• VTEM Image Show

ДИКАЕВ МОХЬМАД
На Фото Дикаев Мохьмад

Абдулла Арсанукаев.

ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979)

Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн къоман композиторца Димаев Iумарца цхаьна пондар локхуш а хилла иза. Дикаев Мохьмадан дай схьабевлла Соьлжа-ГIалина гена йоццуш малхбалехьа Iуьллучу нохчийн юьртара БердкIелара.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь Казахстанехь Чу станцехь Iийна ДикаевгIеран доьзал. Цигахь 1949 шарахь хьалхарчу классе деша вахна Мохьмад. Юккъера школа чекхъяьккхина Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь 1959 шарахь. Иза Соьлжа-ГIалара 18 школа яра. Оццу шарахь деша вахна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан историко-филологически факультете оьрсийн мотт, литературий, нохчийн мотт, литературий хьоьхучу отделени. ТIех дика доьшуш институт чекх а яьккхина, аспирантуре хIоьттина фольклорехула йолу Iилманан говзалла караерзо.

Оцу институте хьехархочун балха дIа а эцна иза. Хаддаза цигахь болх бина цо студенташна литература хьоьхуш. Шен предмет къорггера хаарца цхьаьна иза хьехаран лаккхара говзалла а хилла цуьнан. Пединститутехь Дикаев Мохьмадан студент хиллачу поэт а, школехь хьехархо а волчу Махмаев Жамалдис дуьйцу: «Цхьаболчара санна, хьалххе язйина кечйинчу лекци тIера бIаьрг хьала ца ойбуш, наггахь студенташка а хьожуш, ца йоьшура цо лекци. Ша буьйцучу яздархошца цхьаьна ша хилча санна, и дерриге дустарш, эпитеташ, фразеологически карчамаш, Iилманан терминаш ша кхоьллича санна, паргIат, цхьа атта, тхоьца къамел а деш, оха нийса аьллачунна воккхаверца тIетовш, тхан галдаьлларг «ларамаза» нисдеш, даима а тхоьца къамелдаран кепехь бора цо болх. Цундела цо дийцинарг дагахь а лаьттара, башха киншки тIе хьежа оьшуш а ца хуьлура… Говза поэт хилла ца Iаш, воккха Iилманча хирволуш вара иза…Ца кхиир-кх… Дависарг».

Дикаев Мохьмад кхелхина 1979 шеран 29 октябрехь. Поэтана дуьненахь яккха елла хан еха ца хилла. Амма ша дуьненахь яьккхинчу кIеззигчу хенахь нохчийн литературехь кIеггина лар йита кхиъна Мохьмад.

Хинволчу поэта дуьххьара зорбане валар хилла 1958 шарахь 9 классехь доьшуш волуш. Поэта дуьйцу, шаьш Казахстанера цIа а даьхкина, Соьлжа-ГIалахь цIенош дечу хенахь,  шеца цхьаьна классехь доьшучу накъосташа, оьрсийн дешархоша, вовшахкхетта бахка а баьхкина белхи бира, шайна цунах доккха гIо хилира, бохуш. Оцу хьокъехь ша «Комсомольское племя» газете материал яхьийтира, иза ара а елира «Спасибо вам, товарищи» цIе а йолуш. Иза дара шен дуьххьарлера зорбанан дош, боху цо.

Дикаев Мохьмадан стихаш дуьххьара зорбанехь арайилина 1960 шераш дуьйладеллачу юьххьехь нохчийн маттахь долчу газетийн а, «Орга» альманахан а агIонаш тIехь. Поэтан дуьххьара зорбанехь араевллачу стихотворенех ю «Кхоьру со», «Нана», «Со тилавелла хиллера», «Хан дIайоьду», «ХIун ду йоI кIантаца хилча?». Хьалхара шиъ зорбатоьхна 1961 шарахь «Орга» альманаха агIонаш тIехь.  Важа кхоъ  1962 шарахь «Ленинан некъ» газета тIехь. Оцу хенахь «Орга» альманаха редактор лаьттинчу Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь араяьллачу альманахан 4-чу номерехь зорбатоьхна Дикаев Мохьмадан ворхI стихотворени («Сан накъост-нийсархо», «Буьйсанна БердкIелахь», «Суьйре ю тIейогIуш вайна», «Ахь берахь дуьйна Iамийна, Даймохк», «Поэтан нене», «Дай баьхначу махкахь»,  «Баьллийн зазаш»). Къоначу поэтах лаьцна шен  довха дош далийнера нохчийн поэзин къаночо оцу стихотворенешна хьалха: «Къоначу поэтан Дикаев Мохьмадан аз хIинцачул хьалха а хезна шуна, тхан хьоме дешархой, хIокху альманахан агIонаш тъIера дIа.

Тхан редакце еанчу шен хьалхарчу стихотвореница шен тидам байтира Дикаевс дешархошка. Цуьнан стих дуьххьара дуьйна а кIорггерчу ойланца, дуьйцучун нийса сурт а гуш язйина хуьлуш ю. Мохьмадан биографи хIинца а йоца ю. Иза 1941 шарахь Соьлжа-ГIалахь вина. Кху гIаличуьра юккъерчу даржан 18-гIа школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа веана, кху сохьта Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан пединститутан 4-чу курсехь доьшуш ву и. 

Ишттачу меттехь «некъ дика хуьлдан хьан, сан къона накъост» олуш ду. Делахь а цу дашца цхьаьна суна лаьа Мохьмаде ала: «Хьайн деза декхар а хууш, цунна хьалха хьекъале, исбаьхьа жоп дала замано шуьйра некъ а, онда аьтто а нисбойла хьуна».

Москвахь 1963 шарахь дIаяьхьначу къоначу яздархойн ерригсоюзни кхеташонехь дакъалаца вахийтина Дикаев Мохьмад. Цигахь кхечу къоначу авторийн произведенешца цхьаьна йийцаре йина Дикаев Мохьмадан стихотворенеш а. Советски Союзехь тоьлла яздархой хилла, шайна юккъехь классикаш А. Твардовский, Н. Тихонов, Н. Прокофьев, кхиберш а болуш, къоначу яздархойн произведенеш йийцаре еш, толлуш, церан мах хадош. А. Твардовский поэзига лаккхара лехамаш болуш поэт вара. Цо мух-мухха йолу стихотворени хаста ца йора. Амма Дикаев Мохьмадан стихаш тайнера Твардовскийна а, Тихоновна а. Поэзин лаккхара гозанча волчу оцу шиммо а дика леринера къоначу поэтан стихаш. Къаьсттина билгалъяьккхинера «Стеган цIе» стихотворени. Оцу совещани-семинара жамIаш деш ша язйинчу цхьана статья тIехь Н. Тихоновс билгалдаьккхина: «Нохчийн поэтан Дикаев Мохьмадан поэзехь вайна хеза нохчийн музыкин гIирсаца–мерза-пондарца локхуш хиллачу ламаройн ширчу иллийн мукъамаш а, къонахчун шовкъ а, наггахь бен хуьлуш йоцу стихан иралла а». ХIетахьлерчу йоккхачу Советски пачхьалкхехь дукха  бара къона поэташ, царалахь тоьлларш хилла оцу гуламехь дакъалоцуш берш. Царна юккъехь а дикачарах ларар мехала дара поэтана шена хилла ца Iаш, ерриг нохчийн поэзина а.

ХIетахь дуьйна Дикаев Мохьмадан стихаш кест-кеста арайийлина муьран зорбанехь, юкъарчу гуларшкахь, радиохь, телевиденехь. Поэтан шен дуьххьарлера книга араяьлла 1965 шарахь. «Нохчийн хIусам» яра книгин цIе. Нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин кхерч хаало оцу тIерачу стихашкахь.

Суьйре шийла, шийла еъча,
Дадас тухий дечиг доккху;
Цкъа ца веъна хьаша веъча,
Водий, нене ас кхаъ боккху.

Хьешо шена гинарг дуьйцу –
Тховса тхоьга муха кхаьчна,
ЦIеро-м сийна суйнаш туьйсу,
Кхехка нохчий мерза кхача.

«ВогIург, воьдург, юучух кхетта,
Вахар ирс ду», – дайша аьлла,
Нохчийн хIусам шийла хетта,
Цхьа а хьаша тIех ца ваьлла.

И стихотворени ю книгина шен цIе елларг. Шийтта могIанах лаьттачу оцу жимчу стихотворенеь нохчийн хIусамехь, нохчийн къоман Iадаташккахь хьаша-да тIеэцаран философи ю. Еа гIулчах йолчу хорейн барамехь язйина стихотворени. Цхьана а стихехь (могIанехь) цуьрриг а хийцабелла бац и поэтически барам. Рифмаш ерриш а зударийн нийса рифмаш  ю, жIарийн рифмовка а йолуш. Аьзнашца нисдеш а цхьаьна далийна дешнаш («Тховса тхоьга муха кхаьчна», « ЦIеро-м сийна суйнаш туьйсу», «Кхехка нохчийн … кхача», «ВогIург, воьдург юучух, кхетта», «Цхьа а хьаша тIех ца ваьлла»). Аллитераци а, ассонанс ю кхузахь. ЦIенчу нохчийн маттаца язйина стихотворени, цхьа тайпа дешнийн чолхенаш шеца йоцуш. Шен нийсачу маьIнехь далийна хIор дош а. Дешнийн цхьаьнакхетарш а нохчийн маттахь предложени хIотторан рожехь ду, инверсеш йоцуш. Оцу дерригено а кхоьллина стихотворенин лаккхара исбаьхьалла. Нохчийн хIусаман, норхчийн гIиллакхийн оьздангалла ю цуьнан чулацамехь. Стихотворени еша атта ю, аьхна ю, исбахьаллин марзо луш ю.

Хьалхара книга араяьллачул тIаьхьа ши шо даьлча,1967 шарахь, зорбатоьхна Дикаев Мохьмадан «Догу сан дог» цIе йолчу шолгIачу книгина а. Поэтан шен къомах болу деган лазам а, дегайовхо а яра книгин чулацамехь. КхоалгIа книга араяьлла 1971 шарахь. Иза «Деган мерзаш» цIе йолу поэзин гулар яра. Поэт дийна волуш кхин цуьнан поэтически книга  ара ца яьлла. Бакъду, 1972 шарахь цо гул а йина, зорбане а кечйина, Н. Гребневс гоч а йина, оьрсийн маттахь арахецна «Песни вайнахов» цIе йолу халкъан эшарех лаьтта книга. Вайнехан эшарийн башхаллех лаьцна авторан дешхьаллхе ю книги тIехь. Дикаев Мохьмад, аспирантура а яьккхина, нохчийн халкъан лирикех лаьцна Iилманан болх кечбеш вара. Цунах масех дакъа нохчийн маттахь зорбанехь ара а хецна цо: «Нохч-гIалгIайн халкъан лирика», статья(1967), «Нохч-гIалгIайн халкъан эшарш (Октябрьски революци хилале яхана зама)», статья (1968). Ткъа ша берриг Iилманан болх «Жанры и виды чечено-ингушской лирики дооктябрьского периода»  оьрсийн маттахь язбина бу, цунна зорбатоьхна поэтан «Сан дай баьхна латта» цIе йолчу книги тIехь. Иза книгин 200 сов агIо дIалоцуш боккха Iилманан-талламан болх бу. 

1990 шарахь араяьлла Дикаев Мохьмадан «Стеган цIе» поэзин книга. Цу тIехь зоратоьхна ю 93 стихотворений, цхьа поэмий, ши драмий. Уьш авторан ерриг поэтически произведенеш яра, цу хенахь карийна, вовшахтоьхна йолу. Цул дуккха а тIаьхьа,  2012 шарахь арахецна Дикаев Мохьмадан  «Сан дай баьхна латта» цIе йолу книга. Иза Нохчийн Республикин Iилманан академис хаза кечйина арахецна 526 агIонах лаьтташ йоккха книга ю. Цу тIехь зорбатоьхна поэтан ерриге  произведенеш. Уьш ю 105 стихотворений, шиъ драмий, цхьа поэмий. Царал совнаха авторан Iилманан болх, цуьнан стаьяш, цо яздина а, цуьнга яздина а кехаташ, авторан кхоллараллех лаьцна язйина рецензеш, статьяш  ю. Книга чекхйолуш цу тIерачу произведенех лаьцна доцца билгалдахарш далийна.

Дикаев Мохьмадан поэзи къоман ламасташ тIехь кхиана ю, къоман гIиллакх-оьздангаллин ламасташ чIагIдеш а ю. Даймохк, къоман доьналла, нана, безам – иштта билгалдаккха мегар дара цуьнан поэзехь коьртаниг.  Дикаев Мохьмадан а, цуьнан могIарерчу яздархойн а кхолларалла кхиана хан даймахках къастийна хилла нохчийн къам  цIа дирзина, адам хазахетарца, дегаайамца шен мохк юха цIинбеш хилла хан ю. Оцу хенахь адамийн хилла синаайам, дегайовхо, цуьнца цхьаьна, лайнарг, Iаьткъинарг карладолий, адамийн кийрахь меттахбовлуш хилла дегаIийжамаш а бу яздархойн произведенешкахь гучубовлуш. Иза къеггина го Даймахках лаьцна йолчу Дикаев Мохьмадан стихашкахь. 

Суна гина хийла аре,
Суна гина хийла мохк,
Дай баьхначу махка варе
Ас сатуьйсуш, баьккхи ког.
БердакIелахь, винчу юьртахь,
Нийсархошца къамел до,
Кхузахь кхиъна хIора буьртиг
Ас сайн мара хьарчабо.

Ахмадов Мусас яздо: «Цуьнан поэзина ницкъ луш ши хьоста дара: цIерадахаран гIайгIа а, цIадерзаран хазахетар а. Хазахетаро цуьнан байташ тIома йохура, гIайгIано царна ойланийн кIоргалла лора. Цхьайолчаьргахь лайначух йолу гIайгIа алсам хуьлура:

ХIора йогIу кхане
Хьоьца йоккхур бохуш,
Винчу махка кхача
Ас сатийсинера.
Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк,
Хьох къаьстийна,
Дог диллина
Iалург ца хиллера.

Наггахь и гIайгIа «юьстах а тоттий», авторан байташ нохчийн хелхаран, я тIулгаш тIе а детталуш, цинцашца даьржачу сихчу аьхкенан догIанан мукъамехь екара: 

ТIаьххьара седа стиглахь дIабайча,
Ламанан регIахь маьлхан нур дайча,
Юьртахо, езарна сайна,
Iуьйренца декъалйо ас».

Поэтан дагна Iаьткъина мехкан «баланаш», амма маршо ларйинчу, шен мохк, къоман гIиллакх Iалашдинчу «халкъан стогаллех» дозалла до цо, иза хесторан, цунах воккхаверан, хазахетаран ойла ю цуьнан ерриг кхоллараллех чекхйолуш:

Вайн халкъан стогалла
хасто со гIаьттина,
Цо хьегна баланаш
сан дагна Iаьткъина;
ТIеман теш хиллачу
лаьмнашка хаьттича,
Бакъдолдчу дешнаша
со кураваьккхира.
«Маршонан аз декош,
нохчийн къам лаьттина,
ПаргIато къийсарехь
йоккха цIе яьккхина;
Цхьана буйна хоъал бен
дац иза лаьтта тIехь, –
Цуьнгара мохк, гIиллакх
цхьаммо ца даьккхина!» –
Со винчу лаьмнаша
соьга кхаъ баьккхира.

Айаме дешнаш карадо авторна Даймохк  хасто, адаман шен махкаца йолу уьйраш гайта, къоман амал билгалъяккха:

 

Нохчо ву со,
маршо къуьйсуш, Даймахкаца
тоба дина,
Цунна ямарт, осал хеттарг,
къа ца хеташ, сайх хервина,
Сайн ден дакъа, цIе-кIур доцуш,
ца дисийта юкъ йихкина,
Iазап хьоьгу лай хуьлучул,
летта, вала резахилла.

Нохчо ву со,
кху дуьненчохь са лаьттачу
ирсе кхочуш,
Барттий, безам, яххьий, тешам
байна цкъа а вехар воцуш!
Нохчо ву со,
цхьана а къоман
къонахчуьнца гамо йоцуш,
Махках ваьлла, халкъах хаьдда,
декъалхила амал доцуш!

«Нохчо ву со» цIе йолчу стихотворенин ши строфа ю уьш. Оцу стихотворенех лаьцна Ахмадов Мусас яздо: «Нохчо ву со» боху дешнаш коьрта ду Дикаевн оцу стихотворенехь хьовха, цуьнан ерриге а кхоллараллехь а. И стихотворени шен халкъан сий къовсучу шатайпанчу тасадаларехь поэто кхоьссина пха бу, мукъамца булабелла, шовкъах кхехкаш, шен Iалашоне дIабоьдуш, хIаваъ а цоьстуш. Цуьнан чехкалла лагIлуччу хенахь, «Нохчо ву со» бохучу дешнаша юха а ницкъ а лой, кхидIа некъ бо цо. Иштта гуттур а тIомахь ю и байт вайн къоман дозаллина, йохьанна, сийнна цхьанна тIекховда дагадеана меттиг хIоьттича, цига, Iодара баьлла пха санна, каде дIа а кхочуш».

«Нохчо ву со» стихотворени Дикаев Мохьмадан ерриг кхолларллин билгало лара мегар долуш ю.

Шатайпана исбаьхьчу сурташца гойту поэта Даймехкан Iалам а. Масала, «Кавказан Iуьйре» цIе йолу  стихотврени иштта дIайолалуш ю: «Ламанан баххьашкахь дешица къега хьо, Аьрцнашкахь пепнашца бегаш беш, лепа хьо, Шийлачу шовдан чу зIаьнаршца хьоьжу хьо, Маьлхаца гIаьттина кавказан Iуьйре». Кхин а къегина ду «БIаьстенан аматаш» стихотворени тIера сурташ: «Маьлхан зIаьнарш, суйнаш туьйсуш, Шайн цIерашца лаьтта кхийда; КIайчу мархийн хIора кийсак, Сийна стигал кхалош хьийза…Хи йистера беркъа баьллаш, Бедар лоьхуш, карзахъюьйлу»… Ког ма-боллу маса едда, Винчу юьрта йогIу бIаьсте». Даймехкан Iаламан хIоттамаш, шатайпанчу метафорашца, юьхьедерзорашца исбаьхьалла а кхуллуш, адаман дахарера хиламаш санна гойту поэта: «беркъа баьллаш» шайна тIеюха «бедар лоьхуш» ю, бIаьсте а, адам санна,  «ког ма-боллу…едда» йогIу.

Стеган шен махкаца йолчу юкъаметтигашца, халкъан гIуллакх цо шен гIуллакх ларарца,  Даймехкан дуьхьа ваха а, эшахь шен дахар цунна дIадала а иза кийча хиларца хадабо поэтан лирически турпалхочо стеган мах. «Стеган цIе» стихотворенехь накъостана кIант винчу гулбелларш берана тилла цIе хоьржуш, къийсаме бевлла бохкуш, чувеанчу воккхачу стага аьлла:

Ма леха эрна аш
КIантана йоккха цIе,
Пхийттара валийта
Вайн керла юьртахо,
Цхьаьнгге а ца хоьттуш,
Халкъо цIе туьллур ю,
Махкана цо дечу
ГIуллакхе хьаьжжина.

Даймахках хаьдда стаг декъаза лору поэта, иза вайна лору цо. Авторан и ойла кIорггера маьIна долчу исбаьхьаллин суьртехь гучуйолу «Кхоьру со» стихотворенехь. БархI могIанах лаьтташ ю стихотворени. Беа могIанца язйина ши строфа ю цуьнан. Гуьйранна мажделла гIаш диттах довлуш, охьаэга  сурт ду хьалхарчу строфахь. Оцу суьрто поэтана сингаттам кхуллу, диттах девлла лаьттахь Iохкучу мажделлачу гIаша дог Iовжадо цуьнан:

Гуьранна мажделла
ГIаш диттах довлуш,
Дог Iийжа царех сан,
Iохкучу арахь.

ШолгIачу строфа тIехь гучудолу цуьнан дог Iийжаран бахьана, ма-ярра билгалйолу авторан ойла:

Кхоьру со, цхьаццаберш,
Ца карош гIовла,
Вайн халкъах хербелча,
ГIаш санна, барна.

Хьалхара строфа ерриг а яьржинчу метафорах лаьтташ ю. И метафора хилар гучудолу  шолгIа строфа ешча. Шен диттах хаьдда, охьадоьжча, лаьттах дIа а ийна, довш долчу гIа санна, кхоллам хила герга ду шен махках, халкъах хервеллачу стеган а, боху поэта. Дустаран маьIнехь йолчу оцу метафоро стихотворени исбаьхьаллица кхелина ца Iаш, кIаргйо поэтически ойла, философски  маьIна ло. 

Нохчийн ненан васт кхуллуш я нана хьахош язйина алссам ала мегар долуш стихаш ю поэта: «Нана», «Нана, хьо цхьаъ бен яц», «Поэтан нана», «Тхо массо а гIаттале», «Нохчийн хIусам», «Пхьеран нана», «Со вале кхиъна…», «Дай баьхначу махкахь», «Нохчо ву со», кхиерш а. Ненан йовхо, ненан марзо, ненан безам бу оцу стихашкахь. Нанас хьалха биллинехь, «мерза хуьлу муьста берам» а, боху поэта.

Йоккха меттиг дIалоцуш ю Дикаев Мохьмадан кхоллараллехь безаман лирика. «Сан безам», «Еза», «Со хIинца а хууш вац…», «Хьол хаза йоI суна ца гина», «Веданахь йоIаца ас йина ойланаш», «Малика», «Доьхна де», «ХIумма а дац», «ЦIе яле», «Ленинградехь кхиъна йоI», «ХIан-хIа, вац со кхиъна яьлла…», «Тхуна дуьхьал Iаш ю цхьа йоI», «ХIун дуй оI кIантаца хилча?», «Безаман беттаса», «Ненан хаза йоI», «Со АтагIахь вина вац», кхиерш а.

Литературин критикехь резадацарш хаалора, поэтан безамах лаьцна дукха яздо, халкъан дахаран тематика хила еза яздархочун кхоллараллехь, бохачу маьIнехь. Нохчийчуьрчу мехкарийн Iаьржа бIаьргаш дийцина а ваьлла, Ленинградерчуй, Москварчуй мехкарий сийна бIаьргаш хестош ву поэт, бохура цхьана статья тIехь. Амма кIоргера бух болуш хIума дацара иза. Поэтан кхоллараллехь дукха ю Даймахках лаьцна хьовха социально-юкъараллин маьIна долу произведенеш а. Безамах лаьцначу стихашкахь а Даймахках, «винчу лаьмнех» йолу ойла хьалхайоккху лирически турпалхочо. Масала, «Ленинградехь кхиъна йоI» стихотворенехь шен безаман хьокъехь а винчу лаьмнех дагаволу иза, шен махках хервелла, «нохчийн эвла» йицйина, «лекха лаьмнаш» ца гуш Iалуш вац:

Хаза ю хьо кхиъна гIала,
Цунах яла атта дац,
Винчу лаьмнех дагавала
Со ца вахча, волуш вац.

Шайн коьртара куйнаш даьхна,
Малхехь лепош къоьжа чоьш,
Къаной санна, дедай баьхна
Ярташ ларъеш лаьтта уьш.

Суна аьтту агIор девлла,
Хеза цара хьехар деш,
Йиц ца йойту нохчийн эвла,
Дуьхьалтуьйсу Iежийн беш.

Алахьа соьца нохчийн илли,
Ленинградехь кхиъна йоI,
Лекха лаьмнаш гуш ца хилча,
Со, сагатлуш, ца Iало.

Дикаев Мохьмадан поэзи цIеначу нохчийн меттан поэзи ю, цундела ю иза шовда санна цIена а, даге кхочуш а. Поэтан дуккха а стихаш эшаршка ерзийна. Цхьайолу стихотворенеш-м зорбане а йовлале, композиторша эшарийн мукъаме а йохкий, радиохь, телевиденехь хезаш хуьлура. Уьш сиха яьржара нахана юкъа. Нахана Iаламат езаш, адамо ладугIуш яра цуьнан стихаш тIехь яьхна эшарш. ХIинца ю уьш,  хьалха санна хезаш а, наха ладугIуш а.

Дикаев Мохьмадан поэтически хотIан башхалла ю цуьнан поэзи нохчийн халкъан лирикица йоьзна хилар. Барта кхоллараллин турпалхой я фольклоран сюжеташ поэта произведенешкахь хиларца яц церан фольлораца йогIу зIе. Иза шатайпанчу мукъамашца, маттаца, васт кхолларца, поэтически сурт гайтарца, чолхенаш йоцуш хиларца хаалуш йолу уьйр ю.

Дикаев Мохьмадан кхолларалла лирикех лаьтташ ю. Амма цо язйина, «Нана-мохк» цIе а йолуш, Даймахках лаьцна поэма, шеца мелла а автобиографически хIуманаш а долуш. Стихашца язйина гIеххьа йоккха шиъ драма а ю поэтан: «Маликин безам», «Даймехкан сурт».

Арсанукаев Шайхис ма-аллара: «Нохчийн поэзин цхьа шатайпа сирла седа бара Дикаев Мохьмад. Бакъволчу нохчочун дог, сатийсамаш, ойланаш, Даймахке безам, исбаьхьа Iалам – дерриг а ду цуьнан поэзехь».

 

ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА ПОЭТАН КНИГАШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ 

Нохчи хIусам. Стихаш. Грозный, 1965. Догу сан дог. Стихаш. Грозный, 1967. Деган мерзаш. Стихашший, драмий. Грозный, 1971. Стеган цIе. Байташ, поэма, драмаш. Грозный, 1990. Сан дай баьхна латта. Стихаш, поэма, драмаш, Iилманан болх, статьяш, кехаташ. Соьлжа-ГIала, 2012.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Песни вайнахов. Чечено-Ингушская народная лирика. Сост. и примеч. М. Дикаева. Пер. Н. Гребнев. Грозный, 1972.

Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3084 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:853 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4842 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5964 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6340 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2967 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2730 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2502 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5368 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1324 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4629 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8382 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »