• VTEM Image Show

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям

 

 

Арсанукаев lабдулла

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000)

Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов Iабдурахьмана а, Мамакаев Мохьмада а. Чентиева Марьямца цхьаьна доьшуш хилла яздархочун Исаева Марьяман йоI Зоя, хIинц-хIинцалц респуликин медицински училищехь директор болх бина йолу. Цо дийцина, оцу хенахь иттех шо долу Марьям, дика доьшуш а йолуш, массаьрца а ийна, самукъане, хаза йоI яра, бохуш.

1930-чу шерашкахь Москвахь Центарльни научно-исследовательски педагогически институтан аспирантурехь дешна Чентиева Марьяма. Цигахь цхьаьна доьшуш вовшийн девзийна Марьям а, Магомаев Хасмохьмад а («Серло» газетан редактотр а, цул тIаьхьа къоман театран директор лаьттина волу Нохчийчохь дика вевзаш хилла юкъараллин деятель). I934-чу шарахь  Марьям Магомаев Хасмохьмаде маре яхара. Москвахь Садово-Спасски  урамехь Iийна и шиъ. Цаьргахь кест-кеста вовшах кхеташ хилла Москвахь доьшуш болу нохчийн студенташ, аспиранташ, белхан гIуллакхана командировке баьхкина белхахой.

 Оцу хенах лаьцна Чентиева Марьяма хьахадора: «Сайн  цIийндеца тхойшиъ Москвахь  дехаш  долчу  хенахь, ша  столицехь командировкехь  волчу  хенахь тхоьга кест-кестта вогIура Гайрбеков Муслим. И стаг  вайн  халкъана  дика  вевзаш  вара. Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттоле  хьалха  Казахстанехь  республикан Компартин ЦК-хь инструкторан болх беш вара иза. Вайн республика меттахIоттийна, нах цIабаьхкинчул тIаьхьа республикин Министрийн Советан председатель хIоттийра М.Гайрбеков.  ЧIогIа оьзда, дика стаг, хьанал къинхьегамхо  вара иза. Х1етахь цо дуккха а г1уллакхаш дира республикан экономика меттах1отторна, нохч-г1алг1айн халкъан дахар тодарна. Цо боккха тидам тIебохуьйтура иштта  культура  кхиоран  гIуллакхашна а. Тхоьгахь  кест-кестта  хуьлура Татаев Ваха а. Иза вай цIера а дахале  хьалха  дуьйна  искусствийн гIуллакхашкахула  йолчу урхаллин  куьйгалхо вара. Дика  доттагIалла дара Мамакаев Мохьмадца а, Музаев Нурдица а, бевзаш  болчу  кхечу литераторшца а. Авторханов Iабдурахьман а вара хIетахь  ЦIечу профессурин институтехь доьшуш.  Цунна дика евзара нохчийн фольклор, истори, литература. Iабдурахьманна дукха а езара, цо лаккхара  мах а  хадабора  оьрсийн классически литературин. Иза принципальни, хьанал, оьзда, кхетам  болуш  стаг  хиларца  къаьсташ вара».

Чентиева Марьяма, аспирантурехь дешначул тIаьхьа, 1936-чу шарахь, цIа а еъна,  Соьлжа-ГIалахь меттан, литературин, историн  Iилманан-талламан институтехь Iилманан белхахочун  а, тIаьхьо мотт талларан отделан заведующин а белхаш бина. ХIетахь цо  кеч а йина, арахецна  «Оьрсийн-нохчийн словарь» (1940), язбина нохчийн маттах лаьцна кхин масех а болх.  1939 – 1943-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Республикин серлонан халкъан комиссаран даржехь лаьттина (хIинца дешаран министран дарж ду и).Республикин серлонан халкъан комиссар йолуш Чентиева Марьяма леррина терго йина республикехь дешаран хьелаш тодаран, нохчийн литература, ненан мотт кхиоран, нохчийн къомах болу говзанчаш серлонан балхан юкъаозоран. Оцу хьокъехь меттан Iилманчас, фольклориста Джамалханов Зайндис яздина: «Чентиева Марьяма гуттар а доккха гIо-накъосталла а дора, аьтто а бора республикин интеллигенцин, къаьсттина серлонан белхахойн.

Иза республикин серлонан нарком йолчу хенахь ас юкъарадешаран школан 7 класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1938 – 1939 шерашкахь, шина шарахь 6–7-чуй классашна йолу «Нохчийн меттан грамматика, 2-гIа дакъа, синтаксис» цIе йолу учебник язйира. Ас и учебник почтехула республикин наркомпросе дIаяхьийтира. Оцу хенахь 1938–1941 шерашкахь нохчийн, гIалгIайн Iилманан кадраш кечъярехь а, Iилманан белхаш зорбатохарехь а гIо дан республикин куьйгалло вехна, Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институте ваийтина вара цIеяххана Iилманча, СССР-н Iилманийн Академин СССР-н халкъийн меттанийн, йозанан Центральни институтан профессор, филологически Iилманийн доктор Яковлев Николай Феофанович. Серлонан наркома М. Д.Чентиевас Н.Ф. Яковлевга хаам бинера 7 класс чекхъяьккхинчу кIанта «Нохчийн меттан синтаксис» учебник язйина хиларх лаьцна. Профессора сихха со шена тIевалор дехна. Цо дIахьедира ша соьца цхьаьна Iилманан белхаш язбан а, цхьаьна гIуллакхаш дан а кийча хилар. Со Iилманан-талламан институте балха дIаийцира. Кхаа шарахь (1941–1943-чуй шерашкахь) Н.Ф. Яковлевца цхьаьна болх бира ас. Охашимма цхьаьна язйира «Нохчийн литературин меттан Iилманан морфологи» цIе йолу учебник а, нохчийн орфографин, пунктуацин дуккха а бакъенаш а, кхийолу учебникаш а». Иза Чентиева Марьямана баркалла аларца яздо Джамалханов Зайндис.

 Авторханов Iабдурахьман бехк боцуш цкъа а, шозза а лаьцначуьра араваьлча, Чентиева Марьям иза серлонан наркоматан аппарате балха схьаэца йоьлла, амма Iабдурахьманна ца лиина оцу балха хIотта. Ша гIелвелла а ву, шайн юьрта балха гIур вара ша, цига хьажавахьара аьлла, Iабдурахьмана. Чентиева Марьяма цо ма-деххара, Лаха-Невре школе хьехархочун балха хьажийна и, школан директор хIотта Iабдурахьман реза ца хилла. Цул тIаьхьа дукха хан ялале Авторханов Iабдурахьман, юха а НКВД шена тIаьхьа яла йоьлча, дозанал дехьа  а ваьлла, Германи дIавахна. 

Авторханов Iабдурахьманна Советски Союзера дIаваха гIо дина аьлла, бехке а йина, Чентиева Марьям 1943 шо долалучу муьрехь чуйоьллина. ВорхI баттахь Москвахь чохь яьллинчул тIаьхьа, араялийтина. Амма юха а 1944 шеран юьххьехь лаьцна, тIаккха а, бехке хиларан бух ца карийна, араялийтина.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь Чентиева Марьяма Алма-Атахь берийн бешан заведующин болх бина. Оцу халчу муьрехь а доьналла долуш, нохчийн къомах дозаделлачу хIуманан бала кхочуш, гIайгIа беш хилла иза. Алма-Атахь «Къинхьегаман байракх» газетехь болх беш хиллачу Магомаев Салавдис яздо: «Казахстанан Компартин ЦК-хь вовшахтуьйхира Москва яхийта  лерина комисси. Столицехь КПСС-н ЦК-хь дийцаре  деш дара  Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь  долу  гIуллакх. Оцу  комиссина  иштта юкъаяхийтира Чентиева Марьям а. Иза цу юкъахь  цхьаъ бен йоцу нохчийн зуда яра.  Марьям оцу хенахь  боккха сий-ларам болуш  яра...». 

Республика юха метта а хIоттийна, цIа дирзинчул тIаьхьа Чентиева Марьям Нохч-ГIалгIайн меттан, литературин, историн Iилманан-талламан институтехь лакхарчу Iилманан белхахочун даржехь йолуш  нохчийн мотт, литературий Iилманца толлуш болх бина. Цул тIаьхьа оцу институтан директоран Iилманехула йолу заместитель а лаьттина. Кхузахь цуьнан тидамехь хуьлу нохчийн мотт а, литература а кхиаран хьелаш. Кест-кеста араюьйлу нохчийн яздархойн дахарх а, кхоллараллех а лаьцна статьяш. Яздархойн керлачу произведенешна рецензеш язйо цо. Мамакаев Мохьмадан «Ша меттахбаьлла» цIе йолу дийцарийн гулар зорбанера араяьлча, Чентиева Марьяма язйина йоккха рецензи республика юха меттахIоттийнчул тIаьхьа цо язбинчу белхех хьалхарниг яра. Шен рецензи тIехь автора хьахийна «Ша меттахбаьлла» гулар тIехь зорбатоьхна цхьайттий а дийцар. Рецензента яздина: «Оцу дийцарийн коьрта турпалхой балхахь бахчийна, чIагIбелла, цуьнца цхьаьна оьзда а, хьанал а, тIаьхъаьлла а болу нах бу. И нах шайн накъостийн дуьхьа, Даймехкан декхарш кхочушдарехь муьлха а халонаш а ловш, турпалаллин хьуьнарш а гойтуш, шайн синош, догIмаш ца кхоош болу керла нах бу.

«Дуьхьарлера гудок» а, «Полярни буьйса» а, «Хи тIехь» а, «Енисей тIехь» а, и.дI.кх. а цIерш йолу дийцарш яздина советски къинхьегамхочо шен Даймехкан хьал алсамдаккхарехьа латточу турпалаллин хьуьнарийн хьокъехь. Iаламца къинхьегамхочо латточу къийсаман цхьайолу лакхарчу исбаьхьаллин меттигаша дийцаршкахь эмоциальни а, ойла гIаттош а сурт хIоттадо.

«Хазачу йоьIан тIулг» боху дийцар Малхбалехьарчу къаьмнийн фольклоран буха тIехь яздина ду. Цо дуьйцу генарчу пана махкахь долчу чуртах лаьцна. И дийцар Iаламат чIогIа исбаьхьаллица яздар цуьнан романтичность а, туьйранца маьIна хилар а, вовшийн дукха-дезаран боккха ницкъ а гойтуш ду. Дийцар яздина кIорггерчу психологически аспектехь. Мамакаевн Мохьмадна говза хиъна шен дийцаран идейни чулацам исбаьхьаллин говзаллица цхьаьнатоха.

 Автора говза, хаарца вовшахтуху исбаьхьаллин корматалла а, идейни чулацам а. Цундела цуьнан и дийцар йоккхачу башхаллица къаьсташ а ду. Цуьнан кхидолу массо а дийцарш а санна.

«ХIетахь дуьйна», «Тайгахь», и дI.кх. а дийцарш Iаламат хаза, дегайовхонца яздина ду. Царна тIехь адамна адам кIорггерчу, мерзачу безамца дезар гойту.

Турпалхойн психологически юкъаметтигийн бакъдерш доьшуш волчунна гIо до дахаран бакъдершший, хиламашший эстетически тIеэца а, цуьнга терра кхетамца кхиоран маьIна лакха айба а.

И дийцарш доций делахь а, амма вайн къоман литературин гIуллакхна Iаламат мехала а, къонанаш кхиорехь доккха маьIна долуш ду, генарчу Къилбаседан махкара дахаран хьал шайна тIехь довзуьйтуш хиларе терра.

Шен дийцаршца автора гайтина шена дика яздан хаар а, яздархойн говзалла шен хилар а, прозаически жанрах пайдаэца хаар а.

Вайна луур ду, Мамакаев Мохьмаде доьхур а ду вай, Нохч-ГIалгIайчоьнан Iер-дахаран сурт хIоттош долу дийцарш, повесташ, романаш язъярна тIехь кхин а боккхачу кхиамца къахьегар».

 Оцу статья тIехь литературни критика Чентиева Марьяман исбаьхьаллин литературе болу лехамаш мелла а хаало.

Нохч-ГIалгIайн меттан, литературин, историн Iилманан-талламан институтехь болх беш нохчийн маттах, литературех алссам Iилманан белхаш язбина Чентиенва Марьяма, масех книга араяьлла  цуьнан. Царах хьалха зорбатоьхнарг ю «История чечено-ингушской  письменности» (1958). Оцу Iилманан балха тIехь къоман йоза кхолладаларан а, кхиаран а хьелаш теллина автора. Оцу белхан мехалла хIинца а, иза язбина ахбIе шо даьллачул тIаьхьа,  лах ца елла.

«Звуковой состав чеченского литературного языка и вопросы усовершенствования алфавита и орфографии» (1960). Барамца дукха боккха боцчу оцу балха тIехь автора хIиттина проблемаш, хIетахь санна тахана а, шаьш талла а, кхочушъян а езаш ю. Иза тIедогIуш ду оцу белхан коьртехь билгалъяьккхинчу шолгIачу проблемина: нохчийн меттан графика а, орфографи а тоярна.

«Черты современника и проблемы чечено-ингушской художественной литературы» (1967)  Iилман-талламца язйина монографи ю.Цу тIехь автора толлу нохч-гIалгIайн литературехь дIадаханчу бIешеран 50–60 шерашкахь араевлла исбаьхьаллин произведенеш. Къаьсттина тидам тIебохуьйту Арсанов СьIид-Бейн «Маца девза доттагIалла», Ошаев Халидан «Алун шераш», Мамакаев Мохьмадан «Революцин мурд», Зязиков Багаудинан «Девять дней из жизни героя», Базоркин Идрисан «Призыв»,  Музаев Нурдинан «Къонахийн болар», Ахматова Раисин поэтически произведенеш къасторна. Ша толлучу произведенийн ерриг агIонаш билгалъяха гIерта автор, церан сакхташ тIе а тидам бохуьйту цо. Иштта, Ошаев Халидан «Алун шераш» тетралогин тIера истотрически хиламаш цхьаццайолчу меттигашкахь вовшах бозабелла боцуш санна хетало, боху литературоведа. Роман Iалхан-Юьртахь хиллачу тIамца чекхъялар а дика ца хета цунна. Мамакаев Мохьмадан  «Революцин мурд» романан чулацамехь коьртачу турпалхочун Шерипов Асланбекан вастехь кхоччуш психологин кIоргалла йоцуш а, зударийн васташ а мелла а ледаро гайтина а лору цо.

Чентиева Марьяман «Черты современника и проблемы чечено-ингушской художественной литературы» цIе йолу болх шен хенахьлера нохчийн литературоведени кхианчу тIегIанехь язбина бара. Иза а, авторан кхиболу белхаш а нохчийн литературех долу Iилма кхиарна гIо деш а бара.

Чентиева Марьям «Очерк истории чечено-ингушской литературы» язйинчу  авторийн тобанан юккъехь а яра. Оцу книги тIехь нохчийн яздархойн Мамакаев Мохьмадан, Музаев Нурдинан, Мамакаев Iаьрбин дахар а, кхолларалла а теллина долу дакъош цо яздина. Ахматова Раисех лаьцна долу дакъа кхечу авторца цхьаьна яздина цо.

«Нохч-гIалгIайн литературин историн очеркаш» тIехь «Устное народное творчество вайнахов. Зарождение литературы» цIе йолу дакъа а Чентива Марьяма яздина. 

1971 шарахь «РСФСР-н серлонан министерствон Къаьмнийн школийн Iилманан-талламан институтан Нохч-ГIалгIайн филиале» Iилманан лакхара белхахочун дарже балха хIоьттина Чентиева Марьям. Кхузахь ткъех шарахь гергга болх бина цо нохчийн литература 4-7 классашкахь хьехаран проблемаш тIехь. ХIиттийна нохчийн литературин 4, 5, 6 классашна учебникаш-хрестоматеш. Уьш юх-юха арахоьцуш, иттех шарахь шайх пайдаоьцуш льттина школашкахь. Нохчийн литература юкъарчу школан 4-7 классашкахь хьехаран методика кхиорехь гIуллакх дина. Бевзаш бу цуьнан методически белхаш: «Нохчийн школан 4-чу классехь литература хьехаран методически пособи» (1977), «5-чу классехь нохчийн литература хьехар» (1980), «Нохчийн литература хьехаран методика (5–7 классаш)» (1987),  «Нохчийн литературин урокашкахь дешархойн къамел кхиор а, классал арахьа цаьрца болх бар а (5-8 классашкахь) (1992). И белхаш пайдехьа хилла хьехархошна нохчийн литература школехь  хьехар Iилманца нисдеш дIадахьа, нохчийн яздархойн произведенех пайда а оьцуш, дешархойн къоман гIиллакх-оьздангаллица кхиорехь.

Нохчийн мотт, литература Iилманца талларехьа, нохчийн литература школехь хьехаран методика кхиорехьа къахьоьгуш дIадахна Чентиева Марьяман дерриге дахар.

Шех лаьцна дика дагалецамаш битина цо. Яздархочо Берсанов Хож-Ахьмада дуьйцу, Чентиева Марьям ира-карахIотторан бахьана долуш, яздархойн союзан декъашхо ша  хиларх лаьцна: «Хьан произведенеш, къаьсттина берашна язйинарш, лерина теллина ас. Уьш дешаран школийн учебникашна юкъаяхийта хьакъ йолуш, дика ю. Амма цунна оьшу хьо яздархойн союзан декъашхо хилар», элира Марьяма. Цо иза алар бахьана долуш, со союзан декъашхо а хилира, цо ира-карахIотторца сайн кхоллараллин болх кхидIа а баьхьира ас». 

Литературовед, методист, филологически Iилманийн кандидат йолчу Чентиева Марьяман Iилма кхиорехь къахьегарна дина пачхьалкхан совгIаташ дара.

Амма хьакъ доцчу кепара, инзаре ирча чекхбаьлла Iилманчин дахаран некъ. 2000 шеран февраль баттахь Соьлжа-ГIалахь тIемаш лаьттинчу хенахь йийна 90 шерашка йирзина йолу зуда-Iилманча Чентиева Марьям.

Чентиева Марьяман цхьайолу произведенеш

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

«Селима дуьйцу». Статья // Ленинан некъ. 1958. 4 июнь. Безаман эшарш. Статья // ДоттагIалла, 1959, №4. Нохчийн литературин 40 шарахь хилла некъ. Статья // Орга. 1960. № 2. «БIаьхочун весет». Статья // Орга. 1961. № 3. Керлачу билгало. Статья // Орга. 1963. № 1. А. 61 – 66. Литературин Ерригсоюзни кхеташо // Ленинан некъ. 1964. 5 янв. «Тавсолта ломара дIавоьду». Статья // Ленинан некъ. 1967. 17 февр. «Ша меттахбаьлла». Статья // Ленинана некъ. 2008. 6 дек. Нохчийн меттан грамматика. 1-ра дакъа. Фонетикий, морфологий. Юьззина юккъера йоцчуй, юккъерчуй школашна учебник. 5-гIа арахецна. Грозный, 1970 (В.А.Янгульбаевца цхьаьна). Юккъерчу школан 4–7 классашна нохчийн литературин программаш. Грозный, 1974. Ненан меттан литература. 4-чу классана учебник-хрестомати. Грозный, 1975, йоьазлагIа арахецна 1984. Ненан метан литература. 5 кл. учебник-хрестомати (ХIоттийнарш Чентиева М. Дж. А. С. Лечаев А. С.). Грозный,1989. Ненан меттан литература. 5–6 классана учебник-хрестомати. Грозный, 1976, пхоьазлагIа арахецна 1984. Нохчийн школан 4-чу классехь литература хьехаран методически пособи. Грозный, 1977. 5-чу классехь нохчийн литература хьехар. Грозный, 1980. Нохчийн литература хьехаран методика (4 –7 классаш). Грозный, 1987. Нохчийн литературин урокашкахь дешархойн къамел кхиор а, классал арахьа цаьрца болх бар а (5-8 классашкахь). Грозный, 1992.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Русско-чеченский словарь. Грозный, 1940. История чечено-ингушской письменности. Грозный, 1958. Звуковой состав чеченского литературного языка и вопросы усовершенствования алфавита и орфографии». Грозный, 1960. Черты современника и проблемы чечено-ингушской художественной литературы. Грозный, 1967. Рассказы и очерки М.Мамакаева. Статья // Грозненский рабочий. 1958. 9 сент. Поэтическое творчество Н. Музаева. Статья // Известия ЧИНИИИЯЛ. Т. 1, вып. 3. Литература. Грозный, 1959. С. 66 – 151. Старейший писатель и общественный деятель. Статья // Грозненский рабочий. 1960. 26 апр. Мотивы дружбы народов в чеченской литературе // Известия ЧИНИИИЯЛ. Т.3, вып. 3. Литературоведение. Грозный, 1962. С. 3 – 31. Творчество А.Ш. Мамакаева // Известия ЧИНИИИЯЛ. Т.3, вып. 3. Литературоведение. Грозный, 1962. Черты нового. Статья // Грозненский рабочий. 1962. 26 дек. М.А. Мамакаев. Статья // Очерк истории чечено-ингушской литературы. Грозный, 1963. С. 136 – 151. Н.Д. Музаев. Статья // Очерк истории чечено-ингушской литературы. Грозный, 1963. С. 166 – 178. А.Ш. Мамакаев. Статья // Очерк истории чечено-ингушской литературы. Грозный, 1963. С. 184 – 195. Р.С. Ахматова. Статья // Очерк истории чечено-ингушской литературы. Грозный, 1963. С. 225 – 232 (В соавторстве с В. Б. Корзуном). Дружеские связи многонациональной советской литературы // Грозненский рабочий. 1964. 31 март. Творчество М. А. Мамакаева // Известия ЧИНИИИЯЛ, Т. 4, вып. 3. Вопросы чечено-ингушской литературы. Грозный, 1964. С. 3 – 31. «Призыв» (О сборнике произведений Идриса Базоркина) //// Известия ЧИНИИИЯЛ, Т. 4, вып. 3. Вопросы чечено-ингушской литературы. Грозный, 1964. С. 107 – 111 (В соавторстве с В. Чеботаревой). У истоков чечено-ингушской литературы. Сборник статей. Т. IX. // Чечено-Ингушский научно-исследовательский институт при Совете Министров ЧИАССР. Грозный, 1964. С. 79-90. Устное народное творчество вайнахов. Зарождение литературы // Очерки истории ЧИАССР. Т.1. Грозный, 1967. Чечено-ингушская литература в годы Великой Отечественной войны // Известия ЧИНИИИЯЛ. Т. V. Вып. 3. Литературоведение. Вопросы чечено-ингушской литературы. Грозный, 1968. С. 3-8. (В соавторстве с В. Б.Корзуном). Заметки о чечено-ингушской литературе // Известия ЧИНИИИЯЛ. Т. 6. Выпуск 3. Чечено-ингушский научно-исследовательский институт истории, языка и литературы. Грозный, 1972. С.189-196.

Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4233 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2404 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2572 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3477 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5710 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1693 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2259 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3071 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1491 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1398 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1575 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5609 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3572 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:851 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:829 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:627 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4810 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2021 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1235 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3046 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2372 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5945 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6289 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2135 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1985 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2954 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2720 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5431 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11727 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2484 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1791 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5357 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3681 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2932 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1321 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4624 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2170 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8359 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »