• VTEM Image Show

Айсханов Шамсуддин
Арсанукаев Iабдулла

АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938)

Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира оцу произведенин. Дуьххьарлерчу кхиамо дог айъира къоначу яздархочун. КхидIа цо тIевирззина болх бо литературехь. КIеззигчу хенахь (Айсханов Шамсуддинан литературехь кхоллараллин мур 7-8 шо бен ца хилла) цо язйина 30-чу шерашкахьлерчу къоман литературехь тоьллачарах йолу поэзин а, прозин а, драматургин а произведенеш. Зорбанехь арайийлина цуьнан пьесаш, поэзин сборникаш, дийцарийн, очеркийн книгаш. Театран сцени тIехь хIиттийна цуьнан драматургин произведенеш.

Айсханов Шамсуддин Катаевич вина 1907 шарахь Теркайистерачу Лаха-Неврехь. Цуьнан да-нана ахархой хилла. Яздархочун да Ката даима дахарехь керлачунна тIегIерташ хилла.  ХХ бIешо долалучу хенахь Лаха-Неврехь халкъан серлончас, хьехархочо Хакишев Солтас школа йиллича, цига хехо вахара Ката. Халкъа юкъа серло яржоран Iалашо яра Хакишев Солтин. Дешарехула, Iилманехула лорура Хакишев Солтас нохчийн къам серлонга кхачон долу некъ. «Оцу тайпана школашкахула Хакишевс шен хенахь шуьйра яржош хилла вайн халкъана юкъахь прогрессивни дог-ойла», – яздина  Сулаев Мохьмада  шен «Октябро кхоьллинарг» цIе йолчу  книги тIехь.
Шамсуддин деша ваххал хилча, шен дас иза дIавелира Хакишев Солта волчу школе. Дешаре боккха безам болуш кхиавора Катас шен кIант. Дешарна тIера а вара жима Шамсуддин, цо хазахеташ Iамадора йоза-дешар, резахиларца тIеоьцура шена хьоьхург.

КIант андаваьлча, цуьнан кхидIа а деша аьтто хилийтархьама, доьзалца Соьлжа-ГIала кхелхина вахна Ката. Кхузахь «Красная турбина» цIе йолчу керлачу предприяте балха а хIоьттина иза.
Йоза-дешар халкъа юкъа даржоран некъ юьхьарлецира ша хьалакхиъча Шамсуддис. 1925 шарахь дуьйна цхьана муьрехь комсомолехь болх бира цо. Кегийрхошна юкъахь масех шарахь болх баро гIо дира хинволчу яздархочунна шен нийсархойн дог-ойла кIорггера йовза а, керла дахар дIахIотторехь цара кхочушден гIуллакхаш ган а. Иза чIогIа пайдехьа хилира цунна. Советски партийни школе деша хьажийна Шамсуддин, иза кхиамца чекхъяьккхина цо.

Айсханов Шамсуддис шен литературни кхолларалла йолаялар 1931 шарера дуьйна схьа лорура. Иза яздан-м дикка хьалха волавелла, делахь а яздархочо хIетахьлера хан, схьахетарехь, яздан Iамаран, кечамбаран мур лоруш хилла. 1931 шарахь «КIайн котам» цIе йолу дийцар яздира Айсхановс. Автора иза дийшира Ростовехь дIаяьхьначу Къилбаседа Кавказан къаьмнийн искусствон олимпиадехь. Iаламат дика тIеийцира цигахь къоначу яздархочун произведени. Кхиамо дог айдира Айсхановн, хIинца мелла а шех бIобулуш язйо цо исбаьхьаллин произведенеш. Оцу шарахь язйина ю «Хьава» цIе йолу поэма а.

1931 шеран октябрь баттахь поэта язйира «Зуда-ламанхо» цIе йолу стихотворении. Иза юьхьанца газетан агIонаш тIехь араелира, 1934 шарахь поэтан хаьржинчу стихотворенийн сборник тIе а туьйхира. Цул тIаьхьа автора мелла а болх бина оцу произведенин чулацам тIехь, цуьнан социальни маьIна кIаргдеш а, исбаьхьаллин форма кхин а шаръеш а. Тойинчул тIаьхьа «Хьава» боху керла цIе а тиллина, поэма аьлла, жанр билгал а яьккхина, цунна зорбатоьхна «Бригадхо веза» цIе йолчу керлачу сборник тIехь. Поэма шен барамехь йоккха яц, амма шуьйра чулацам болуш ю. Коьртачу турпалхочуьнга Хьавага дечу къамелан формехь язйина ю поэма. Нохчийн зудчуьнга керлачу дахарехь дакъалацаре, дешарна, юкъараллин гIуллакхашна тIеерзаре кхойкху поэт. Кхайкхаман формехь ю поэма, делахь  а тIедерзарах а, айдарех а пайдаэцаро дика вевзачу стаге дечу къамелан интонаци хуьлуьйту цуьнан. Шера стих а, цхьабосса ритм а ю поэмин, чолхе йоцуш, кхета аттачу маттаца язйина а ю иза. Поэта далийна цхьацца долу дустарш, эпитеташ, тIедерзарш нохчийн барта кхоллараллех пайдаэцар билгалдоккхуш ду.

1933 шарахь, совпартшкола чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Айсхановс Машино-тракторнин станцин политотделан газетан редакцехь болх бо. Iаламат хала а, жоьпаллин а болх бара иза. Амма яздархочунна чIогIа пайдехьа хилира газетехь  болх бар. Адамийн ойланех, лаамех кхиа аьтто хуьлуьйтура журналистан балхо. Яздаран корматалла лакхаяларехь  а пайдехьа хилира газетехь бина болх.
1933 шарахь масех произведени арахийцира Айсхановс,. Царна юкъахь яра «Вай доьшур ду» боху 8 суьртах лаьтташ йолу пьеса, «Мало-хало» цIе йолу дийцар, «ХIайттархойн бригада» аьлла очерк. Зорбанера араделира хьалха яздина долу «КIайн котам» боху дийцар. Керла бахам кхуллуш долчу халкъан дахарехь хуьлуш болу хийцамаш гойту автора оцу произведенешкахь. 

 «ХIайттархойн бригада» цIе йолчу очерка тIехь дуьйцу ахархоша, йохье а буьйлуш, шайн белхан планаш хенал хьалха кхочушъяр.Дукхахболчу юьртахоша хьаналчу къинхьегамца дебабо юьртбахам. Очерк тIехь гойту божаршна а, зударшна а цхьатерра бертахь аренашкахь каде белхаш бар. Белабелла, бекхабелла бу уьш, самукъне бу церан беркате къинхьегам. Болх говза вовшахтоха хууш болу куьйгалхой кхиина ярташкахь. Царах ву хьуьнаре бригадир Абубакаров Абуса. Йохье яьллачу Абусин бригадо ЦIен байракх яьккхина. Шайн аренашкара белхаш дIа а берзабой, лулахошна гIо дан йоьду хIайттархойн бригада. ХIинццалц ца хиллачу юкъарчу белхан форманаша самадаьккхина хьуьнар. Керлачу дахарца цхьаьна кхуьуш ду керла адамаш, боху яздархочо шен произведеница.

Хазачу маттаца язйина очерк. Алссам ду цу тIехь  исбаьхьаллин дустарш. Кхета атта а, йоьшуш самукъане а ю иза. КIезиг бен йоцчу диалогехь а билгалйовлу турпалхойн амалш. Жимчу барамехь йолчу оцу произведени тIехь Айсхановга хIоттаделла  30-чу шерашкахьлерчу юьртан дахаран къеггина долу сурт, гайтаделла хьуьнаречу адамийн гIуллакхаш а, ойланаш а.
«Мало-хало» цIе йолчу забаре дийцар тIехь яздархочо хIоттийна декъазчу цхьалхахочун васт. Малонча Шаба, кхиболчу юьртахоша сана, болх бан лууш вац. Къинхьегамах уьдуш ву иза, цундела цуьнан нехачарах тера ков-керт а, хIусам а яц. Тайп-тайпана декъаза гIуллакхаш Iиттало Шабех, цуьнан мало бахьана долуш. Наха беламе воккху иза. Стеган сий а, ирс а цуьнан хьаналчу къинхьегамах дозуш хилар билгалдоккхуш ду дийцаран  маьIна.

Москвахь 1934 шарахь гулъелира Ерригсоюзни яздархойн хьалхара съезд. Советски къаьмнийн литератураш кхиаран гIуллакхаш дара съездехь дуьйцурш. Оцу съездехь дакъалоцуш хилла нохчийн, гIалгIайн яздархойх пхиъ векал, царна юкъахь Айсханов Шамсуддин а. Нохч-ГIалгIайн литературах лаьцна къамел дина Айсхановс съездехь. Шен къамелехь цо билгалдаьккхина вайнехан культура а, литература а кхио яккхий таронаш  хилар а, яздархой къоман  литература  кхолларехьа къийсам латтош хилар а.

Поэтан хаьржинчу стихотворенийн керла сборник араяьлла 1934-чу шарахь. «Колхозхошна керла иллеш» цIе йолчу оцу книги юкъа яхнера поэтан тоьллачарах йолу стихотворенеш. Шуьйра тематика а, шен заманца богIуш  чулацам а бу цу тIерачу произведенийн. Оцу сборникан хьалхарчу агIона тIехь йолчу «Вицлур вац Асланбек» цIе йолчу стихотворени тIехь нуьцкъалчу дешнашца хIоттийна халкъан тешамечу кIентан Шерипов Асланбекан васт. Керлачу дахарехьа къийсам латточу къехойн тхьамда хилла хьалхаваьллачу Асланбека шен къона дахар дIаделла мостагIех лиэташ. Иза халкъо шен къоман турпалхо лору, цундела боху поэта: «Вицлур вац Асланбек». Стихотворени шен чулацамца йогIуш йоллу ондда интонаци а йолуш, хIор могIанан а къеггина маьIна а долуш, цIеначу нохчийн маттаца язйина ю.

«Колхозхошна керла иллеш» цIе йолу сборник тайп-тайпана теманаш йолчу произведенех лаьтташ яра. «Хьалхара май» бохучу стихотворени тIехь поэта даггара декъал дора «хьацархойн барт цхьаъ беш» долу Хьалхара май. «Дешар», «Кечам», «Пионераш-кхетамхой», «Зуда-ламанхо» цIерш йолчу стихотворенешкахь йоза-дешар халкъа юкъа даржорехьа, зуда-ламанхочун сий айарехьа къийсам латто беза боху поэта. «МостагIна», «ХIоранна шен-шенна» бохучу стихотворенеша ярташкахь юкъара бахамаш кхуллуш болу керла нах гойту, уьш йоккхачу хIайттараллица керла дахарехьа къахьоьгуш бу. «Колхозхошна керла иллеш» цIе йолу сборник шен идейни маьIница керлачу ойланца волу  стаг кхиорехьа хьажийна яра.

Айсхановн поэтически кхоллараллехь алссам ала мегар долуш ю Нохчийчоьнан Iаламан исбаьхьа сурташ кхоьллина йолу стихотворенеш. Царна тIехь бовхачу безамца гайтина даймехкан аьхна Iалам. Поэтан дагна хьоме ду даймехкан хиш, сийна аренаш, регIан басеш, «бухь лекха лаьмнаш». Цуьнан произведеншкахь юх-юха а керлачу басаршца лепа исбаьхьачу Iаламан сурташ. БIаьрг хьоьстучу аренан басаршца кхелина ю Айсхановн «БIаьсте» цIе йолу стихотворени: «Бос сийна ез-дарий шен дегIа духуш, / Баьццара хаза кузаш шен цIенкъа туьйсуш, / ЦIен-можа зезагца куз къорза кхолуш, / БIаьсте схьа ма кхечи, шен беснеш лепош». Айсхановн бIасIьсте, адам санна, «шен баснеш лепош» ю. Iалам адамийн дахарх дIакъастийна ца гойту поэта, адамийн дахар а, Iалам а вовшех къасталур доцуш цхьаьна хилар чIагIдо цо шен произведенешкахь. Автора шен стихашкахь кхоьллина долу Iаламан сурташ дукха хьолахь лирически турпалхочун ойла билгалйоккхуш хуьлу. Хазачу Iаламо сапаргIат доккху, дог ойбу, сирла ойла йойту. Шен беркатечу даймахках дозалла до лирически турпалхочо, иза кхин а хазба а, Iалашба а ойла лаьтта цуьнан. Иштта ойланаш йойту Айсхановн «БIаьсте», «Алкханчаш», «Iа», «БIаьстенан малх», «Орга», «БIаьстенан хьеший» цIераш йолчу стихотворенеша.

Поэтан Iаламан хьокъехь йолчу лирикин башхаллаш мелла а билгалйовлу «Орга» цIе йолчу стихотвореница. Айсхановс иза язйина 1932-чу шарахь. Йоккха стихотворени ю «Орга», кхойтта строфах лаьтташ ю иза, хIор строфахь йиъ стих а йолуш. Органан аьрхалла, цуьнан ницкъ, иза буьрса хилар гайтина поэта. Иза кхочушдина хIуманан лакхара барам гучубоккхуш долу дешнаш далорца, нуьцкъала эпитеташ а, метафораш а ялорца («Баш лекхчу ламанех буьрса схьадуьйлуш», «Сов лекха ламанаш», «чал дера Орга»). Стихотворени интонаци а, ритм а цхьа ондалла, буьрсалла гучуйоккхуш ю. Хьалхара кхо стих вовшех рифмашца йоьзна, уьш тIаьххьарчу стихан маьIна кIаргдеш йолуш санна хетало. Иштта дIахIоттам болуш ю кхийолу строфаш а. Царах хIоранна тIехь Органан керла башхаллаш гучуйоху автора, цуьнан хазалла, исбаьхьалла юьйцу. Органна юх-юха а керла эпитеташ ло: «сов чехка Орга», «бос сийна Оргна», «сов тайна Орга», «гIад буто Орга», «хIай каде Орга», «комаьрша Орга» и. дI. кх. Iаламан хазалла гайтина ца Iа поэт шен стихотворени тIехь, Iаламах адамо пайдаоьцуш хилар а гойту цо. Комаьршачу Iаламах пайдаоьцуш кхуллу халкъо шен бахам, хьалха эрна лаьттина болу Iаламан ницкъаш хIинца халкъо шена пайдехьа берзабо, бахаман хьашташ кхочушдарехьа хьажабо. Орга-хинан исбаьхьалла йийцинчул тIаьхьа, автора гойту цунах халкъо шен керлачу дахарехь боккха пайдаоьцуш хилар. Адамийн дахар къасталур доцуш Iаламах дозаделла ду, беркате Iалам Iалашдан деза, цунах говза, иза лар а деш, пайдаэца беза — иштта маьIна ду «Орга» стихотворенин.

Айсханов Шамсуддих «шен заманан векал» аьлла Сулаев Мохьмада. Нийса а ду иза. Шен заманахь халкъана хьалха лаьтташ долу чолхе а, хала а декхарш гайтарехь а, уьш кхочушдарехь а дакъалаьцна яздархочо. Айсханов Шамсуддис яздархочун болх юкъараллин  балхаца цхьаьна дIакхоьхьура. Цундела Айсхановна дика девзара халкъана хьалха лаьтташ долу декхарш, уьш кхочушдаре хьажийна яра цуьнан произведенеш. Иза къеггина билгалдолу муьлха а цуьнан прозин а, поэзин а , драматургин а произведени ешча. Цхьана муьрехь Нохч-ГIалгIайн яздархойн союзан куьйгалхо лаьттина Айсханов. Доккха гIуллакх дина цо вайнехан литературин кхоллараллин ницкъаш вовшахтухуш, заманан лехамаш кхочушбарна уьш тIеберзош. ТIекхуьуш болчу къоначу яздархойн леррина терго а еш, царна даима а гIо дина Айсхановс.

Нохчийн, гIалгIайн поэтийн произведенийн сборник дуьххьара оьрсийн маттахь Москвахь араялар а Айсханов Шамсуддинан цIарца дозаделла дара. Иштта, 1935 шарахь Москвахь оьрсийн маттахь зорбатуьйхира Айсхановс хIоттийначу «Поэты Чечено-Ингушетии» цIе йолчу поэтически сборникана. Нохч-ГIалгIайчоьнан ворхI поэтан произведенеш яра оцу сборника тIехь, царах хIор поэтан биографих а, кхоллараллин а хаамаш бара. Айсхановс язйина «Толам», «Хьамид», «БIаьстенан хьеший», «БIаьсте» цIерш йолу стихотворенеш а, «Хьава» цIе йолу поэма а яра цу тIехь зорбатоьхна.

Цул тIаьхьа ши шо даьлча Пятигорскехь оьрсийн маттахь араяьллачу «Поэты советской Чечено-Ингушетии» цIе йолчу сборника юкъахь зорбатоьхна а яра цуьнан произведенеш. Оьрсийн классикийн произведенеш гочъеш, уьш вайнахана йовзийтаран гIуллакх кхочуш а дина Айсхановс.
Яздархочо даим а терго йина  нохчийн школашкахь дешаран хьелаш тодаран. 1935 шарахь зорбатоьхна цо хIоттийна «Дешаран книга». Иза а, цо хIиттийна кхийолу дешаран книжкаш а дуккха а шерашкахь лелийна  юьхьанцарчу школехь. Берашна стихаш  леррина язъеш хилла поэта.
Сталина адамехь Iазап латточу хенахь къизачу кхолламо хеназа хадийна яздархочун кхоллараллин а, дахаран а некъ. Айсханов Шамсуддин Нохч-ГIалгIайн Республикин радиокомитетан председатель волчуьра лаьцна чувоьллина 1937 шеран 31 октябрехь,цул тIаьхьа кхин ара ца валийтина. Банний а бехк боцуш 1938 шеран 11 мартехь Iуьйранна 5 сахьт долучу хенахь тоьпаш тоьхна яздархочунна.
Тахана а шайх пайдаьоцуш ю  яздархочун произведенеш. 1964 шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос арахецна стихаш, поэма, очеркаш, дийцарш тIехь а долуш, Айсхановн хаьржинчу произведенийн книга.

Айсханов Шамсуддинан коьрта произведенеш

Нохчийн маттахь
Къийсам. Пьеса. Соьлжа-ГIала, 1932. Колхозник курортехь. Дийцар // Советан Нохчийчоь. 1932. № 1. ХIайттархойн бригада. Очерк. // Итт бIаьсте, 1933. Шабин бухахьабаьлла некъ. Дийцар // Итт бIаьсте. 1933. Мало – хало. Соьлжа-ГIала, 1933. Вай доьшур ду. Пьеса. Соьлжа-ГIала, 1933. Колхозникашна керла эшарш. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1934. Советски яздархойн ерригсоюзан I съездехь дина къамел // Рост. 1934. № 1. А. 86-91. Керлачу юьртахь — керла нах. Дийцар // Кхиам. 1934. № 1. КIайн котам. Дийцар. Грозный, 1934. Бригадхо веза. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1936. Безаман кехат // Орга», 1960, № 3. С. 55. Хаьржинарш. Грозный, 1964.
Оьрсийн маттахь
«Победа», «Хава», «Хамид», «Весна», «Гости весны». Стихи. В сб.: Поэты Чечено-Ингушетии. М., ГИХЛ, 1935. Хава. (Отрывок из поэмы) // Грозненский рабочий. 1935. 12 июнь. «Зима». Стихотворение // Поэты советской Чечено-Ингушетии. Пятигорск, 1937.
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:854 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4843 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5965 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6341 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2731 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2503 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5369 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4629 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8383 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »