• VTEM Image Show

КИБИЕВ МУСБЕК
На Фото Кибиев Мусбек

Абдулла Арсанукаев.

КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997)

Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш бина хилла. Цхьана муьрехь Веданан райисполкоман председатель а лаьттина иза. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь дукхаха йолу хан Киргизехь яьккхина КибиевгIеран доьзало, Фрунзе гIалина гена йоцчу Кара-Балты юьртахь Iийна уьш. Мусбекан да Мохьмад  ша йоза-дешаран маьIна хууш хиларе терра,  кIанте дешийта гIиртина. Амма нохчийн къомана тIехь лаьттинчу бохамаша оцу хенахьлерчу кегийрхойн дешарехь а, дахарехь а аьттонаш кхуллуш ца хилла. Аьттонаш кхуллуш ца хилла аьлча-м, дукха дайн хуьлу иза, массо агIора аьттонаш бохийна хилла-кх.     

Киргизерчу Кара-Балтахь  ворхIшеран школа чекхъяьккхина Мусбека. Даймахка юха цIа дирзинчул тIаьхьа дешна Веданан № 1 йолчу юккъерчу школехь. 10-гIа класс суьйренан школехь доьшуш чекхъяьккхина.  Поэзига шовкъ йолчу кIентан яздаран корматалла хьалххе гучуяьлла. Школехь дуьйна а стихаш язъеш хилла иза. Мусбекан стихотворенеш зорбане йовла юьйлаелла 1950 шераш чекхдовлачу муьрехь. Поэтан дуьххьара зорбатоьхначу стихотворенех ю 1958 шеран 30 апрелехь «Ленинан некъ» газетехь араяьлла «Лаьттан седа» цIе йолу стихотворени. ХIетахь дуьйна хаддаза араюьйлу цуьнан поэтически произведенеш газетийн, журналийн, юкъарчу гуларийн агIонаш тIехь. 

Юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1961 шарахь Кибиев Мусбек деша воьду Москва, М. Горькийн цIарах йолчу литературни институте. Оцу институте кхоллараллин похIма дерг, исбаьхьаллин литературехь шен таронаш гайтинарг бен дIа ца оьцу. Кибиев Мусбек институте дIа а эцна, цо иза Iаламат дика доьшуш чекх а яьккхина.

Литературни институтехь доьшучу хенахь дуьйна а поэтан алссам стихаш арайийлина Нохчийчохь  зорбатоьхна ца Iаш, Москвахь, Ростовехь, Молдавехь, Гуьржех, Украинехь, кхечахьа а арадовлачу журналийн, газетийн агIонаш тIехь а, юкъарчу гуларшкахь а. Оьрсийн матте а яьхна, цуьнан стихаш зорбатоьхна «Дружба народов», «Дон», «Техника-молодежи» журналаш тIехь, «Литература и жизнь», «Молодежь Молдавии», «Грозненский рабочий», «Комсомольское племя» газеташ тIехь.

Кибиев Мусбекан дуьххьарлера книга араяьлла  1962 шарахь. Иза «Ши зама» цIе йолу стихийн гулар яра. ШолгIаниг, – «Наьрташ» цIе а йолуш, 1964 шарахь араяьлла. Церан чулацаман хьокъехь, поэтан кхоьллинчу халонаш лайначу, амма и халонаш эшийначу нохчийн къоман векалийн вастех лаьцна литературоведа Туркаев Хьасана яздо: «И нах – шен халкъ – турпалаллин туьйранашкахь буьйцучу наьртех тарбеллера Кибиев Мусбекана. Уьш бан а бара, наьрташ санна, цхьаьнге а ца эшабелла, ца къарбелла нах. Цундела поэзин хьалхарчу книжкин чулацамехь вайна гуш, наьрташ санна онда а, майра а болчу къонахийн васташ ду». 

«Ши зама», «Наьрташ» цIерш а йолчу оцу гуларшна  юкъаяхначу стихашкахь шера гуш дара нохчийн поэзехь хIинццалц хиллачух къаьсташ долу стихан хатI, стихан форманаш къоначу поэтан кхоллараллехь хилар. Масала, «КIайн седарчий» цIе йолу стихотворени:

ДогIано корах кIайн седарчий-тIадамаш детташ,
Кху сан коран бIаьргах цIенна стигал йо.
КIайн седарчий,
ТIадаме хьарчий,
Гуллой,
Дазлой,
ТIаьхьа сетташ,
Лар а юьтий,
БIаьрга тIоьхла оьгуш го.
Хьалха паргIат,
ТIаккха чехка, чехка довлий,
Шишша-кхоккха вовшах кхетий,
Седа бо.
Керла-керла юхаъ кхуьу,
Юхаъ дов уьш,
Юхаъ хьаьрчий,
КIайн седарчий
Кхуьуш го.
…Буьйжи седа;
И боьжжинчохь кхиънарг лета;
Довш,
Лар дIайовш,
Кхуьуш керла-керланаш,
Куьйган эккъаннал хинйоцчу цу меттехь а
Дар, даларрий кхачо йоцуш хиларх кхетош,
Гулло,
Оьгу кIайн-седарчий-тIадамаш.

 

Кибиев Мусбекан кхолларалла шен чулацамца, маьIница кIарглуш, цуьнан поэзин исбаьхьаллин хотIан шатайпаналла кухьуш хилла хан ю 1960-гIа шераш – 1970-гIа шераш дуьйладелла мур. КIорггера, шуьйра хаарш луш йолу Литературни институт кхиамца чекх а яьккхина 1967 шарахь Нохчийчу цIа веана поэт.  Юьхьанца Кибиев Мусбека болх бина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан «За педагогические кадры» газетан редаторан даржехь. Цул тIаьхьа цхьана муьрехь «Ленинан некъ» газетехь, тIаккха «Орга» альманахан редакцехь  белхаш бина. Поэтан дахаран дукхаха йолу хан ша винчу юьртахь Дишна-Веданахь дIаяхна. Веданан районан «Колхозан дахар» газетан редактор лаьттина иза.

Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь арайийлина поэтан керла книгаш:«Денойн чам» (1969), «Шийла цIерш» (1975),«Лаьттан куьзга» (1984),«Беттан догIа»  (1985),«Седарчийн чIара» (1988),«Хьекъалан бохь» (1992), «Хаьржинарш» (2012). Оьрсийн маттахь араяьлла  «Вершина разума» (1993). Москвахь 1995 шарахь зорбатоьхна «Лунный дождь» цIе йолу книга.

Муьлххачу а бакъволчу поэтан санна, шуьйра чулацам болуш ю Кибиев Мусбекан поэзи. Нохчийчоьнан сийдаран ойла кхиош, къонахалла, доьналла, хьуьнар, гIиллакх-оьздангалла, къоман беркате ламасташ  чIагIдеш ю поэтан кхолларалла. Даймахке безам балхош вац иза я шен къам дарехь хестош стихаш яц цуьнан. Даймахке йолу шовкъаш, къоман къонахашца йолу уьйраш къаьсттинчу, шен бен доцчу сурташца, ондачу дешнашца, шатайпанчу васташца гойту автора: 

Даймехкан чIагIонаш –
Лаьмнаш а хьистина,
Таьптаран агIонех,
Дахаран агIонех
Шен ши тIам листина,
Доьллуш, уьш даржийна
Iуьйранна аьрзуно.
ТIемашка – таьптаре –
Беттан бIаьрг хьоьжуьйтуш,
Маьлхан бIаьрг хьоьжуьйтуш,
Цаьрга и доьшуьйтуш,
Аьрзу Iа тапъаьлла…
ТIаккха а долало
Лаьмнашна дола ден
Листаран болар дан.
Дахар а дедайн сан
ТIемашца дендо цо…

…Чоэшкахь, гIовталшкахь
Ойланехь гIевттина;
Вертанан Iаьржачу
ТIемашца даьржинчу
Айбелла аьрзунех;
Баттана, малхана –
Стигланан бIаьргашна
Нийсса кIел – Iаьрчашка –
ХIора а хьалахилла, –
Голашца дой а хьош,
ДIабай уьш, ойла хьош…

И суьрташ хилла ду
Даймехкан ломахь.
И суьрташ долуш ду
Сан деган долахь.

 

«Даймехкан суьрташ» цIе йолчу оцу стихотворенехь а, лакхахь ялийнчу «КIайн седарчий» стихотворенехь а къеггина билгалйолу Кибиев Мусбекан поэтика, цуьнан шен бен йоцу стихкхолларан башхаллаш. 

 Кибиев Мусбек-поэт дахаре хьежар, цунна дахар гар Iаламат шатайпана хилла.  Шена дахар гаран башхалла ю поэта вайна тамашийна хетачу, чолхечу васташка ерзийнарг, цуьнан къаьсттина долу йозанан хатI кхоьллинарг. «Даймехкан суьрташ» стихотворенехь автора кхоьллина суьрташ-васташ а цу тайпана ду. Нохчийн мехкан олхазаран – аьрзунан –  васт ду стихотворенин исбаьхьаллин дIахIоттам кхолларехь поэтан хаьржинарг. Схьадиллинчу таьптаран хьесапехь шен тIемаш даржийна аьрзуно даймехкан чIагIонаш хилла лаьттачу лаьмнаш тIехула. «ТIемашка – таьптаре –  Беттан бIаьрг хьоьжуьйтуш,  Маьлхан бIаьрг хьоьжуьйтуш,  Цаьрга и доьшуьйтуш, Аьрзу Iа тапъаьлла…». Таьптарш тIехь дIаяздеш хилла къоман дахарехь коьртаниг. Къоман «дахаран агIонаш» йовза таро хилла таьптарш доьшуш. Аьрзунан тIемаша – таьптарша довзуьйту я карладоккху лирически турпалхочунна шен халкъан хьалха дIадахна дахар. Цуьнан ойланехь схьахIуьтту вертанан даьржинчу тIемашца «аьрзунех айбеллачу» къонахийн – дедайн – сибаташ. Амма шайн дойшкахь «дIабай уьш», лирически турпалхочун ойла  а «хьош», къайлабевли. Стихотворени шайца чекхйолучу могIанаша «И суьрташ хилла ду Даймехкан ломахь. И суьрташ долуш ду сан деган долахь» шуьйрачу ойлане воккху. Даймехкан истори, хьалха хилла дIадахнарг тIепаза дайна дац, иза адамийн дегнашкахь, ойланехь ду. Замано хIума дIахьо, дойу, амма къоман ламасташ, дайн доьналла, гIиллакхаш дайа йиш яц, уьш тIекхуьучара сийдеш,  шайн замане хьаьжжина кхиош  дIакхехьа деза.

«Даймехкан суьрташ» стихотворенин лексика дош хоржуш хIоттийна ю, маьIна кIаргдеш, айамен ойла кхуллуш ю. Поэт даим а хилла шен поэзин маттах доьзначуьнца лехаме, дош лерина лелийна цо.

Кибиев Мусбекан поэзин башхаллех лаьцна Арсанукаев Шайхис яздина: «Мусбекан поэзин шатайпаналла, чолхалла йозуш ю, цуьнан шен дахаран кхолламах. Цуьнан шен Дуьне ду, цуьнан Дуьнене, Iаламе, адаман дахаре шен хьажар ду, шен Аз ду, шен йозанан хатI ду, шен философи ю. Иза Поэт-философ ву. Суна хетарехь, цундела ду-кх Мусбекан поэзехь деган синхаамел сов философин ойланаш нисъялар». 

Поэтан синхаамаш, цуьнан синхьегам лирически турпалхочун ойланашкахь хаало, амма и ойланаш а шатайпанчу, чолхечу васташкахь ю:

Хьекъалан бIаьргашка –
Iушка – ца сецалой,
Коьртера хецалой,
Ойла – и Iаьржа дин –
Хьоду сан, мац а лой;
Хьадарх са тедарца
ДIакъаьсти лаьттах и,
Бергашца седарчийн
Дарц гIиттош хьаьдда и.
Стигланан Iаьршашкахь
Бажа и болало.
Цо хьоьшург латта дац –
И лаца атта дац.
Цуьнан дуьхь-дист а дац,
Я багахь дуьрста яц.

«Мацъелла ойланаш» цIе йолчу стихотворени тIера ду и могIанаш.                        

Ойлане вохуш, философски маьIна шайца долуш ю Кибиев Мусбекан /алам гойтуш йолу стихотворенеш а. Уьш алссам ю поэтан кхоллараллехь: «Зезагийн бIаьргаш», «Лаца полла, лацалахь», «Iаж»,   «Беттан догIа», «Беттан берг», «Беттан буьйса», «Седарчийн юнаш», «КIайн седарчий», «Шийла цIерш»,  «Дей, буьйсий», «ХIордан байракх», «Керла шо», «Елха стигла», «Буьйса», «Гуьйре», «Iаламан дош», «Седарчийн суйнийн дарц», «Даймехкан лаьмнаш», «Акха шовда», «Сизаш», «Баттара баьлла малх», «Бос богу зезаг», дуккха а кхиерш а. Оцу произведенийн башхалла ю Iаламан исбаьхьаллин суьрташкахула автора муьлххачу а доккхачу маьIне вуьгуш хилар: халкъан кхоллам, дайн доьналла, къоман ламасташ, доттагIалла, безам – оцу дерригена а ойлаяре воккху цо Iаламан суьрташкахула.

Кибиев Мусбекан безаман лирика а оцу хоршахь ю. Безамах лаьцна стихаш: «Сийна седа», «Йицъяц хьо ас», «Сийна бIаьргаш, даккхий бIаьргаш», «Аттйокх хилла екар ю», «ТулгIенийн тIемаш», «Кхеталахь», «Хьахийнчохь накъоста…», «ТIетохар, дIадаккхар…», «Кхардам», «Хьуна-м хIинца моьтта хир ду…», «Г. Б.»,  «Эвххьаза хьаьжна…», «Маьлхан барт», «Цхьаболу безам а…», кхиерш а. Поэтан лирически турпалхочо безаман ойланехь лоьхург а адамалла ю:

 

Хьахийнчохь накъоста,
Хьо ирча ю, боху.
Я тайпа-тукхам хьан
Эвлахь а дац боху.

ХIума дац: сан дагна
Тоьъна хьан хазалла.
Тайпа ду вайшиннан –
Заманан адамалла.

Поэтан безаман лирикех лаьцна Арсанукаев Шайхис яздина: «Мусбекан лирически турпалхочун безам а бу шатайпа, тийна, оьзда, къамелана шера боцуш, шен деган неI шуьйра дIайиллина йоцуш, ийзалуш, эхь хеташ, эвхье».

Кибиев Мусбекан поэзи метафоршца, дустаршца, стихан хIоттамца, исбаьхьаллин сурт, васт кхолларца чолхе ю, амма  бес-бесара ю, хьал долуш ю. Ритм, рифма тайп-тайпана ю цуьнан стихашкахь. «Буьйса» цIе йолчу стихотворенин шина строфахь кхаа тайпана рифмаш ялийн автора: 

Бутт го мархаш тIехьахь стиглахь,
ЗIаьнарша лам дато бо.
Ахках тера доьдуш цигахь
Ча такхийна тача го.

Iаьржа буьйса хьаьдда йоьду,
Бода баржош лаьмнашкахь.
Хеза, хеза жIаьлеш леташ
Къорра лаьмнийн ярташкахь.

Хьалхарчу строфан хьалхарий, кхоалгIий стихаш зударий рифмашца ю (стиглахь – цигахь); шолгIий, йоьалгIий – божарийн рифмашца ю (бо – го). Вукху строфахь шолгIачуй, йоьалгIачуй стихашкахь дактилически рифмаш ю (лаьмнашкахь – ярташкахь). «Баттара баьлла малх» стихотворенехь шина дашах лаьтташ йолу рифмаш ялийна автора (стелаIад – Iелахь Iад):

ЙоьIан, сан ирсана стиглара стелаIад,
Безаман бос керчош, дIа ца довш, Iелахь Iад!

Рифмаш янний йоцуш стихаш ю поэтан. 

ПаргIат дешнаш ловзош, дош тайп-тайпанчу маьIнехь далош, аллитерацех, ассонансах пайдаоьцуш, антитеза ялош язйина стихаш ю поэта:

…Дийна полла санна, сийна
Зезаг ловзу бацалахь,
Тийна мох дIа, и лестийна, –
Лаца полла, лацалахь.

Кхечу стиотворени тIехь: 

Зезагаша арахь
Кхолу бай и дари.
Аре хедош, Орга
ДIасадаьржи,
кIорга.
Бурош хьийзош горга.

«Дош» цIе йолчу стихотворенин цхьа дакъа: 

ЦIарал довха – дош ду,
Шал а шийла – дош ду,
Дош доцург – дош дац.
Мазал мерза дош ду –
Дашал доккха дIовш дац.
Доьдий, дашо
Стаг во дашо,
Доьдий, тIаккха маьттазвоккху.
Дашо шерачу цу арахь
Дато гIала хIоттайо,
ГIалахь гIарол хIоттаво.

Поэзин яккхийчу жанрашкахь «ШагатIулг» легенда а, «Маьлхан поэма» а язйина поэта.  Кибиев Мусбекан прозехь а болх бина. Цо яздина дийцарш: «Седарчийн чIара», «Дикане безам», «Жен жIаьла», «Расха говр», «Кхечанхьа лехна меттиг». Язйина шиъ повесть: «Эхь дайна тIелатар», «Бекхам», очерк «Аьчгапхьар». Царна зорбатоьхна 1988 шарахь араяьллачу «Седарчийн чIара» цIе ййолчу книги т Iехь. Еа баснийн автор ву поэт: «Дахка», «Зов», «Чан лараш», «Пхьагал».

Арсанукаев Шайхис лаккхара мах хадабо Кибиев Мусбекан кхолларалли: «Нохчийн къоман поэзехь, шен хатI долуш, шен аз долуш, шен дуьнене хьежар а, шен дуьне довзар а долуш, билггал, лараме меттиг дIалаьцна ю М. Кибиевн стихаш, поэмаш, легендаш. Уьш къаьста дешархойн дегнашкахь цхьа сирла, догдика, къинхетаме синхаамаш гIиттош хиларца.

Шен хIумма а атта ца хиллачу дахарехь къамелашна, дозаллашна, хьехамашна, кхайкхамашна башха тIера ца хиллачу авторан ерриге а кхолларалла кхойкху адамашка ойлаяларе, собаре, нийсоне, вовшийн лараре, бартхиларе, кхойкху вайн генарчу дайша, тIаьхьено – тIаьхьене луш, таханенга кхачийначу, хIинца де-дийне гIеллуш, духуш лаьттачу нохчийн оьздачу гIиллакхашна, ламасташна тIе юхадерзаре».

Нохчийн хIинцалерчу литературехь мехала ю Кибиев Мусбекан поэтически кхолларалла. Бакъду, цуьнан исбаьхьаллин дашах кхоччуш марзо эцархьама, литературехь мелла а зеделларг долуш хила веза.  

Кибиев Мусбек кхелхина 1997 шеран 16 ноябрехь ша винчу юьртахь Веданахь.

ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА ПОЭТАН КНИГАШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Ши зама. Стихаш. Грозный, 1962. Наьрташ. Стихаш Грозный, 1964. Денойн чам. Стихаш Грозный, 1969. Шийла цIерш. Стихаш, баснеш. Грозный, 1975. Лаьттан куьзга. Стихаш, легенда. Грозный, 1984. Беттан догIа. Грозный, 1985. Седарчийн чIара. Повесташ, дийцарш, очерк. Грозный, 1988. Хьекъалан бохь. Грозный, 1992. Хаьржинарш. Стихаш, поэмаш, баснеш, проза. М.2012.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Вершина разума. Стихи, поэмы. Грозный, 1993. Лунный дождь. М., 1995.

 

Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4233 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2404 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2573 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3478 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5710 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1693 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2259 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3071 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1491 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1398 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1575 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5609 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3572 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:851 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:829 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:627 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4810 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2021 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1235 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3046 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2372 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5945 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6289 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2135 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1985 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2954 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2720 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5431 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11727 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2484 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1791 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5357 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3681 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2932 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1321 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4624 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2170 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8359 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »