• VTEM Image Show

На Фото Мамакаев Эдуард

Абдулла Арсанукаев.

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало лаьцна чу а воьллина, 10 шо хан тоьхна сибрехь хьажийна. Шен ден ненаца Iаш хилла жима Эдуард,  иза а кхелхина висча, шен ден йишас кхиийна. Нохчийн къам махках даьккхича, Казахстанан Джезказгански областан Нурински районехь Iийна Эдуард. ЦIийнда а кхелхина йисинчу ден йишас Тамарас шен пхеа бераца цхьаьна хьалакхиийна иза. Эдуарда доккхачу баркаллица дагалоцу шен ден йиша. Школехь 5 классехь доьшуш волуш, «Горы, я люблю вас» цIе а тиллина ша язйина стихотворени хьехархочунна гайтина Эдуарда. Шерачу аренца Iуьллучу юьртахь вехачу кIантана лаьмнаш дагадахкар шен даймахке сатийсар хилла. БархI могIанах лаьтташ йолу и жима стихотворени хьехархочо то а йина, школехь арахоьцучу пенан газета тIе тохийтина. БархIалгIачу классе ваьлча-м кIанта шен стихотворенеш Алма-Атахь арадолучу газете а яхьийтина.  Оьрсийн маттахь язйина Эдуарда шен бераллин стихотворенеш. Поэтан кхолларалла-м нохчийн маттахь ю.

Сибрехахь хан текхна ваьлла Мамакаев Iаьрби Соьлжа-ГIала цIа веана 1957 шарахь. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча махках ваьккхинчуьра цIа веана Мамакаев Эдуард а. Амма  кIантана дех марзо эца йиллина хан Iаламат кIезга хилла. Дай, кIантий цхьаьнакхетта ши бутт а балале цIаьххьана  кхелхина Мамакаев Iаьрби. Лагершкахь лайна хало, текхна Iазап хир дара шовзткъа шо кхаьчначу, гIеметта хIоьттинчу, ша Даймахка цIаверзарх воккхавеш лелачу поэтан дог цхьаьххьана сацийнарг. Бакъду, ша иштта хьалхе дуьненах вер вуйла хууш санна, кIантана стихашкахь весет дита-м кхиана Мамакаев Iаьрби: 

Варий, кIант, нахаца
Тешам берг товш ву.
Хьоме мохк безалахь,
Нанна бер санна,
Стаг волчо вон-дика
Цхьабосса ловш ду,
Ахь гIиллакх ларделахь,
Вайн дайша санна.

Вайнехан хьал-де ахь
Хийра гIуллакх ларахь,
Хьо къонах воцийла
Хаалда хьуна.
Вуьззина нохчийн кIант
Сайн воI ву алахь,
Ирсан да со хеташ,
Там хир бу суна.

Мамакаев Эдуард Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институте деша  вахана. Цо 1963 шарахь чекхъяккхина историко-филологически факультетан оьрсийн мотт, литературий, нохчийн мотт, литературий хьоьхуш йолу отделени. Мамакаев Мохьмадана леринчу «Диканца йоккхийла хьан цIе» бохачу шен статья тIехь Эдуарда яздо: «1963 шарахь, институт чекхъяьккхина ваьлча, со, кхиболу къона говзанчаш санна, Iедало билгалйинчу метте балха ваха декхарийлахь вара. ХIетта кхоллалуш яра вайн республикехь телевидени а. Тхо масех стаг (Насрдинов Ваха, Юсупов Султан, Багданов Виктор, Кусаев Iадиз) телевиденехь болх бан хьовсош вара. Со реза ца хилира, суна юьртахь школехь болх бан лаьара. Суна гергахь, хIетахь сан коьрта декхар. Сайн патриотически дог-ойланца а догIуш, хIинцца денлуш йоллучу (юхакхоллалуш йолчу) республикан уггаре оьшшучу гIаролле дIахIоттар дара.

– Хьо мелла а кхоллараллин амал йолуш а ву, – элира соьга Мохьмада. – Ахь журналистийн курс а яьккхина, цул совнаха, суна а, Iандарбекана а, Бисолтина а хьо я радиокомитетехь, я телестудехь сецча, бакъахь хета. 

Ас, сайна хетачу кепехь, со юьртахь ваха лааран бахьана дийцира. 

– Со Iаламат воккхаве, Эдик, иштта йолчу хьан ойланех. Хьан дена а хетара дара иштта. 

«Сайн укIанте» цIе йолу цуьнан стих дагайогIий хьуна? 

– ЙогIу. 

 – Иза бисмал-этхьаг санна, даг чохь латто езаш ю хьуна. Иза хьоьга а, хьо санначуьнга а хIора дас дендолчух весет ду.

Доцца аьлча, со сайн декъаза сал-пал а эцна, Iаьрбин доьзална ло аьлла, квартирна елла ордер а карахь Лаха-Невре дай баьхначу керташка ваха схьавеара. Тахана а циггахь Терк а, дайн кешнаш а гIовлехь а долуш , Iаш а ву». 

 

Цу тайпана, Мамакаев Эдуард институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа  Лаха-Неврерчу юкъерчу школе хьехархочун балха вахна. 1965 шарахь Надтеречни районан комсомолан комитетан секретарь хаьржина. Цул тIаьхьа районан газетан редакцехь жоьпаллин секретаран а, республикански «Ленинан некъ» газетан корреспондентан а белхаш бина. 1980 шарахь дуьйна Надтеречни районан партийни а, советски а органашкахь иттех шарахь болх бина. Iаламат доккха гIуллакх дина цо шен ден цIарах литературно-мемориальни музей вовшахтухуш. Цо дуккха а шерашкахь къахьоьгуш гулйина Мамакаев Iаьрбин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна Iаламат мехала  материалаш. Оцу музейн директор хIоттийна иза 1990 шарахь. Мамакаевт Iаьрбин пхиъ книга араяьлла Эдуарда зорбане кечйина.

 

Мамакаев Эдуард 2003 шарахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхо а, правленин председателан хьалхара заместитель а хаьржина. Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин председатель хаьржина.

Поэтан стихаш зорбане йовла юьйлаелла студент волчу хенахь, 1950-гIа шераш чекхдовлачу – 1960-гIа шераш дуьйлаучу муьрехь. Газеташ тIехь, альманахан агIонаш тIехь зорбатухуш, радиохь, телевиденехь йоьшуш гучуевлла цуьнан хьалхара стихаш. Цуьнан дуьххьара араевллачу стихотворенех ю «Керла шо». Еа строфах лаьтташ ю стихотворени.

Хьалхара кхо строфа: 

Маса лела,
Сахьта цамза.
Буьйса, юккъе кхача хьо!
Баьрче ваккха
КетIа хьийза
Веза хьаша – Керла шо!

Маршалла ду
ГIура-Даде
Массо берера даггара!
Баркалла ду,
Кху тхан хазне
Ёлка ярна геннара!

Пана махкахь
Кхиъна Ёлка
Дашо духар доьхна ю.
Вайн аьзнаш а
Ирсе дека,
Вайх дIо седа хьоьгуш бу.

 

Стихотворенин дIахIоттамца, стих цхьана могIанехь чекх ца йолуш, вукха могIане яларца, интонацица, берашна язйина хиларца билгалйовлу кхузахь волалуш волчу поэтан тIаьхьа гучудаьндолчу кхоллараллин хотIан цхьайолу агIонаш.

Мамакаев Эдуардан дуьххьарлера книга –  «ЧIамарниг» цIе йолу берашна леринчу стихин гулар – араяьлла 1971 шарахь. Цунна тIаьххье  зорбане яьлла берашна язйина «Седарчий лийр дац» стихийн шолгIа гулар а (1971). Царал совнаха оцу муьрехь  цо яздина дийцарш, очеркаш, кегий пьесаш, телесценареш. Уьш юьхьанца муьран зорбанехь арайийлина, цул тIаьхьа книгаш тIехь арахецна. Поэтан стихотворенеш зорбатоьхна нохчийн поэзин масех антологи тIехь а.

Иттех книгин автор ву Мамакаев Эдуард. Царах ю лакхахь цIе яьккхинчарал совнаха: «Берашший, малххий» (1979), «Гуьйренан догIа» (1987), «Бераш-кераш схьагулло» (2009),  «Даймохк-нана» (2012), оьрсийн маттахь «Солнце − птица, не спеши садиться (1982), «Мама золотая» (2009). 

Царалахь шатайпана хIоттийна книга ю «Даймохк-нана». Иза 624 агIонах лаьтташ йоккха книга ю, хаьржинарш аьлла, произведенеш гулйина. Поэзин, прозин, драматургин, публицистикин произведенеш ю цу тIехь эйина зорбатоьхна.  Царах цхьайолу произведенеш нохчийн маттахь ю, важъерш оьрсийн маттахь ю. Уьш шина а маттахь ерш цхьаьна ялийна, вовшех къастийна йоцуш. Иштта цхьаьна ялийна прозин тайп-тайпанчу жанрашкахь йолу произведенеш а: статьяш, дийцарш, дагалецамаш, повесть, эссе, Мамакаев Iаьрбин мемориальни музейх лаьцна материалаш, кхидолу йозанаш а.

«Даймохк-нана» книга хIоттаяр мухха ларахь а, цу тIехь зорбатоьхначу произведенеша таро хуьлуьйту авторан ерриг кхоллараллех юкъара кхетам хила. 

Мамакаев Эдуардан уггар евзачарах ю  «Даймохк-нана» цIе йолу стихотворени. Композитора мукъам баьккхина, эшаре а ерзийчхьана, Нохчийчохь хаддаза хезаш ю и: 

 

Нана санна, Даймохк беза,
Аьлла дита хIоттац со:
Дегабаам барна кхоьру,
Цунна ша ца хетча сов.

Даймохк!
Нана!
Стенца лара
КIанта шуьга безам шен?
Цхьа а терза
Дац и оза,
Хоьур бац и даг чу бен.
                              Даг чу бен.

Даймохк санна, нана еза,
‒ Аьлла дита хIоттац со:
Дегабаам барна кхоьру,
Нанас, ша ца хетча сов.

Мокхаз-бердах тулгIе санна,
Берах ваьржаш, геннара,
Маржа, Даймохк, ненах санна,
Хьан мара хьарча даггара!

Стагана уггар хьоме ерг нана ю, нене болу сийлахь безам бу. Иштта хьоме бу стагана ша вина, кхиана, шен дайша хазбина, ларбина, хIинца Iалашбар шена тIехь долу мохк – Даймохк. Нана, Даймохк – адаман дахарехь царал деза, царал лакхара,  цаьрца цхаьна дало, цаьрца дуста кхин хIума дан а дуй техьа?  Цу шиннах лакхара, деза муьлхарг ду бохург, адаман синхаамашкахь хила дезаш а дуй техьа? Иштта ойла йойтуш  ю поэтан «Даймохк-нана» стихотворени.

Мамакаев Эдуардан лирикехь Терк, Теркйист, Теркан тогIе, вина юрт берриге Даймехкан символаш санна ю. Поэтан ойланехь хилла ца Iаш,  цуьнан синхаамашкахь ю уьш, цуьнан синхьегам кхуллу цара. Лирически турпалхочун ойла екхаялар, самалхадалар, дог айадалар цаьрца ду.

Дахарехь кхехкачу
ГIалара волий,
СадаIа воьду со
Со винчу юьрта.
Геннара и гушшехь,
Самукъадолий,
ДIакхача сихлой, ас
ГIулч йоккху шортта.

ХIинццалца ца хилла
Аз хуьлу дагца,
Дош хьоьстуш, мотт керча,
БIаьрг хьежарх Iабац.
Дукха ю Даймахкахь
Хазна дог эца, ‒
Делахь а дог къондан
И саннарг кхин яц.

Ваьлла со лелачохь
Амал сайн кхачийча,
Яхь хила езачохь
Вухург со хилча,
Дош эшна къовсамехь
Тола сан дезча,
Вина юрт ницкъ бала
Ю суна кийчча.

Терках дIакъаьстинчу
Татолах терра,
ГIорасиз хета со
Хервелла лелаш.
Кест-кеста воьду со
Тхан Лаха-Невре,
Терках а, кертах а
Дагавала дезаш.

«Винчу юьрта» цIе йолу и стихотворени лирически турпалхочун монологах лаьтташ ю. Дактилан барамехь язйина а йолуш, паргIат дечу къамелан кепехь дIайолалуш ю и. Хьалхарчу строфахь дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а шайца цхьа тайпа чолхе йоцуш, поэтически хала карчамаш боцуш, къамелан ритм кхуллуш ду. ШолгIа а, цунна тIаьхьа йогIу а  строфаш  лирически  турпалхочун дог-ойла, цуьнан лаамаш, синхаамаш гойтуш ю. ХIор строфахь билггал болу синхьегам гучуболу. Кхузахь а бац чолхе исбаьхьаллин гIирсаш. Бакъду цхьа исбаьхьа дустар ду, даьржина дустар: «Терках дIакъаьстинчу Татолах терра, ГIорасиз хета со Хервелла лелаш». Иза говза далийна дустар ду, стихотворенин чуламца а, маьIница а догIуш, лирически турпалхочун ойланашца догIуш, цуьнан синхьегам гучубоккхуш. 

«Винчу юьрта» стихотворени поэтан дикачарах ю.

Мамакаев Эдуардан стихашкахь цхьа цIаьххьана карайо говза метафораш, эпитеташ, исбаьхьа кхоьллина сурт, васт. 

«Заманах ойланаш» стихотворени тIехь: 

 

Муха ткъа Iалур ду
Дог, йиш ца лекхча,
ХIора а хьозанца
ТIам бетташ хилча.
ХIун бехк бу сан деган,
БIаьстенан зевнехь
НIаьвланца яхь къуьйсуш
И декаш хилча?

«КогашIуьйра гуьйре»:

Берзинчу когашна
КIархаш а тудий,
Шовданехь юьхь йила
ДIайоьду Iуьйре…
Ницкъ болуш велар со
И сацо, маржа,
И санна экаме
Дегнашчу варжа.

«Хьо гуш ца хилча…»:

БIаьстено хьаьстинчу
Сийначу бай тIехь,
Зезаго заздоккху,
Малх хьаьжча арахь.

Муьлххачу яздархочун произведенеш шайн исбаьхьаллин башхаллашца цхьабоса йоцуш, тайп-тайпана мехалла йолуш хуьлу. Царна юккъехь къаьсттина диканаш нисло. Ишттачарах ю аьлла хета Мамакаев Эдуардан «ГIарагIулеш» стихотворени: 

ГIар-
     гIулийн
             гIийла
                    гIовгIа

Куро
     гIергIа
           къилбан
                  новкъа…

‒ Маршалла Теркйисте, ‒
Цхьаммо соьга тIам шен ластий. ‒
Тхо дIайоьлху
                   кхечу
                           бIаьсте.

 

Керла бIаьсте…
Хьенан даге
ЙогIуш хуьлу керла бIаьсте?!
Шуьга шарахь
                    шозза
                              ярах,
Суна-м цхьаъ ю,
                     мел со вахарх.

ТIаьхьахIотта тIемаш дац сан,
БIаьсте лаха меттиг бац сан,
Амма аш дIаяхна бIаьсте
Карлаяхарх,
                   дог ца хьостий.

Со-х, шу новкъаяха лиъна,
Веъна регIа, аш садиъна.
ГIаргIулеш, гIар-гIулеш,
Сан са дитий,
ГIойша шаьш…

ГIаргIулеш гуьйранна, моггIара  жатташ а йина, гIоргIачу эшаршца меллаша дIайоьлхуш, царна тIаьхьа стигала хьаьла хьоьжуш лаьтта вай, гIеххьа сингаттамечу ойланца уьш тергалъеш. Синхаамийн и хIоттам бу поэтан исбаьхьалле берзийнарг. Куьцара стихашца йолайо автора стихотворени. Стигалхула дIайоьлхачу гIаргIулийн могIанех таръеш дIаязйина хьалхара ши стих:

ГIар-
    гIулийн
            гIийла
                    гIовгIа

Куро
      гIергIа
             къилбан
                    новкъа…

Царна тIаьхьа йогIачу цхьаццайолчу стихийн чаккхенаш а нисйина оцу кепехь Стихашкара аллитераци а шен маьIна долуш ю, гIаргIулийн эшарех тарлуш ека стихаш. МаьIна долу дешнаш рифма кхуллуш а ду, юхааларшкахь далош а ду. Цхьатерчу форманашкахь долу хандешнаш юх-юххехь далийна. Поэтана исбаьхьаллин форма карийна шен лирически турпалхочун синхьегам гучубаккха. 

Мамакаев Эдуардан стихотворенеш юккъехь нисло нохчийн барта эшарех таръеш язйина стихаш а. Масала, «Дагахьбаллам биси суна»

Кху Iуьйренех дог ца леташ,
Кху суьйренех дог ца леташ,
Хьо воцчуьнга дог ца лаьтташ,
Ас йиъна хан эрна хили.

    …………………………

Ас Iуьйрене тийсина са,
Ас суьйрене тийсина са.
Хьоьга туьйсаш гIелдина са
ХIун дина ас тедан деза…

«Ненера Хьулиматера» аьлла, ялийна автора шен книги тIехь и стихотворени-йиш. Поэтан кхоллараллехь драматургически произведени а ю. Мамакаев Iаьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин бух тIехь цо язйина деа декъах, исс суьртах лаьтташ йолу «АслагIий, Селехьаттий» драма. Шен ден произведенин чулацам а, текст а ларйина автора поэма  драме ерзош. 

Мамакаев Эдуардан кхолларалла коьрта долчу декъана берашна лерина ю. Цуьнан книгин цIершца гуш ду иза: «ЧIамарниг» «Седарчий лийр дац» «Берашший, малххий» «Бераш-кераш схьагулло» «Солнце − птица, не спеши садиться», «Мама золотая». «Гуьйренан догIа», «Даймохк-нана» гуларшкахь а дукхахйолу произведенеш берашна лерина ю.

Поэтан берашна лерина произведенеш а тайп-тайпанчу жанрашкахь ю: стихотворенеш, поэмаш, эшарш, баснеш, дийцарш, хIетал-металш.     Мамакаев Эдуарда берашна язйинчу стихашкахь серло ю, малх бу, бIаьсте ю, полларчий лела, олхазарш дека. Церан цIерш а ю: «Малх боьлу», «БIаьсте ю ловзуш», «Бераш-кераш схьагулло», «БIаьсте йогIу», «Баппа», «Хьоза», «Шура мерза хIунда ю», «ЧIамарниг». Оцу стихашкахь берийн дуьне ду, берийн ловзарш ду, ненан куьйгийн йовхо ю. 

Яздархочун проза нохчийн а, оьрсийн а маттахь ю: дийцар «БиъбIаьрг», повесть «Если бы не то утро», очерк «Варий, ледара ма хилалаш», дагалецамаш: «Диканца йоккхийла хьан цIе ( Мамакаев Мохьмад вина 100 шо кхачарна»), «В бегах», эссе «Из кладовой памяти», статьяш: «О жизни и литературном творчестве Арби Мамакаев», «Здесь Арби и сегодня ждет гостей», «Чечнская литература вчера и сегодня», «А если взглянуть по-новому…», кхиерш а. Нохчийн литературех, культурех лаьцна йолу цуьнан статьяш кес-кеста арайовлу муьран зорбанехь.

Яздархочун белхан лаккхара мах хадийна. Цунна сийлахь цIерш техкина: «Нохчийчоьнан культурин хьакъ волу белхахо», «Россин культурин хьакъ волу белхахо». Мидалш елла: «Культурехь кхиамаш бахарна» мидал,  А. Сахаровн цIарх фондан мидал, «Кавказехь машар а, барт а хилийтарехьа» мидал, «Роснефть» компанин юбилейни дашо мидал. Сийлаллин Грамоташца а Дипломашца а совгIаташ дина: Яздархойн Союзийн Дуьненаюкъарчу юкъараллин Сийлахь Диплом делла, Нохчийн Республикин Президентан, Правительствон, Парламентан Сийлаллин Грамоташ елла. 

Мамакаев Эдуард карарчу хенахь Нохчийн Республикин яздархойн Союзан правленин председателан заместитель а волуш, литературни процессехь жигара дакъалоцуш а ву.

 

ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА ПОЭТАН КНИГАШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

ЧIамарниг. Берашна. Грозный, 1971. Седарчий лийр дац. Грозный, 1971. Берашший, малххий. Стихаш. Грозный, 1979. Гуьйренан догIа. Стихаш. Грозный, 1987. Бераш-кераш схьагулло. Грозный, 2009. Даймохк-нана. Грозный, 2012. Малххий, берашший. Грозный, 2014.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Солнце − птица, не спеши садиться. Стихи для детей. Грозный, 1982. Мама золотая. Грозный, 2009.

Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4233 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2403 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2572 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3477 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5709 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1692 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2259 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3071 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1491 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1398 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1575 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5609 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3572 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:851 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:829 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:627 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4810 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2021 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1235 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3046 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2371 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5945 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6289 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2135 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1985 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2954 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2720 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5431 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11727 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2484 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1791 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5357 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3681 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2932 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1321 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4624 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2170 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8359 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »