• VTEM Image Show

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД
На Фото Сулейманов Ахьмад

 

 

Арсанукаев lабдулла

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995)

ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис яздина Сулейманов Ахьмадах лаьцна: «…И поэт вара шен амалца, и поэт вара шен дуьненехьежарца. И поэт вара адамашка, Iаламе болчу безамах дуьзначу шен тем боцчу деган дàгарца. Сулейманов Ахьмадан поэзи къаьста нохчийн къоман барта кхоллараллин хьу шеца хааяларца, произведенийн чулацаман кIоргаллица, мотт цIена а, хьалдолуш а хиларца, исбаьхьаллин васташ къегина хиларца. Ерриге а цуьнан поэзи юьзна ю вайн чолхечу, карзахечу заманан лазамех, адаман дахаран маьIнех, адаман сийлаллех а, цуьнан жоьпаллех а лаьцна йолчу ойланех. Поэта балхабо шен тембоцу деган лаамаш, сатийсамаш».

Сулейманов Ахьмад вина 1922-чу шеран 1-чу майхь Хьалха-Мартанан районерчу Олхазар-КIотарахь МуртазIелин Сулейманан доьзалехь. Ахьмадан да Сулейман нахаца шуьйра уьйраш йолуш, Нохчийчохь вевзаш стаг хилла, «нохчийн шира гIиллакхаш, дийцарш дика хууш, вайн махкара оьзда, цIеяххана нах шен хIусамехь соьцуш стаг хилла. Цаьрга ладоьгIуш, церан хьекъал, амалш схьаоьцуш кхиира Ахьмад». Юьхьанца шайн юьртахь дешна кIанта, 1940 шарахь Соьлжа-ГIалара  № 6  йолу школа чекхъяьккхина, цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу рабфакехь дешна.  Сурташ дахкаран корматалла йолуш хилла Сулейманов Ахьмад. Соьлжа-ГIаларчу художникийн гуламехь хуьлуш хилла иза. Художникийн суртийн гайтамашкахь дакъалоцуш а хилла. Цуьнан сурташ гайтаме дIаэцаран тоьшаллаш хIинца а долуш ду. Масала, 1939 шеран 26 октябрехь елла справка ю «Смерть Асланбека Шерипова» цIе йолу сурт Соьлжа-ГIалахь рабфакан гIишло чохь дIахьош болчу гайтаме  дIаэцна аьлла.

Сулейманов Ахьмадан 1940-чу шерийн юьххьехь белхаш бина Нохч-ГIалгIайчоьнан халкъан серлонан комиссариатехь  (наркомпрос)  инстурктор волуш, цул тIаьхьа Итум-Кхаьллан райкоман комсомолан секретаран даржехь а. 

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь СулеймановгIар Казахстанехь Семипалатински областан Урджарски районан Науалы олучу юьртахь Iийна. Цигахь 1945 шарахь кхелхина Ахьмадан да Сулейман. Оцу муьрехь Урджарски районан Аксаковски сельсоветехула Уполнаркомзаган агент лаьттина Сулейманов Ахьмад. 1948 шеран 15 октябрехь Науалы юьртарчу юккъерчу школе библиотекаран а, хьехархочун а балха дIаэцна иза.  Семипалатински педагогически училище заочно чекх а яьккхина 1950 шарахь юьхьанцарчу школан хьехархочун квалификаци елла цунна. Науалински школехь хьехархочун болх бина 1958 шарахь Нохчийчу цIаверззалц. 

Сулейманов Ахьмад 1955 шарахь Семипалатински пединститутан оьрсийн меттан, литературин факультете заочно деша хIоьттина, амма шен даймахка цIавар бахьана долуш дешар юукъахдаьлла. Ткъа 1964 шарахь  Нохч-ГIалгIайн пединститут чекхъяьккхина цо. Нохчийчохь дешаран системехь белхаш бина 1959 – 1981 шерашкахь: ГIойтIарчу юккъерчу школехь директор лаьттина, Хьалха-Мартан районан халкъан дешаран отделехь инспектор хилла, Хьалха-Мартанан № 2 йолчу юккъерчу школехь директоран, цул тIаьхьа Олхазар-КIотIарарчу школехь директоран белхаш бина. 

Кхечу меттигашкахь а къахьегна Сулейманов Ахьмада: Историн, меттан, литературин Нохч-ГIалгIайн Iилманан талламан институтехь Iилманан белхахо лаьттина,   Нохч-ГIалгIайн Республикин Яздархойн союзехь исбаьхьаллин литературин пропагандин бюрон куьйгалхочун, тIаккха Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театрехь литературни декъехь ассистентан белхаш бина.

Сулейманов Ахьмад кхелхина 1995 шеран июнан беттан 20-чу буьйсанна Олхазар-КIотарахь. Цигахь дIа а верзийна. 

Сулейманов Ахьмада 1935 шарахь Бадуев СаьIидана  гайтина хилла ша язйина стихотворени. «Кавказ» цIе йолу и стихотворени Бадуев СаьIида мага а йина «Серло» газет тIехь зорбатоьхна. Нохчийн литературин бухбиллархочо кIентан дог хьаьстина, хьох поэт хила веза аьлла, шена тIе а диллира цо олий, дуьйцуш хилла Ахьмада.

Сулейманов Ахьмадан поэтически кхолларалла эвсараллица кхиа йолаелла 1960-чу шерашкахь. Цуьнан стихаш зорбане йийлина «Ленинан некъ» газетан агIонаш тIехь, «Орга» журнал тIехь, тIаьхьо юкъарчу сборникашкахь а. Поэтан шен книга дуьххьара араяьлла 1967 шарахь. «Безаммий, шаьлтий» цIе а йолуш, стихийн, поэмин гулар ю иза. Оцу книгех лаьцна Сулаев Мохьмада яздина: «Машарехьа, интернационализмехьа, адамаллин оьздангаллехьа йиллина кхойкхуш а, даймахкехьа болу безам дешархойн дегнаш чохь гIиттош а ю поэтан и тайпа произведенеш, шаьш цуьнан «Безаммий, шаьлтий» цIе йолчу сборникехь зорбатоьхна йолу. Сборникана юкъаяхна поэтан цхьайолу стихаш, поэмаш хьалха дуьйна а нохчийн периодически зорбанехь араевлла евзина яра дешархошна. Ткъа уьш шайна тIехь дешархойн бIаьрг сецна а, вайн прессо а шен хенахь билгалъяьхна а яра, шайн чулацам психологически нийса, буьйцу мотт говза а болуш, дохкучу суьртийн басарш акварельни куьцехь цIена хиларна. И сборник араяьллачул тIаьхьа вайнехан литературоведенехь а, критикехь а къобалъеш тIеийцира поэтан цIе».

«Безаммий, шаьлтий» араяьлла  цхьа шо даьлча зорбатоьхна поэтан шолгIа книга «Дог дохден цIе» (1968). Стихашший, поэмий ю оцу гуларан чулацамехь, иштта оьрсийн литературин классикийн гочдарш а ду . КхидIа арайийлина цуьнан поэзин книгаш: «Ламанан хьостанаш» (1971), «Даймехкан некъаш» (1982), «Цхьа-ши дош» (1988), «Даймахках илла»(2012), «Хаьржинарш» (2012). Оьрсийн маттахь,поэтаЛ. Шерешевскийс гочйина,  араяьлла «Симфония гор»цIе йолу стихийн, поэмийн гулар (1977), гочйинарш Г.Гусаков, Л. Шерешевский волу  «Рассвет в горах» стихийн книга а (1995).

Сулейманов Ахьмад дукха яздан гIерташ ца хилла, амма шен стихан дикаллин гIайгIа беш хилла. Оцу хьокъехь Мамакаев Мохьмада яздина: «А. Сулейманов… шен долчух кIеззигчух тоам а беш, амма шен поэтически дог-ойла лекха йолчех ву».

Нохчийн мотт, нохчийн дош, стихан исбаьхьалла лаккхара лоруш хилла поэта:

Хьан дош хир ду дешин меха,
Ахь са диллахь цунна чу!
Даим дагах кхеташ нехан,
БIешарахь и дехар ду!
……………………………
Тоьпан дашший, говза дошший
Дайша нийсса лерина.
Шаьлтане ца хададелларг
Дайша дашца дерина.
                     («Ламанан хьостанаш»)

Нохчашлахь стеган дош цIена хила дезаш хилла, шеца хIилла доцуш, хьарамло йоцуш, инкарло йоцуш. Стаге болу лерам а хилла цуьнан дош шалхе йоцуш хиларе, цIена хиларе хьаьжжина. Поэта а иштта лору дош:

Дош-м дац дош доцург,
ГIуллакха-м дац цIена доцург!
ЦIаро-м деши а лаладо.
Дашо-м дегнаш а лаладо.
Деши а дош дац, цIена дацахь…

Дош а деши дац, цIена дацахь…
                              («ЦIен книга» я Iесаллех поэма»)

Сулейманов Ахьмадан поэзин чулацамехь нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш ю. Уьш кхайкхош, уьш чIагIъяре хьажийна ю цуьнан  тоьлла произведенеш. Оцу къоман гIиллакх-оьздангаллин лаккхарчу тIегIане кхойкху поэт. Нохчийн халкъан педагогикехь, философехь «къонах» боху кхетам бу стаг шен халкъана, махкана хьанал хилар, пайдехьа хилар, лаккхара гIиллакх-оьздангалла йолуш иза хилар билгалдоккхуш. Поэта ойлайо оцу кхетаман, цуьнан маьIна дан хьожу иза:

«Къонаха мила ву? И меллалц веха» −
Хаьттира ахь соьга шуьнехь Iаш вай.
− Дерриг а дуьне ду кьонахчун меха!
XIap дуьне-м къонахийн белшаш тIехь дай!
……………………………………………
Къонаха − дахаран синпхенийн мерз бу!
Къонаха − дуьненан гIайгIанийн шад!
Цо ларйо дахаре вайн йолу марзо!
Къонаха − пха кхосса дуьйлина Iад!

Къонаха вехийца Даймехкан сийнна,
Даймехкан сий лардеш, вала и ле!
JIe иза, кхин ваха ца лууш санна,
Ленвоцчу сийлалле кховдаеш цIе!
………………………………………..
Терзан тIе ца дуьллу цо деший, даьхний
Халонгахь хадочохь хьуьнаран мах.
Ах-дуьне мах болу шен корта буьллу,
Вайн маршо ларъечохь caгIa до шех.

Къонахийн собар ду − лекха лам баккхал,
Собар ду сов доккха, кхача ца луш!
Къонахийн и собар кхачийча-м, боккъал,
XIap маьлхан вайн дуьне духур ма ду!
                                      («Шуьнехь дош»)

Поэтан билгалъяьхна къонахчун амалш цхьаьнайогIу нохчийн иллешкахь бийцинчу «яхь йолчу дика кIентийн» амалшца.  Турпалаллин иллешкахь чIагIдо даймохк безар, кхечу къаьмнашца доттагIалла хилар, вовшийн лоруш, цхьабарт болуш хилар, гIийлачуьнгахьа гIо лоцуш, доттагIалла лардеш стогалла гайтар, адамийн оьздангалла, сий лардар:

Ницкъ хиларх хуьлуш вац яхь йолу дика кIант,
ХIилланах хуьлуш вац тешаме дика кIант,
Тешамо, гIиллакхо, собаро веш ву-кха,
Оьздалло, хьекъало, стогалло веш ву-кха
ГIиллакхах вуьззина яхь йолу дика кIант.
                     («Жерочун кIентан, Жумин Акхтолин илли»)

Иллешкахь а санна, ницкъ, хьал цуьнан хиларца ца хадабо поэта а къонахчун мах. Сулейманов Ахьмада къонах лору шен мехкан лаьттахь хьанал къахьоьгуш волу ахархо а, цо къонах лору тешам, собар, къонахалла кхайкхош волу илланча а, поэта къонах лору даймахка герзаца веанчу мостагIчунна дуьхьал гIаьттина тIемало а. Ахмадов Мусас даладо цкъа шаьш цхьаьна гулделлачохь шуьнехь Iаш Ахьмада аьлла дешнаш: «Ас хIар шуьнан дош олу, мацах цкъа дечиган нахарца дуьххьара хIокху мехкан хьена латта а аьхна, дезчу ялтин хIу дийначу ахархочун сийнна; ас хIара шуьнан дош олу, хьуьнхахь ирахь якъаелла къахьаштун дечиг а хадийна, иза нисйина, шарйина, тойина, цу тIе кхо мерз а оьзна, дечигпондар а бина, цу тIехь дуьххьара къонахаллех, тешамах, собарх илли аьллачу илланчин сийнна; ас хIара шуьнан дош олу вайн мохк лолле лаца, цуьнан сийлахь кхерчаш, оьзда мехкарий сийсазбан баьхкина мостагIий эшийна, хьаьшна, дIабаьхначу нохчийн тIемалойн сийнна!».

Иштта бу поэтан лирически турпалхочун хьежамаш а. Къонахаллин тема поэтан стихашкара поэмашка кхаччалц ерриг кхоллараллех чекхйолуш а ю, нохчийн къоман кхетамца йозаелла а ю. Дайн ламасташ лоруш, цаьрца вехаш, уьш кхидIа а цIинда Iалашо йолуш ву поэтан лирически турпалхо. Даймехкан дуьхьа, халкъан дуьхьа муьлхха а халонаш лан а, Iожалла тIеэца а кийча ву иза:

Даймахке сайн безам гайта,
ДоттагIий, аш таро ло!
Цуьнан дуьхьа муха веха,
Муха ле ас гойтур ду!
                    («Лойша суна»)

Сулейманов Ахьмадан поэзи кIорггера йозуш ю къоман гIиллакхашца, ламасташца. Нохчийн хIусаман йовхо, адамийн комаьршалла, къоман оьзда гIиллакхаш тайп-тайпанчу васташца, синхаамийн айамца гайтина поэта. 

Iаьржа буьйса, буьрса буьйса.
Дарцо левси кхийсайо.
Дино лергаш дуьхьалтуьйсу.
Халчу новкъа вогIу со.
…………………………….
Сан дин, сой – шиъ дарцо, гIорош,
Шело даге кхийдайо.
Хьеше кхойкхуш, цхьаннан-м корехь
ГIийла серло еттало.
………………………………….
«ХIей нах!» − олий, ас мохь туху.
Серлаболу корехь чиркх.
Вевзаш вацарх ломахь наха
Даим оьцу хьаша чу.

«Беркат шорта хуьлда хьоьца.
Воссал динара, хьаша, хьо!» −
Олуш, ондда луьйта лоций,
ХIусамдас со воссаво.
……………………………..
Божлахь сан дин паргIатбаьлла,
ХIинца паргIатвер ву со,
Кхача кечбеш, марсаяьлла,
Пешахь кхерсташ хир ю цIе.

Цу кхерчарчу цIарочул а,
Хьаша вохвеш, йовхо луш,
Ю вайнехан комаьршалла,
Ду вайнехан оьзда дош!
                            («Дог дохде цIе»)

Стихотворени дIайолалуш кхоьллина Iаьржачу, буьрсачу, шийлачу буьйсанна «халчу новкъа вогIачу» турпалхочун васт а, стихотворени чекхйолуш тIаьххьарчу строфашкахь и турпалхо  хIусамдас тIеэцар гайтина долу васт а авторан ойла къеггина гучуйоккхуш ду.

Вевзаш ца хиларх хьаша тIеоьцуш, иза паргIатвоккхуш, цунна хьошалдеш, адаман йовхо луш, кхерчара цIе ца хадош, шена чохь даим «вайнехан оьзда дош» хезаш йолчу нохчийн хIусамна исбаьхьаллин дашца хастам бина поэта. Нохчийн беркате ламасташ, къоман комаьршо го оцу стихашкахь. Стихотворенин композици, исбаьхьаллин сурт кхолларан гIирсаш, мотт, ритм, интонаци – и дерриг автора Iалашо кхочушъяре хьажийна ду, цуьнан ойла къеггина  билгалъяккхарехь гIо деш ду. 

Сулейманов Ахьмадан поэзин нохчийн къоман гIиллакх, Iадаташ, ламасташ шен бухехь а долуш, халкъан бартан кхоллараллица юххера уьйр а йолуш кхиъна хилар къеггина гуш ду цуьнан «Дахаран генаш», «Безаммий, шаьлтий», «Беттан тIулг» цIерш йолчу поэмашкахь, «Ламанан хьостанаш», «Маьлха-Аьзни», «Къечу илланчин хьелхар», «Лекхчу ножана…», «Дог дохде цIе» стихашкахь, «Ненан бIаьрхиш» дийцарехь, дуккха а кхийолчу произведенешкахь а.

Поэтан стихаш къаьсташ ю шайн чулацам а, форма а цхьабосса исбаьхьаллин лакхенга гIерташ хиларца.  Иштта ю цуьнан безаман лирика а. Алссам ю поэтан безамах лаьцна стихаш, царах ю: «Кхин цкъа а хьожур вац…», «Хьан бIаьрхиш…», «Хьо яре сатуьйсу», «Батте», «Календаран тIаьххьара лист», «Хьо марш а Iойла», «Ма ала соьга», «Малхе кхевдий…», «Весет», «Ала цуьнга», «Ерриг шело дIаэцалахь!», «Хан йоцчу хенахь а…», «Ехийла гIоза!», «Полла», «ЙогIур ю, хьомениг, хьоьга!»,  «Батто сагатдо». 

Орцан дукъах дато маIаш
Туьйсуш, батто сагатдо…
ЦIестан кIудал нохчийн йоIа
Шовдана кIел сецайо.

Хета баттах схьадухдуьйлуш,
КIудал юзу шовдано,
Нур-зIаьнаршца безам муьйлу,
ЙоIах хьерчаш, цу батто.

КIудал юьзна… Iанаоьху
БIаьрхих терра дато хиш.
Ткъа, йоI гича, дог а лехий,
Нохчийн кIанта лоькху йиш…

Сулейманов Ахьмадан «Батто сагатдо» стихотворенин хьалхара кхо строфа ю уьш. Ерриг стихотворени ворхI строфах лаьтташ ю, хIор строфахь йиъ стих а йолуш. Стихотворени шина декъе екъало, хьалхара кхо строфа цхьа дакъа ларало, иза авторера ду. КхидIа йолу йиъ строфа шолгIа дакъа ларало. Иза стихотворенин турпалхочуьнгара ду. Цуьнан чулацамехь – беттан серлонгахь цIеста кIудал шовданан хих юзуш йолу йоI гича, дог тохаделлачу «нохчийн кIанта лоькху йиш» ю. Еа гIулчах лаьттачу хорейн барамехь язйина стихотворени. Хьалхарчу стихехь а, иштта дIайолчу кхечу шалазчу стихашкахь а акалектика ю – стихан могIа юьззина йолчу гIулчаца (стопаца) чекхболу, стихан тIаьххьара гIулч юьззина хорейниг ю тохар долу а, тохар доцу а ший дешдакъа шеца долуш. ШолгIачу стихехь а, кхидIайолчу кхечу шалачу стихашкахь а каталектика ю – стихан могIа яцйинчу гIулчаца (стопаца) чекхболу, стихан тIаьххьара хорейн гIулч йоца ю, тIехь тохар долу хьалхара дешдакъа бен дац. И барам хIор строфахь стихотворени чекхъяллалц ларбина автора. Стихашкара клаузулаш жIарийн хьесапехь а йолуш, зударийн клаузулаш божарийчаьрца хийцалуш ю.

Исбаьхьа эпитеташ, метафораш, дустарш цхьа шатайпана цхьаьнаийна ду стихотворенехь, цаьргахула нохчийн гIиллакхаш гайтина ца Iаш, къоман дахаран битамаш кхуллу автора.

Дашна говза ву Сулейманов Ахьмад, цуьнан поэзин мотт шеца лаккхара исбаьхьалла йолуш бу. Ша гойтачу хIуманца догIуш доллу исбаьхьаллин дош карадо цунна. Кхечара далоза долу дустар, эпитет я метафора яло хаьа цунна. Поэтически сурт кхуллуш Iаламера хIума, адаман хьесапе даладой,  исбаьхьа юьхьедерзадо цо. Цуьнан исбаьхьаллин васт шеца чолхалла йоцуш, аьхна, даге кхочуш, милла а кхетар волуш хуьлу. Масала, «Полла» цIе йолу стихотворени:

Хаза полла, къорза полла,
Бай тIехь дургал гулъеш лела,
Бай тIехь дургал гулъеш лела.

Полла шена тIелахбелча,
Зезаго и эсала хьосту.
ТIера полла дIагIаьттича,
Зезаг цунна тIаьхьа леста.

Цу зезаг тIе полла санна,
Леста денна со хьо йолчу.
Цу урчакх тIе чилла санна,
Хьан безам сан дагах хьерча.

Жима полла, хаза полла,
Бай тIехь дургал гулъеш лела,
Бай тIехь дургал гулъеш лела.

Полла санна яй ю и стихотворени, еша а, шех кхета а атта ю. Поэта далийна дустарш а («Цу зезаг тIе полла санна,леста денна со хьо йолчу. Цу урчакх тIе чилла санна, хьан безам сан дагах хьерча»)  даьржина делахь а, шайца чолхе йолуш дац. Лирически турпалхочун  безам кIорге йолуш хилар гойту цара. Исбаьхьа кхоьллинчу Iаламан суьрташкахула гучуйоху кхузахь лирически турпалхочун безаман шовкъаш. 

Чулацамца а, дIахIоттамца а, маьIница а цунах тера ю стихотворени «Можа хьоза» а:

Можа хьоза, хаза хьоза,
Сарахь, Iypa, ломахь, арахь –
Даим хеза цуьнан оза,
Цуьнан оза даим хеза.

Баьллийн бешахь,
                       зазаш юккъехь,
БIаьсте хестош, зазаш лестош,
Дека, ловзу можа хьоза,
Можа хьоза дека, ловзу.

ЙогIу Iуьйре, юлу суьйре,
Цу ламанца, цу аренца
Даим хеза зевне оза,
Зевне оза даим хеза.

Хьоза декаш хезча сайна,
ДагайогIу езнарг суна.
Иштта говза дека хьоза,
Дека хьоза иштта говза.

Лирически турпалхо хаза декачу хьозанан зевнечу озах самалха долуш, воккхавер,  оцу хьозанан хазчу озо шена езнарг цунна дагаяийтар бен кхин хIума дац стихотворенин чулацамехь, амма поэзи ю. Турпалхочун самалхадалар вайга а кхочу. Сирла, екхна ойла кхоллало стихотворени ешча. Говза дIахIоттам бу стихотворенин. Еа строфах лаьтташ ю иза, хIор строфахь йиъ стих а йолуш.  Дешнаш леррина хаьржина ду, хIор могIа деа дашах лаьтташ бу, дешнаш вовшашца дозуш дIанисдаран  шен раж ю. Массо а строфахь кхоалгIа стих боьалгIачу могIанехь юхаялийна, шишша дош шайн меттигца хийца а хуьйцуш. Масала, шолгIачу строфан кхоалгIий, йоьалгIий стихаш:

Дека, ловзу можа хьоза,
Можа хьоза дека, ловзу.

Цул совнаха оцу стихашкахь автора пайдаэцна стиховеденехь  анадиплосис олучу поэтически приемах: цхьана стихан тIаьххьара дешнаш цунна тIаьхьа йогIучу стихехь  хьалхара далийна. ХIокху стихотворенехь массо а строфахь тIаьххьара шишша стих ю оцу поэтически гIирсах пайдаоьцуш кхоьллина. Хьалхарчу строфахь «цуьнан оза» ду и юхадалош долу  дешнаш, шолгIачу строфахь «можа хьоза» ду, кхоалгIачу строфахь – «зевне оза», йоьалгIачу строфахь – «дека хьоза». Оцу юхааларша цхьа шатайпа аьхналла ло стихотворенина.

Стихотворенин  хIор дош шина дешдекъах лаьтташ ду, кхоалгIачу строфан шолгIа могIа боцчохь массанхьа а. ЦIенчу хорейн барамехь ю стихотворени, хIор стихехь йиъ гIулч а йолуш.

Стих екар а говза нисдина поэта. Зевнечу аьзнийн аллитераци ю стихашкахь. Зевне «з» аз ткъе борхIазза далийна башха йоккха йоцчу стихотворенехь. Юккъера рифмаш ю стихотворенехь, уьш а зевнечу аьзнех лаьтташ ю: «Можа хьоза, хаза хьоза»; «БIаьсте хестош, зазаш лестош»;  «Даим хеза цуьнан оза»; «Иштта говза дека хьоза», кхиерш а. Ала мегар дара, оцу тIерачу можачу хьозанан аз санна, зевне ека стихотворени.

Цу тайпана, оцу дерригено а кхоьллина стихотворенин исбаьхьалла. Лирически турпалхочун безаман шовкъаш гучуяхарехь шайн маьIна ду оцу поэтически гIирсийн.         

Сулейманов Ахьмадан безаман лирикехь оцу синхьегаман тайп-тайпана агIонаш гучуйовлу. Поэтан лирически турпалхочуьнан безам даим а бац шен лаамашка кхочуш. Цунна безаман марзо евзина ца Iа, шен безамна жоп ца даларан къахьо а евзина цунна. Делахь а хIумма а кIоршаме, оьгIазе вац иза шен безам дIатеттинчуьнца. «Ехийла гIоза!» стихотворени тIехь цо боху:

Сан дуйнех, бIаьрхих а хьо ма ца тийши.
Ницкъ боцуш виси-кх со хьан ойла еша!
Дахарехь вайшиннан ца хили йоза…
Со вицвеш, кхин везна, ехийла гIоза!».

Амма кхидIа долчу стихотворенин могIанашкахь хаало турпалхочун кIорггера синхьегам, цуьнан  йоьхна ойла, деган лазам:

Хьайн тойне со вехар ас хьоьга доьху:
Лаьар-кх цкъа тIаьххьара хьоьга бIаьрг тоха,
Декъалдеш хьан дахар, айдер ас чагIар…
Амма сан воккхавер ма хуьлда-кх хьуна!

Стихотворенин оцу тIаьххьарчу могIанехь ю турпалхочун гIайгIанечу синхаамийн кIорге, цуьнца билгалдолу произведенин коьрта маьIна а. 

Сулейманов Ахьмадан безаман лирика шен билггал къастамаш болуш ю. Оцу синхаамах лаьцна йолу поэтан стихаш нохчийн безаман лирикех къаьсташ ю шайн чулацамца а, маьIница а, исбаьхьаллин басаршца а. Оцу хьокъехь Ахмадов Мусас яздо: «Безамах йолчу Ахьмадан стихашкахь гучудолу и синхаам цо, ийзавалар доцуш, ма-барра шен чолхаллица, марзонца, къахьонца буьйцуш хилар. Цуьнца цхьаьна цо дохадо нохчийн фольклорехь долу цхьацца бехкаме гураш. Оцу гурашкара аравийлар а оьзда а, товш а хуьлу Ахьмадан, цуьнца цхьаьна цо схьадоьллу нохчийн безаман лирика кхиаран тайп-тайпана а, керла а некъаш».

Сулейманов Ахьмада кхиамца болх бина лиро-эпически жанрехь а. Евзаш ю цуьнан поэмаш: «Безаммий, шаьлтий», «Ламанан суьрташ», «Беттан тIулг», «Безаман шовда», «Дахаран генаш», «Iеса безам. Безамна гимн», «ЦIен книга» я Iеса поэма». Церан чулацамехь къоман дахар ду, шен тайп-тайпанчу агIонашкахь гайтина. Нохчийн къоман кхолламехь хьалха дIадаханчу а, хIинцалерчу а шен хьежамашца ойла йо поэта. Жанрийн башхаллашка диллича лирический, эпический, драматический билгалонаш цхьаьанаийна ю поэмашкахь.

Къаьсттина хьахо йогIу «ЦIен книга» я Iеса поэма». Философски произведени ю иза. Яздархойн гонашкахь дика тIеэцна поэма. «Поэма дуьненахь болчу коьртачу лазамех ю, адаман дахар тодарехьа, хаздарехьа, ирсе дарехьа кхойкхуш… Сулейманов Ахьмада шен кхетамехь, ойланашкахь, хааршкахь, даг чохь гулделларг схьакхайкхина вайга оцу поэмехь, вайн къам дуьненахь лар йоцуш дан ца дайта. Иза поэтан весет лара мегар ду, тIаьхьенашна цо дитина», –  яздо поэмех лаьцна яздархо а, критик а волчу Минкаилов Эльбруса. Оцу поэми тIера цхьацца йолу меттигаш бахьана долуш, резабоцуш, цу тIехь Iесалла ю, иза яго еза аьлла, арабевллера цхьаберш, амма иза цаьрга ца дайтинера Ахьмад а, цуьнан поэзи а евзачара.

Iаламат мехала бу Сулейманов Ахьмадан Нохч-ГIалгIайчоьнан топоними хIоттош бина болх. 1976–1985 шерашкахь араяьлла цуьнан еа книгех лаьтташ йолу «Топонимия Чечено-Ингушетии». Цул тIаьхьа кхузза арахецна оьрсийн маттахь язбина болу и мехала болх. Цу тIехь ялийна лаьмнийн, раьгIнийн, бIаьвнийн, шовданийн, хинийн, яртийн, хьаннийн, ирзойн, ма-дарра аьлча, вайн мехкан массо а меттигийн цIерш. Царах лаьцна халкъалахь долу легендаш, шира хабарш, кицанаш, эшарш дIаяздина автора. «Нохчийчоьнан паспорт» аьлла, цIе яхна шен маьIнийн мах хадийна ца валлал мехала болчу оцу белхан. Пачхьалкхан преми луш билгал а баьккхина иза.

Хьахо деза Сулейманов Ахьмада дина гочдарш. Цо нохчийн матте яьхна А.С. Пушкинан «Iаьнан суьйре»; М.Ю. Лермонтовн «Суо-цхьалха буьйсанна со араволу», «Кхачделла можа ялташ аренгахь техкаш…», «ГIалгIазкхийн аганан илли», «Баркалла», «Тамаше шийлачу ахмаске тIехьара…», «ХIан-хIа! Хьо яц суна езарг чIогIа», «К. Л. (Байронах тардеш)», «ИрахьIер», «Къовсам», «ДоIа», «СагIадоьхург», «Аьзнаш», «Кавказ»; Муса Джалилан «Сан иллеш», «Ма тешалахь», «Суд ечу дийнахь»; гуьржийн халкъан поэзи юккъера «Хьан майрачух со-м ца веша…», кхийолу произведенеш а. 

Сулейманов Ахьмада болх бина нохчийн халкъан барта произведенеш лохуш а, уьш дIаязъеш а. Пхьарматах долу шира дийцар дуьххьара дIаяздинраг а ву иза. 

Къоман культурин, нохчийн литературин мехала цхьа дакъа ду Сулейманов Ахьмадан кхолларалла. Нохчийн халкъан поэт боху сийлахь цIе шен хьакъ а йолуш лелайора цо.

«Даймехкан некъаш» цIе йолу Сулейманов Ахьмадан книга дIайолалуш зорбатоьхначу шен статья тIехь Сулаев Мохьмада яздина: «Кху сборнико чулоцу нохчийн поэто Сулейманов Ахьмада деххачу шерашкахь язйинчех цхьайолу стихаш, поэмаш… Семачу бIаьргашца цуьнан агIонашка хьаьвсичахь – цхьабосса дика го поэтан шен чухулара синсибат а, вайн даймехкан къонахаллех дуьзна долу васт а. 

Ишта ца хила йиш а яц поэзин книга, и бакъволчу поэтан книга елахь: хIор а вуьззина поэт шен даймехкан хьанала меже а, винчу халкъан сема мотт а бу. Поэто дуьйцург цIенчу даггара хила деза – тIаккхий бен дешархойн дегнашка и дIакхочур вац. Амма поэтан дог мел цIена хиларх, иза шен даймехкан дагах хоттаделла дацахь – цо дуьйцучух марзо оьцур яц кхиболчу наха: цхьана готтачу гурахь дуьсур ду цо мел дуьйцург, дешархойн шуьйрачу могIаршка дIа ца кхочуш. Бакъволчу поэтан дог цIена хилла ца Iаш комаьрша а, доккха а хила деза, дерриге а халкъан дог-ойланаш, сатийсамаш шена чухудуш, шена чу уьш тарйолуьйтуш. ТIаккха хуьлу поэт – шен халкъан поэт. Иштачех ву Ахьмад Сулейманов».

Хила а хилла Сулейманов Ахьмад бакъволу поэт, цуьнан произведенеш бакъйолу поэзи а   ю. 

ПРОИЗВЕДЕНЕШ

КНИГАШ
НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Безаммий, шаьлтий. Стихаш, поэма. Грозный, 1967. Дог дохден цIе. Стихаш, поэма, гочдарш. Грозный. 1968. Ламанан хьостанаш. Грозный, 1971. Даймехкан некъаш. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1982. Цхьа-ши дош. Поэмаш. Грозный, 1988. Даймахках илли. Стихаш. Грозный, 2012. Хаьржинарш. Стихаш М., 2012.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Симфония гор. Стихи и поэма. Пер. с чеч. Л. Шерешевский. Грозный,1977. Рассвет в горах. Стихи. Пер. Г. Гусаков, Л.Шерешевский. М., 1995.

Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4235 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2404 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2573 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3478 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5710 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1693 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2260 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3071 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1491 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1398 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1575 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5609 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3572 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:851 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:829 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:627 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4810 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2021 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1235 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3046 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2373 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5945 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6289 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2135 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1985 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2954 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2720 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5431 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11727 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2484 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1791 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5357 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3681 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2932 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1321 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4624 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2170 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8359 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »