь я тойнехь къаста хууш
Белахь а, хилац уьш хезаш я гуш –
Орцанна эшначохь Харцонца къовса.

Шина катренаххий, шина терцетаххий лаьтташ а йолуш, еа гIулчан дактилан барамехь язйина ю Арсанукаев Шайхин сонет. Рифмаш беамогIанашкахь жIарийн ю (абаб вгвг), кхаамогIанашкахь хьалхара ши стих юххера рифма йолуш, шина терцетан кхоалгIа стихаш вовшаца рифма йолуш ю (ccd eed). Божарийн рифмаш зударийчаьрца хийцало. Сонетан хьалхара стих божарийн рифмица чекхъяьлла (мур), тIаьххьара стих – зударийчуьнца (къовса). ХIор строфа тIадамца чекйолу. Поэтан «Адам и дуьне ду, жима планета» сонетийн кочар тIера йолхалгIа сонет ю иза.

Сонетийн кочар пхийтта сонетах лаьтташ (210 могIа чулоцуш) йоккха лиро-эпически произведени ю. Иза Iаламат чолхе поэтически форма ю, леррина ларбан безаш шен алссам бехкамаш болуш. Цунна юкъайогIу хIор сонет шел хьалхарчуьнан тIаьххьарчу могIанца йолаяла еза, хьалхарчу сонетан хьалхара могIа ейтталгIачуьнан тIаьххьара могIа хила беза. Сонетийн кочар шеца чекхдолуш йолу пхийтталгIа сонет (магистрал) хIор сонетан хьалхарчу могIанех лаьтташ ю. Магистралан хьалхара могIа хьалхарчу сонетан хьалхарниг бу, шолгIа могIа – шолгIачу сонетан хьалхарниг, кхоалгIа могIа – кхоалгIачу сонетан хьалхарниг бу, иштта оцу рожехь дIанисбинчу бейтта могIанах лаьтташ ю сонетийн кочар дерзош йолу тIаьххьара, пхийтталгIа сонет – магистрал. Цо чулоцу авторан коьрта ойла а.

«Орга» журнал тIехь 2003 шарахь зорбатоьхна дара Арсанукаев Шайхин сонетийн кочар «Къонах – и лакхе ю лакхарчу даржийн». ТIаьхьо, 2009 шарахь, «Адам и дуьне ду, жима планета» цIе а йолуш, зорбатоьхна и сонетийн кочар авторан «Сийна гене» книги тIехь.

Йоккха корматалла оьшу сонетийн кочар яздан. Хала ду иза кхолла. Муьлх-муьлхха а поэт хIуттуш а вац сонетийн кочар яздан. Ерриге дуьненан литературехь хIинццалц схьа кхоьллина сонетийн кочарш 600 гергга бен дац. Оьрсийн литературехь 150 гергга сонетийн кочар ду. Нохчийн поэташа хIинццалц яздина билгалдевлларш 12 сонетийн кочар ду.

Арсанукаев Шайхин кхолларалла кхечу мехкашкахь а евзаш ю. Цуьнан произведенеш арайийлина балкхаройн, гуьржийн, гIазгIумкийн, гIалгIайн, жIайхойн, казахийн, немцойн, оьрсийн, полякийн, туркойн, украинин, финнийн, хIирийн, кхечу къаьмнийн а меттанашкахь.             Поэта нохчийн матте яьхна А. Пушкинан, М. Лермонтовн, Н. Некрасовн, А. Блокан; украинин яздархойн Т. Шевченкон, В. Сосюрин, С. Руданскийн, И. Драчан; казахийн – О. Сулейменовн, Д. Мулдагалиевн; гуьржийн – И. Чавчавадзен; эрмалойн – Р. Ованесянан; гIебартойн – А. Кешоковн; балкхаройн – К. Кулиевн; башкирийн – М. Кариман; бурятийн – И. Галсановн; хIирийн – К. Хетагуровн, кхечу къаьмнийн а яздархойн произведенеш.

Арсанукаев Шайхин кхоллараллин лаккхара мах хадош, 1980-чу шарахь поэтана «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культуран хьакъволу белхахо» цIе елла, 1989-чу шарахь –   Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан поэт, 2005-чу шарахь – Нохчийн Республикин Сийлахь Гражданин цIерш а елла. Орден «Дружбы народов» а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» медаль а яра поэта.

Арсанукаев Шайхин поэзи нохчийн къоман литературин йовра йоцу хазна ю.

 

Поэтан зорбанехь арайийлина книгаш

Нохчийн маттахь

Лаьмнашкахь Iуьйре. Стихаш, поэма. Грозный, 1965. Безаман шовда. Стихаш. Грозный, 1967. ЦIеран суй. Стихаш, поэма. Грозный., 1969. Новкъахь. Стихаш, поэма. Грозный, 1970. Сийна некъаш. Стихаш, драматически поэма. Грозный, 1973. Лакхенан гIиллакх. Стихаш, драматически поэма. Грозный,1975. Тешам. Поэмаш. Грозный, 1976. Керла де. Стихаш, поэма. Грозный, 1980. Ушармин Ших. Драматически поэма. 1982. Кхолламан сизаш. Стихашкахь роман. Грозный, 1987. Лаьмнийн иллеш. Стихаш, драматически поэма. Грозный, 1991. Сийна гене. Стихаш, поэмаш, драма. Хьалхара том. Грозный. 2009. Уьш хийца тарлуш дац. Стихаш, драма-легенда, поэма, стихашкахь роман, гочдарш. ШолгIа том. Грозный. 2009.

Оьрсийн маттахь

Стихи. Грозный, 1971. Вершины. Стихи. Грозный, 1977. Голубые вершины. Стихи. М., 1981. Выбор судьбы. Драматическая поэма. Грозный, 1985. Роща любви. Стихи, поэма. М., 1988. Преодоление. Стихи, поэма. Грозный, 1989. На доброй земле. Стихи. М., 1995.

Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3084 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1494 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5633 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3595 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:853 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:829 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:628 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4842 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2021 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5964 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6340 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2967 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2730 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5468 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2502 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5368 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3698 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2945 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1324 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4629 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2177 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8382 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »