• VTEM Image Show

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947)

На Фото Шайхиев lалвади

 

 

Арсанукаев lабдулла.

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947)

Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза болх беш волу. Оцу хенан юккъехь араяьлла цуьнан 17 книга. Алссам стихотворенеш, дийцарш, статьяш, очеркаш арайийлина юкъарчу гуларшкахь а, муьран зорбанехь а.

Шайхиев Iалвади вина 1947 шеран 12 апрелехь Киргизерчу Ошски областан Мирза-Акински районан Октябрьски юьртахь ахархочун Хасмохьмадан доьзалехь. Школехь дешар киргизийн маттахь дIадолийна, Октябрьски юьртахь киргизийн маттахь бен школа ца хилла. 1953 шарахь ШайхиевгIеран доьзал Сулюкта гIала кхелхина бахча, цигарчу школехь дешна кIанта. «1957-чу шарахь Киргизера Даймахка цIадирзича, тхайн юьртарчу (Нажин-Юьртан кIоштара Замай-Юрт) юьхьанцарчу школан 4-чу классе деша вахара со, – яздо Шайхиев Iалвадис «Даймохк» газето 2013 шеран 5 октябрехь зорбатоьхначу шен дагалецамашкахь.

– Хьалхара кхо класс киргизийн маттарчу школехь чекхъяьккхинера ас, цундела нохчийн маттахь яздан а, деша а ца хаьара. Юьртарчу школехь нохчийн мотт хьоьхуш Гойтемиров Висарсолта вара. ХIинца хаьа, говза хьехархо хиллера иза.

Шо даьлча шерра нохчийн маттахь яздан а, деша а Iемира суна, ткъа коьртаниг, ненан маттахь йоьшуш самукъадолура… Тхайн юьртахь юьхьанцара школа бен цахиларна, кхидIа деша лулара юьртарчу школе вахча а, сан дешаран тIехь тергояр ца дитира Висарсолтас. ХIара еша, важа еша олий, нохчийн маттахь книжка, журнал, газет лора. Лакхарчу классашкахь, юха а цуьнан Iаткъамца хир дара иза, цхьацца йозанаш дан воьлча, дуьххьара сан и къайле евзинарг а Висарсолта вара. Шена тIаьхьа а хIоттийна, районан  а. «Ленинан некъ» а газетийн редакцешка а кхийлира. Дуьххьара цо вовзийтира суна Айдамиров Абузар а, тIаьхьо Окуев Шима а, кхиболу яздархой а. Со билггал тешна ву, поэзин атта боцчу новкъа со валар, сайн дуьххьарлера нохчийн меттан хьехархо Гойтемиров Висарсолта бахьана долуш нисделла хиларх».

Шайн юьртахь юьхьанцарчу школехь дешна ваьлча, Шайхиев Iалвадис Галайтахь 5–6 классашкахь, Мескитахь 7–8 классашкахь дешна, цул тIаьхьа Нажин-Юьртара юккъера школа-интернат чекхъяьккхина.

1964 шарахь Замай-Юьртарчу школе хьехархочун балха вахна Шайхиев Iалвади. Школехь цхьана шарахь болх бинчул тIаьхьа,  1965 шеран октябрь баттахь, Нажин-Юьртан партин райкоман секретара кхайкхина дIа а вигна, «Коммунизман маяк» газетан редакцин къинхьегамхойн кехатийн отделан заведующи  хIоттийна. 1965 шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан историко-филологически факультетан нохчийн меттан, литературин, оьрсийн меттан, литературин хьехархой кечбечу отделени заочно деша вахна.

«Коммунизман маяк» газетехь деа-пхеа шарахь болх бинчул тIаьхьа, 1970 шарахь «Ленинан некъ» газетан редакце схьавалаво Шайхиев Iалвади. Оцу газетийн редакцешкахь кхиамца болх бина цо. Журналистан говзалла караерзца цхьаьна, газеташкахь болх баро гIо дора исбаьхьаллин литературин корматалла кхиарехь а.

Шайхиев Iалвади 1973 шеран гурахь Советски Эскаре гIуллакх дан вигна. ХIара  яздархочун корматалла йолуш вуйла хиъча, кхунна тIе диллина ша гIуллакдеш волчу эскаран декъан истори язъяр. Эскарехь кхочушдечу кхечу дерриге гIуллакхех мукъа а витина и болх язбар тIедиллина керла веанчу салтичунна. Болх язбина ваьлча, совгIатна эскарера мукъа а витина, цIа вохуьйтур ву а аьлла. Шайхиев Iалвадис лерина кхочушдина шена тIедиллинарг. Шайн эскаран декъан истори яз а йина, иза хьаькмашна йовзийтина. Цара чIогIа реза хилла, къобал бина кхуьнан болх. «50 лет на боевом посту» цIе а йолуш, 1975 шарахь Москвахь зорба а тоьхна, араяьлла и книга. Шайхиев Iалвади, шаьш ма-аллара, эскарехь яккха езачу хенал хьалха мукъа а витина, 1974 шеран август баттахь цIа ваийтина.

Ша миччахьа хилча а, муьлххачу а балхахь велахь а, поэзица йолу кхоллараллин уьйраш юьтуш ца хилла /алвадис, яздархочун корматалла караерзош, исбаьхьаллин литературехь болх бар шардеш хаддаза къахьегна цо. Москва деша а вахна, 1979 шарахь М. Горькийн цIарах йолчу литературни институтехь Лаккхара литературни курсаш чекхъяьхна.

Тайп-тайпана белхаш бина Шайхиев Iалвадис. Цхьана муьрехь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан уиниверситетехь нохчийн литература хьоьхуш болх бина. 1980 – 1990 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзехь юьхьанца пропагандин бюрохь балх бина, тIаккха «Орга» альманахан редактор лаьттина. Цигахь болх беш Iалвадина юххера бевзина нохчийн цIеяххана болу яздархой Мамакаев Мохьмад, Сулаева Мохьмад, Ахматова Раиса, кхиберш а, цара гIо-Iуналла а дина къоначу поэтан. Айдамиров Абузаррий, Окуев Шимий хьалххе вовзийтинера Iалвадина шен хьехархочо Гойтемиров Вахарсотас. Цу шинний  гIоьнца дуьххьара литературин новкъа валар нисделира шен, олу поэта. ТIаьхьа шен дагалецамашкахь доккхачу баркаллица яздийр ду цо шена  гIо дарехь комаьрша хиллачу оцу яздархойх лаьцна.

Соьлжа-ГIалахь «Литературная Чечено-Ингушетия» журнал схьадиллича, цуьнан редактор хIоттийна Шайхиев Iалвади. Юьхьанца хилла цIе а хийцина и журнал арадийлина Нохчийчохь тIемаш болабаллалц. Кхин метта а ца хIоттийна. Цул тIаьхьа Шайхиев Iалвадис Хасав-Юьртахь нохчийн маттахь архоьцучу «Халкъан аз» газетан отделан редакторан болх бина. 2007 шарахь Соьлжа-Г/ала цIа а веана, оьрсийн маттахь арадолчу «Вайнах» журналан поэзин отделан редакторан балха хIоьттина.  ХIинца «Орга» журналан редакцехь балхахь ву.

Шайхиев Iалвади яздан хьалхе волавелла, шен 13 шо долуш язйина цо дуьххьарлера стихаш. 1962 шарахь 14 октябрехь арадаьллачу «Ленинан некъ» газет тIехь зорбатоьхна Шайхиев Iалвадин «Накъост, хаалахь» цIе йолу стихотворени. Иза поэтан зорбанехь араяьлла дуьххьарлера стихотвлрени ю, оцу хенахь 9 классан дешархо хилла кIант.  Нажин-Юьртахь школан дешархо волуш  Iалвадига кхайкхина Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзо дIахьочу къоначу яздархойн семинаре. Поэзин секцехь йийцаре йина /алвадин стихаш. Цхьаерш зорбане магийна. 1963 шарахь «Ленинан некъ» газетан агIонаш тIехь а, «Орга» альманах тIехь а зорбатоьхна «Лаьттан дай», «Даймахке маршалла», «Комсомольцан дош», «Къинхьегаман марш», «Заманан мохехь» цIерш йолу стихотворенеш. Иштта дIаболабелла поэтан кхоллараллин некъ. Оцу муьрехь къоначу поэтан стихаш арайийлина муьран зорбанехь а, юкъарчу гуларшкахь а.

Шайхиев Iалвадин  хьалхара книга араяьлла 1969 шарахь. Иза «Синхаам» цIе йолу стихийн гулар ю. Цу тIехь зорбатоьхна авторан хIетахь язйинчарах тоьлла йолу стихаш. Царах ю: «Поэзи», «Нана ю хьоьжуш», «Синхаам», «КIац», «БIаьстенан дийнахь», «Гуьйренан амалш», кхийолу а стихаш. «Синхаам» гуларх лаьцна литературни критика Бурчаев Хьаьлима яздина: «Къоналлин шовкъ, дахарх воккхавер, Даймахке, Iаламе, нене, езачу йоIе, доттагIашка безам – уьш ду оцу жимачу гуларо шена чулоцурш. Ткъа цаьрца цхьаьна, ша хаьржинчу къилбанна – кхоллараллехь къахьегарна – тешаме виса лаам а, оцу некъан жоьпалла шена дика хаар а довзуьйту цо шен хьалхара байташ ешархошна:

КIиллошха ца гIерта
Раз муцIар сетто,
Жуккарех идабац
Харц новкъа пал.
Хьацаран дуьралло
Яйн хьожа гIиттош,
Ас лоьху хьаналлин
Даьккхина хьал.

Ма ала, поэзин
Болх бу сов атта –
Поэзи лору ас
Ламанан бохь.
КIезиг бу, хевшина
Сийлаллин нуьйра,
Тоьхна берш халкъашка
Даггара мохь.

Шайхиевн лирикин къоначу турпалхочун жимчохь йина ойланаш адамаш лелачу некъех лаьцна ю. Уьш хьийзина я нийса гуш, цу некъийн хьеший муьлш бу-те? дахаран некъаш доьхначех мила ву-те? – бохучу хаттарша садуу цуьнан.

…Ас нене хоттура тIаккха:
«ДIо некъо кхачаво стенга?
Хьенан ницкъ кхаьчна и баккха,
Цу новкъа боьлху нах хьаьнга?»

Амма нанас делла жоп и кхетош дац, хIунда аьлча «цу дешнийн маьIна деш, кхета, со хIетахь бер дара доккха», – боху Iалвадис.

Ишттачу хаттаршна жоьпаш дахаран некъаша ло, «къоналла хьаьрчина дегIах», пешан кхерчан са ларбеш ца Iавелла, «аьрхалло акхаваьккхинчунна». Цо «идадо дорцан некъаш, Iаламца къийсаме вуьйлу. Хедайо ламанийн зIенаш, аьрзунах тIам лестош шуьйра». Къоналлин алуно зевне доху цуьнан деган мерзаш, Даймахках, бIаьстенах, безамах иллеш дохуьйту. Оцу цIеначу, лаккхарчу синайамаша араваьккхина, дахаран маьIна лахаран «некъаша дIавоьхучунна» «кховдадо вертанан тIемаш». Шен мехкан, дайн некъаш гездеш лелачу хенахь хезначо а, гиначо а сацамболлуш ойла а, Iалашо а билгалйоккху цунна:

Соьгахь ю сан халкъан тахне,
Даймехкан кхане а ю.
Цушимма куьг лаьцна варна,
Билггала со ирсе ву.

Хинволчу поэтан Шайхиев Iалвадин кхоллараллин ницкъех тешош могIанаш кIезиг дац ткъе итт сов стихотворенеш юкъаяханчу цуьнан дуьххьарлерчу гуларехь: «Нана ю хьоьжуш», «КIац», «БIаьстенан дийнахь», «Гуьйренан амалш» цIерш ерш лаккхара синхаамаш говзачу нохчийн маттахь схьабеллар ду.

Шайхиев Iалвадин «Синхаам» цIе йолу хьалхара гулар, вай лакхахь ма-дийццара, къоначу деган синхаамаша дахаран хаттаршна жоьпаш лаха новкъаваьккхинчу жимачу стеган дог-ойла ястар ду ала догIу».

Шайхиев Iалвадин цIе нохчийн литературехь чIагIлуш дIаяхара цуьнан араюьйлучу керлачу произведенешца. Поэтан стихийн шолгIа гулар яра 1971 шарахь зорбанера араяьлла «Безаман алу». Цу тIерачу стихашкахь гуш дара поэтан исбаьхьаллин дош кхуьуш хилар. Теманашца, ойланашца, исбаьхьаллин басаршца гIеххьа шуьйра ю поэтан шолгIа гулар хьалхалерчуьнца юьстича. Лирически турпалхочун кхетам мелла а кIаргбелла, цуьнан ойланаш шуьйра ю, лаамаш беркате бу:

Безам бу, ткъес хилла,
Сан дагчохь богуш,
Сан халкъан цатемаш,
Темаш а
Берзийна шега.
Лаьар-кха къурд байта,
Хьогалла йойуш,
Сайн иллех,
ТIаккха со хир вара
Суо ирсе хеташ.

Лаьар-кха,
Олхазарх
ТIам тоьхна шуьйра,
ХIоранна дегнашкахь
Зевнечу иллин
КIеж тийса.
ХIора а заманан
Ирсечу нуьйра хаийна,
Воккхавеш цу ирсах
Iабо сайн кийра.

                    «Ойланаш».

Кхузахь мелла а билгалйолу поэтан дхаран Iалашо а, цо поэзина хьалха хIитош болу лехамаш а.

Шайхиев Iалвадин кхоллараллехь шаьш лаьтташ ю цуьнан «50 лет на боевом посту»,  «Яьссин къоналла» цIерш йолу прозин книгаш. Оьрсийн маттахь язйинчу «50 лет на боевом посту» цIе йолчу книги тIехь Шайхиев Iалвади эскарехь волчу хенахь цо гIуллакхдеш хиллачу эскаран декъан истори ю, цуьнан командованин тIедилларца язйина. Иза зорбанера араяьлла 1975 шарахь Москвахь.

«Яьссин къоналла» – очеркийн гулар ю. Цуьнан чулацамехь авторна юххера бевзаш болчу юьртабахаман къинхьегамхойх лаьцна 7 очерк ю: «Лаьтто Iамийна вайн мотт», «Дезде деана юьрта», «Тхо кханенга хьуьйсу», «Оцу халачу шерашкахь», «Аренашкахь са хьалхе даьржа», «Кераюккъехь седарчий», «Яьссин йистехь хезна дийцар». Оцу очеркийн тексташкахь хаало уьш язйинарг поэт хилар, лирически произведенешкахь санна, авторан дегайовхо ю цаьрца.  Шен турпалхой «догцIена, комаьрша адамаш» хиларх, церан къинхьегаман хьуьнарех воккхавен автор.  Iаламан исбаьхьалла  гайтар, авторан айаме синхаамаш текстехь хаалуш хилар ю оцу очеркийн исбаьхьбаллин шатайпаналла. Шен турпалхойх лаьцна автора яздо: «Уьш малхо кхерзина яххьаш а, балхо берчаш яьхна куьйгаш а долу адамаш, суна гергара а, хьоме а хилла дIахIиттина. Цаьрца долу хIора цхьаьнакхетар, дагна боккха там беш, сан дахарехь шатайпанчу маьIне хуьлий дIахIутту.

Сан самукъадолу цара лаьттан хьокъехь къамелаш деш, сан самукъадолу цаьрца ламанан юьртахь Iуьйренаш а, суьйренаш а тергалъеш. Сан самукъадолу цаьрца, царна юккъехь». Ишттачу юьстахвийларшкахь автора шен ойланаш йоькъу йоьшуш волчуьнца, иза даггара тешаво ша дуьйцучух. «Яьссин къоналла» очеркийн гулар араяьлла 1977 шарахь.

Шайхиев Iалвадин рогIера гулар «ГIа-буц» араяьлла 1978 шарахь. Цу тIехь 43 стихотворенешца цхьаьна зорбатоьхна ю гуларна цIе елла  йолу поэма «ГIа-буц» а. Оцу гуларан дешхьалхенан автор волчу поэта Осмаев Асланбекан цуьнан чуламах лаьцна яздина: «…Iалвадис дуьйцург, тешориг, кхайкхориг – шена даггара везачу, ша даггара лоручу таханлерчу ешархочун синхаамечу ойланашкахьа дерзина ду. «Хьоьца хьайцца» къамел деш, хьох дагаволуш ву и догцIена ламанхо. Хьо шен философин ойланех, чолхечу дахарехь ша бечу тидамех кхета, шен ирс хьоьца декъа чIогIа лаьа цунна. Цундела, дуьйцучун бухе хьаьжжина, тайп-тайпана бу стихийн мукъамаш».  

«ГIа-буц»  цIе йолу поэма нохчийн легендин буха тIехь язйина ю, иза «Вайнехан дийцар» аьлла, билгалъяьккхина автора. Нохчийн къоман Iадаташ, ламасташ талхош инзаре тешнабехк бина Муцас шен доттагIчунна Гелина, шена езаш хилла йоI ЗагIа цуьнга яхар бахьана долуш.

Тешнабехкаца ша Гела вер къайладахна моьттуш, ЗагIа а ялийна, цуьнца вехаш ву Муца. Амма зулам бекхам боцуш ца дуьсу.

Дыхаев Вахас шен «Шайхиев Iалвадин кхоллараллехь даймехкан, халкъийн доттагIаллин, машаран мукъамаш» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Цхьана а заманчохь а тешнабехк, ямартло къайла ца яьлла. Нравственни цIена, тешаме хиларе кхойкхуш ду «ГIа-буц» цIе йолу дийцар. Автора кIеззигчу басаршца дагахь лаьттар долчу кепара кхоьллина цу тIехь ЗIагIин а, Гелин а васташ. Иштта гойтуш ду хIеттахьлера вайнехан дахар-Iер, церан амалш, оьзда гIиллакхаш, массо хенахь а доллучул деза а, сийлахь а ламанхоша лоруш хилла долу.

Нравственни бакъонех ваьлла, мел боьхачу а некъашца, гонах мел берш юьстах дIа а тоьттуш, шен лаам, ала тарлахь Iалашо кхочушъян дIагIертар атта-м ду стагана, амма дахарехь зеделла ма-хиллара, боьхачу некъашца даьккхина лааман мутт дIовше доьрзу. Иштта нехан еза кхиэл тIеоьцу Муцас а».

Шайхиев Iалвадис литературехь эвсараллица болх бина хан ю дIадаханчу бIешеран 70-гIа – 80-гIа шераш. 1980 шарахь араяьлла цуьнан «Синпха» цIе йолу стихийн гулар. «Сан иллеш», «Аве-Мария», «Нэстинарки», «Мцхетера шахьар», «Са ма гатде», «Кхолламца къамел», «Ахь соьца ма дуста…», кхийолу а мехала чулацам болу стихотворенеш ю гулар тIехь зорбатоьхна. Амма хIетахьлерчу литературни критикехь билгалдаьккхинера «Синпха» гуларан чулацам шеца мелла а сакхташ долуш бу, аьлла. Яздархочо Яхъяев Лечас оцу книгех лаьцна йолчу шен «Стенна сагатдо поэта» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Кхоъ гергга зорбанан лист барам болчу сборникана юкъаяхна стихаш коьртарчу декъана «нана – езарг – нийсархой – ша поэт» готта го чулоцуш бен яц. Дийнна схьаэцча хила йогIучул алсамха хетало «кешнийн» шело хьакхаелла ойланаш – «упханан къоралле вижча», «коша тIе зезаг», «безаман Iожалла», «со-м дийна вацара», иштта дI.кх.а. …Меттан сакхташ кIезиг ца нисло сборникехь. Дашах нийса пайдаэца ка ца даларо талхадо цуьнан маьIна, бодане дуьту хIоттош долу сурт. Литературни маттаца йогIуш яц хIара форманаш а: цаьрцанна (110 агIо), соьцанна (51 агIо). …Билгалдаккха деза хьалха арайийлинчу книгашца юьстича, хIара тIаьхьарниг исбаьхьаллин агIорхьара гIеххьа ледара хилар.

Амма шен серлонах юьзна, дахаран Iаь кхетта, адамийн дегнашца цхьаьна етталуш, церан дика гIуллакхаш хестош, волчуьнца къуьйсуш еха бакъйолу поэзи. Сингаттаман дохк Iилла ца еза авторан могIанашна тIехь».        

Шайхиев Iалвади вуьрхIитта книгийн автор ву. Лакхахь вай хьахинчарал совнаха зорбанехь араевлла поэтан книгаш: «Стогаллин бIаьвнаш» (1986), «Эхь-бехк» (1990), «Iожаллел лекха ду дегнаш» (2012), «Безаман декхар» (2014). Оьрсийн маттахь:«Огонь в очаге» (1975), «Багряный листик тополя» (1983), «Ночные птицы» (1986), «Башни чести» (1990), «Заповедь»            (1990). Шайхиев Iалвадис 1997 шарахь Дыхаев Вахица цхьаьна хIоттийна «Нана-Нохчийчоь» цIе йолу нохчийн поэтийн стихотворенийн гулар, иштта Дыхаев Вахица цхаьна язйина 10-чу классана нохчийн литературин учебник а (2009).

 «Безаман декхар» авторан коьрта книга ларало. Иза яздархочун арайийланчарах уггар йоккханиг ю. Книги юкъаяхна Шайхиев Iалвадин ерриг ала мегар долуш произведенеш.  Цу тIехь зорбатоьхна ю 182 стихотворени; 8 поэма, берашна шиъ туьйра, очерк, эссе, «Кхаж» цIе йолчу романан дакъош, «Бетарсолтас дуьйцу» цикл юкъара 4 дийцар, нохчийн 7 яздархочух лаьцна авторан дагалецамаш.     

Шайхиев Iалвадин поэзи дуккха а хIуманан ойлайойтуш ю. Даймохк а, нана а; дахаран чолхенаш а,  адамийн кхолламаш а; доттагIалла а, безам а; гIиллакх-оьздангалла а, ямартло а; жоьпалла а, тIаламазалла а; мехкан Iалам а, и Iалашдан дезар а – иштта шуьйра бу цуьнан лирикин, эпически поэзин чулацам.

 Поэтан лирически турпалхо даим лехамехь, къийсамехь ву: 

Со дахаран хIорда чохь ловзу,
Дерачу тулгIешца къуьйсуш,
Заманан къайленаш йовза
Лаьтта тIехь маьрша ког луьйзуш.

Аьрзунах вуьйлу со тIома,
Iаламан маьIданаш оьхку.
Ца хIуттуш дуьхьлонна гора,
Сайн дин ас хьалхахьа хоьхку.

ХIор денна къийсаман новкъахь
Мох хьоькхуш баьжна сан накха.
…Ас къуьйсу тулгIешца хIордан
Адамийн дегнашка кхача.

                      «Дахаран хIорда чохь»

Даймахкаца, халкъаца цхьаьна хиларца, царна  хьанал, пайдехьа хиларца кхочу стаг сийлалле, боху лирически турпалхочо: «Сий даккха хьо новкъа волуш, Къонаха, диц ма делахь: Сий хир ду махко а лоруш, ЦIа некъ бахь, гIел ца луш, ахь!».

Махке беанчу баланах юьзна ю «Нохчийчоь – 1995»  цIе йолу стихотворени, амма поэта чагIдо: къоман доьналлица, цуьнан кIентийн хьуьнаршца юха цIинлур ю Нохчийчоь:

Ламазаш ас кIезиг дира-те хьуна?
ДоIанаш хьурмате хиланц-те хьуна?
Я бIаьрхиш ца тоьи, къурдаш ца тоьи –
ХIун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь?

БIаьрхил а язъелла тхуна тхайн Iуьйреш,
Балано са сендой тIекхочу суьйреш.
Тезеташ – массанхьа. Белхарш ца тоь –
ХIун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь?

ТIом кхехка. Чхьагбуьйлу иза де-дийне.
Азаллехь дуьйна а хьо-м тIамо зийна.
ХIинца а цо зоь хьо. Хьан кIентий зоь –
ХIун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь?

Овкъаршна юкъара даим денъелла,
Кхоьллинчо лензалла хьуна ю елла.
Ян йиш яц, я йовр яц доцуш хьо доь,
Хьан кIентий мел лаьтта, сан Нохчийчоь!

Шайхиев Iалвадин кхоллараллехь яккхий лиро-эпически произведенеш а ю: «ГIа-буц», «Седарчийн ловзучу буьйсанна», «Лазаман лорах», «Жоьпалла», «ЧIагIо», «Безаман декхар», «Дорцан буса», «ЧайтаI» цIерш йолу поэмаш, «Дерачу кхолламан кхиэл» цIе йолу стихашкахь язйина повесть.

Лирикин жанран тайп-тайпана форманаш а, тайп-тайпана дIахIоттам болу стихотворенеш а ю поэтан кхоллараллехь. Масала, байтех лаьтташ ю хIара стихотворени:

Стаг велча, юьртахь зударий боьлху.
Зуда лахь, юьртахь зударий боьлху.

Тезетахь божарий гIайгIане лаьтта.
БIаьргех хи ца гойтуш, ойлане лаьтта.

ГIиллакх ду иштта и схьадеъна ломахь.
Амма кхин цхьа гIиллакх схьадеъна ломахь:

ЦIий Iано дов гIаттахь дош даше даьлча,
Дов духу, зударийн мохь-цIогIа даьлча.

Вайх хIора ларван уьш ницкъ болуш хилла.
ХIоранна там бан уьш комаьрша хилла.

Ткъа тахна тезет ду: зуда дIаяьлла.
Дахаран хIу тесна, иза дIаяьлла.

Хьаста вай цкъа а и кара ца эцна.
Ткъа тахна хьош ю и, белшаш тIеэцна.

Делхийша, адамаш! Тийна ма лаьтта?
Зуда яц – Нана ю кховдош ерг лаьтте!

Зударшка, наношка болчу лаккхарчу лерамца язйина хастаман гимн санна ю и стихотворени. БархI байтах лаьтташ ю иза. Байт – шина могIанан строфа  ю. Байтехь йолу ши стих вовшашца рифмица йозаелла а хуьлу, рифма йоцуш а хуьлу. ХIокху стихотворенехь хIора байт рифма йолуш ю, цуьнан ши стих зударийн рифмашца вовшах йозаелла ю. Поэтан стихкхоллараллин говзаллин цхьа агIо билгалйолу оцу стихотворенехь а.

Шайхиев Iалвадин стихаш арайийлина ингалсан, французийн, немцойн, японийн, Iаьрбийн, кхечу а меттанашкахь.

Нохчийн хIинцалера поэзи дебаш ю Шайхиев Iалвадин лирикица.

ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА АВТОРАН КНИГАШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Синхаам. Стихаш. Грозный, 1969. Безаман алу. Стихаш. Грозный, 1971. Яьссин къоналла. Очеркаш. Грозный, 1977. ГIа-буц. Стихаш, дийцар. Грозный, 1978. Синпха. Стихаш Грозный,1980. Стогаллин бIаьвнаш. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1986. Эхь-бехк. Грозный, 1990. Нана-Нохчийчоь. Нохчийн поэтийн байтин гулар. Хоттитйнарш: В. Дыхаев, I. Шайхиев. Махачкала. 1997. Нохчийн литература. 10-чу классана учебник. Грозный. 2009. (В.А. Дыхаевца цхьаьна). Iожаллел лекха ду дегнаш. Стихаш, 2012. Безаман декхар. Поэзи. Проза. Грозный, 2014.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Огонь в очаге. Стихи. Грозный, 1975. 50 лет на боевом посту. М., 1975. Багряный листик тополя. Стихи, поэмы. Грозный, 1983. Ночные птицы. Стихи. М., 1986. Башни чести. Стихи. Грозный, 1990. Заповедь. Стихи. М.,1990.

Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4233 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2404 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2572 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3478 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5710 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1693 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2259 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3071 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1491 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1398 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1575 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5609 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3572 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:851 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:829 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:627 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4810 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2021 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1235 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3046 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2372 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5945 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6289 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2135 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1985 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2954 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2720 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5431 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11727 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2484 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1791 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5357 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3681 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2932 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1321 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4624 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2170 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8359 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »