• VTEM Image Show

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД
На Фото Берсанов Хожа-Ахьмад

Абдулла Арсанукаев.

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра доьзалш. Махкахь коллективизаци кхочушъеш, колхозаш йохку мур хилла и. ТIехь да воцуш бисинчу доьзалх а хьакхаелла оцу заманан харцо. Кхеран долахь йолу бежан-хIума дIа а яьккхина, юьртахь юьллучу колхозе дIаелла. ЦIенош чу колхозан правлени яийтина. Гатто-хало хиллехь а, нанас кога-ира хIиттийна бераш. Хожа-Ахьмада школа шайн юьртахь чекхъяьккхина. Цул тIаьхьа деша вахна Серноводскерчу юьртабахаман техникуме зооветеринаран корматаллин отделени. Иза чекх ца яьккхина. 1938 – 1940 шерашкахь дешна Соьлжа-гIаларчу политпросветшколехь, амма иза чекхъяккхар а ца нисделла. Дуккха а тIаьхьа заочно доьшуш чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан филологин факультет.

Берсанов Хожа-Ахьмад 1941 шарахь ШаIми-Юьртахь Юьртан Советан секретарь хIоттитйна, оцу даржехь цхьана шарахь болх бинчул тIаьхьа Юьртан Советан военно-учетни стоьлан начальник вахийтина. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь Казахстанан Кокчетавски районерчу цхьаьна юьртахь Iийна БерсановгIар. Юьхьанца цамгарш лайна, массо санна, гIелонехь а хилла. Жимма хан яьлча цхьацца белхашка а нислуш, дахар цхьана хорша дирзина. 1949 шарахь участкан зоотехник балха вахитйтина Хожа-Ахьмад. Серноводскерчу юьртабахам техникумехь мелла а дешна хиларна и болх сихха карабирзина цунна. Пхеа-ялх шарахь бина Хожа-Ахьмада зоотехникан болх.

Нохч-ГIалгIайн республика юха меттахIоттийнчул тIаьхьа, сибрехара цIа веъча, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Культурин министерствехь методистан, цул тIаьхьа методкабинетан куьйгалхо, тIаккха Халкъан кхоллараллин, культурно-серлонан белхан Iилман-методически центран директоран заместитель волуш белхаш бина Берсанов Хожа-Ахьмадан 32 шарахь, ша пенсе ваххалц. Халкъан кхолларалла кхиоран, республикехь а, арахьа а и йовзийтаран балхаца дика ларалуш хиларца гоьваьллера иза. Оцу хенахь цуьнан белхан кхиамех лаьцна кест-кеста яздина республикерчу а, арахьарчу а муьран зорбанехь.

Берсанов Хожа-Ахьмадан дуьххьара араяьлла произведени хилла Алма-Атахь арадолучу «Къинхьегаман байракх» газето 1956 шеран 19 январехь зорбатоьхна «Нийсачу новкъахь» цIе йолу стихотворени. Цуьнан «Iуьйре» стихотворени а араяьлла «Къинхьегаман байракх» газет тIехь оцу шеран 26 июлехь.   ХIетахь дуьйна хаддаза къоман литературехь болх беш схьавогIу иза. Цуьнан кегийра произведенеш арайийлина газетийн а, журналийн а агIонаш тIехь. Яздархочун дуьххьарлера книга зорбатоьхна 1964 шарахь. Иза яра берашна яздинчу дийцарех лаьтташ «АстагIа Алкханча» цIе йолу книга. Оцу хенахь берашна лерина произведенеш нохчийн литературехь дукха яцара. Бераша езаш тIеоьцура иштта книгаш. 1966 шарахь араяьлла яздархочун «Хьаьжамурдан лелийнарш» цIе йолу дийцарийн шолгIа книга. Цуьнан боккха кхиам хилла.Иза дика тIеэцна литературин критикехь а. Масех рецензи а, отзываш а араевлла цунах лаьцна. «Хьажамурдан лелийнарш» оьрсийн матте а гочйина зорбатоьхна Москвахь а. Иза шайн меттанашка яьхна арахецна Болгарехь а, Молдавехь а.

Берсанов Хожа-Ахьмада эвсараллица болх бина къоман литературехь. Цо язйина арахецна 20 сов книга. Царах ю: «АстагIа алкханча» (1964), «Хьажмурда лелийнарш» (1966) «ДоттагIий» (1968), «Ден лорах» (1971), «БIаьсте» (1973), «Дохковалар» (1976), «Дашо мухIар» (1979), «Болатчу динан бере» (1983), «Генара совгIат» (1985), «ЦIийца чIагIделла доттагIалла» (1986), «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш» (1990), «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а» (1992), «Болатан суй» (1994), «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш» (2002), «Нохчий, гIалгIай Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь (1941 – 1945) (2011), «Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ» (2012).

Яздархочо иштта билгалбоху шен кхоллараллин лехамаш: «Адамийн дахарехь уггаре а коьртаниг гайта а, довзийта а лаар, мотт дешархо кхета волчу агIор, цIена бийцар, произведенешкахь коьртачу турпалхойн гIиллакхаш, оьздангалла, нахаца дог-ойла дика хилар, къинхетаме хилар гойтуш, къонахчун дуьззина васт гайтар хилла сан Iалашо».

И Iалашо къеггина гуш ю цуьнан «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш», «Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ» цIерш йолчу книгаш тIехь.

Шен «Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ» книгех лаьцна Берсанов Хож-Ахьмада аьлла: «Сан 86 шо ду. Сайн бераллехь дуьйна суна дуьйцуш хезна а, дахарехь со теш хилла а, вайн къоман литературехь, исторехь, барта кхоллараллин говзаршкахь хилла долу а нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ ду ас кху тIехь гулдинарш. Уьш сайн ешархошна а, кегийрхошна а довзийта, и гIиллакхаш шайгахь хилла къонахий бовзийта сайга далург дина ас. Сайн шерашка хьаьжжина, сайна зеделларг сайл тIаьхьа а ца дуьтуш, коша дахьарна кхерар а ду ас хIара язъяр. Кхунна дахаре некъ ца карош 6 шарахь куьркахула а хьийзина хIара. ТIаьххьара а сайн чоьтах 5 эзар экземпляр араяьккхина.

ЦIера даьхначохь, дахаран чолхечу хьелашкахь, тIеман дорцехь гIиллакх-оьздангаллица билгалбевлла къонахий, яхь йолу зударий бовзийтар, церан хьуьнарш довзийтар сайн ницкъ кхочучу кепара кхочушдина ас. Дерриге нисделла бохург а дац сан иза. ТIекхуьучу къоначу яздархойн, Iилманчийн, историкийн декхар ду кхидIа а къоман башха амалш, гIиллакхаш, ламасташ довзийтар. Цу тIехь церан а Дала аьтто бойла».

«Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ» книга йийцаре еш профессора Тимаев Вахас билгалдаьккхина: «ХIара санна книга язъян хьекъал а, собар а, могашалла а оьшу, хьан синхаамашца дерг дерриге а дIадала дезаш гIуллакх а ду хIара. Хожа-Ахьмад санна волу стаг лара везаш а, зиярте вогIуш санна, хIара волчу ван везаш а, тидам бан безаш а ву. Кегийрхойн чкъурана дицделла, дIадаьлла гIиллакхаш дендеш къахьеьгна ахь, Хожа-Ахьмад, Дала меле дуьллийла иза. Дала дукхавахавойла хьо».

ТIекхуьуш долу чкъор къоман гIиллакх-оьздангаллица кхиоран йоккха терго еш ву яздархо. Республикехь коьрта лоручу «Даймохк» газетехь рубрика яра «Шун хаттаршна жоьпаш ло яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада» аьлла. И хаттарш а, жоьпаш а нохчийн къоман гIиллакхашца, ламасташца дозаделла дара. Яздархочун хьежамаш билгалбахархьама кхузахь далдадо масех хаттарна делла жоьпаш:

« – Муха, мича кепехь хила деза культурин кхерчашкахь нохчийн къоман гIиллакхаш, оьздангалла Iамор?

̶ Юьртдай, къаной, нохчийн гIиллакхаш девзаш болу нах орцах а бевлла, школашца цхьаьна, ерриге а яртийн культурин кхерчашкахь хIара тайпа гIуллакхаш вовшахтоха деза: «ГIиллакхийн суьйре», «Дикачу доьзалийн суьйре», «Хаттаршна жоьпаш лун суьйре», «Нохчийн литературин суьйре», «Iалам довзаран, лардаран суьйре», «Оьздангалла йовзийтаран суьйре», «Кегийрхойн садаIаран суьйре», «Синкъерам», «Корматаллин суьйре», Тамашийначу адамашца цхьаьнакхетаран суьйре», «Нохчийн меттан шира дешнаш довзийтаран суьйре», «Забаречу дийцарийн суьйре», Нохчийн мотт цIена бийцаран суьйре», и.д.кх.

̶ ГIиллакхехь доцуш хIун лору кегийрхошкахь?

̶ ГIиллакхехь дац ламаз цадар, рузбана цавахар, марха цакхабар, мархийн баттахь, нахана а гуш, дийнахь хIума яар, цигаьрка озар, цIеначу метте нех охьакхоссар, миччахьа а дIа а хIоьттина, хIуш даар, сегIаз Iийшар, маьттаза хабарш дийцар, маьхьарий деттар, шакарш еттар, тIех волуш нехан корах чу хьежар, тIе а вирзина, хьоршам тохар, стаг тIехволуш велавалар, тезетахь хабар дийцар, велакъежар, дуьхьал лер, цадогIучу меттехь дош алар, воккхачун некъ хадор, шена хуъушехь харц лер, нахана тIехьашха лер, мотт-эладита лелор, сардам боллар, аьшпаш боттар, нехан хIуманна тIекхийдар, цахуур дийцар, стаг маьттаза вахар, тIехтохамаш бар, Iиттарш яр, цайогIу забарш яр, нехан декхар дIацадалар, воккханиг волчохь цигаьрка озар, охьахаар, зударшца девнаш дахар…

̶ Муха хила еза божарийн а, зударийн а оьздангалла?

̶ ТIера духар, дегI цIена лелор; куьйгийн, когийн а мIараш ях ца ялийтар; мотт цIена а, хаза а бийцар; дIахIоьттина латтар а, болар а куьцехь хилар; коьртара месаш барамал тIех ях цаялийтар, хаза дош алар, нахана там хинберг дийцар оьздангалла ю».

Берсанов Хожа-Ахьмадан кхоллараллехь ю 1941–1945 шерашкахьлерчу Сийлахь-бокакхачу Даймехкан тIамехь вайнаха дакъалацар гойтуш йолу произведенеш а. Царах ю «Нохчий, гIалгIай Даймехкан тIамехь (1941 – 1945)» цIе йолу книга. Цу тIехь ю Даймехкан тIамехь майралла, турпалалла гайтинчу нохчийн, гIалгIайн тIемалойх лаьцна зорбанехь араевлла хилла статьяш, очеркаш, дийцарш. Нохчийн, оьрсийн шина маттахь ю книга. «Харц истори язйинчара вайн къомана тIехь йоцу цIе кхоьллина лан ца ло соьга а, ша нохчи хетачуьнга цхьаьнгга а. Вайнах ца хилла фашистийн Германи езаш а, цуьнца долу гергарло чIагIдарна совгIат делла а. Хьалхарчу дийнахь дуьйна а хIора юьртара оцу тIаме хIиттина а, Даймохк ларбарехь майралла гайтина а кIентий кхечу къаьмнашна юккъехь хиллачу алсам ца хиллехь, кIезиг ца хилла вайн а. ХIетте а, вайн къоман докъазалла делахь а, я вайга алсам цабезам белахь а, муьлххачу а луьрачунна юьххьехь нислуш ду-кх вай. Иштта долчунна дуьхьалтоха йиш йолу герз ду хIара книга», - боху автора ша хIоттийнчу книгех лаьцна. Даймехкан тIамехь вайнехан алссам болчу векалша майралла гойтуш дакъалацаран хьокъехь дуккха а материал ю книги тIехь. Толамца тIом чекхболуш, Берлинехь Рейхстага тIе ЦIе байракх тоьхначарах цхьаъ нохчийн Исмаилов хиларх лаьцна статья а ялийна. Вайн махкахойх 56 бIаьхочунна Советски Союзан Турпалхочун цIе елла хиллера аьлла, лаккхарчу российски чиновнико дина тоьшалла а далийна.

Берсанов Хожа-Ахьмадан 1994 шарахь язйина “Болатан суй” цIе йолу повесть Советски Союзан Турпалхочух Дачиев Хансолтех лаьцна ю. Документальни бух болуш ю повесть.

1942 шарахь дуьйна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь мостагIчунна дуьхьал лаьтташ хилла Хансолта. Разведчик волчу Дачаев Хансолтина а, цуьнан шина накъостана Агафонов Алексейна а, Ганжело Иванна а 1943 шеран сентябрь баттахь тIедиллина Iаламат доккхачу жоьпаллин декхар. Днепр хих дехьа а девлла, цигахь позици лаьцна дIатарвеллачу мостагIчух дерг кхачам боллуш талла а теллина, юхадерзар. Дачаев Хансолта коьртехь волуш разведчикаша бинчу талламца гучудаьллера Днепр хица йолчу цхьана жимочу ахгIайри тIехь немцойн гарнизон хилар. Иза шайн куьйгаллехь эпсар обер-лейтенант а волуш 16 мостагIчух лаьтташ хиллера. Разведчикаша цигарчу партизанашца зIе тесна, уьш шайна тIе озийна, цаьрга а гIо дойтуш, цIеххьана мостагIчун гарнизонна тIе а летта, уьш берриг а хIалакбина цхьа эпсар воцург. Иза йийсар дина шайца дIавига дезара, цуьнгара хаамаш эца. Дачаев Хансолта, йийсаре валийна немцойн эпсар а эцна юхавирзина, иза вайчарна сихха тIекхачо. Кхиамца чекхъяьккхина и операци бахьана долуш вайн эскара таро хилла мостагIчунна шуьйрра тIелатар а дина, йоккха плацдарм схьалаца. Дачаев Хансолтина а, цуьнан шина накъостана а Советски Союзан Турпалхочун цIе елла. Дошлойн училище деша а хьовсийна уьш. Училище чекхъяьккхинчул тIаьхьа Дачаев Хансолтас гIашлойн взводан командир волуш гIуллакх дина. ТIеман арахь хьуьнар гайтарна совгIаташ дина Ленинан орденца, Даймехкан тIеман 1-чу даржан, ЦIечу Седанан орденашца, дуккха а мидалшца.

Иштта бу Берсанов Хожа-Ахьмадан «Болатан суй» повестан документальни бух. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман декъашхочун майралла, доьналла, цуьнан тIеман хьуьнарш исбаьхьаллин кепехь гайта гIиртина автор. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа Дачиев Хансолтин хиллачу дахарх лаьцна а дийцина.

Шен «ЦIийца чIагIделла доттагIалла» повесть тIехь яздархочо дийцина Нохчийчохь дика вевзаш хиллачу ветеранан Гайсуркаев Мохьмадан, Шумов Иванан доттагIаллех.

Тайп-тайпана произведенеш ю Берасанов Хожа-Ахьмадан кхоллараллехь. Шуьйра евзаш яра 1992 шарахь араяьлла «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а» цIе йолу книга. Иза баккхийчарна а, кегийчарна а пайдехьа ю. Нохчийчоьнан Iаламах лаьцна а яздо Хожа-Ахьмада. Iаламдовзарх лаьцна дешархошна книгаш а язйина автора. ШолгIачу, кхоалгIачу, йоьалгIачу классашкарчу дешархошна лерина нохчийн маттахь язйина и книгаш Iаламат хазачу бос болчу сурташца кечйина Москвахь зорба а тоьхна араевлира 2006 шарахь.

Берсанов Хожа-Ахьмадан вайн мехкан дийнатех, Iаламах лаьцначу книгех журналиста Саралиева Табарика яздо: «Церан чулацамо билгалдоккху: авторан тIекхуьучу чкъурана Iаламан хазна йовзийта болу лаам а, даймехкан Iаламах а, и Iалам дузучу акхаройх а, олхазарех а, муьлххачу дийнатех лаьцна боккхачу безамца а церан амалш, гIиллакхаш кIорггера довзарца а автора уьш язйина хилар… Церан коьрта Iалашо: адам Iаламан да хила дезар,. Дас доьзалан санна, адамо Iаламан дола дан дезар. Iаламан хазнийн кхоам-хама хила безар, оцу гIуллакхана бер жимчохь дуьйна, дас-нанас доьзалехь, хьехархоша школехь Iамо дезар».

Берсанов Хожа-Ахьмад даймехкан Iалам шен йозанашкахь дийцина Iаш вац, цо Нохчийчоьнан Iалам ша дохкучу исбаьхьаллин сурташкахь а гойту. Суртдилларан корматалла а ю яздархочун.

Къоман культура кхиорехь хьанал къахьегарна, кхоллараллин балхахь кхиамаш хиларна, юкъараллин балхахь хьуьнарш гайтарна пачхьалкхан совгIаташ дина Берсанов Хожа-Ахьмадана: «Знак почета» орден елла, «За трудовую доблесть» медаль елла, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъ волу белхахо» сийлахь цIе тиллина, дуккха а сийлаллин грамоташ елла.

Саракаева Табарика яздо: «…суна Хожа-Ахьмад вевза доьзалан дика да, мерза лулахо, яхь йолу юьртахо, дог цIена гергар стаг санна.

Бахамаш ца лехна, я уьш бан гIерташ, харц-бакъ ка ца йиттина. Бакъду, дуккхаъчу хьолан да ву Хожа-Ахьмад! БархI йоI, ши кIант, 22 беран бер. Сов хьоме, йоI-бIаьргал экаме, син къайле, хьекъалан ирхе, деган лазам, лаарийн хIонс, ца магарийн шад иэбеш кхоьллина исбаьхьаллин, шен дешархо карийна, 21 произведенин хазнех йоьттина къепал а. Дахарехь оьшучунна кху 50 сов шарахь юкъ йихкина лаьтта кхуьнан хIусамнана Амнат а. Дала шена деллачу массо диканна хастам, хама беш схьавогIу Хожа-Ахьмад».

Адамех лаьцна дика ойла йолуш ву Хожа-Ахьмад, шена дина дика дицлуш вац, баркаллица дагалоцу цо: «Со хаъал хилчхьана, дика адамаш дукха хилла сан дахаран новкъахь. Царалахь вара Серноводски юьртбахаман техникумехь хьехархо хилла волу Имадаев Мохьмад, цу техникуман белхахо хилла волу Харачоев Висха. Цул тIаьхьа политпросветучилище деша воьдучу заманчохь тIеэцаран комиссин коьртехь хилла волу Гайрбеков Муслим…».

Берсанов Хожа-Ахьмад, шен шерашка хьаьжжина доцуш, хIинца а хецна болх беш ву литературехь, кест-кеста арайовлу газетийн, журналийн агIонаш тIехь цуьнан тайп-тайпана материалаш, кечъеш ю керла книгаш. Цо каде дакъалоцу республикин юкъараллин дахарехь, къаьсттина кегийрхой кхетош-кхиоран, къоман гIиллакхаш, ламасташ лардарехьа, уьш даржорехьа долчу гIуллакхашкахь.

 

ЯЗДАРХОЧУН ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА КНИГАШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

АстагIа алкханча. Дийцарш. Грозный, 1964. Хьажмурда лелийнарш. Дийцарш. Грозный,1966. ДоттагIий. Берашна дийцарш. Грозный,1968. Ден лорах. Берашна дийцарш. Грозный, 1971. БIаьсте. Дийцарш. Грозный, 1973. Дохковалар. Повесть. Грозный, 1976. Дашо мухIар. Дийцарш. Грозный, 1979. Болатчу динан бере. Грозный, 1983. Генара совгIат. Дийцарш. Грозный, 1985. ЦIийца чIагIделла доттагIалла. Повесть. Грозный, 1986. ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш. Грозный, 1990. Вайн махкара акхарой а, олхазарш а. Грозный, 1992. Болатан суй. Повесть. Соьлжа-ГIала, 1994. ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш. Грозный, 2002. Нохчий, гIалгIай Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь (1941 – 1945). Грозный, 2011. Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ. Грозный, 2012. Нохчийн меттан шира дешнаш, чохь, кертахь болчу бахаман, гIирсийн, ораматийн, дийнатийн цIерш, нохчийн къоман гIиллакхех лаьцна долчу хеттаршна жоьпаш. Соьлжа-ГIала, 2013. Афоризмаш. Дуьненан Iилманчаша говза аьлла дешна. Элиста, 2014.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Приключения Хаджи-Мурата. Рассказы. Пер. с чеч. А. Мальсагов. М., 1972. Приключения Хаджи-Мурата. Рассказы. Пер. с чеч. А. Мальсагов. М., 1982.

Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:854 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4843 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3066 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5965 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6341 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2731 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2503 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5369 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4630 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8383 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »