• VTEM Image Show

Дудаев Iабди
Арсанукаев Iабдулла

ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937)

Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш нохчийн йозанан литература йолорехь, исбаьхьаллин дош кхиарехь  мехала хилла ю. Къоман литература, культура кхиорехьа къийсам латтош шайн хьуьнарш, дахар дIаделла оцу яздархоша. Шайн йозанан корматалла бахьана долуш сталински таIзар лаьттинчу хенахь бехк боцуш, лаьцна  чу а боьхкина, хIалакбина и вай цIерш яьхна яздархой цхьа Сальмурзаев Мохьмад воцург, иза а махках ваьккхинчуьра цIа верзар ца хуьл.

ХIинцалера нохчийн литература оцу яздархойн произведенешца юьстича ша кхиарехь дуккха а лакхарчу тIегIане яьллехь а, церан цIерш йицъян ца йогIу. Нохчийн литератураца бала болчарна бовза а, шайга лерам хила а хьакъ бу и яздархой.

 Церан произведенийн  мах а уьш язйинчу хене хьаьжжина хадо беза. Къоман литература  йолийнарш, церан исбаьхьаллин похIма мелла делахь а,  исторехь гуттаренна а буьсуш бу.

Нохчийн поэт Дудаев Iабди вина 1901-чу шарахь Веданан районерчу Элистанжахь ахархочун Дудин доьзалехь. Исбаьхьа Iалам долчу ширчу нохчийн юьртахь дIадахна Iабдин бералла. Деша ваххал хилча, шен дас хьуьжаре дIавелла иза. Хьуьжарера ваьллачул тIаьхьа, Iаьрбийн махка а вахийтина кхидIа а дешийтина. Цхьайтта шо а даьккхина, цIа веана Iабди. Дудина лиъна, шен кIантах Iелам стаг хуьлийла. Iабдина  а лиъна иза. Амма оцу хенахьлерчу социально-политически хьелашкахь кхочушхуьлийла дацара и лаам. Iабдин кхоллам кхечу новкъа бирзира.

Нохчийчохь йоза-дешар цахаарна дуьхьал къийсам дIаболабечу муьрехь, Соьлжа-ГIалахь педагогически курсаш чекх а яьхна, хьехархочун говзалла караерзийна Дудаев Iабдис. Цул тIаьхьа юьхьанцарчу школехь хьехархочун а, тIаккха директоран а болх бина цо. ХIетахь дуьйна цуьнан дерриг а дахар халкъана юкъа йоза-дешар а, керла культура а яржорна дIаделла хилла.

Дудаев Iабди гIиллакхе, даг тIехь куралла йоцуш, оьзда стаг хилла. Яздархочо Мусаев Мохьмада Дудаев Iабди дагалоцуш яздина: “Дудаев Iабди гойла хилла сан. ХIетахь а цIеяххана вевзаш поэт вара иза. Амма иштта дара аьлла, нахах къесташ, билгалвала гIерташ вацара. БIаьра хьаьжча, ца тосалуш ца дуьсура иза хIуманан ойла еш, дуьненан къайленийн дуьхе кхиа гIерташ стаг хилар а. ТаьIначу басахь юьхь, лохха хьаж тIе теттина куй, ойлане бIаьргаш − иштта висна Iабди сан дагахь…» Иштта оьздачу гIиллакхашца вийцина Дудаев Iабди иза вевзаш хиллачу кхечара а.

1920-чу шеран юьххьехь арахеца долийнчу нохчийн газета тIехь зорбатухуш юкъаевлла Дудаев Iабдин дуьххьарлера стихаш. Юьхьанца автора шен стихашна буха фамили йилларан меттана, дукхахьолахь, I.Д. яздора я I, дуьллий дуьтура.  20-30-гIий шерашкахь “Серло” газетаца хаддаза уьйр латтийна поэта. Цуьнан дукхахйолу произведенеш газетан агIонаш тIехь зорбатухуш арайийлина. Поэта даим а газетаца уьйр латторан шен маьIна ду: цуьнан поэзин бухахь, коьрта долчу декъана, кхайкхам хилла. Шен произведенешца поэт кхайкхина адамашка йоза-дешар Iаморе, зуламаш юкъара дIадахаре, гIиллакх-оьздангалла кхиоре, бахам а, адамийн юкъаметтигаш а керлачу хормане ерзоре. Иштта тематика йолу произведенеш газетехула алссамчу нахе сихха дIакхаьчна, ткъа и гIуллакх поэтан идейни лехамашца цхьаьнадогIуш хилла.

20-гIа шераш чекхдовлучу муьрехь дуьйна алсамйолу Дудаевн поэтически кхолларалла. “Серло” газета тIехь кест-кеста арайовлу поэтан стихаш. Дудаев Iабдис къаьсттана тидам тIебохуьйту дешаран тематикина. “Самадовла дешарна!” аьлла яра поэта I928 шарахь язйинчу цхьана стихотворенин цIе. И дешнаш эпиграфе дахка мегар дара поэтан кхоллараллехь доккха дакъа дIалоцуш йолчу стихотворенешна. “Йоза – деша, бода – эша”, “Пионерашка кхайкхам”, “Берашна хьехаман илли”, “Серлонан, боданан дов”, “Хьехархошка кхайкхам” – царах терра кхидIа а ю I928-I929 шерашкахь цо язйиначу стихийн цIерш. Дешаран серло къомана юкъа яржор доккхачу маьIне лорура поэта. Цундела иза кхойкхура адамашка йоза-дешар Iаморе, къомана пайдехьа хиндерг тIеэцаре.       Цу тайпана кхайкхамаш алссам бу Дудаевн произведенешкахь. “Серло”, “дешар”, “йоза”, “школа”, “Iилма”, “хьехархо” – и дешнаш хазахеташ юх-юха а даладо автора шен стихотворенешкахь, хIоразза а церан  маьIна шор а деш. Йоза-дешар хааро стаг серлонга воккху, самукъане хуьлуьйту, паргIатоне кхачаво. Иза билгалдоккху автора шен произведенийн поэтически гIирсашца а. Масала, “дешар” боху дош дукхахьолахь шена юххехь къеггина сирла маьIна долу, эмоциональни эпитеташ йолуш хуьлу: “Дешар –  бIаьсте”, “нур долчу дешаро”, “дешар, халкъана серло лун дашо малх санна”.

Дудаевн поэзехь “Серло”  –  иза халкъан дахарехь керланиг, диканиг, оьзданиг чулоцуш йолу символ ю. “Бода” – зуламениг, новкъадерг, сийсазниг, кхиарна дуьхьало еш долу дерриге а чулоцуш  йолу символ ю. “Серлонан, Боданан дов” цIе йолчу стихотворени тIехь вовшашца къовсам болу Серлонан, Боданан. ХIинццалц бала хьоьгуш, Iазапехь даьллинчу халкъан дахар кхин дIа а боданехь хир ду, ша адамашна юккъера дIагIур бац, бахийта ницкъ а хир бац олий, дуьхьал болу Бода. Амма Серлонна хаьа боданан заманаш дIаяхнийла, иза тешна ю халкъан дахар сирла хирг хиларх, цундела цо шеко йоццуш чIагIдо: “Буьтур бац, Бода, хьо кхаьрца баха. Кхул тIаьхьа ахархой бойтур бац Iеха”. Серлоно Бода эшабо. Дудаевна дика гора нохчийн халкъана Iилманан серло оьшуш хилар:

ХIай нохчийн хьацархой,
Дешаран хьалхенаш
Сов чехка яхалаш.
Ненан мотт бийцалаш,
Беран сурт хийцалаш,
Хьанал болх лахалаш,
Жуккар нах тасалаш.

Шайца чолхе йоцуш, кхета аттачу, шерачу маттаца язйина ю и стихаш. Шина стопах лаьттачу дактилан барамехь язйина хиларо а, дукхахьолахь, хандешнех лаьттачу дактилически рифмаша а и стихотворени сих ца луш, паргIат бечу хьехаман мукъамехь хуьлуьйту. Стихотворенин хорма цуьнан чулацамца  йогIуш ю.

Дудаев Iабди кхолларалла дахарца юххера уьйр йолуш хилла, цундела цуьнан произведенийн тематика дуккха а гIуллаккхаш чулоцуш ю. Фашистски Германи шен тIеман ницкъ чIагIбеш, маьршачу къаьмнийн мехкаш дIалецаран Iалашонца болчу харц тIамна кечлучу хенахь ЦIечу эскаран могIарш чIагIдаре, шайн ницкъ гулбеш болчу фашистех даймохк ларбаре кхойкху поэт 1936 шарахь язйнчу «ЦIен эскархой», «Кхайкхам» цIерш йолчу стихотворенешкахь.

Чолхенаш йоцчу хорманехь язъечу стихотворенешкахь Дудаев Iабдис дийцина халкъана хьалха лаьттачу декхарех, кхайкхина даймохк Iалашбаре, мехкан хьал алсамдаккхаре, культура а, искусство  кхиоре. Адамийн дахар токхо йолуш, даймохк хаза, исбаьхьа хуьлийла лиъна цунна. «Стоьмийн беш» цIе йолчу стихотворени тIехь  автор кхойкху: «Стоьмийн беш кхиоро вай даккхийдедийр ду, ТIаьхь-тIаьхьарчу дийнахь самукъане хир ду, Цкъа а дог ца хьоьгуш, баа стом хир бу, ЙогIа аш, колхозхой, стоьмийн беш вайна». Ерриге стихотворени ешча, гучудолу  «стоьмийн беш» боху дешнаш поэтически метафора хилар. Халкъан бахам, хьал, токхо, адамийн къинхьегамо кхуллуш йолу хазнаш  чулоцуш йолу  авторан метафора ю кхузахь стоьмийн беш.

30-гIа шераш юккъе доьлхучу хенахь Дудаевн поэзи кхоччуш кхиъна йогIу. Цуьнан произведенеш республикел арахьа а евза. I935 шарахь Москвахь оьрсийн маттахь араьяьллачу “Поэты Чечено-Ингушетии” цIе йолчу поэтически сборник тIехь зорбатоьхна яра, вайнехан кхечу поэтийн произведенешца цхьаьна, Дудаев Iабдин стихаш а. Ерригсоюзни ешархочо дика тIеийцира поэтан стихаш. Иза билгалдоккху цул тIаьхьа дукха хан ялале — I937 шарахь — Пятигорскехь оьрсийн маттахь араяьллачу “Поэты советской Чечено-Ингушетии” сборнико. Оцу сборник тIехь а зорбатоьхна яра оьрсийн матте яьхна Дудаев Iабдин стихотворенеш.

Заманан билгалонаш, адамийн юкъаметтигаш, хIетахьлера социльни хьелаш го вайна Дудаев Iабдин произведенешкахь. Нохчийчохь колхозаш йохкуш, адамаш шайн лаамехь а, лаамза а, нуьцкъах а колхозашка дIаяздеш, юкъараллин бахамаш кхуллу хан яра 1930-чу шерийн юьхь. Оцу муьрехь язйина ю Дудаев Iабдин «Колхозхочуьнан, цхьалхахочуьнан къамел» цIе йолу стихотворени. “Серло” газета тIехь I93I шарахь зорбатоьхна поэтан и стихотворени. Цу тIехь автора колхозхочуьнан, цхьалхахочуьнан ойла гойту, къеггина гучуйоху цу шиннах хIораннан а амалш. Цхьалхахо кхоьру, колхозана юкъавахча, паргIатонах ша валарна. Бежна а, урд а, алаша а ю цуьнан, цундела шегарчу хьолах тоамбеш, колхозе язвала сиха вац цхьалхахо. “Ма гIерта, колхозхо, сан бахамна юкъа”, − боху цо шена кхетам луш волчу колхозхочуьнга. КIорггера гучуйолу жимачу стихотворенин тIехь цхьалхахочун психологи. Колхозхочо юкъара бахам хьехабо, ткъа цхьалхахо шен бахам буьйцуш ву, цуьнан шен доларчу бахамах сакъерало.

Цхьа-ши етт бай сан-м, ас шура йоккхуш,
Шиъ урд дай сан-м, ас гота охуш,
Алаша яй сан-м, говра-ворда узуш,
Ма гIертал, колхозхо, сан бахамна юкъа.

“Сан бахам”, “сан говра-ворда”, “сан урд”– олуш, хазахета цхъалхахочунна, цо шен къамелехь и дешнаш резахуьлий даладо. Амма поэт шен заманан йийсарехь ву, цо колхозхо толош чекхйоккху шен стихотворени. Иштта бен кхечу агIора хуьлийла а дацара и цу хенахь.

Поэтан кхолларалла шен чулацамца а, исбаьхьаллин агIора а кхуьуш схьайогIура. Цуьнан лирически турпалхо Даймахке хьанал дог-ойла йолуш, халкъан лехамашца шен дахаран некъ нисбеш ву. Дудаев Iабдин кхоллараллин башхаллаш къеггина гучуйолу 30-чу шерийн шолгIачу эхехь язйинчу произведенешкахь. I937 шарахь Соьлжа-ГIалахь араяьлла Дудаевн “Партизанийн иллеш” цIе йолу стихотворенийн сборник. Цу тIехь яра поэтан тоьлашха йолу произведенеш. Церан шуьйра тематика яра. Автора тайп-тайпана гIуллакхаш къастадора: шен Даймохк безар, цуьнан дуьхьа гIуллакхдар; граждански тIамехь а шайн дахар дIаделлачу турпалхойн сийдар, церан амалех масал эцар; паргIатбаьккхина Даймохк а, халкъан машаре дахар кхуллуш болу къинхьегам а ларбеш долчу ЦIен Эскаран сийдар; керлачу кепехь юьртабахам а, индустри а кхуллуш долчу халкъан хьуьнарш гайтар; нохчийн зудчун сий лакхадаккхар – иштта дара поэта шен “Партизанийн иллеш” цIе йолчу сборника юкъаяханчу произведенешкахь айдина гIуллакхаш.

Дудаев Iабдис шен произведенешкахь кхоллараллица пайдаэцна вайнехан фольклорах а, Iаьрбин поэзех а, оьрсийн литературах а. Къаьсттина пайдехьа дара поэтана нохчийн фольклор евзаш хилар. Иза фольклора тIехь Iамаран бартан произведенешкахь санна, кхета атта, идейни маьIна шеца ма-дарра гучудолуш долу исбаьхьаллин васт кхолла а, халкъан меттан хазнех пайдаэца а. Дудаев Iабдин кхолларалла ерриг а стихотворенех лаьтташ ю. Уьш, цхьа наггахь бен, яккхийра а яц. Поэта, заманан лехамашка хьаьжжина, сихха, лозунган хьесапехь язъеш, газете дIаелла шен стихаш. Уьш, нахана юкъабаржош болчу кхайкхамашка терра, газето адамашка дIакхачийна. Дудаевн стихаш, ерриш бохург санна, еа стопах я шинастопах лаьттачу дактилан барамехь язйина ю. Рифма, дукхахьолахь, деепричастех, хандешнех лаьтташ хуьлу. Стихотворенеш беа могIанашка екъна ю, хьалхара кхо могIа вовшашца рифмовка йолуш бу. ТIаьххьара могIа, гуттар бохург санна, шена чохь стихотворенин коьрта маьIна а долуш, ша къаьстина нисло. Иза кхечу строфан хIор беа могIанехь юх-юха а балош бу.

Дудаев Iабдис шен произведенешкахь кхоллараллица пайдаэцна вайнехан фольклорах а, Iаьрбин поэзех а, оьрсийн литературах а. Къаьсттина пайдехьа дара поэтана нохчийн фольклор евзаш хилар. Иза фольклора тIехь Iамаран бартан произведенешкахь санна, кхета атта, идейни маьIна шеца ма-дарра гучудолуш долу исбаьхьаллин васт кхолла а, халкъан меттан хазнех пайдаэца а. Дудаев Iабдин кхолларалла ерриг а стихотворенех лаьтташ ю. Уьш, цхьа наггахь бен, яккхийра а яц. Поэта, заманан лехамашка хьаьжжина, сихха, лозунган хьесапехь язъеш, газете дIаелла шен стихаш. Уьш, нахана юкъабаржош болчу кхайкхамашка терра, газето адамашка дIакхачийна. Дудаевн стихаш, ерриш бохург санна, еа стопах я шинастопах лаьттачу дактилан барамехь язйина ю. Рифма, дукхахьолахь, деепричастех, хандешнех лаьтташ хуьлу. Стихотворенеш беа могIанашка екъна ю, хьалхара кхо могIа вовшашца рифмовка йолуш бу. ТIаьххьара могIа, гуттар бохург санна, шена чохь стихотворенин коьрта маьIна а долуш, ша къаьстина нисло. Иза кхечу строфан хIор беа могIанехь юх-юха а балош бу.

Поэт дийна волуш “Партизанийн иллел” тIаьхьа кхин книга ара ца яьлла цуьнан. Дудаев Iабдин кхоллараллин некъ хедира I937 шарахь. Сталински харцо лаьттинчу хенахь бехк-гуьнахь а доцуш лаьцна дIавигна иза. Набахтера ша къайлах аратесначу кехат тIехь цо яздинера: “Лергана хезна доцу, дагца кхиъна доцу, коьртехь сецна доцу тоьшалла дина суна, бIаьрга тIе бIаьрг а хIоттийна…”

Авторханов Iабдурахьмана яздина: «У нас в Чечне был очень талантливый поэт Абади Дудаев. Он в свое время кончил медресе, но муллой не был, собирал чеченский фольклор, сочинял песни и стихи о «счастливой советской эпохе». Однажды он прочел на республиканском собрании писателей свои стихи, посвященные смерти Орджоникидзе. Серго Орджоникидзе был большой друг чеченцев и ингушей, и стихи всем понравились. В заключительном слове Дудаев, очень тронутый похвалами, выразился трагически неосторожно: «Когда Сталин умрет, я напишу еще лучше». На второй же день его арестовали и за подготовку «террористического акта против Сталина» расстреляли. Невероятно, но исторический факт».

 Авторханов Iабдурахьман

Хьалха Дудаев Iабди чувоьллинчохь 1943 шарахь кхелхина лоруш дара. Амма архивашкахь къайлахь латтийна документаш гучудаьхча, билгалдаьлла Дудаев Iабдина 1937 шеран 2-чу декабрехь тоьпаш туху кхел кхайкхина хилар. И кхел кхочушйина 1937 шеран 24-чу декабрехь Iуьйранна 5 сахьт долуш. Цул тIаьхьа 21 шо даьлча Дудаев Iабдин цхьа тайпа бехк цахилар билгал а доккхуш, цIенна бехказаваьккхина, цуьнан произведенеш халкъана юхаерзийна. I966 шарахь зорбанехь араяьлла поэтан “БIаьстенан болар” цIе йолу стихотворенийн сборник. Дудаев Iабдин исбаьхьаллин произведенеш шен заманца йогIуш яра, тахана уьш литературин истори санна евзаш ю.

ДУДАЕВ IАБДИН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Эрна къинхьегам // Серло. 1926. Июнь. № 33. Хьехаман илли // Серло.1926. Июль. № 39. Серлонан илли // Серло. 1926, 9 окт. Дуьне серладаьлла // Серло. 1927. 2 апр. Илли // Серло. 1927. 2 апр. Илли // Серло. 1927. 4 сент. Самадовла дешарна! // Серло. 1928. 1 янв. Кхайкхаман илли // Серло. 1928. 31 март. 1-чу Майна // Серло. 1928. 16 июнь. Дехар // Серло. 1928. 15 сент. Нохчийн аренийн илли // Серло. 1929. 7 июль. Йохийнчу нохчийн яртийн илли // Серло. 1929. 7 июль. Нохчийн «Серло» газетан илли // Серло. 1929. 11 июль. Хьехархошка кхайкхам // Серло. 1929. № 52. Председателийн илли // Серло. 1929. № 53. Заеме язваларе кхайкхам // Серло. 1929.№ 64 Фабрикаш, заводаш – белхалошна // Серло. 1932. 9 март. Колхозан ударникашна // Серло. 1932. 6 май. Селькорашка кхайкхам // Серло. 1932. 9 май. Iилманан поход // Серло. 1932. 28 сент. Марша догIийла 15-гIа Октябрь // Серло. 1932. 7 нояб. Къинхьегамхошка кхайкхам // Серло. 1932. 2 дек. Пионерашка кхайкхам // Серло. 1932. 17 декабрь. Партизанийн илли // Серло. 1933. 24 апр. Октябрьски революцин – 25 шо // Серло. 1933. 7 нояб. Совпартшкола чекхъяьккхинчарна // Серло. 1933. № 297. Красноармейцаш // Серло. 1934. 23 февраль. Ленинан некъ // Серло. 1934. 26 март. Дешархошна // Кхиам. 1934. № 1. С. 84-85. Нохч-ГIалгIайн ярташкарчу рабселькорийн хьалхарчу слетана маршалла!// Ленинан некъ. 1935. 1 март. Дуьненаюкъара зударийн Де 8 март 1934 шеран // Ленинан некъ. 1935. 8 март. Айхьант // Ленинан некъ. 1935. 5 май. 13-гIа шо // Ленинан некъ. 1935. 6 сент. 7 ноябрь // Ленинан некъ. 1935. 7 нояб. Асланбек // Ленинан некъ. 1936. 2 дек. 8-гIа март // Ленинан некъ. 1936. 8 март. Говрашлелочарна // Ленинан некъ. 1936. 17 январь. Партизанийн иллеш. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1937. БIаьстенан болар. Стихаш. Грозный, 1966.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
«Вспыхнуло солнце Советов», «Песня чеченских партизан». Стихи // Поэты Чечено-Ингушетии. М., ГИХЛ, 1935. Поход весны. Стихи // Поэты совесткой Чечено-Ингушетии. Пятигорск, 1937. Памяти Орджоникидзе // Дружба. 1958. № 1. С. 21-22.
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:853 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4842 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5964 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6340 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2730 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2502 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5368 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4629 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8382 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »