• VTEM Image Show

Арсанов СаьIид-Бей
Арсанукаев Iабдулла

АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968)

Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь йоккхачу эпически жанрехь чекхъяьлла йолу произведени – роман дуьххара Арсанов СаьIид-Бейс язйина.

Чолхе а, хала а хилла яздархочун дахаран, кхоллараллин некъ. Арсанов СаьIид-Бей вина 1889 шеран 2-чу октябрехь Нохчийчохь, Жимачу АтагIах, ахархочун Арсанбекан доьзалехь.  ЧIир тIеяр бахьана долуш юьртах вала дезна Арсанбекан. Шен доьзалца Владикавказе кхелхина а вахна, цигарчу дашший, детий доккхучу заводе балха хIоьттина иза. 1905 шарахь Россехь белхалой меттахбевлла, революцин болам болабелча цу юкъа вахна Арсанбек. Революцин боламехь  дакъалацарна 1907 шарахь паччахьан Iедало лаьцна Сибрех вахийтина иза.

СаьIид-Бейс Владикавказехь 4-шеран училище чекхъяьккхина. 1907 шарахь Баку гIалахь цхьана гIишлошъяран организацин конторехь коперовальщикан, чертежникан болх бина. Цул тIаьхьа Одессе а вахна, цигара электротехнически училище чекхъяьккхина, дешарца цхьаьна болх а беш. Юха цIа а вирзина, цхьана муьрехь Владикавказехь болх бина, «Терек» газетаца юххера уьйр а латтош. 1910-чу шарахь Петербургерчу политехнически  институте деша воьду Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь революционни ойла йолчу студентащца цхьаьна вара СаьIид-Бей. Политически демонстрацешкахь дакъалацарна чувоьллина иза. Ши бутт чохь а баккхийтина, Вятски губерни ссылке хьажийна. Цигара вада аьтто а баьлла Варшаве а, цул тIаьхьа дозанал дехьа Германи а кхочу иза. Цигахь цхьана машинаш ечу заводехь слесаран а, монтеран а белхаш бина цо. Студентийн гIаттамашкахь виллина дакъалоцуш а хилла иза. Арахьа дуккха а хало, гIело лайна цо, амма дуьне а, адамаш а довзарехь мехала хан хилла иза яздархочунна. Хьалхара империалистически тIом болабелча, Росси юха вогIу Арсанов СаьIид-Бей.  ЦIа вирзинчул тIаьхьа 1917-1921 шерашкахь Иркутски университетехь доьшу цо. Колчакан кIайчу эскаршна дуьхьал бинчу тIемашкахь дакъалоцуш  а хилла иза.

1921 шарахь кхайкхина Нохчийчу схьавалаво Арсанов СаьIид-Бей, идеологически болх дIабахьарца доьзна гIуллакхаш тIедохку цунна. Арсанов СаьIид-Бейс белхаш бина тайп-тайпанчу серлонан, бахаман, партийни учрежденешкахь. Доккха гIуллакх дина цо Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь.

Нохчийн дуьххьарлера газета арахецаран гIуллакх  тIедиллина Арсанов СаьIид-Бейна. Корматалла вовшахтохараллин оьшу болх дIабахьа дезна. Цу тIехь Арсановна,  Нохчийчу а веана, дика гIо дира хIетахь Ростовехь «Советский Юг» газетан редакцехь балхахь хиллачу Александр Фадеевс. Оьрсийн гоьваьллачу яздархочунна даггара баркалла аларца хьахайора Арсанов СаьIид-Бейс и хан. 1923-чу шеран 23-чу апрелехь, Арсанов СаьIид-Бей редактор а волуш, араелира «Советская автономная Чечня» газетан дуьххьарлера номер. ТIаьхьо, «Серло» цIе а йолуш, нохчийн маттахь арахеца долийнчу оцу газетан доккха маьIна хилла къоман литературий, культурий кхиорехь.

Цул тIаьхьа Москва балха дIавуьгу Арсанов СаьIид-Бей. Цхьана муьрехь Кремлерчу Оружейни палатехь Iилманан секретарь Iийна иза, тIаккха масех шарахь ВЦИК-ан Президиумехь Нохчийчоьнан векал а хилла.

Оцу хенахь Нохчийн областан  партин органашкахь болх беш нохчийн кIезиг хилла. Дуьххьара Нохчийн обкоме балха хIоттийна веккъа цхьа нохчи – Авторханов Iабдурахьман, орготделан заведующи. Цо гIайгIабарца обкоме дIаэца болийна нохчийн къомах болу белхахой. Иштта обком партин культпропотделан заведующи хIоттийна Арсанов СаьIид-Бей. Оцу хьокъехь яздина шен дагалецамашкахь Авторханов Iабдурахьмана.

Партин ЦК-н тидамехь хилла лаккхара дешар а дешна, кIорггера хаарш а, доьналла а долу Арсанов СаьIид-Бей. Тайп-тайпана жоьпаллин гIуллакхаш тIедохку цунна. 1933-чу шарахь иза хьажаво Колыме, пачхьалкхан органашка балха. Цигахь шина шарахь райисполкоман  председателан болх бо цо. 1935-чу шарахь Нохчийчу цIа вогIу иза. Нохч-ГIалгIайн меттан, историн Iилманан-талламан института директор хIоттаво Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь цо доккха гIуллакх дина нохчийн, гIалгIайн меттанаш а, истори а Iилманца таллар вовшахтохарехь. Леррина тидам тIебохуьйту къоман барта кхолларалла гулъярна а, иза зорбанехь арахецарна а.

1937-чу шеран 3 октябрехь Арсанов СаьIид-Бей  НКВД-ан белхахоша, лаьцна чу  а воьллина,  буржуазни националисташна гIо деш хилла   аьлла, бехке а вина,  Сибрех вахийтина. ТIаьхьа, яздархочуьнан  цхьа а тайпа бехк цахилар билгал а доккхуш, мукъа витина.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, шовзткъалгIий – шовзткъеитталгIий шерашкахь яздархочо Казахстанехь халкъан образованехь болх бо. Республика метта а хIоттина, цIа дирзинчул тIаьхьа, 1957 шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин  Яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина иза. Цу даржехь болх бина Арсанов СаьIид-Бейс 1959 шеран март баттахь пенсе ваххалц.

Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш дуьххьара зорбане евлла 1924-чу ш. Цу хенахь «Советский юг», «Известия» газетийн агIонаш тIехь кест-кестта арадовлу цуьнан дийцарш, очеркаш, статьяш. ТIаьхьо Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш арайийлина  «Красная новь», «Народный учитель» цIерш йолчу журналаш тIехь а. Арсанов СаьIид-Бейн цIарца дозаделла ду къоман литературехъ романан жанр кхоллаялар. 1930 шарахь «Революция и горец» журналан кхаа номерехь зорбатуьйхира яздархочуьнан йоккхачу эпически произведенин дакъош. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча нохчийн маттахь «Ши тIаьхье» цIе  а йолуш араелира и роман. 1930 шарахь зорбанехь араяьлла Бадуев СаьIидан «ПетIамат» цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман а.

Цу тайпана, Бадуев СаьIид а санна, къоман литературехь романан жанр йолорхо ларалуш ву Арсанов СаьIид-Бей а. Билгалдаккха деза, Бадуев СаьIид юьззина чекхъяьлла роман язъян ца кхианехь, Арсанов СаьIид-Бейс эпически йоккхачу форманан берриге а лехамашна жоп луш йолу роман нохчийн, гIалгIайн литературашкахь дуьххьара язйина хилар. «Маца девза доттагIалла» цIе йолчу романан хьалхара вариант ларалуш ю «Ши тIаьхье». Турпалхойн васташ даржош, сюжетан зIенаш тIеюзуш, идейно-исбаьхьаллин чулацам кIаргбеш болх бина автора шен произведени тIехь. «Маца девза доттагIалла» роман араяьлла 1956-чу шарахь Алма-Атахь. ХIХ бIешо чекхдолучу – ХХ бIешо долалучу муьрехь Нохчийчоьнан юкъараллин дахаран социальни хьелаш гайтина романехь.

Оцу хенахьлерчу дахаран суьрташ  эпически шуьйра а, кIорггера а дехкина. Тайп-тайпанчу географически меттигашкахь кхочушхуьлу гIуллакхаш, дуккха а исторически хиламаш бу романан чулацамехь. Къинхьегаман  халкъо, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалша паргIатонехьа латто къийсам гайтар ду романехь коьртаниг. Къаьмнашна юкъахь  интернациональни доттагIалла кхолладаларан а, иза чIагIдаларан а хьелаш гайтина  автора. Шина чкъурах бу романан турпалхой: Арсбий, цуьнан могIарера бершший; Беной, цуьнан нийсархой.  Царах хIор чкъор а шайн хенаца догIуш, шайн амалшца, лехамашца гайтина. Дегайовхонца кхоьллина Арсбин, Джабраилан, Джон, ТIатIашан, церан накъостийн васташ. Цаьргахула гайтина адамийн ойланехь хуьлуш болу хийцамаш. Дахаран, шайна гонах гуш долчуьнан социальни маьIна дан Iема уьш. Арсбин  кхетам кхиарехь  мехала яра цуьнан Ивашинца а, Ульяшеваца  хилла уьйраш. Романехь дикачарах ду зударийн васташ: Хедижат, Селима, Ульяшева. Боккхачу деган лазамца, амма царах воккхаверца гайтина уьш автора. Ша-тайпана хьежамаш бу авторан кегийрхошка: Бенога а, цуьнан накъосташка а. Сирла хиндерг царах доьзна лору автора.

Яздархочо шуьйра пайдаэцна шен романехь халкъан барта кхоллараллех. Цунна кIорггера евзара нохчийн фольклор. Арсанов СаьIид-Бейс гулйина, зорбанехь арахецна къоман барта кхоллараллин шиъ сборник. Шен къастамаш бу «Маца девза доттагIалла» романехь халкъан барта произведенех пайдаэцаран. Фольклоран битамаша гIо до авторна къоман ламасташ, г1иллакхаш, оьздангалла йовзийта, адамийн ойланехь дерг гучудаккха, церан лаамаш, сатийсамаш гайта, халкъан дахаран къеггина долу суьрташ дахка. Джабраилан иллеш, Селимас шен шина йоIана дуьйцу туьйранаш, хабарш романан хиламех къасталур доцуш дIаийна ду. ДуххьалдIа барта произведенеш текстана юкъаялорца  кхачалуш  яц романан барта кхоллараллица йолу уьйраш. Яздархочун идейни, исбаьхьаллин Iалашонаш  кхочушъярехь шайн маьIна ду церан. Романна цхьа ша-тайпа аьхналла а луш, йоьшуш волчунна исбаьхьаллин Iаткъам бан гIо до цара.

«Маца девза доттагIалла» романан шолгIачу книги тIехь болх беш вара яздархо. Цхьа кIеззиг долу дакъош зорбанехь ара а девллера. Схьахетарехь, революци хиллачул тIаьхьа  вайн махкахь керлачу дахарехьа къинхьегамца къийсам латтор гайта дагахь хилла яздархо  романан шолгIачу книги тIехь. Амма  шен Iалашо кхочушъян ца кхиъна  иза.

Арсанов СаьIид-Бейн «Серебристая улыбка» цIе йолу  книгина зорбатоьхна 1965 шарахь. Ткъе иттех шо хьалха ша болх бинчу Колыма а вахна, хIетахь ша лелла меттигаш гина, цигарчу адамашца цхьаьнакхетарш а хилла, цIа веъча, арахецна яздархочо и книга. Оцу мехкан буьрсачу хазаллех, цигарчу адамийн хьуьнарех дуьйцу яздархочо шен барамца йоккха йоцчу книги тIерачу дийцаршкахь, очеркашкахь.

Арсанов СаьIид-Бей гоьваьлла яздархо вара, цуьнан произведенеш Нохчийчохь евзина ца Iаш, йоккхачу советски пачхьалкхехь а евзуш а, лоруш а яра. Мехала хазна йиллина цо дукхакъаьмнийн литератури юкъа. Яздархочух, цуьнан кхоллараллех лаьцна алссам материалаш, статьяш арайийлина цIеяххана девзаш долчу журналаш тIехь «Дружба народов», «Дон», «Новый мир» кхечарна а, центральни газетийн агIонаш тIехь а. Яздархочун «Маца девза доттагIалла»  роман маситтазза зорбатоьхна оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь Алма-Атахь, Москвахь, Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан дийцарш, очеркаш арайийлина дуккха а меттигашкахь, изданешкахь а.

Арсанов СаьIид-Бейн дахаран некъ  хедира 1968-чу шеран 12 июлехь. Яздархо кхелхинчул тIаьхьа, 1969 шарахь, араяьлла «О близком и далёком» цIе а йолуш, коьрта долчу декъана зорба  тохаза хиллачу произведенийн книга.  Цу тIехь дийцаршца, очеркашца  цхьаьна зорбатоьхна дара  «Маца девза доттагIалла»  романан  шолгIачу книгина  яздархочо лерина  хилла  дакъош а. 

Кхузахь, цуьнан дукхахайолчу произведенешкахь санна,  гIиллакх-оьздангалла, къонахалла, доьналла долуш бу книгин турпалхой. Масала, райисполкоман председатель Диас, заводан директор Бено, кхиберш а.

Оьрсийн маттахь язйина Арсанов СаьIид-Бейс шен произведенеш, амма чулацамца, идейно-исбаьхьаллин къастамашца нохчийн къоман литературин произведенеш  ю уьш. Арсанов СаьIид-Бей шен дахар, исбаьхьаллин похIма къоман литература, культура кхиорна дIаделлачарах ву.

Арсанов СаьIид-Бейн зорбанехь арайийлина произведенеш

Нохчийн маттахь
Ши тIаьхье. Роман. Оьрсийн маттера гочйина Х. М. Яхшаатовс. Соьлжа-ГIала, 1931. Маца девза доттагIалла (Романан дакъош) // Ленинан некъ. 1957. 18 июль — 12 дек., №№ 6, 7, 9, 11, 15, 61; 1958,. 22. 29 янв. №№ 8, 19. Маца девза доттагIалла. Гочйина. Х. Исмаиловс, Б. Чалаевс. Роман. Грозный, 1960. Къеггина гайта вайн заманан турпалхо. «Ленинан некъ», 1965. 15 январь. Дахаран бакъдерг. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 29 май. Берзалой Iедал. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 2 июнь. Нана. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 15 май.
Оьрсийн маттахь
Держи крепко свое сердце. (Главы из романа «Держи крепко свое сердце») //Грозненский рабочий. 1930. 22 май — 8 июнь. Аул и люди (Главы из романа «Держи крепко свое сердце») // Революция и горец. 1930. № 1. С. 70-78; № 2. С. 63-69. За невестой, Земли ему (Главы из романа «Держи крепко свое сердце»).«Революция и горец», 1930, № 8, стр. 67-72. 905-й год (Отрывок из романа «Держи крепко свое сердце») // Грозненский рабочий. 1935. 22 — 29 сент. Расправа в тюрьме. Главы из романа «Держи крепко свое сердце» // Грозненский рабочий, 1935, 2-6 окт. Суд (Отрывок из романа «Когда познается дружба»). // Къинхьегаман байракх. 1956. 17 май. Когда познается дружба (Отрывок из одноименного романа) // Грозненский рабочий. 1957. 26 февр. Слово о матери (Отрывок из романа «Когда познается дружба») // Грозненский рабочий. 1960. 17 нояб. Когда познается дружба. Роман. Алма-Ата, 1956. Когда познается дружба. Книга 1. Грозный, 1960.. Когда познается дружба. Роман. Грозный,1963. Ононди. Рассказ // На Севере Дальнем. 1964. № 2. Серебристая улыбка. Очерки и рассказы. Грозный, 1965. О верном друге. Роман. М., 1968. О близком и далеком. Рассказы и очерки. Грозный, 1969. Избранное. Когда познается дружба. Роман. М., 2009.
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3084 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1494 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:853 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:829 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:628 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4842 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2021 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5964 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6340 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2967 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2730 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2502 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5368 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2945 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1324 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4629 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2177 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8382 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »