• VTEM Image Show

Гадаев Мохьмад-Салахь
Арсанукаев Iабдулла

ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972)

ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла дукха хан ялале поэтан цIе шуьйра евзина литературехь. Цуьнан кхолларала тахана а уггар мехалчарах ю нохчийн поэзехь.

Нохчийн поэт, прозаик Гадаев Мохьмад-Салахь вина 1909 шеран 10-чу декабрехь Нажин-Юьртан районерчу Чуьрча-Ирзехь ахархочун Гадин доьзалехь. Герггарчу хьесапехь 1924 шарахь ГадаевгIеран доьзал Гезлой-эвла кхелхина бахна. Оцу юьртара ворхIшеран школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1928чу шарахь Ростов-гIала рабфаке деша вахна иза. Цигахь кхиам-ца дешна. Рабфакехь доьшучу хенахь программица йогIучул совнаха  дукха литература ешна Гадаев Мохьмад-Салахь. 

 ТIевирззина Iамийна философин а, космогонихула болу белхаш а. Цуьнан лерринчу тидамехь хилла немцойн философан И. Канта язйина «Всеобщая естественная история и теория неба», французийн Iилманчин П. С. Лапласан «Трактат о небесной механике». ТIаьхьа Гадаев Мохьмад-Салахь ша а язбина астрономихула а, философихула болу белхаш. Рабфакехь яьккхина хан мехала хилла хинволчу яздархочунна. Литературех, искусствох, кхидолчу Iилманех гIеххьа хаарш кхолладелла цуьнан.

Ростовехь дешна ваьлча, цIа а веана, цхьана муьрехь Аух-юьртахь (хIинца ДегIастанан республикера Новолак) школан директоран болх бина цо. Цул тIаьхьа Нажин-Юьртан райисполкоман жоьпаллин секретаран даржехь а лаьттина иза. ТIаккха Нажин-Юьртан райЗО-н (Районный земельный отдел) заведующи хIоттийна. И хан дагалоцуш, 1933-чу шеран 30-чу апрелехь хIинцалеран Замай-Юрт йилла шаьш дуьххьара бел йогIар безам хеташ карладоккху поэто цул тIаьхьа 32 шо даьлча  язйинчу шен «Замай-Юрт» стихотворенехь. Оцу юьрте, юьртахошка йолчу йовхачу ойланашца язйина ю стихотворени.

1930-чу шерийн шолгIачу эхехь Гадаев Мохьмад-Салахьан стихотворенеш арайийлина газетийн, журналийн агIонаш тIехь, тайп-тайпанчу юкъарчу сборникаш тIехь. 1938-чу шарахь цо язйина «Й-те» («Йисите») цIе йолу стихотворени поэтан кхоллараллехь хилла ца Iаш, ерриг нохчийн поэзин безаман лирикехь хIинца а тоьллачарах ю. Сийлахь-Боккха Даймехкан тIом болабелча цо язйина «Мехкан лоьмашка», «ДоттагIашка», кхийолу а стихотворенеш хIетахьлерчу къоман поэзехь дикачарах яра. Поэтан цхьайолу стихотворенеш оьрсийн матте а яьхнера. Масала, «Герздалар» цIе йолу поэма, цIеяххана волчу оьрсийн поэта А. Тарковскийс гоч а йина, зорбатоьхна ю 1939 шарахь оьрсийн маттахь араяьллачу «Поэты Чечено-Ингушетии» цIе йолчу книги тIехь. Поэтан шен дуьххьарлера книга, «Стихаш» цIе а йолуш, араяьлла 1940 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Оцу хенахь дIаэцна иза СССР-н яздархойн Союзе. ХIетахь  гоьваьллачу поэтан Гадаев Мохьмад-Салахьан стихаш ерриг Нохч-ГIалгIайчохь евзаш хилла.

ШовзткъалгIа шераш дуьйлалуш Нажин-Юьртан районера Соьлжа-ГIала Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзе литконсультантан балха схьавалийна Гадаев Мохьмад-Салахь. ХIинца тIевирззина, боккхачу лаамца болх бо цо поэзехь а, прозехь а. Кхечу къаьмнийн яздархойн дуккха а произведенеш нохчийн матте яьхна цо. Мохьмад-Салахьа гочйинчу произведенеш юкъахь ю Пушкинан, Лермонтовн, Л.Толстойн, Некрасовн, Чеховн, Фадеевн, Исаковскийн, Асеевн, Ставскийн, Д.Бедныйн, С. Чикованин, Дж. Джабаевн, кхечеран а произведенеш. Цо дакъалоцу нохчийн школашна учебникаш хIиттош. Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла теллинчара бахарехь оцу шерашкахь цо зорбане кечйина хилла шен алссам книгаш: «Довха дог», «Безаман лирика», «Попан дийцар», «Партизанаш», «ЧIир екхар, чIирхо витар» цIе йолу болх, «Кунта-Хьаьжа» пьесина кечдина йозанаш. Амма царах цхьа а зорбанехь араяла ца кхиира. Сталински таIзар лаьттинчу хенахь, 1944 шо долалуш нохчийн къам цхьана дийнахь дерриг хьаьккхина махкахдаьккхина.

Гадаев Мохьмад-Салахь Киргизи нисвелла. Цигахь цхьана кхачанан сурсатийн складан заведующи хIоттийна иза. Юьхьанца хийрачу махкахь гIело, цамгарш, мацалла токхуш болчу нохчашна складера продукташ луш хилла Гадаев Мохьмад-Салахьа. Складана ревизи йича, кхачанан сурсаташ тIе ца тоьу, дайина аьлла, 10 шо хан тоьхна, чувоьллина иза. Ашхабадан, Чарджоун гIаланийн набахтешкахь яьккхина цо чохь ваьллина хан. Набахтин халчу хьелашкахь а шен йозанаш ца дитина поэта, цо язйо стихаш, кхийолу произведенеш. Царах ю, масала, авторан дикачарах  йолу лирически стихотворени «Мунаева Саибате». 1949 шарахь набахтехь  цамгар кхетта Мохьмад-Салахьана, иза хIинца а дарба кароза йолу рак ю аьлла, лоьраша. ХIетахь язйина ю авторан весетан маьIна долу «ЦIен Берд» стихотворени.

Iожалло Iехаво, оьций дIахьой,
Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов.
Уьйрашна вицвелча, Далла а вицлой,
Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов 

Даим со хьегначу ЦIен-Берде гIой,
Цуьнга бIаьрг тохалаш, аьтту хилахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь. 

ГIеллой Iаш хетало безна и мохк,
Малх хьуллуш бIаьрг тоьхча геннара дIа.
Хьомсарчу ламанах хьерчаш Iен дохк,
Гуш санна, вогIалой, вехха со Iа… 

Дог-мерза гул а лой, ЦIен-Берде гIой,
Дегнийн хьу ясталаш бIаьста-гурахь.
Сан метта бIаьрг тохий, сан бIаьрга гой,
Сан берд аш хьасталаш, ганза со лахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.
Пепнаш кIел тIулг богIий, гонаха берд хьой,
Безамна бIарлагIа елаш цигахь. 

Лаккхарчу поэзин билгалонаш ю оцу стихотворенехь.

Делан кхолламца лоьрин прогноз нийса ца хиллера, Мохьмад-Салахь юхавирзира оцу цамгарх. Амнисти а яьлла, 1953 шарахь лаьцначуьра мукъа валийтина иза.

Шовзткъе уьтталгIачу шерийн шолгIачу эхехь Алма-Атахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета тIехь зорбатухура поэтан произведенеш. ХIетахь оцу газетан агIонаш тIехь зорбане евлира стихотворенеш: «РегIара поп», «Ши лаам», «Сурте (ХIумма а дац, елха хьо, испанхойн нана…»), «Стих», «Ботта-Махьма», «Вон ма хила…», кхиерш а. Цаьргахула вевзира поэт хIетахьлерчу дешархошна. 1957 шарахь ша дукха сатийсинчу шен Даймахка, Нохчийчу, цIа вирзира Гадаев Мохьмад-Салахь. Иза боккхачу айамца болх бан волавелира. Яздархочунна тIехь даккхий декхарш лорура цо. Нохчийн яздархойн цхьана гуламехь ша динчу къамелехь Гадаев Мохьмад-Салахьа элира: «ХIинца вай вешан цIахь ду. Махках даьхна, даьржина лелаш хIуъа лелийна хиллехь а, хIинца доллучунна тIехь вешан халкъана масал хилла дIахIитта декхар ду вай. Доккха жоьпалла ду яздархочунна тIехь. Цундела муьлххачу а ледарлонах, муьлхха а вониг шегара даларх ларлуш хила веза яздархо. Сихвала мегар дац цхьана а хIуманна тIехь. Собар! Собар! Кхин цкъа а собар! – баьхна вай дайша. Иза цкъа а дицдан мегар дац».

Дегайовхонца, леррина,  болх бора Гадаев Мохьмад-Салахьа оцу муьрехь. Цо издательстве дIаяла кечйинера шен поэтически сборник. «Ленинан некъ» газетан редакцехь а яра зорбане яха кечйина цуьнан стихаш. Астрономихула болу талламаш лелош а вара иза. Амма царах цхьа а гIуллакх кхочуш ца хилира. Къинхетам боцчу кхолламо юкъахдаьккхира дерриг а. Гадаев Мохьмад-Салахь сиха амал йолуш стаг вара, цкъацкъа цунна шена а ца тоара собар, ойланал хьалха синхаамаш бовлар а нислора. Гадаев Мохьмадан карах стаг велира. Тоьпаш туху кхиэл кхайкхира суьдо, амма нохчийн яздархойн союзан куьйгалхочо Арсанов СаьIид-Бейс дехарца, Гадаев Мохьмад нохчийн къоман гоьваьлла поэт хилар тидаме а эцна, лахдира таIзар, 20 шо хан тоьхна чувоьллира иза. ТIаьхьа 15 шаре ялийна и хан. Гадаев Мохьмад къера вара шегара даьллачунна, цо шена къинхетам ца боьхара, кхидIа ша мел яьккхинчу хенахь оцу бехко дагош дара цуьнан дог. Поэта Цуруев Шарипа Гадаев Мохьмадах лаьцна йолчу шен цхьана статья тIехь яздо: «Иза (Гадаев Мохьмад – А.А.) ша-шеца барт боьхна ваьхна стаг хилла аьлла, хета суна: цуьнан кIорггера хьекъал, доккха похIма, шуьйра хаарш бертахь ца хилла аьлла, хета цуьнан тIех сихачу, карзахечу амалца, цуьнан доьналлица, харц-ницкъана, кхерамна хьалха корта таIо цахаарца. Иза хила а тарло цунна тIехIиттинчу бохамийн коьртачарах долу цхьа бахьана».

Цу тайпана, юха а хедира поэтан ешархошна тIебогIу некъ. Нохчийн поэзин исбаьхьа цхьа агIо дIакъовлаелира. Еххачу хенахь лаьттира  Гадаев Мохьмад-Салахьан произведенеш тIекхуьучу чIурашна ца евзаш. Бакъду, цуьнан произведенеш куьйга язъеш, къайллах кара-кара луш, лелаш яра поэзи езачарна юккъехь. Доккха гIуллакх дора Гадаев Мохьмад-Салахьан произведенеш йовзийтарехь Сулаев Мохьмада. Машинки тIехь зорба а тоьхна, поэтан тоьлла йолу стихотворенеш, ша башха гIара а ца волуш, дIасалора цо. Царна юкъахь яра «Даймахке сатийсар», «Дай баьхна латта», «РегIара поп», «ЦIен берд», «Гитаран аз»,  кхиерш а.  Сулейманов Ахьмада  а гIуллакх дора Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла йовзийтарехь, дечиг-пондар тIаьхьа а балош чIогIа исбаьхьа олура цо «Даймахке сатийсар» стихотворени тIехь даьккхина илли.

Поэтаца иза чохь воллуш а хаддаза уьйр йогIуш хиллачу Шайхиев Iалвадис Нажин-Юьртан районан газетан агIонаш тIехь Салахь Магомедов цIарах зорбатоьхнера поэтан масех стихотворени. КхидIа зорбатохар сацийнера Салахь Магомедов псевдонимца Гадаев Мохьмад-Салахьан стихаш арахоьцуш хилар гучудаьлча. Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн драматически театран спектакль юкъахь яра Гадаев Мохьмад-Салахьан «Бэлин йиш», кхечу спектакль юкъа дахийтинера «ЦIен берд» стихотворени тIехь даьккхина илли. Радиохула, автора  цIе а ца йоккхуш, цхьана муьрехь кест-кестта локхура «Бэлин йиш».

Оцу хьелаша гойту Гадаев Мохьмадан-Салахьан кхолларалла мехала хилар, иза къомана оьшуш, халкъо шен лоруш поэт хилар.

Гадаев Мохьмад-Салахь лаьцначуьра мукъавалийтина 1972 шарахь. Цул тIаьхьа эха шарахь бен ца ваьхна иза. Гадаев Мохьмад-Салахь кхелхина 1972 шеран 22 декабрехь ша винчу юьртахь Чуьрч-Ирзехь. Кхин а ткъех шо даьлча бен зорбанехь ара ца евлира цуьнан произведенеш.

Гадаев Мохьмад-Салахьа хаьржинчу произведенийн (поэзин, прозин) книга «Буьйсанан бере» араелира Соьлжа-ГIаларчу «Книга» издательствехь 1993 шарахь. Оцу книгина хьалхара дош а яздеш, иза зорбане кечйинера Шайхиев Iалвадиссий, Рашидов Шаидий. «Буьйсанан бере» книги юкъа яхнера поэтан тоьллачарах йолу 40 стихотворений, 7 поэмий, поэмийн дакъошший, 5 кегийра а, чекхъялаза йисина а прозаически произведенешший. Уьш ю яздархочун кхоллараллех зорбанехь араевлла, тахана вайна евзаш йолу ерриге а произведенеш. Мехала ду цу тIехь прозин произведенеш хилар а. Уьш хьалха йовзаний а евзаш яцара. Цара гойту Гадаев Мохьмад-Салахь говза прозаик а хилар. Къаьсттина дика ю автобиографически повесть «Гуржи» а, нохчийн махках бахарх лаьцна йолу «Ирча сурташ» а. И произведенеш чекхйовлаза йиснехь а, ма-дарра альча, йолийна бен яцахь а, гуш ю церан исбаьхьалла.

«Буьйсанан бере» книга  схьаеллало «Даймахке сатийсар» стихотвореница. Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллехь хьовха, ерриг а къоман поэзехь а жовхIаран буьртиг лара мегар долуш  ю и стихотворени. «Чурт санна, лаьтта со ГIум-Азин арахь» – цIеххьана тоьхна ткъес санна, кийра шело хьодуьйтуш долчу оцу вастаца дIайолийнчу стихотворени тIехь даймахке безам гIатторехь инзаре чIогIа ницкъ болу исбаьхьаллин сурт кхоьллина автора.

Чурт сана, лаьтта со
ГIум-Азин арахь.
Тянь-Шанан лаьмнашка
бIаьрг тоьхча, кийрахь
Генарчу Даймехкан
сурт хIоттало,
Малхбузе мел хьийжи,
дог Iийжадо. 

Малх, буза бегийна,
регIа лахбелча,
Суьйре а, даш санна,
сайна язъелча,
Ойлане дарц   даьлла
со айавелча,
Даймахка  вуссу со,
Язал Жалала. 

Бераллехь хьийзинчу
даккъашка вуссий,
Ламанан арешка гIийла
бIаьрг кхуссий,
ХIиттинчу бIаьргаш чу
сирла хиш  дуссий,
Даймахке хьоьжу со
Язал Жалала.

Тезетахь техкаш го
вайн бошмаш, хьаннаш,
ГIайгIанех юьзна го
тогIенаш, Iаннаш,
Дайн кешнаш доьхначохь
упханийн аннаш
Хьулдан да воцуш го,
Язал Жалала.

Вай дина ярташ го
тишъелла, гIийла.
Го сирла шовданаш
дай боцуш мийла,
Вай хьомсар ков-керташ,
каш санна шийла,
Сов ирча  карайо,
Язал Жалала. 

ТIаккха со, дог духий,
аьрцнашка волу,
Iийжачу кийрара
мохь-цIогIа долу,
Яьссачу тогIеша
соьца мохь олу,
Iадавой воьрзу со,
Язал Жалала.

Чурт санна лаьтта со
ГIум-Азин арахь.
Тянь-Шанан лаьмнашка
бIаьрг тоьхча, кийрахь
Генарчу Даймехкан
сурт хIоттало,
Малхбузе мел хьийжи,
дог Iийжадо. 

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь эзарнийн адамийн хилла дог-ойла гучуйолу цуьнца. Лаккхара исбаьхьаллин похIма долчу авторан юткъаеллачу ойлано, деган Iийжамо кхоьллина стихотворени ю иза, цундела лаккхара исбаьхьаллин ницкъ болуш, адамана Iаьткъаш ю. Шен дахарх ах хан Даймахках хаьдда, цунах хьоьгуш, цуьнга сатуьйсуш яьккхинчу поэтан ша-тайпа ира синхаамаш а, йовха дог-ойла а ю винчу махке, дай баьхначу лаьтте. «Берахь бIаьрг биттина, Къоначохь хьиэшна, Къанвелча тIехдезна Къонахойн латта! Хьенан дог детталац Хьеречу наха Хьарам куьйг кховдийча, Хьаналниг датта?» – боху цо «Дай баьхна латта» стихотворенехь. «Хьарам куьг» долчу «хьеречу нахах» мохк Iалашбаран ойла чIагIйо «Шина коган экха» стихотворенехь а, кхечу произведенешкахь а.

Iаламат мехала ю поэтан Iаламан лирика а: «РегIара поп», «Орцара гIов», «Гуьйренан зезаг», «Даймехкан сурташ», «МаьркIажан мур», «Дорцан марха», кхиерш а. Оцу стихийн коьрта башхалла ю Iаламан хьелаша адаман кийрахь кхуллуш болчу синхьегаман исбаьхьаллин сурт диллина хилар. Iалам а, адам а, царна юкъара уьйраш – оцу хьокъехь хаддаза ойлаеш хилла поэт. И шен ойланаш стихашка а ехкина цо. Гадаев Мохьмад-Салахь чIогIа лерина болх беш хилла шен стихаш тIехь. Цо олуш хилла, Лев Толстойс бохучунна тIехь ву ша: ца яздеш Iавелча, яз ца до ша. Поэта ша ма-аллара «даг чуьра схьагIерташ», «кийрара Iанаяхчий бен» стихаш язъеш а ца хилла цо. Мух-мухха а стихаш зорбане  ца елла. Дуккха а тIехь къахьоьгий, ойла къеггина гучуйолу агIо нисйой, исбаьхьаллин хатI кхоччуш шардича бен, стихотворени гучуйоккхуш а ца хилла цо. Гадаев Мохьмад-Салахьан поэтически лехамех мелла а кхиа таро хуьлуьйту цо поэте Шайхиев Iалвадига 1964 шеран 24 июлехь  яздинчу кехато. «Орцара гIов» цIе йолчу стихотворенин хьокъехь ю оцу кехата тIера вай ялон меттигаш. «Цу вай раьгIнашкахь цхьа сурт ду хIуттуш дарц дала кечделлачу хенахь (дукха хьолахь Iа дулучу муьрашкахь): мох а болий, аьрцнаш угIа дуьйлало, берзлой санна. Дукха хьолахь суьйранна (я буса) хIутту и сурт. ТогIеш тийна а йолуш, «о-в-в» бохуш, тийжа, угIа дуьйлало аьрцнаш. Оцу угIаро цхьа тамашийна (дуьне доьлхуш санна) сурт хIоттадой, сагатдалар а, самукъадалар а вовшахкхетча санна, хоьтуьйтий, ша ма-дарра хьовзош ву со, вала-вола меттиг гатбой. И сайна хIуттуш долу сурт, вуьшта аьлча, и сайгахь хIуттуш долу хьал далхо лууш хуьлу со стихан кепехь. Оцу лаарах (и санна я цунах тера кхечу лаарах а) олу аса и «даг чуьра схьагIертар».

И дийцина сурт хIотто (стихан кепехь охьадилла) лууш со волу масийтта шо ду (30 шо лаххара а). Мосуьйттаза и дилла а гIоьртина со. Амма сан дагахь ма-дарра ца нисделла сан и. Оцу «гIертарех» цхьаъ ду хIокху кехаташна тIехь аса хьуна дIадоуьйтуш дерг. Хьуна ма-гарра, йиъ вариант ю уьш… Царах тIаьххьарниг («чекхъяьлларг») IV-гIаниг ю. Амма со реза волуш хIоьттина яц иза а.

Бакъду, и сурт (и раьгIнаш угIа йоьлча,  хIуттуш долу хьал-сурт) чолхе (неопределенный) сурт ду ша. Цундела ду цуьнан «диллар» хала а. Вуьшта, и санна дагчу доьжна, дагах кхетта, дагна Iеткъаш доцу сурт (хIума)  «са доцуш» хир ду, мел «говза» яздича а. Ткъа дагна Iеткъаш, даг чуьра схьагIерташ хилча а хир ду и «са доцуш», нагахь цуьнан «диллар», яздар дагна Iеткъаш ма-дарра ца хIоьттинехь.

КхидIа шен оцу кехат тIехь Гадаев Мохьмад-Салахьа яздо поэт, поэтически кхолларалла муха хилаезарх лаьцна. Мехала тидамаш бу уьш: «ХIума, и хIуъа делахь а, гар, хаадалар, дагна Iеткъар (оьрсашха аьлча: наблюдательность, проницательность, чувствительность) – и бу поэтан цхьа агIо – аьрру  агIо. Ткъа, поэтан (яздархочун) аьтту агIо бу – и гинарг, хааделларг, дагна Iаьткъинарг дешнашца нийса, ма-дарра схьаала (дIаяздан) хаар. И ши агIо цхьанакхетча хIутту поэт, яздархо. Цу шиннах муьлхха а цхьа агIо бацахь, – тIаккха  кхолларалла «са доцуш» хир ю, шийла хир ю, дегнех (нехан дегнех) ца кхеташ хир ю». И лехамаш кхочушбан гIиртина поэт шен кхоллараллехь.

Iаламат мехала ю Нохчийн Республикин Iилманан Академис кечйина 2010 шарахь  арахецна Гадаев Мохьмад-Салахьан произведенийн ши том: «Безаман БарлагIа» – I том, «Синме-халлаш» – II том. Царна тIехь зорбатоьхна Гадаев Мохьмад-Салахьан хIинццалц схьа карийна йолу ерриг произведенеш. Нохчийн Республикехь 2010 шеран март баттахь дIаяьхьира поэт вина 100 шо кхачарна лерина йолу Ерригроссийски Iилманан-практически конференци. Оцу конференцин материалаш зорба а тоьхна арахецна. Доккха маьIна ду церан Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла ерриг пачхьалкхехь шуьйра йовзийтарехь.

Гадаев Мохьмадан цIарах урам бу Соьлжа-ГIалахь а, Нажин-Юьртахь а. Поэтан цIарах ю Нажин-Юьртара № 3 йолу юккъера школа а, оцу школехь музей а.

Нохчийн литературин уггаре къегинчу агIонех цхьаъ ю Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла.

ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Стихаш. Соьлжа-ГIала. 1940. Буьйсанан бере. Поэзи, проза. Соьлжа-ГIала, 1993. ЦIен-Берд. Хаьржина произведенеш. Соьлжа-ГIала, 2005. Безаман бIарлагIа. I том. Соьлжа-ГIала, 2010. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Ружейный выстрел. Поэма (Пер. А. Тарковский) // Поэты Чечено-Ингушетии. Грозный,1939.

IИЛМАНАН БЕЛХАШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Ойланаш. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.201-211 Вайн алфавитан хьокъехь. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.212-214

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
У марксистской философии нет стройной картины мира. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.130-145 О механизме общественно-исторического процесса. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.146-148 К вопросу о пространстве и времени. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.157-163 (в соавт. Баймурадов А.) Картина Мира. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.164-185 (в соавт. Баймурадов А.) О количественных и качественных изменениях в процессе развития. Статья // Гадаев М.-С. Г. Синлехамаш. II том. Соьлжа-ГIала, 2010. С.185-200 (в соавт. Баймурадов А.)
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:854 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4843 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5965 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6340 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2731 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2503 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5368 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4629 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8382 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »