• VTEM Image Show

ГАЦАЕВ САЬIИД
На Фото Гацаев Саьlид

Абдулла Арсанукаев.

ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012)

ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи, Саракаев Хьамзат, Курумова Селима, Хасбулатов Ямлихан, Дикаев Мохьмад, Кусаев Iадиз, Рашидов Шаид, Кибиев Мусбек, Окуев Шима, Сатуев Хьусейн,  Махмаев Жамалди, кхиберш а. Хан яларца исбаьхьаллин дешан говзанчаш а хилла дIахIиттира уьш. Царах хIоранна а кхолларалла нохчийн литература кхидIа а кхиарехь мехала хилира. Церан произведенеша къоман литература теманашца, ойланашца, жанрашца, мукъамашца шорйира, исбаьхьаллин лакхарчу тIегIане яьккхира. Оцу яздархойн нуьцкъалчу тобанах вара Гацаев СаьIид а. 

 Гацаев СаьIид вина 1938 шеран 2-чу декабрехь Веданан районерчу Дишни-Ведана юххерчу кIотарахь ахархочун Асламбекан доьзалехь. Поэтан дахаран хьалхара пхи шо оцу исбаьхьчу Iаламан аьхналлехь дIадахна. Гонахарчу хьуьнхахь декачу олхазарийн зевне эшарш, диттийн баххьаш тIехь лепа маьлхан зIаьнарш, эсалчу мохо ловзош долу диттийн гIаш – оцу исбаьхьчу Iаламан хазаллех марзо оьцуш, ша цецвийлар ду беран хенах шен эсехь диснарг, олура СаьIида.

 Йоза-дешар хууш вацара шен да, амма мел генара хIума а дага догIуш, ойланан кIоргалла йолуш, дуьненан гIуллакхех чогIа кхуьуш вара Асламбек, харчойн Зеламхин йишин воI волчу цунна, оцу заманан дуккха а хIума дуьйцу хезнера, иза эсехь латтош, юха схьадуьйцуш вара иза,  ткъа нана Джовзан, йоза Iамийна яцахь а, нохчийн эшарш, назманаш хууш, дика назма олуш, хаза йиш локхуш яра олий, хьахадора поэта шен да-нана.

 1944-чу шарахь нохчийн къам махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областе нисбелла ГацаевгIеран доьзал. Цигахь чекхъяьккхина СаьIида юккъера школа.

 Нохч-ГIалгIайн республика юха метта а хIоттийна, адам цIадерза доладелча, Соьлжа-ГIалахь 1957 шарахь Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан историко-филологически факультетехь схьайиллина нохчийн меттан, литературин, оьрсийн меттан, литературин хьехархой кечбеш йолу отделени. ХIетахь шайн доьзалца даймахка цIавирзина волу СаьIид, йоккхачу конкурсах чекх а ваьлла, оцу отделени деша вахна. Институтан ши курс чекхъяьлча, цхьана ханна стационарехь дешарх юкъахвала дезна цуьнан. Амма институте юха а веъна, иза чекхъяьккхина 1963 шарахь.

 Масех шарахь Веданарчу  школашкахь нохчийн меттан, литературин, оьрсийн меттан, литературин хьехархочун болх бинчул тIаьхьа Москва А.М. Горькийн цIарах йолчу Дуьненан литературин институтан аспирантуре (Институт мировой литературы имени А.М.Горького АН CCCP) деша воьду Гацаев СаьIид. Иза чекхъяьккхича, шина-кхаа шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан, литературин кафедрехь ассистент лаьттина. Цул тIаьхьа ДаьргIарчу а, тIаккха МахкатIарчу а, Дишна-Веданарчу а школашкахь директоран даржехь белхаш бина.

 Гацаев СаьIид стихаш язъян хьалххе волавелла. Исбаьхьаллин литературе, къоман барта кхолларалле шен безам бахийтинарг жимчохь, бераллехь хезна ненан эшарш а, божарша олучу назманашка ша ладегIар а дара, боху поэта. Шен поэтически корматалла кхиарехь беркате хилла лору цо нохчийн фольклор, оьрсийн, малхбален къаьмнийн лирика, Пушкинан, Блокан, Есенинан кхолларалла.   

 Гацаев СаьIидан дуьххьарлера стихотворени зорбане яьлла 1961 шарахь. ХIетахь дуьйна поэзехь а, драматургехь а хаддаза болх беш схьавеана. Цуьнан стихотворенеш кест-кеста зорбане йийлина «Орга» альманах тIехь а, республикин а, районийн а газетийн агIонаш тIехь а. Поэтан хьалхара книга араяьлла 1969 шарахь. Пхийтта стихотворенех лаьтташ «Iуьйре» цIе йолу стихийн гулар яра иза. Къоначу поэтан дуьххьарлера книга и хиллехь а, цу тIера дукхахайолу стихаш исбаьхьаллица къаьсташ яра: «БIаьсте кхечи, ‒ хезий хьуна?», «Сийна, сийна Iуьйре», «Хьоме Даймохк! Дагна деза…», «ДIаIе хьайна», «Зезагаш, зезагаш тайна», кхиерш а.  

 Гацаев СаьIидан поэтически кхоллараллин коьрта аматаш къаьсташ гучудевлира цуьнан шолгIачу книги тIехь. Иза яра 1973 шарахь зорбанера яьлла «БIаьстенан гIара» цIе йолу стихотворенийн, поэмин гулар.  Цу тIехь зорба тоьхна 28 стихотворений, цхьа поэмий яра, амма и гулар а, хьалхарниг а санна,  шен барамца йоккха яцахь а, цу тIера стихотворенеш лаккхарчу поэзех хиларна Iаламат мехала яра. Халкъан яздархочо Ахмадов Мусас яздо: «Оцу шина гуларна юкъаяханчу стихийн коьрта цхьа маьIна хета – Даймахке, цуьнан Iаламе болу безам. Амма и безам цхьана кепара бац, и тайп-тайпана бу шен гучубийларшца, иза бекъабелла бу Iаламан тайп-тайпаналлехь, поэтан синхаамашкахь.

 Коьрта долчунна, поэтан тидамехь бIаьстенца меттахдаьлла, шовкъашца кхехка, баьццарчу «цIарца» серладуьйлу Iалам ду. БIаьстенан мелчу махах, олхазарийн эшарех, шовданийн лешарех… – Iалам денлучу хенан гIовгIанех тера бу Гацаевн стихийн мукъамаш». КхидIа а Ахмадовс яздо: «Гацаев СаьIидан дуьххьарлерчу шина гуларна юкъаяханчу стихашкахь шерра го оьрсийн поэтан Есенин Сергейн тIеIаткъам. Ур-атталла, Гацаевн «Аза» цIе йолчу поэмин сюжето а, коьртачу васто а дагайоуьйту «Анна Снегина»… Цуьнца цхьаьна билгалдаккха деза, иза дуьххьалдIа тарвала гIертар цахилар. Нохчийн поэто кхоллараллица пайдаоьцура шел хьалха ваьхначу меттан говзанчин исбаьхьаллин кхиамех, цунна карийнчух. Есенинах Iемаш дукха ца вахлуш кIидIа а воьду СаьIид шен лехамашца кхоллараллин новкъа».

 «Iуьйре», «БIаьстенан гIара» гуларш тIерачу стихаша а, царал тIаьхьа  муьран зорбанехь а, юкъарчу гуларшкахь а арайийлинчу произведенеша а гайтира Гацаев СаьIид литературе билггалла шен исбаьхьаллин хьежамаш а болуш, шен поэтически хатI а долуш, дика къаьсташ стихан форма а йолуш веана хилар. Иза шеко йоцуш хилар гучуделира кхидIа поэтан арайийлинчу книгаш тIехь а: «Хазахетар» (1982), «Суьйренан Iеха» (1988), «Мекара цициг» (1991).  Гацаев СаьIидан араяьллачу оцу пхеа книгех хIоранна тIехь а керла произведенеш ю, юх-юха зорбатоьхнарш яц. Цуьнан архивехь даим а алссам произведенеш хуьлура зорбане яла кийчча латтош, амма яздархойн союзехь а, издательствехь а башха сих ца лора кхуьнан книгаш арахеца. Гацаевна шена дола хетара, тIаьхьа а ваьлла, шен книгаш арахецахьара, бохуш лела. Мухха делахь а, и вай цIерш яьхначу пхеаннал совнаха поэтан кхин цхьа а книга ара ца яьлла. Масех юкъарчу гуларшкахь а, нохчийн поэзин антологи тIехь а, муьран зорбанехь а ара-м йийлина цуьнан произведенеш.

Iаламат исбаьхьа ю Гацаев СаьIидан лирика. Даймехкан тема коьртаниг а йолуш, шуьйра чулацам бу цуьнан лирикин. Ненан марзо, доттагIаллин, безаман уьйраш, адамийн юкъаметтигаш, хазахетарш, халахетарш, дегайовхонаш, деган Iийжамаш –  и берриг синхьегамаш гайтар шатайпанчу исбаьхьаллица кхоьллинчу Iаламан сурташца доьзна ду поэтан дукхахайолчу стихашкахь. 

Буьйса хаза, буьйса тийна.
Седа боду стиглахь раз,
Хьо со воцуш муха Iийна,
Ши бIаьрг Iаьржа сан Кавказ?

Со хьох ваьлла дукха лелла,
Мохехь, малхехь листина,
Ас хьан марзо кIезиг мелла.
Ахь со кIезиг хьистина. 

Амма сан са хьоьца дара
Оццул хала чекхъэхарх,
Некъаш хьийзаш, гена арахь, 
Юьхь шелоно чIечIкъаярх.

Кхачор яц сан хьоьга марзо,
Ши бIаьрг эсала къегийна,
ДIаен ойла хьоьга ерзо
Со а хьалхе Iемина.

Буьйса хаза, буьйса тийна.
Седа боду стиглахь раз,
Вайшиъ цхьаьна кIезга Iийна,
КIезга Iийна, сан Кавказ. 

Жимчохь дуьйна хийрачу махкахь кхойтта шо доккхуш ша сатийсинчу даймахке йолу шовкъаш ю поэтан стихашкахь лаккхарчу исбаьхьаллин йирзина. Даймахках лаьцна йолу поэтан стихаш, шаерш бохург санна, авторан дахарх йозаелла ю. Ма-дарра аьлча, поэтан ерриг лирика а ю авторан даймахкаца йолчу юкъаметтигех лаьцна, даймехкан Iаламан исбаьхьалла гойтуш, цаьрга болчу безамах юьзна.  Цо юх-юха а юьйцу даймехкан хазалла, аьхналла, цуьнца йолу шен марзо. Даймохк а, цуьнан Iалам а. И ши кхетам вовшах къасталур боцуш цхьаьна бу Гацаев СаьIидан лирикехь. Даймехкан хазалла Iаламца ю, Iаламан исбаьхьалла даймахкаца ю. Даймехкан васт Iаламан сурташца кхуллу автора. Берахь даг чу йирзина, шен сих, ойланах дIаийна даймехкан Iаламан хазалла, цуьнан «зевне эшарш»  исбаьхьаллин даше ерзо, «матте яло» лаьа поэтана:

Хьоме Даймохк! Дагна деза
И хьан сийна нана-лаьмнаш,
Аьзнийн цIарца йисттех юьзна
Зевне техка тийна хьаннаш,

Хьуьнца легаш Iаь ю сийна,
Малхо нуьре чилла бузу,
Берахь дуьйна хазчух ийна,
ХIинца майрра сан дош ловзу.

Долчун хамбо, куро яц сан,
ГIерта цунна сайн дог лало.
Беза мохк, со хир ву хьоьца,
Зевне эшарш матте яло.

Поэтан сапаргIатдалар,  ойла серлаялар, цуьнан самукъадалар, дог хазахетарца тохадалар винчу махкаца ду. Даймехкан цIе йоккхуш а хазахета цунна: «ПаргIате Нохчийчоь», «Сан Нохчийчоь хаза, мерза…», «Юха а Нохчийчоь…», «Шеме ю-кх хьо, Нохчийчоь…», «Со-м хьан варий, Нохчийчоь, Хьо-м сан ярий, Нохчийчоь …», «Нохчийчоьне» – иштта ю стихотворенийн цIерш а. Даймахкаца цхьаьнадало, и санна «мерза», и санна «деза», и санна «тешаме», и санна «оьшуш» хIума ца карадо поэтана шен  «Хила-м хир ду…» стихотворении тIехь а. Даймахках воккхавер поэтан ерриг кхоллараллех чекхдолуш ду.

Шен нанна, йишина, доттагIашна лерина стихаш ю поэтан лирикехь («Ненера кехат», «Йише Маржане», «Хьамиде», «Хедижате», «Хаза вара кхин ца хиллал», «Хьо дIаваха…»). Ненан безам, йиша-веше йолу деган йовхо, доттагIаллин уьйраш Iаламан сурташкахула билгалйоху автора. «Ненера кехат» стихотворенехь цIера ваьлла, цIаван хьевеллачу кIантана сагатделлачу ненан дог-ойла йоькъуш ду Iалам: «УьйтIахь Iежаш, Хьоьга хьуьйсуш санна, Наггахь таьIна, гIийла хетало. Шайца мерза Iийнарг веза царна, Мохехь лестий, сарахь тохало». УьйтIара Iежаш хьовха, ерриг бIаьсте а ю ненаца цхьаьна цуьнан кIант цIаваре сатесна: «БIаьсте ша а, хьоьга сатесна, Йоьлу, ека шен йовхонан цIергахь, Йоьлу, ека эсал лестина», – иштта, шен кIантана, ша санна,   сагатдеш го нанна гонахара Iалам а. Ненан сийлахь безам а, оцу безамна  чIагIо луш долу Iалам а цхьаьнаийна ду, цхьаьна ойланехь ду. Шен стихотворенехь поэта адамийн амалш елла Iаламна. УьйтIара Iежаш «таьIна гIийла хетало. Шайца мерза Iийнарг веза царна». БIаьсте а кIанте «сатесна… йоьлу, ека эсал лестина».  Кхузахь и сурт метафора санна а ца хета, иза шен нийсачу маьIнехь далийча санна хетало, автора «адамалле дерзийнчу» Iаламан (Iежийн а, бIаьстенан а) «лаамаш» бу цуьнца билгалбохурш. Гацаев СаьIидан кхоллараллехь Iаламан лирикин аматаш бу уьш.

«Ненера кехат» стихотворенехь адаман ойла а, Iаламан сурташ а  цхьаьна догIуш хиллехь, «Йише Маржане» стихотворени тIехь и хьелаш мелла а кхечу кепара ду.  Стихотворени дIайолалуш лирически турпалхочун ойла гIийла ю, иза шеко йолуш ву,  махкана, халкъана ша «деш долчу гIуллакхо стом» луррий техьа, бохуш. Оцу шеконаша ойлайойту цуьнга: «ХIун дер ас? Воьлур со Я воьлхур цунна, Сайн боллу цатемаш Балхабеш гIийла?». Ткъа Iалам таьIна дац, кхоьлина дац: «БIаьстенан суьйре ю Хьесталуш сийна, Дац цуьнан цхьа а аз КIоршаме, шийла». Кхузахь лирически турпалхочун ойлий, Iаламан хIоттаммий цхьаьна богIуш бац, уьш къаьсташ бу, къаьсташ хилла а ца Iаш, вовшашна дуьхь-дуьхьал бу. Амма стихотворени тIехь кхидIа го лирически турпалхочун шен мехкан дуьхьа къахьега болу лаам чIагIлуш хилар: «Ас хийла къахьегна, Хьоьгур ду хийла, Вайн мехкан шораллехь Сайн иллеш къаггалц. Ас царна дIалур бу Деган ницкъ, ойла, Цхьа мерза дош хилла, Суо верриг ваггалц», Iаламе йолу марзо а чIагIло цуьнан: «Цхьа чIогIа дезало вайн нана-лаьмнаш»,  «бIаьстенан зезагийн» аренаш, «езало суьйренаш, бохь лекха хьаннаш». ТIаккха цуьнан ойла а хийцало, серлайолу:

Цундела воьлу со,
Воьлу со хьуна,
Сайн болу цатемаш 
Ца балхош гIийла…
БIаьстенан суьйре ю
Хьесталуш сийна,
Дац цуьнан цхьа а аз
Къоршаме, шийла. 

ХIинца лирически турпалхочун ойла гIийла яц, сирла ю, айаме ю. Иза цхьаьна йогIу бIаьстенан аьхначу Iаламца.

Адам а, Iалам а. И тема, даймехкан тема а санна, поэтан ерриг лирикех чекхйолуш ю. Гацаев СаьIидан Iаламах лаьцна йолчу стихотворенешкахь  ши хIоттам хуьлу: Iаламан сурт а, адаман ойла а. Iаламан суьрташ сирла, аьхна ду. Даим бохург санна, адаман ойла Iаламан суьрташца цхьаьна йогIуш хуьлу. Нагахь санна стихотворени дIайолалуш и ши хIоттам вовшашца ца богIуш гайтинехь а, тIаьхьа адаман ойла исбаьхьчу Iаламо серлайоккху, екхна хуьлуьйту, самукъне ялайо, лакхахь хьахийнчу «Йише Маржане» стихотворенехь санна. Гацаев СаьIидан лирикехь адамна беркате ду даймехкан Iалам, цо цатемаш байбо, дог паргIатдоккху, самукъне хуьлуьйту. Адамо зовкх хьоьгу Iаламехь, цунна синкхача хуьлий дIахIутту даймехкан Iалам. Адамна синмарзо луш, синхьегамаш серла бохуш, дагна паргIато луш лору поэта Iалам. Катарсисан – адам шен ойланца цIандаларан – хьоста лору Гацаев СаьIида Iаламан аьхналла, Iаламан исбаьхьалла. Аристотела шен «Поэтикехь» трагедин, музыкин жанрашкахь лерина катарсис (адам шен ойланехь цIандеш тIеIаткъам бар). ХIинцалерчу эстетикехь а, литературин критикехь а трагедина хилла ца Iаш, лирикин, поэмин, дийцаран, романан иштта дIа кхечу жанрашкахь йолчу мелла а трагедин хьу шайгахь хаалучу произведенешна а лелош бу и кхетам. 

Цхьаболчу баккхийчу поэташа шайна езаш, беркате лоруш, хоржий шеран цхьа хан я хенан хIоттам хуьлу. А. Пушкин гуьйренах воккхавеш хилла, Ф. Тютчевна бIаьстенан юьххьехь стигал къекъар хазахеташ хилла, А. Фета шен стихийн йиъ книга арахецна ши-кхо шо юкъадулуш. Царах хIоранна а цIе «Суьйренан серлонаш» («Вечерние огни») тиллина цо. Гацаев СаьIидана бIаьсте езаелла, «сийна бIаьсте».  БIаьстенах лаьцна дукха стихаш ю цуьнан. Со тIекхиънарш 54 стихотворени ю бIаьстенах лаьцна я шайн чулацамехь бIаьсте хьахийна. Гацаев СаьIидан лирикехь бIаьсте – Iалам карладалар, адаман ойла серлаялар, дахар беркате хирг хилар гойтуш йолу символ ю.                                           

Поэтан дуьххьарлера гулар «Iуьйре» схьайоьллуш, хьалхара стихотворени ю  «БIаьсте кхечи...». Цуьнан лирически турпалхо воккхаве бIаьстенах, «бIаьсте кхечи» бохуш, кхаьънаш доху цо, бIаьстенан исбаьхьаллех, ша санна, кхечара а марзо оьцийла лаьа цунна:

БIаьсте кхечи, ‒ хезий хьуна? ‒
БIаьсте кхечи сийна схьа,
Зевне йоьлуш, ‒ хезий хьуна? ‒
Зазах яьржаш кхаьчна схьа.
Зезаг доьлу сенчу бай тIехь,
Лестош хьоьга ховха куьг,
Хезий хьуна, сенчу бай тIехь,
Хьайга лестош ховха куьг?
Кхуро тоьлла эшарш лоькхуш,
Самукъадаьлла техка балл,
Хезий хьуна, ‒ эшарш лоькхуш,
Самукъадаьлла техка балл?

ХIаваъ, сийна бIаьргаш санна,
Бешахь хьоькху мерза хIо.
Хезий хьуна, хIаваъ сийна,
Бешахь мерза хьоькху хIо?
Iалам лепа зевне – сирла,
Дети санна догу тхиш,
Хезий хьуна, Iалам сирла,
Дети санна догу тхиш?
Мерза лазам бу сан кийрахь,
Матто юьйцу тоьлла йиш.
Хезий хьуна, лазам кийрахь,
Матто юьйцуш тайна йиш?  

Лаккхара поэзи ю иза. Юх-юха а еша дог догIу и стихотворени. Моссаза йийши а даг чохь хазахетар кхоллало, дог делало, самукъадаларца шатайпана айам хаало. ХIун бахьана ду техьа и стихотворени (и санна йолу кхин лирически  произведенеш а) сел чIогIа дагах хьакхалуш, сел аьхна синхьегам кхуллуш хиларан? Жоп дала хала ду оцу хаттарна, кхачам боллуш жоп цунна дан а дуй хьовха? Бакъйолу поэзи дIайийцалуш яц, иза еша а йоьшуш, цунах марзо а оьцуш, кхета везаш ву. Делахь а лирически стихаш а къастош, церан башхаллаш билгалйохуш-м хуьлу.

«БIаьсте кхечи…» стихотворенехь гайтинарг Iалам бIаьстенца самадаларан, юхакхолладаларан сурт ду. Поэта кхоьллинчу исбаьхьаллин суьртехь Iалам серлонца лепаш ду, кхоьлина дац,  тем хилла, сецна лаьтташ дац, бIаьстенан боларехь ду: кхуьуш, цIинлуш, заздоккхуш. БIаьсте дерриг Iаламе кхаьчна: «зезаг доьлу сенчу байтIехь», кхор «тоьлла эшарш» лоькхуш бу, цунах «самукъадаьлла техка балл», хIаваъ ду «сийна бIаьргаш санна», тхиш догу «дети санна», «бешахь хьоькху мерза хIо», бIаьсте «зевне йоьлуш ю». Зезаг, кхор, баьллаш, сийна бай, сийна хIаваъ, детин тхиш, мерза хIо – уьш стихотворенин персонажаш ю. Поэта царна адамийн амалш елла: уьш дела а ло, цара хьоьга куьг а ластадо, эшарш а лоькху,  церан вовшашца самукъа а долу. Амма Iаламан хиламашца дац и хIумнаш, уьш Гацаев СаьIидан ойланехь, синхаамашкахь Iаламца йолу юкъаметтигаш ю, цуьнан Iаламе болу лирически хьежамаш бу, цунна Iаламан исбаьхьалла гаран башхаллаш ю. Поэтан синхаамийн йовхо ю  бIаьстенан Iаламехь «яьржинарг». Иштта адаман йовхой, Iаламан хазаллий цхьаьнаийна долу исбаьхьаллин васташ кхоллар Гацаев СаьIидан лирикин коьрта башхалла ю, поэтан исбаьхьаллин хатI а ду иза. Нохчийн литературехь дуьххьара оцу тайпана Iаламан васташ кхоьллинарг, адам, Iалам сел исбаьхьа цхьаьнадалинарг Гацаев СаьIид ву. Нохчийн поэзехь дахар гайтаран таронаш шорйина поэта, адаман, Iаламан уьйраш керлачу исбаьхьаллин кепехь гайтина. 

«БIаьсте кхечи…» стихотворенехь  Iалам а, адам а вовшашна беркате ду. Стихотворени шайца чекхйолу тIаьххьара йиъ стих ю лирически турпалхочун синхIоттам гойтуш, цуьнан Iаламца йолу юкъаметтиг гучуйолуш. Оксюморон «мерза лазам» маьIне ю кхузахь.  БIаьстенан   Iаламо лирически турпалхочун кийрахь синамарзо меттахъяьккхина, синъайам кхоьллина. БIаьстенца денлуш, заздоккхуш долу Iалам санна, адаман кийрахь а кхуьу дагна марзо луш болу аьхна синхьегам, кхоллараллин хьуьнарш меттахдовлу.

Гадаев Мохьмад-Салахьа яздина: «ХIума, и хIуъа делахь а, гар, хаадалар, дагна Iеткъар (оьрсашха аьлча: наблюдательность, проницательность, чувствительность) – и бу поэтан цхьа агIо – аьрру   агIо. Ткъа, поэтан (яздархочун) аьтту агIо бу – и гинарг, хааделларг, дагна Iаьткъинарг дешнашца нийса, ма-дарра схьаала (дIаяздан) хаар. И ши агIо цхьанакхетча хIутту поэт, яздархо. Цу шиннах муьлхха а цхьа агIо бацахь, – тIаккха  кхолларалла «са доцуш» хир ю, шийла хир ю, дегнех (нехан дегнех) ца кхеташ хир ю».

Гацаев СаьIидаца и ши агIо а хилла. ХIума ган а, цуьнан тидам бан а, цунах марзо эца хаара цунна, ткъа и шена гинарг, «дагна Iаьткъинарг» кхечеран дагах кхетачу кепара дIаяздан а хиъна цунна. Iаламат исбаьхьа бу Гацаев СаьIидан поэзин мотт, цо говза пайдаоьцу поэтически суртхIотторан а, стих кхолларан а гIирсех.

«БIаьсте кхечи…» стихотворени еа гIулчах лаьттачу хорейн барамехь ю, шала (четные) стихашкахь каталектика а йолуш. Ерриг стихотворени 24 стихах лаьтта. Рифмаш зударийн, божарийн ю.  Рифмовка жIарийн хьесапехь ю, зударийн рифмаш божарийчаьрца хийцалуш. Цхьана а меттехь ритм, рифма, рифмовка талхийна йоцуш, юьххьера дуьйна чекхъяллалц цхьана хIоттамехь ю стихотворени.

Цхьа исбаьхьа юхааларш ду стихотворенехь. Уьш алссам а, тайп-тайпана а ду. Стихотворени дIайолалуш, хьалхарчу стихехь «хезий хьуна?» дешнаш – риторически тIедерзар а, хаттар а ду.  Уьш ворхIазза далийна барамца башха йоккха йоцчу оцу стихотворенехь. Поэта цаьрца юххера юкъаметтигаш кхуллу стихотворени йоьшуш волчуьнца, шен сирлачу синхьегамашна юкъавалаво, бIаьстенан хиламех ирс эцаре кхойкху. Автора юхааларш цхьана рожехь леладо. «Хезий хьуна?»  юхаалар хIоразза а шалазчу (нечетные) стихашкахь далийна. Хьалхарчуй, кхоалгIачуй стихашкахь эпифора ю иза (стихана тIехьа), кхечанхьа даим а анафора ю. Поэта цкъацкъа дешнаш карладахарца маьIна хуьйцу церан. Ма-дарра аьлча, бакъйолчу стихашкахь дукхахьолахь дешнийн масех маьIна даккхалуш хуьлу. Иштта «БIаьсте кхечи…» стихотворенехь дукхамаьIний ду «хезий хьуна?» бохург а.

БIаьсте яларан билгалонаш гойтуш йолу стихаш а юх-юха ялайо поэта.  Иза а шен цхьана хьесапехь леладо. Ерриг стихотворенин чулацамехь хIоразза шишша стих чекхъяьлча царна тIаьхьа йогIу шиъ, жимма хийцина я хийцам банний ца беш, юхаялийна ю. Уьш а риторически тIедерзаран, хаттаран кепехь далийна исбаьхьа юхаалрш ду. Стихотворени маьIна кIарг а деш, маттана шатайпа аьхналла, исбаьхьалла ло цара.

Гацаев СаьIидан Iаламан лирика тайп-тайпанчу беснашца лепаш ю, амма алсам берг сийна бос бу.  «БIаьсте кхечи…» стихотворенехь пхоьазза хьахийна сийна бос: «БIаьсте кхечи сийна схьа», «Зезаг доьлу сенчу бай тIехь», «ХIаваъ, сийна бIаьргаш санна» и. дI. кх. БIаьстенан бос бу иза – Iалам  самадаларан, юхакхолладаран, дахар кхиаран бос. 

«БIаьсте кхечи…» стихотворени зевне ю, екаш ю. Зевне аьзнаш юх-юха а далийна стихашкахь. Масала, «з» аз: «БIаьсте кхечи, ‒ хезий хьуна?»,  «Зевне йоьлуш, ‒ хезий хьуна?»,  «Зазах яьржаш кхаьчна схьа», «Зезаг доьлу сенчу бай тIехь», «Бешахь хьоькху мерза хIо. Хезий хьуна, хIаваъ сийна, Бешахь мерза хьоькху хIо? Iалам лепа зевне – сирла», «Мерза лазам бу сан кийрахь», «Хезий хьуна, лазам кийрахь», кхидерш а. Оцу аллитерацино мелла а садоккху стихотворени зевне хилар, екар. БIаьстенан зов хезаш санна хетало. 

Ассонанс а ю стихотворенехь (цхьатера мукъа аьзнаш долу дешнаш юх-юххехь  далор). Цара стихотворени мукъаме еш, цхьа яй, еша атта хуьлуьйту.

Меттан исбаьхьаллин гIирсашца: башхачу эпитеташца, дустаршца, метафорашца кхелина ю стихотворени.

Цу тайпана, и дерриг  мехала ду «БIаьсте кхечи…» стихотворенехь Iаламан исбаьхьа сурт кхолларехь.

Гацаев СаьIид шен лирикехь Iалам тергалдина Iаш вац, Iаламан тидам бина Iаш вац. Иза хаддаза даймехкан Iаламца цхьаьна ву, цунна Iалам деза, цунах воккхаве. «Лойша эсала мох…» стихотворенехь эсала мох а, бецан тхи а, «мохехь ийало» коьллаш а «дагна марзо луш, хаза елало» цунна. «Бай тIехь техка полла санна, Сан дог техка лаьмнашкахь», – боху цо «БIаьсте хир ю…» стихотворенехь. Иштта ю цуьнан ойла «Ма ца Iийн хьо, сан дог», "Лалла хьайна некъаш мел ду" стихотворенешкахь а. Поэта юххера юкъаметтигаш ю Iаламца, адамашца санна уьйраш ю цуьнан Iаламца а.  Иза Iаламан Iаламаташца къамеле а волу, цаьрга хIума а хотту цо, цунна жоп а ло цара. Шен деган ойланаш а ялхайо цо Iаламе:

ХIай йоI, делхьа, собарде,
КIезиг олуш дош ларде.
Мила ю хьо? ЦIе хIун ю?
Мичахь ю шун горга юрт?

Кхана, хазчу суьйранна,
Лаахь, кхана Iуьйранна, – 
Миччахь хиларх и шун юрт,
Ас хьо цIарца лохур ю. 

Хир ду лесташ боллан га,
Хоттур ду ас хIоранга:
Евзий шуна? Мичахь ю? –
ЭхI, шун хаза горга юрт! 

Жоп лур суна меллаша,
Жоп лур сенчу баьллаша:
«ЦIахь ю, хитIа йогIур ю, –
ЭхI, тхан хаза горга юрт!»

Къоман ламасташ ду стихотворени чулацамехь. Нохчийн гIиллакх-оьздангаллица гайтина стихотворенехь лирически турпалхочун, цунна езаеллачу йоьIан васташ. И шиъ новкъахь, арахь ца девза вовшийн. Нохчийн гIиллакхашца догIуш ма-хиллара, йоI ехаш йолу юрт а лехна,  цуьнга хитIа кхайкха лерина ву лирически турпалхо. ЙоIе хитIа кхайкха цхьаъ вохуьйтуш хуьлу. «ЦIахь ю, хитIа йогIур ю», – боху «сенчу баьллаша». Iалам а къоман гIиллакхашкахь ду.

Ерриг стихотворенех чекхдолу исбаьхьаллин васт – «горга юрт». Иза  нохчийн барта кхоллараллин васт ду. Цуьнца а билгалдолу стихотворени геннара схьадогIачу къоман Iадаташца, ламасташца хилар.

Стихотворенин дIахIоттамехь еа стихах лаьтташ йолу йиъ строфа ю. ХIор строфа чекхдаьлла маьIна а долуш, лирически турпалхочун билггал йолу ойла, лаам гойтуш ю. Стихашкахь юххера рифма ю. Строфан хьалхара ши стих вовшашца йозаелла дактилически рифмашца, тIаьхьара шиъ – божарийн рифмашца. Стихотворени чекхъяллалц ларйина цу тайпана йолу рифмаш а, рифмовкин кеп а.

Нохчийн меттан таронех говза пайдаоьцу автора. Исбаьхьа ю цуьнан стихийн лексика. Шен кхоллаелла ойла я билгалболу синхьегам гучубаккха, иза кхечуьнга дIакхачо бIегIийла болу меттан гIирсаш (дош, дешнийн форманаш, дешнийн цхьаьнакхетарш, дешнаш вовшашца дазаран кепаш) лахаран а, уьш стихехь дIанисбаран а лаккхара корматалла ю поэта. Цуьнан стихаш яй ю, ешалуш ю, шайх атта кхеташ ю, самукъане ю. Цхьа шатайпана дай, атта, аьхна ловзадо цо стихашкахь дешнаш, карладохуш юх-юха даладо: «Кхана, хазчу суьйранна, Лаахь, кхана Iуьйранна», «Мичахь ю шун горга юрт?», «ЭхI, шун хаза горга юрт!», «ЭхI, тхан хаза горга юрт!».  Иза а поэтан исбаьхьаллин хотIан цхьа билгало ю.

Гацаев СаьIидан кхоллараллехь гIеххьа меттиг дIалоцуш ю безаман лирика. Масала: «Безам, безам, хьо стен хьекъий?», «Безам! – бохуш, техка бецаш…», «Дашо лаьмнаш хIиттор дара»,  «Хьох тийшира…», «Мехкарий», «Вайшиннан безам а дIа йисте кхечи…»,  «И цхьа суьйре»,  «ЭхI, хьо буьйса!», «ХIай йоI, делхьа, собарде,..», «Ахь эли, безамна безам бу, аьлла…»,   «Мичахь кхиъна, мичахь лелла…», «Вайша лулахь дехира…», «БIаьргийн сийна цIе», «Со шун марзо эцна вели-теша?», кхиерш а. Поэтан лирикехь безам, лакхахь вай ялийнчу стихотворенехь а санна, къоман гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь бу. Диалогаца язйинчу шен цхьана стихотворени тIехь поэта боху:

– Безам, безам, хьан сурт хIун ду?
Иза муха девзар ду?
– Оьздангалла, гIиллакх со ду,
Иза, лаахь, хуьлуш ду. 

Гацаев СаьIидан лирически турпалхо шен безамца цIена ву, лераме ву, къинхетаме ву. Шен безамна жоп ца луш, кхиверг хаьржинчу йоIаца а оьгIазе вац, иза ирс долуш ехийла лаьа цунна: «ГIоза лела, яха хьо, Шаро шаре яха хьо», я кхечу стихотворени тIехь:

Хьан бIаьргийн йовхоне со эсал кхийди,
Хир дац и кхин юха, ахь некъ дIакхеди.
ХIун дер ткъа?
Самукъне хьо йоьлуш лела.
Хьо ца гуш со-м воьлхур, сан деган эла.

Ирс хила ца кхачош, мел еха, хьуна,
Хьо ирсе юй хаар – там хир бу суна,
ДIаIе хьо,
Самукъне хьо йоьлуш лела,
Хьо хилар – хазахетар, сан деган эла.

Масех поэма а, стихийн яккхий циклаш а ю Гацаев СаьIидан кхоллараллехь. ДIадаханчу бIешеран 70-гIа шераш чекхдовлачу муьрехь цхьа аьхке яккха Узбекистане вахара Гацаев СаьIид. Цигара гурахь ша цIавогIуш дуьненан бахам ца беара поэта, амма нохчийн поэзехь гутаренна а юьсу йолу хазна –  «Юккъера Ази» цIе а йолу стихийн йоккха цикл еара. Оцу цикла юккъера цхьайолу стихаш зорбатуьхира 1981 шарахь араяьллачу поэтан «Хазахетар» цIе йолчу стихийн гулар тIехь. Дуьненан Iилманехь, поэзехь, философехь бух боллуш шайн цIерш йолу  Фирдоуси, Бируни, Ибн Сина, Саади, Улугбек, кхиберш а хьахабо поэта, церан дахарца, кхоллараллица исбаьхьаллин зIе тосу автора, масала, стихотворенеш  «Хаьий хьуна, Фирдоуси…», «Хатта хьайна Саадига…», кхиерш а.

Гацаев СаьIидан лирикехь дукхахайолу произведенеш философски маьIна долуш ю. Адамо дуьненахь йоккхачу хенан мехалла, даймахкаца, Iаламца йолу юкъаметтигаш, ненан безам а, йиш-вешин марзонаш а, доттагIалла а, кегийрхойн безаман уьйраш а, къоман гIиллакхаш а, ламасташ а, валар-висар а – и дерриг а дагадоуьйтуш, цуьнан ойлайойтуш ю поэтан стихаш. Масала: «Хала ду дуьненахь ваха…», «ГIа-буц а мархалло, мархалло зезаг а», «Дуьне – сийна, самукъа…», «Хаза хуьлу, нуьре лестий…», «Малх схьакхеташ, и дIабузуш дуьне ду», «Некъаш, некъаш, сирла некъаш…»,  «Маьлхе, хаза, екхна стигал», «Зезагийн сагатло». «Екар, екар хьо, сан йиш», «Къонахашка», «Шеме ю-кх хьо, Нохчийчоь», «Даге», «И цхьа суьйре»,  «ЭхI, хьо буьйса!», «Суьйре, суьйре, хьо стенна елхий?», «Хаза вара кхин ца хиллал», «Хьо дIаваха». Царалахь къаьсттана мехала ю стихийн цикл «Малхана гимн».

Гацаев СаьIида болх бина драматургехь а. Цуьнан комедеш «Бале ваьлла нуц», «Пелхьонаш» кхиамца хIиттийна къоман театрехь. Иза автор ву Советски Союзан Турпахочух Нурадиловх лаьцна  йолчу  «Ханпашин валар» пьесин а, берашна  язйинчу «Чора» цIе йолчу пьесин а.

Гацаев СаьIид кхелхина 2012 шеран 13 декабрехь, пIераскан буьйсанна.

Нохчийн халкъан яздархочо Бексултанов Мусас яздина: «Гацаев СаьIид нохчийн поэташна юккъехь шатайпана йозанан кеп йолуш поэт ву, массарна  а (поэзи езачарна) атта кхетар волуш. Цуьнан поэзи –  алхха цхьа бIаьсте ю, синан зовкх, хазахетар, дуьненах ца Iеба ойла. Муьлххачу а темина цо язйина стих Iаламат мукъаме а, екаш а нисло цуьнан куьйга кIелахь, хуьлда иза бIаьсте, шовда я деган синхаам.

Дешнаш юх-юха карладахарца, кхечу маьIнехь ловзадарца, церан кеп хуьйцуш, шена ма-тов керла васташ кхуллу СаьIида, стих хазъеш, мукъаме йоккхуш, кхечу кепехь екош.

СаьIидана Дала делла похIма доккха совгIат ду вайн къомана».       

Иштта дан а ду иза.

ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА ПОЭТАН КНИГАШ

Iуьйре. Стихаш. Грозный, 1969. БIаьстенан гIар. Стихаш, поэма. Грозный, 1973. Хазахетар. Стихаш. Грозный, 1981. Суьйренан Iеха. Стихаш, балладаш. Грозный, 1988. Мекара цициг. Стихаш. Грозный, 1991. Со-м хьан варий, Нохчийчоь. Стихаш, поэмаш. Грозный, 2014.
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1578 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:854 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4843 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1240 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3066 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5965 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6341 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2731 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2503 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5369 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4630 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8383 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »