• VTEM Image Show

Анзорова Балкан
Арсанукаев Iабдулла

АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997)

ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа кожанка а юьйхина, когахь юткъа хаза эткаш, хаьнтIехь жима зударийн тапча лелош йолу Анзорова Балкан шайн цIера пайтонахь арайолуш леррина цуьнга хьовса доьлхура шаьш бохуш, дийцина 1930-1940-чуй шерашкахь шен беран хенахь Хьалха-МартантIахь Iийначу Нохч-ГIалгIайн университетан профессора Лоов Инала.

Анзорова Балкан йина 1923 шеран 24 декабрехь (1919 шарахь йина аьлла яздина меттигаш а ю, иза нийса хила тарлуш ду) Хьалха-МартантIахь ахархочун Анзоран доьзалехь. Церан дай Девлитгийр-эвлара хилла, цигара Хьалха-МартантIа кхелхина баьхкина уьш.

Балкана Хьалха-МартантIара школехь дешна. Школа кхиамца чекхъяьккхинчул тIаьхьа балха яхна. Дика хаарш долуш  ю аьлла, баккхийчарна хьеха яхийтана иза йоза-дешар цахаар дIадаккхаран курсашка. Цигахь дика болх беш, гIиллакх долуш хиларца билгалъяьлла Балкан. Шайн жимчу хьехархочунна реза хилла ханна кхулла дуккха а  баккхий болу дешархой. Оцу курсашкахь болх бинчул тIаьхьа, 1938 шарахь, Хьалха-МартантIара юккъерчу школехь пионервожатин болх белла цуьнга. Берашца, кегийрхошца бечу балхаца дика ларалуш, юкъараллин гIуллакхаш тIехь дакъалоцуш, тIах-аьлла йолчу нохчийн йоIана тIе тидам бахна районехь, иза 1940 шераш дуьйлалучу муьрехь районерчу клубан куьйгалхо хIоттийна. Анзорова Балканан корматаллица богIуш болх хилла иза. Ша эшарш а йохуш, пондарца уьш дIа а локхуш йолу Балкан, клубан исбаьхьаллин тоба вовшахтохаралла совнаха, оцу тобанан музыкальни куьйгалхочун гIуллакхаш кхочуш а деш хилла. Оцу хенахь яьхна цо шен эшарш «ЙоIа  кIантах  йолуш  лекхна  йиш», «Колхозан йиш», «Лулахь», кхиерш а. Уьш Хьалха-Мартанан районан клуберчу исбаьхьаллин тобано лекхна ца Iаш, нахана юкъахь яьржина а яра. Анзорова Балкана мало йоцуш, шен хаарш а, ницкъ а тIебаххийтина дIахьора болх. Ерриг республикехь а тоьллачарах хилла Хьалха-Мартанан районан клуб а, цуьнан исбаьхьаллин тоба а. 1939-чу шарахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указаца «Знак почета» орден елла Анзорова Балканна. Iедало иштта билгалдаха хьакъ долуш хилла йоьIан белхан хьуьнарш.

Хьалха-Мартанан районан клубан болх тобеллачул тIаьхьа, районан библиотекин заведующий яхийтина иза. Дукха хан ялале библиотекера мукъа а йитина, цхьана йоккхачу артелан председатель хIоттийна. Артелан юкъайогIуш масех предприяти хилла. Оцу балхахь а куйгалла дан хаарца, шен хьуьнаршца билгалъяьлла иза. Схьахетарехь, Анзорова Балканан дахарера и мур хир бу профессора Лоов Инала хьахийнарг. 1944 шарахь дерриг нохчийн къомаца махках яккхалц и болх бина Балкана артелехь.

Алма-Атахь а, цул тIаьхьа Талды-Курганан областан Тостак поселкехь бахамаллин тайп-тайпанчу организацешкахь белхаш бина Анзорова Балкана. Оцу халчу хенахь а нехан аьтто бан, нахана гIо дан мелла а таро йолуш хилла иза. Цо гIо динчу дуккха наха баркаллица дагалоцура иза.

1955 шарахь Кахастанан коьртачу гIалахь Алма-Атахь нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газета арахеца долийча, республикин радиохь нохчийн маттахь передачаш юьйлаелча, оцу белхаш тIехь жигара дакъалаьцна Анзорова Балкана. Алма-Атахь Нохч-ГIалгIайн эшарийн, хелхаран ансамбль вовшахтоьхна, 1957 шарахь иза а ялош Хамидов Iабдул-Хьамид даймахка цIа вогIуш, оцу ансамблехь яра Анзорова Балкан а. Еххачу хенахь Нохч-ГIалгIайн эшарийн, хелхаран ансамблан солистка лаьттина иза.

Анзорова Балканна нохчийн къоман барта поэзи езар, къаьсттина нохчийн барта кхоллараллера мехкарийн эшарш езар, дIадоладелла школехь доьшуш йолуш. ХIетахь йолаелла иза ша эшарш яха а. Цуьнан кхолларалла юьхьанца эшарех лаьтташ хилла. Нохчийн къоман эшарех таръеш язйина цо шен стихаш-эшарш а. Царна зорбатоьхна газетийн агIонаш тIехь, юкъарчу поэтически сборникашкахь. Кегийрхойн дахарх, безамах, бIаьстенан хазаллех лаьцна яра Балканан дуьххьарлера стихаш-эшарш. Церан чулацам а, исбаьхьаллин куц а  халкъан мехкарийн эшарийн хотIехь дара. Масала, «ЙоIа кIантах йолуш лекхна йиш», «Колхозан йиш».

Оцу хенахь Iедало яздархошна хьалха билггалдолу декхарш хIиттадора: белхалойн, ахархойн кхиамаш гайтар,  колхозан дахар чIагIдарехьа яздар, советан Iедалехьа къийсам латтийнарш сийлаллица бийцар, советан Iедал, парти хестор. Иштта теманаш советски яздархойн произведенешкахь коьртачарах хила езаш яра. Шен заманан лехамийн хоршахь яра Анзорова Балканан стихаш-эшарш а. Царна зорбатухура Нохчийчохь а, Москвахь а араюьйлучу книгаш тIехь.  1939 шарахь Соьлжа-ГIалахь оьрсийн маттахь араяьллачу «Поэты Чечено-Ингушетии» сборник тIехь яра цуьнан стихаш «Орденоносцу Али Гучигову», «За весть вам спасибо, любимые», «Чтоб от недруга нас уберечь», «Поутру не увидимся…».  Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча арахецначу нохчийн поэтийн «Тхан иллеш» цIе йолчу сборник тIехь зорбатоьхнера «Колхозан йиш», «Ворошилов» стихотворенеш. Коьрта долчу декъана Анзорова Балканан стихийн чулацамехь дара юьртабахамехь кхиамаш бахар гайтар, балха тIехь йохьалле кхайкхар, къинхьегаман турпалхой  бийцар, керла дахар хестор. 1940 шарахь СССР-н яздархойн союзе дIаэцна Анзорова Балкан. Цуьнан шен дуьххьарлера книга араяьлла 1941 шарахь.

Москвахь 1958 шарахь оьрсийн маттахь арахеца кечйира нохчийн поэзин антологи, цу тIехь зорбатуьйхира Анзорова Балканан 4 стихотворени: «Теперь мы живем», «Орденоносцу Али Гучигову, «Поутру не увидимся…», «Чтоб от недруга нас уберечь».
Анзорова Балканан «ЦIенчу даггара» цIе йолу стихотворенийн сборник араелира 1980 шарахь. Цу тIехь хьалха язйинчу стихашца цхьаьна керланаш а яра. Цул тIаьхьа арахийцира цуьнан кхин цхьа поэтически сборник а. Иза яра 1988 шарахь зорбатоьхна «Сатийсамийн тIемаш» цIе йолу книга.
Анзорова Балкан кхелхина Соьлжа-ГIалахь 1997 шеран январь баттахь.

Анзорова Балканан зорбанехь арайийлина произведенеш

Нохчийн маттахь
Колхозан йиш, «Ворошилов». Стихаш // Тхан иллеш. Соьлжа-ГIала, 1940. Кегийрхошка. «Ленинан некъ», 1941, 1 янв. ЙоIа кIантах йолуш лекхна йиш // ДоттагIалла, 1959, № 2. С. 92. Лулахь… «Орга», 1960, № 3, С. 54. ЦIенчу даггара. Стихаш. Грозный, 1980. Ирс ца догIу ловзадуьйлуш. Стихийн цикл // Орга. 1987. №1. Сатийсамийн тIемаш. Стихаш. Грозный, 1988.
Оьрсийн маттахь
«За весть вам спасибо, любимые», «Чтоб от недруга нас уберечь», «Орденоносцу Али Гучигову», «Поутру не увидимся…». Стихи // Поэты Чечено-Ингушетии. Грозный, 1939. «Теперь мы живем», «Орденоносцу Али Гучигову, «Поутру не увидимся…», «Чтоб от недруга нас уберечь». Стихи // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1958.
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:853 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4842 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5964 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6340 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2967 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2730 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2502 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5368 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1324 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4629 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8382 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »