• VTEM Image Show

Музаев Нурдин
Арсанукаев Iабдулла

Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна

Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа а веана, шовзткъе иттех шарахь поэзехь, прозехь, драматургехь йоккхачу эвсараллица болх бина ву Музаев Нурдин. Цуьнан кхоллараллехь массо а жанрашкахь произведенеш ю: лирически стихотворенеш, поэмаш, повесташ, романаш, пьесаш.  Къоман исторехь хилла долу а, ша ваьхначу  заманан а  гIуллакхаш ду яздархочун произведенийн чулацамехь.

Поэт, прозаик, драматург Музаев Нурдин вина 1913 шеран 15 октябрехь Шелан районерчу БелгIатой-эвлахь  ахархочун Джамалдинан доьзалехь. Шайн юьртахь дIадахана хинволчу яздархочун бералла.  Жимчохь кIанта дукха ладийгIина денанас Бецис шена дуьйцуш хиллачу туьйранашка. «Жоьра-Бабин кIант», «Саьрмак эшийнарг», «Соскин Солса», кхидолу а денанс дийцина туьйранаш воккхахилча а дагахь лаьттина цунна. 

Нурдинан да Джамалдин нохчийн иллеш хууш хилла. КIантана  хазахетара дас кест-кеста олу  иллеш, цунна уьш дагахь Iемара. Шен ялх-ворхI шо кхаьчначу  хенахь дуьйна Нурдинна халкъан иллеш дагахь хууш хилла. ХIетахь безам бахана цуьнан халкъан исбаьхьаллин даше.

Шийтта шо кхаьчна волу Нурдин 1925-чу шарахь шайн юьртарчу юьхьанцарчу школе  деша воьду. Иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа Шеларчу берийн цIийне дIавелла Нурдин. Ойла тIеяххийтина, дика дешна кIанта. Кхузахь Нурдина шен накъостийн дехарца кест-кеста олуш хилла дегара шена хезна халкъан иллеш. Нохчийн къоман исбаьхьаллин дешан марзо евзина цунна, халкъан барта кхолларалле шовкъ йолуш кхиъна хинволу яздархо.

Музаев Нурдин 1929-чу шарахь Грозненски рабфаке деша вахна.  Кхузахь цунна езаелира оьрсийн литература, лерина йоьшура оьрсийн классикийн а, шен хенахьлерчу яздархойн а произведенеш. Оьрсийн поэзехь цунна дукха езачарах хилла Маяковскийн произведенеш. Юьхьанца  Маяковскийн стихашкара кеп оьцуш яздан а волавелла Музаев Нурдин. 1929-чу шарахь зорбанехь араевлла Музаев Нурдинан дуьххьарлера стихотворенеш. ХIетахь цо юххера дакъалоцу Соьлжа-ГIаларчу пролетарски яздархойн юкъараллехь.  Цул тIаьхьа цхьа-ши шо далале нохчийн литературехь евзина къоначу поэтан цIе.  Дуьххьарлера стихийн сборник «Нийсачу новкъахь гIулч» араяьлла 1933 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Музаев Нурдинан поэзи кхиъна  юьхьанца халкъан бартан кхоллараллеххий, оьрсийн классикийн праизведенеххий пайдаоьцуш.

Музаев Нурдина 1934 шарахь Ерригсоюзни яздархой хьалхарчу съездехь дакъалаьцна, Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн векалшца хилла иза. Оццу  шарахь Москвахь Максим Горькийн гIоьнца журналистикин институте деша воьду Музаев Нурдин.

Яздархочун исбаьхьаллин корматалла кхуьуш йогIу. Драматургехь а болх бан волало Музаев Нурдин. 1934-чу шарахь зорбатуху цуьнан «Вайн заманан заза» цIе йолу пьеса. Нохчийчоьнан юьртабахаман гIуллакхашна лерина яра пьеса. 1936-чу шарахь арайолу Музаев Нурдинан   «Сан некъ» цIе йолу стихийн керла сборник. Оцу муьрехь язйина цо «Ирзехь» цIе йолу поэма а. Шен барамехь йоккха йоцу и поэма, жанран ерриг билгалонаш шеца йолуш, говза язйина лору и теллинчу литературоведаша.

Нохч-ГIалгIайн драматически театро 1937-чу шарахь хIоттайо Музаев Нурдинан «Асет» цIе йол» пьеса.

Дешна а ваьлла Москвара цIа веъча,  Музаев Нурдин нохчийн маттахь арахоьцучу  «Ленинхо» цIе йолчу комсомольски газетан редакторан заместитель хIоттийна, цул тIаьхьа оцу газетан редакторан дарж делла цуьнга. Музаев Нурдин коьртехь волуш, кегийрхойн газетан болх тобеллера. Кест-кеста зорбатухуш хилла газета тIехь нохчийн яздархойн стихотворенеш, дийцарш, якххийчу произведенийн дакъош. Оцу хенахьлерчу нохчийн яздархойн,  хIоранна а бохург санна,  произведенеш  арайийлина «Ленинхо» газета агIонаш тIехь. Мамакаев Iаьрбин «Кавказан кIант», «Дагалецамаш», «Комсолке кехат», «БIаьсте, БIаьсте», «Со дагалацалаш»; Актемиров Муситин «Серго», «Кегийрхошка», «Киров вицвийр вац», «Ленин»,; Музаев Нурдинан «Исбаьхьа Даймохк», «М.Ю. Лермонтов», «Майн Де», «Ламанхойн ирс», «Йишийга», «Вайн авиаци», «Вайн шо», дуккха а кхийолу произведенеш а арайийлира «Ленинхо» газетехь зорбатухуш.

ХIетахь Музаев Нурдинан произведенеш луьстта арайийлина «Ленинан некъ», «Ленинхо», «Грозненский рабочий» газеташ тIехь, юкъарчу сборникаш тIехь, цуьнан шен произведенех лаьттачу книгаш тIехь а.1938-чу шарахь къоман театран сцени тIехь хIоттайо «Колхозан дезаде» цIе йолу цуьнан керла пьеса. 1939-чу шарахь араелира «Деган аз» стихийн  сборник, цул тIаьхьа цхьа шо даьлча арахецна “ТIес деттачу новкъахь” стихийн, поэмийн книга.  Оцу хенахь  нохчийн барта кхоллараллина тIе тидам бахана Музаев Нурдина, Къоман барта произведенийн башхаллех, меттан говзаллех кхиа гIерташ хилла иза. ТIаьхьо араевлира цуьнан фольклоран материала тIехь язйина произведенеш. Царах яра  «Адин Сурхо»  поэма, «Мекхаш-Мирза» цIе йолу комеди. Боккха кхиам хилира “Мекхаш-Мирза” комедин, иза масийтта шарахь лаьттира къоман театран сцени тIехь. Шайн меттанашка гочъеш, луларчу республикийн театраша а хIиттийна иза.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахь, 1941 шарахь Музаев Нурдин тIаме воьду. Нохч-ГIалгIайн дошлойн полкан политотделехь хилла иза. Сталинградехь бинчу тIемашкахь дакъалаьцна.

ТIеман хенахь язйинчу произведенешкахь поэт даймохк мостагIчух паргIатбаккхаре кхойкху.  “Толам вайн бу”, “Вайна хьехна” стихотворенешкахь, кхийолчу произведенешкахь а Музаев Нурдинан патриотически тема ойу, адамийн ойла мостагIчунна дуьхьал йоккху, даймохк Iалашбаре, мостагIех цIанбаре кхойкху.

1943-1944 шерашкахь Музаев Нурдин Нохч-ГIайлгIайн Республикан кинофикацин урхаллин куьйгалхо лаьттина.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь тайп-тайпана белхаш бина Музаев Нурдин. Цо Фрунзерчу пединститутан филологин факультет чекхъяьккхина. Хьехархочун болх бина. Казахстанехь радиохь, тIаккха газеташкахь корреспондент хилла. Казахстанан книжни издательствехь нохч-гIалгIайн исбаьхьаллин литературин редакци  схьайиллича, цуьнан заведующи хIоттийна Музаев Нурдин.

1957 шарахь Казахстанехь араяьлла Музаев Нурдинан  “Замза” повесть а,“Селима дуьйцу” цIе йолу йоккха поэма а. Даймахка цIа веанчул тIаьхьа «Селима дуьйцу» поэми тIехь кхин а болх бина, «Вайнахах дийцар» аьлла, керла цIе а тиллина,1958 шарахь Соьлжа-ГIалахь юха арахецна и произведени. Автора иштта йоккха, шуьйра чулацам болуш дуьххьара язйина лиро-эпически поэма ю «Вайнахан дийцар».Заманан беха мур чулоцуш ю поэма. Вайнехан халкъаша шайн  паргIатонехьа къийсам латтош бина исторически некъ исбаьхьаллин гIирсашца гайтаран Iалашо ю автора.

Шекъанца язданц
ХIара могIанаш,
Даьсса кехат дац
Iуьллуш дерг хьалхахь,
БIешерашкахь хилларш
Машарехь
Я тIамехь
Лелхарехь молха.

ХIара могIанаш
Лепар кIез-мезиг,
Амма хIорш буьрсачу
Некъийн лар ю.
Кхарна ницкъ белларг
Дерриг ловчу
Хьаналчу халкъан
Турпалалла ю.

Иштта дIайлалуш ю поэма. КхидIа эпически шуьйра чулацам хирг хилар хьоьху оцу могIанаша. Поэми тIехь автора шегара кхоьллинчу персонажашца (Зубайр, цуьнан кIентий Iузайр, Себир, кхиберш а) цхьаьна исторически хилла турпалхой а бу Шайх-Мансур, Шерипов Асланбек, Ной Буачидзе, Нурадилов Ханпаша, кхиберш а. Оцу персонажашца, исторически хиламашца йозаелла ю поэмин эпически агIо. Цуьнца цхьаьна къеггина шен лирически билгалонаш а ю поэмин. Иза дIайолалуш, ша дийца воллалучо меттахъяьхна поэтан дог-ойла хаало вайна. Халкъо лайна халонаш ша йийца воллу дела йоьшуш верг кечвеш поэта боху:

ХIай дог, тIулг хила
ХIара могIа боьшуш!
Бакъало бIаьргаш,
Илли долийна!
ХIара дешнаш хили
КIад ца лучо хьежош,
Дахаран тулгIеша
Мазакъволийна.

Поэма чекх а йолу авторан дерзорца. Поэмин текст тIехь хаало авторан шен турпалхойх а, цара кхочушдечу гIуллакхех а еш йолу ойланаш, цуьнан деган айам, я деган Iийжам. Уьш лирически билгалонаш ю. Цу тайпана, «Вайнахах дийцар» поэма шеца эпический, лирический, драматический билгалонаш цхьаьнаийна ю. Оцу поэмина драматизм лург цу тIера инзаре хиламаш а, автора уьш  гайтаран башхаллаш а ю. Зорбанера араяьллачу хенахь, кхиам хилира поэми.

Музаев Нурдин 1957 шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь лакхара редактор Iийна, цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзехь литературни консультантан болх бина. 1961 шарахь  Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан председатель хаьржина иза.

Цхьана муьрехь Москвахь Театральни институтехь нохчийн, гIалгIайн студенташна Iуналла а деш,  нохчийн меттан, литературин хьехархо а хилла.

Музаев Нурдинан филологически Iилманийн кандидат вара. «Нохчийн литература социалистически реализман некъаш тIехь» хилла цуьнан квалификацин болх. Еххачу хенахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь доцентан даржехь а волуш, нохчийн  литература хьехна цо. Докторски диссертаци тIехь болх а бина, амма иза кхочушъян ца кхиъна. Зорбанехь арабаьлла цуьнан «Взаимосвязи литератур Северного Кавказа в процессе становления жанров» цIе йолу литератроведенин болх.

Исбаьхьаллин литературехь эвсараллица болх бора Музаева Нурдина. Цхьанна тIаьххье важа а йолуш, ваьштта арайийлина зорбанехь цуьнан произведенеш. «Къонахийн болар» цIе йолу шина декъехь роман (хьалхара дакъа — 1959, шолгIа дакъа — 1960), цунна тIаьххье “Довха дегнаш”(1961), “Кханенга гIулч”(1962) поэмаш. Кхин масех шо даьлча зорбатуьйхира Музаевн керла роман “Органан тогIехь” (1966). Оцу произведенешкахь шен заманан проблемаш хIиттийна автора. Шайн хьаналчу къинхьегамца халкъан хьал деборехьа къийсам латтош бу яздархочун турпалхой: нефтяникаш, Iилманчаш, юьртабахаман белхалой.

«Къонахийн болар» цIе йолчу йоккхачу роман тIехь автора вайнехан литературехь дуьххьара ала мегар долуш гайтина къоман технически интеллигенци кхиа йолаяларан хьелаш. И тема кхидIа шор а еш, керлачу тIегIане яьккхина “Сатийсаман ницкъ”, “Мур” романашкахь.  Нохчийчоьнан нефтяникийн гIуллакхаш ду кхузахь коьртачу тидамехь . Мехкан хазна — нефть лохуш,  доккхуш  белхалоша, инженераша, Iилманчаша, керланиг юкъа а далош,  балха тIехь кхиамаш бахарехьа латтош болу къийсам бу оцу романийн чулацамехь. Кхуьуш йолчу къоман технически интеллигенцин дахарехь, къинхьегамехь болу лехамаш. Къоман гIиллакх-оьздангалле диллича хIун маьIна ду оцу лехамийн новкъахь нислучу халонийн а,  кхиамийн а бохачу ойла а йойту автора.

Алссам болх бина Музаев Нурдинан драматургехь а. “Адамах теша”, “Уггаре хьоменаш”, кхийолчу а пьесийн турпалхой хьаналчу къинхьегамца токхо йолу  дахар дIахIотторехьа къийсам латтош бу.

Къаьсттина хьахьо деза Музаев Нурдинан гочдарш. Цо нохчийн матте яьхна оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а  яздархойн дуккха а произведенеш. Царна юкъахь ю В. Маяковскийн, А. Пушкинан, М. Лермонтовн, дуккха а кхечеран а произведенеш. Билгалдаккха деза цо Шота Руставели «Витязь в тигровой шкуре» гочъеш къаьсттина къахьегна хилар. ТIех шарахь болх бина ша цу тIехь олура цо. Гуьржаша лерам бира Музаев Нурдина шайн сийлахь-воккхачу поэтан классически произведени нохчийн матте яккхарна. Гуьржийчохь Шота Руставели вина 800 шо кхачар даздеш, кхайкхина дIа а вигна,  республикин куьйгаллин цIарах Сийлаллин грамота еллера яздархочунна.

Музаев Нурдинан произведенешка тайп-тайпана хьежамаш бара критикин а, ешархойн а, амма шеко йоцуш цхьаъ ду, нохчийн литературехь массо а жанрашкахь язйина дуккха а прпоизведенеш йитина яздархочо.

Музаев Нурдин кхелхина 1983 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан кхоллараллин некъ къоман литература, исбаьхьаллин культура кхиарца цхьаьна беана.

МУЗАЕВ НУРДИНАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Вай толам боккхур бу // Серло. 1932. 5 май. Ши дош (капитализм, социализм) // Серло. 1932. 5 нояб. 85-11 // Серло. 1933. 16 окт. Iуьйре а, суьйре а. Пьеса. Соьлжа-ГIала, 1933. Вайн заманан заза. Пьеса. Соьлжа-ГIала, 1933. Бакъ новкъахь гIулч. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1934. АтагIийн тогIийчохь. Дийцар. Соьлжа-ГIала, 1935. Накъост Ленин // Ленинан некъ. 1935. 22 янв. 20 шо // Ленинан некъ. 1935. 6 сент. Асланбек Шерипов // Ленинан некъ. 1935. 11 сент. Стахановцаш // Ленинан некъ. 1935. 12 окт. Толамхо. Дийцар // Ленинан некъ. 1935. 29 нояб. ЙоIе маршалла // Ленинан некъ. 1935. 18 дек. Тхан да Горький // Ленинан некъ. 1936. 21 июнь. Цкъа суьйранна. Дийцар // Ленинан некъ. 1936. 18 июль. Серго Орджоникидзе // Ленинан некъ. 1936. 28 июль. Сан некъ. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1936. Къоначу яздархошна — хьехам // Ленинан некъ. 1936. 2 дек. Сан некъ. Стихаш // Грозный. Чечингиздат. 1936. С. 102. Серго вицвийр вац оха // Ленинхо. 1937. 21 янв. Тоьпан кIуьрлахь // Ленинхо. 1937. 18 янв. А.С. Пушкин // Ленинхо. 1937. 10 февр. Долорес. – Марии Терезе Леон // Ленинхо. 1937. 8 март. Яха. Берашна дийцар // Ленинхо. 1937. 22 март. Вай ирсечу махкахь деха // Ленинан некъ. 1937. 1 май. Майн Денош // Ленинхо. 1937. 1 май. Бакъдерг // Ленинан некъ. 1937. 5 май. Къонахий. О перелете через Северный полюс // Ленинхо. 1937. 30 июнь. Вайн денош а, вайн безам а // Ленинан некъ. 1937. 14 окт. Вайна юккъехь // Ленинан некъ. 1937. 26 окт. Вайн даймохк // Ленинан некъ. 1938. 11 янв. Ленин вайца ву // Ленинан некъ. 1938. 21 янв. Ленин вайца ву // Ленинхо. 1938. 22 янв. Нефтах лаьцна. – Нийсархошка // Ленинхо. 1938. 2 февр. Хала де. (О.Г. Орджоникидзе) // Ленинан некъ. 1938. 18 февр. Накъост Горький // Ленинан некъ. 1938. 28 март. Горькийн безамна // Ленинан некъ. 1938. 18 июнь. Жимчу юьртахь. Повестан дакъа // Ленинан некъ. 1938. 10, 24, 27 июль. Колхозан ловзар. Пьеса. Соьлжа-ГIала, , 1938. Беречун къамел // Ленинхо. 1938. 26 июнь. Воккхачун стеган къамел // Ленинан некъ. 1938. 26 июнь. Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советан хьалхарчу сессина // Ленинан некъ. 1938. 26 июль. Машаран арми // Ленинан некъ. 1938. 1 авг. Вайн авиаци // Ленинхо. 1938. 18 авг. Мюд // Ленинан некъ. 1938. 6 сент. «Ирзе» поэмин дакъа // Ленинан некъ. 1938. 16, 23 сент. Хьомечу армина // Ленинан некъ. 1938. 3 окт. М.Ю. Лермонтов // Ленинхо. 1939. 15 окт. М.Ю. Лермонтов // Ленинан некъ. 1938. 15 окт. Хаза бу Даймохк // Ленинхо. 1938. 22 нояб. Серго бIаьхойн новкъа // Ленинан некъ. 1938. 20 нояб. Керла шо // Ленинан некъ. 1939. 1 янв. ЦIи Iанийна кIиранде // Ленинан некъ. 1939. 22 янв. Халкъан ирсан малх. (Нохч-ГIалгIайчоьнан 20 шо кхачарна) // Ленинан некъ. 1939. 4 февр. Халкъан ирсан малх. (Нохч-ГIалгIайчоьнан 20 шо кхачарна) // Ленинхо. 1939. 4 февр. В. Маяковский // Ленинан некъ. 1939. 14 апр. Накъосташка // Ленинхо. 1939. 20 май. Песня Асет // Ленинан некъ. 1939. 2 июнь. Вайн аренаш // Ленинан некъ. 1939. 26 июнь. Т.Г. Шевченко. – Сулейман Стальский // Ленинан некъ. 1939. 28 июнь. ЙоьIан йиш // Ленинан некъ. 1939. 8 авг. Хьалхахьа когбаккха // Ленинан некъ. 1939. 2 сент. Ирзу. Поэмин дакъа // Ленинан некъ. 1939. 8 сент. Вошаллин дош // Ленинан некъ. 1939. 23 сент. Халкъан заем // Ленинхо. 1939. 24 сент. Даймахкана // Ленинхо. 1939. 22 окт. Вайн театрана // Ленинан некъ. 1939. 22 окт. Выборийн хьокъехь // Ленинхо. 1939. 18 нояб. Деган аз. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1939. Вайн шо // Ленинхо. 1940. 1 янв. Таймиев Бейбулат а, со а // Ленинхо. 1940. 14 янв. Ши ваша УльяновгIара // Ленинан некъ. 1940. 21 янв. Ленинан хьастар // Ленинхо. 1940. 25 янв. Вайн Серго // Ленинхо. 1940. 18 февр. Йише // Ленинхо. 1940. 24 февр. Дийна памятник. А. Шериповх лаьцна // Ленинхо. 1940. 24 март. В. Маяковскийга // Ленинхо. 1940. 14 апр. Ламанхойн ирсах // Ленинхо. 1940. 1 май. БIаьстенан де // Ленинан некъ. 1940. 5 май. ДоттагIе // Ленинхо. 1940. 24 май. Къоначаьрга // Ленинхо. 1940. 24 июнь. Нагахь доттагI ямарт хилахь // Ленинан некъ. 1940. 24 июнь. Некъаш дохкучаьрга // Ленинан некъ. 1940. 30 июль. Некъан бохалла // Ленинан некъ. 1940. 22 сент. ГIаш дегадора. Дийцар // Ленинан некъ. 1940. 9 окт. Асланбеках лаьцна. Стихашкахь дийцар // Ленинан некъ. 1940. 23 окт. БIаьхойн ойланаш // Ленинан некъ. 1940. 7 нояб. Ткъес деттачу новкъахь. Стихаш, поэма ш. Соьлжа-ГIа¬ла, 1940. ДIадаханчу шарах // Ленинан некъ. 1941. 1 янв. Дика стаг вара иза // Ленинан некъ. 1941. 19 февр. Халкъан арми // Ленинан некъ. 1941. 23 февр. Зорба // Ленинан некъ. 1941. 5 май. Уьш вайга хьоьжуш бу // Ленинан некъ. 1941. 7 май. Толам вайн хир бу // Ленинхо. 1941. 26 июнь. Баьчча. Ленинах лаьцна // Ленинхо. 1941. 24 июнь. Тхуна хьехна // Ленинхо. 1941. 3 июль. Фашистийн йовсаш отур ду вай // Ленинан некъ. 1941. 20 июль. ДоттагIийн къамел // Ленинан некъ. 1941. 20 дек. Дешан ницкъ // Къинхьегаман байракх. 1955. 9 июль. Суьрта хьалха // Къинхьегаман байракх. 1955. 18 авг. Ваша. Вл. Луговскойна // Къинхьегаман байракх. 1955. 29 сент. Даймехкан гIишлош // Къинхьегаман байракх. 1955. 7 нояб. Шарера шаре // Къинхьегаман байракх. 1956. 19 янв. Хаьржинарш. Стихаш, поэмаш // Алма-Ата Казгослитизда, 1956. С. 161. Асетан йиш // Къинхьегаман байракх. 1956. 23 авг. Сирла лар // Къинхьегаман байракх. 1957. 4 янв. Кхуран га // Къинхьегаман байракх. 1957. 24 мая. Партина баркалла. Йиш // Ленинан некъ. 1957. 30 авг. Бодашкара яьлла топ. Романан дакъа // Ленинан некъ. 1957. 6-11 окт Вайн вежаршна // Ленинан некъ. 1957. 3 нояб. Урамехь // Ленинан некъ. 1957. 12 дек. Замза. Повесть. Алма-Ата, 1957. Селима дуьйцу. Поэма // Алма-Ата, 1957. Керлачу шарна совгIаташ // Ленинан некъ. 1958. 1 янв. Горькийн безамна // Ленинан некъ. 1958. 28 март. Вайнахах дийцар. Поэма. Грозный, 1958 Съездана // Ленинан некъ. 1959. 18 янв. Керлачу шаро дахьа // Ленинан некъ. 1959. 1 янв. Сийлахьчеран болам // Ленинан некъ. 1959. 3 апр. Боккхийрачу вежарех илли. Юьхь // ДоттагIалла. 1959. № 2. С. 79-81. Ленин // Ленинан некъ. 1959. 22 апр. Къоначу доттагIашна // Ленинан некъ. 1959. 2 май. Хьалхара бIаьсте // Ленинан некъ. 1959. 1 май. Хьалхара бIаьсте // Ленинан некъ. 1959. 12 июль. Лермонтов // Ленинан некъ. 1959. 26 июль. Коста Хетагуров // Ленинан некъ. 1959. 11 окт. Таштамар. – Юьртахь // ДоттагIалла. 1959. № 4. С. 60-63. Къонахийн болар. Роман. I дакъа. Грозный, 1959. Къонахийн болар. IIдакъа. Грозный, 1960. Сирла билгалонаш. Очерк // Ленинан некъ. 1960. 22 июль. Къоман сийлахь йоI. Ф.В. Даудовах лаьцна очерк // Ленинан некъ. 1960. 10 авг. Хирург // Сердало. 1960. 11 авг. ГIишлошъярхо. Иасева Iайшетах // Сердало. 1960. 25 дек. Ленин вайца ву // Социалистическая Осетия. 1960. 20 окт. Сан Нохч-ГIалгIайчоь. Поэма // Ленинан некъ. 1960. 27 март. Довха дегнаш. Поэма. Грозный, 1961. Аьхкенан суйре // Орга. 1961. № 3. С. 7-11. Ленинан хьалха дуьга // Орга. 1961. № 2. С. 3. Деган илли. Поэма // Орга. 1961. № 4. С. 15-17. Йижарех илли. Поэма // Орга. 1961. № 1. С. 33-38. Ленина долийнарг // Сердало. 1961. 18 июнь. Толам кхуллург // Ленинан некъ. 1961. 23 июнь. Хьаьашлелорхо. Поэма // Ленинан некъ. 1961. 27 авг. Машаречу махкана // Сердало. 1961. 21 сент. Лакхенашка кхочур ду // Сердало. 1961. 30 нояб. Кханенга гIулч. Поэма. Грозный, 1962. Звеньевойн йиш // Орга. 1962. № 1. А. 50-52. Владимир Маяковскига // Орга. 1962. № 3. А. 21. БIаьхо // Сердало. 1962. 16 май. Безам // Ленинан некъ. 1962. 12 авг. Космосе // Сердало. 1962. 16 авг. Космосе // Ленинан некъ. 1962. 17 авг. Дуьххьарлера сом. Поэма // Ленинан некъ. 1962. 12 сент. 20 шо. Стихи // Рост. № 1. С. 81-83. Дашониг. Отрывок из поэмы // Ленинан некъ. 23-25 авг. Дашон куьйгаш // Орга. 1963. № 3. А. 11-12. Хьаьттахь // Орга. 1963. № 4. А. 3. Дуьххьарлера сом. Поэма // Грозный, 1963. Органан тогIехь. Роман. Грозный, 1966. Татолан шабарш. Стихаш. Грозный, 1968. ЦIоькъалоьман цIоканахь турпал (Руставели Шотан поэма «Витязь в тигровой шкуре» нохчийн матте гочъяр). Грозный, 1969. БIарлагIийн тоба. Грозный, 1976. Мур. Роман. Грозный, 1980.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Через рубеж. Пер. Д. Осин. // Грозненский рабочий. 1934. 23 февр. Песнь о звеньевой. Памяти М. Горького // Грозненский рабочий. 1936. 22 июнь. Нефть. Пер. С. Липкин // Грозненский рабочий. 1938. 8 апр. Наша Родина. Пер. А. Тарковский // Грозненский рабочий. 1939. 8 июнь. Много ласки в этом сердце было. О В.И. Ленине. Пер. Н. Асанов. // Грозненский рабочий. 1940. 20 окт. Добей врага. Пер. Л. Компаниец // Грозненский рабочий. 1943. 29 авг. Брату. Пер. М. Шехтер // Дружба народов. 1957. № 8. С. 156. Весенняя ночь. Пер. В. Антонов // Совет Казахстан. 1957. С. 65-66. На поляне. Пер. Я. Бугаевский // Грозненский рабочий. 1957. 13 авг. Живые зори Октября. Пер. М. Грунин // Грозненский рабочий. 1957.6 нояб. Течение времени. Пер. В. Щепотев // Комсомольское племя. 1957. 11 дек. Ветка груши. Пер. А. Казаков // Грозненский рабочий. 1957. 11 дек. Сказание о Чечне. Пер. А. Кронгауз // Грозненский рабочий. 1958. 16 февр. Сегодня в ауле. Путевые заметки. Пер. И. Трунов // Комсомольское племя. 1958. 16 март. Весь лес повторял. Из поэмы «Сказание о Чечне». Пер. А. Кронгауз // Грозненский рабочий. 1958. 27 апр. Горячие сердца. Поэма. Пер. И. Трунов // Комсомольское племя. 1958. 31 июль – 10 авг. Два стихотворения. Песня моя – Сосед. Пер. С. Олендер // Огонек. 1958. № 14. С. 16. Говорит Селим. Сказание о Чечне. Поэма. Авториз. пер. А. Кронгауза. М., 1958. Весенняя ночь. Пер. К. Антонова // Социалистическая Осетия. 1959. 24 янв. До свидания! Пер. К. Антонова // Социалистическая Осетия. 1959. 24 янв. Брату. (Владимиру Луговскому). Пер. Шехтер // Грозненский рабочий. 1959. 19 июль. Сквозь годы. Пер. В. Пальчиков // Социалистическая Осетия. 1959. 20 сент. Коста Хетагурову. Пер. В. Пальчиков // Советская Осетия. 1959. № 14. С. 77-78. Сквозь годы. Посвящено К.Л. Хетагурову. Пер. В. Пальчиков // Грозненский рабочий. 1959. 14 окт. Счастье. Пер. // Комсомольское племя. 1960. 26 янв. Горсть земли. Стихотворения и поэмы // М., 1960. Чечено-Ингушетия моя. Фрагменты из поэмы. Пер. // Грозненский рабочий. 1960. 3 апр. Праздник весны // Комсомольское племя. 1960. 15 май. Огородница. Пер. Мария Шехтер // Грозненский рабочий. 1960. 12 июнь. Женщине. Пер. В. Щепотев // Комсомольское племяь 1960. 12 июнь. Новая песня. Пер. А. Кронгауз // Комсомольское племя. 1960. 10 июль. Горянке. Пер. И.Глаголев // Комсомольское племя. 1960. 31 июль. Поднялась кукуруза в полях. Пер. П. Попов // Комсомольское племя. 1960. 18 сент. Мир победит войну. Пер. // Комсомольское племя. 1960. 23 окт. Октябрьский салам. Пер. Ю. Поваляев // Комсомольское племя. 1960. 10 нояб. Песня сердца. Отрывок из поэмы. Пер. Ю. Хазанов // Грозненский рабочий. 1960. 17 нояб. Наша столица. Пер. А. Кронгауз // Комсомольское племя. 1960. 4 дек. Счастье. Пер. // Грозненский рабочий. 1961. 19 февр. Песня о Грозном. Пер. // Комсомольское племя. 1963. 5 сент. Продолжение песни. Стихотворения и поэмы. М., 1967.

КХЕЧУ МЕТТАНАШКАХЬ
Сила слова. Пер. Л. Скалковский // Совет Казакстан. 1955. Кн. 10. С. 57. Ленин живет с нами. Пер. на кабард. Нури Шогенцуков // Ошхамахо. 1959. № 5. С. 104-105. До свидания! Пер. на осет. Х. Ардасенов // Растзинад. 1960. 26 окт. Птица. Думы. Пер. на кабард. П. Мисаков // Ошхамахо. 1962. № 1. С. 46.

ЛИТЕРАТУРОВЕДЕНИН БЕЛХАШ
Заметки о современной чеченской прозе. Статья // Вопросы чечено-ингушской литературы. Известия ЧИНИИИЯЛ. Т. 4, вып. 3. Грозный, 1964. Взаимосвязи литератур Северного Кавказа в процессе становления жанров.Грозный, 1974.
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:854 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4843 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5965 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6340 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2730 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2503 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5368 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4629 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8382 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »