• VTEM Image Show

Муталибов Зайнди
Арсанукаев Iабдулла

МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978)

Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю дукхахйолу шен произведенеш цо Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах лаьцна язйина хилар. Буьрсачу, къизачу тIеман суьрташ ма-дарра гайталур дац и дерриг а шен бIаьрга гина, шен дагца, дегIаца лайна болчаьрга санна. Муьлхха тIом шен сица къийлина, шен дагах а, цIийх а чекхбаьлла боцчаьрга. Цундела мехала ду тIеман дакъалацархойн-яздархойн цунах лаьцна долу муьлхха а тоьшалла. Муталибов Зайндин тIамах лаьцна долу дийцарш, повесташ, стихотворенеш бIаьхочун тIеман некъех лаьцна йозанаш ду. Уьш гергара а ду вайна, иза ша оцу буьрсачу хиламийн дакъалацархо хиларна».

Нохчийн поэт, прозаик Муталибов Зайнди вина 1922-чу шеран 15-чу сентябрехь Веданан районерчу Хоттани юьртахь ахархочун Iабдулхьалиман доьзалехь. Юьртарчу ворхIшеран школехь дешна Зайндис, иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа, шен 15 шо долуш, школе пионервожати вахна иза. ХIетахь дуьйна дIаболабелла Муталибов Зайндин белхан некъ.

 Зайнди шен балхаца ларалуш а, шен хаарш тIедузуш а хилла. Цхьа хан яьлча КПСС-н Веданан райкоман агитацин, пропагандин отделан инструктор хIоттийна иза.
Хьалхе яздан волавелла Зайнди, цуьнан дуьххьарлера стихотворени зорбане яьлла 1937 шарахь «Ленинан некъ» газета тIехь авторан 15 кхаьчначу хенахь. ХIетахь дуйьна хаддаза яздеш схьавеана, юьхьанца поэзехь, тIаккха прозехь а. Дукхахьолахь «Ленинан некъ», «Ленинхо» газеташ тIехь арайийлина къоначу поэтан стихотворенеш. Масала, «Суьйре» цIе йолу цуьнан стихотворени зорбатоьхна 1940 шеран 22 сентябрехь араяьллачу «Ленинан некъ» газетан номерехь, «Сийлахь Октябрь» – 6 ноябрехь, «Керла шо» – 1941 шеран 1 январехь, «Сийлахь-воккха Ленин» – 22 январехь, «Турпалчу ЦIечу Армина» – 23 февралехь «Ленинхо» газета тIехь, цу тайпана кхидIа а.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболабелча, Муталибов Зайнди, заявлени а яздина, шен лаамехь тIаме воьду. 255-чу Нохч-ГIалгIайн дошлойн полкаца цхьаьна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах чекхваьлла Муталибов Зайнди. Цо тIом бина Къилбен а, Сталинградски а, Къилба-Малхбузен а фронташкахь. МогIарчу салтичунна тIера дошлойн дивизионан штабан начальникан дарже кхочу иза майоран чин а долуш. Муталибов Зайндин бIаьхаллин гIуллакхаш билгалдаьхна исс пачхьалкхан совгIат даларца (мидалаш, орденаш), шайна юкъахь ЦIечу Седанан а, ТIеман ЦIечу Байракхан а орденаш йолуш.

ТIом болчу хенахь Муталибов Зайндис дуккха  а стихотворенеш, дийцарш, очеркаш язйина. Оцу шерашкахь цуьнан произведенийн тематика, кхечу яздархойн а санна, тIамах лаьцна, мостагIчунна тIехь толам баккхарх лаьцна яра. ТIемалойн турпалаллех, царна даймохк йист йоцуш дукхабезарх, иза Iалашбан лаарх  лаьцна яра. Поэтан стихийн чулацам, цуьнан лирически турпалхочун дог-ойла, синхаамаш, цуьнан дерриге дахар даймахкана дIаделла, иза мостагIчух паргIатбаккхаре хьажийна дара. «БIаьхочуьнга» цIе йолчу стихотворенехь поэта боху:

Вайх леш дан, вайн дахар хIаллакдархьама,
Фашизмо вайн махка шен талу детта,
Исбаьхьа вайн шахьарш сийна цIе тесна
Ягийна. Вайн дахар кхерамехь лаьтта.
Сталинград шарйина, Цимлянск ягийна,
Вайн хьоме Ростох а цаевзарг йина.
Эзарнийн доьзалех бай дина гIийла,
Бекхам бер вай, бIаьхо, цIийн мостагIчунна.

Иштта ондда екара поэта-бIаьхочун поэзи тIеман хенахь.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом толамца чекх а баьлла, Японин пачхьалкхаца долу тIеман гIуллакхаш а дIадирзинчул тIаьхьа, 1946 шарахь эскарера мукъа ваьлла Муталибов Зайнди. Сийлахь Даймохк луьрча тIамехь фашистех Iалашбеш тIеман хьуьнарш гайтарна накха буьззина Советски Союзан орденаш, медалаш  йолуш цIавеанчу гварди-майора Муталибов Зайнди дерриг нохчийн халкъаца махкахбаьккхинчу шен доьзална тIе Киригизи ваха дезна, кхиболчу нохчийн тIемалойн а санна. Цигахь 1946-1957 шерашкахь хьехархочун а, белхан кегийрхойн суьйренан школехь директоран а белхаш бина цо. 1952 шарахь Бишкекехь Киргизски пачхьалкхан педагогически инстиутан исторически факультет чекхъяьккхина. Махках ваьккхинчуьра цIа ван гIайгIа беш а хилла, амма Нохч-ГIалгIайн республика меттахIоттийнчул тIаьхьа бен цIа ца ваийтина.

Даймахка цIа вирзинчул тIаьхьа 1957 – 1958 шерашкахь юьхьанца «Ленинан некъ» газетан партийни дахаран отделан заведующи, тIаккха Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь редактор лаьттина. Цул тIаьхьа 1959 – 1961 шерашкахь Муталибов Зайндис Москвахь КПСС-н Центральни Комитетан чуйогIуш хиллачу Лаккхарчу партийни школин журналистикин факультетехь доьшу. Иза чекх а яьккхина цIа веача,  1961 шарахь «Ленинан некъ» газетан  редакторан заместитель хIоттийна, цигахь цхьана-шина шарахь болх бинчул тIаьхьа Грозненски юьртан районан «Заветы Ильича» цIе йолчу газетан редакторан заместитель вахийтина. Оцу редакцехь кхиамца цхьана шарахь болх бина яздархочо, дукха хан ялале лаккхара жоьпаллин дарж тешадо цунах, 1964 шарахь Муталибов Зайнди Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон директор хIоттаво. Республикин издательствон коьртехь кхаа шарахь болх бина цо. 1967 шарахь Нохч-ГIалгIайн книготорган директор вохуьйту Муталибов Зайнди. Иттех шо даьккхина цо оцу даржехь, 1978 шарахь Соьлжа-ГIаларчу телестудин коьрта редактор хIоттаваллац. Ша бинчу кхечу белхашкахь а санна, республикин телевиденехь а даггара, жоьпаллица болх бина яздархочо. Амма дукха ца лаьттина иза оцу балхахь. ТIеман халонаш а, махках ваккхар а лан дезначу яздархочун оьмар еха ца хиллера. Шен 56 шо а кхачале, 1978 шарахь кхелхина Муталибов Зайнди.

Оцу массо а меттигашкахь болх беш а, Муталибов Зайндис коьрта леринарг исбаьхьаллин литературехь къахьегар ду. Мел сихачу хьелашкахь а ца сацийна цо литературехь кхоллараллин болх бар. Поэзехь а, прозехь а хаддаза яздо цо.

Муталибов Зайндин дуьххьарлера книга араяьлла 1958 шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издастельствехь. Иза «Даггара» цIе йолу поэтически сборник яра. Аьхна, ойла серлайоккхуш, дог доккхадедеш стихаш ю сборник тIехь. Дуьненах, дахарх, валар-висарх, безамах, Iаламах лаьцна ойлаеш ву поэтан дуьххьарлерчу книгин лирически турпалхо.

Масех поэзин сборник араяьлла Муталибов Зайндин. Царна юкъахь ю лакхахь цIе яьккхинчул совнаха «Дека, сан илли» (1961), «Даима хьоьца» (1964), «Со хьан кIант ву» (1966). «Пульс эпохи» (1966), «Бессмертный всадник» (1968) кхиерш а. Цуьнан поэзин коьрта маьIна, исбаьхьаллин хатI  мелла а хаало «Лийр воцу бере» стихотворенехь:

Атта ца хиллачу
сайн некъан жамI деш,
Хилларш я тIе хиндерш
ойланца лоьIуш,
ВогIу со, кIайн дуьне,
хьо дезар даздеш,
Лийр воцу бере, хьо
даггара лоьруш.
Хьо даим вехар ву,
дин боцу бере,
Инзаре хийцамаш
кху лаьтте кхийдош.


Ницкъ болуш велар-кха
бIешерийн гене
Хьоьца ван – Даймехкан,
сайн халкъан сий деш.
Доца ду дуьненахь
къонахчун дахар,
Iаламан лаам бу
ша иштта хилла…

Сайн денойх цхьаъа а
ца дуьтуш Iахар,
Дахарехь гIерта со
лар йита сирла.

Муталибов Зайндин кхоллараллехь поэзин книгаш алсам елахь а, кIезга яц прозехь язйина произведенеш а. Царлахь угар мехала лара йогIу 1960-чу шарахь зорбанера араяьлла «БIаьхочун весет» цIе йолу книга, къаьсттина цу тIера повесть «БIаьхочун весет». Цул тIаьхьа 1968 шарахь оьрсийн маттахь араелира «Раненая анкета» цIе йолу дийцарийн книга а. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь бIаьхоша гайтина турпалалла билгалйолу Муталибов Зайндин прозаически произведенешкахь. Яздархочо исбаьхьаллин басаршца къеггина гайтина нохчийн бIаьхойн тIеман хьуьнарш. Хиллачийн бух тIехь яздина ду цуьнан дийцарш.

ТIамехь мостагIех майра леташ хилла цхьаболу шен махкахой исбаьхьаллин дийцаршкахь шайн бакъйолчу цIаршца а бийцина яздархочо. Масала, «Ша-тайпа хилларг», «Тхо кхоъ вара» цIерш йолчу дийцарийн турпалхо ву Iалхан-Юьртара Эдельханов Ширвани тIамехь майраллица билгалваьлла хилла разведчик. Оцу гIуллакхо очеркана герга даладо дийцарш,  амма  церан исбаьхьалла хIумма лах ца йо. Мелхо а,  бIаьхойн турпала васташ бакъдолчуьнца нийса догIуш хилар гойту. Дийцаршкахь дика го тайп-тайпанчу къаьмнех болу тIемалой, цхьа доьзал санна, бертахь а болуш, инзаречу турпалаллица фашистех летар. «Царах хIоранна а дагахь дара, – боху яздархочо, – тхан дайша шайн цIийх хьандина Советски Даймехкан латта тхуна хьоме ду. Бомбанаш цунна тIехь мел оьрнаш дахарх, яккхийчу тоьпийн хIоьънаша цунна чевнаш ярх, мостагIчун мортираший, минометаший иза мел чIогIа агарх мостагIчунна луург хир дац!» Герзах йоьттина йолчу фашистийн ардангах цIанбира бIаьхоша хьоме Даймохк, тIом толамца чекхбаьккхира, Европерчу кхечу къаьмнашна а паргIато еара. Дуьненахь хIинццалц схьа хиллачарах уггар а буьрсачу тIамехь шен амал яхчаелла волчу бIаьхочун васт кхоьллина шен произведенешкахь Муталибов Зайндис.

Литературоведа Минкаилов Эльбруса Муталибовн Зайндин дийцарийн жанран цхьайолу башхаллаш билгалйохуш яздина: «Дийцаршкахь мехала меттиг дIалоцу дийцархочун васто. Цхьадолчарна тIехь дуьйцург ша автор ву, ткъа вукхарна тIехь автор ладогIархо санна ву, кхоалгIачарна тIехь иза шена кхин цIе тиллина ву (масала, «Чов йина анкета» дийцарехь – Абдурахманов Зелимха). Оцу дийцаршкахь вайна хьалха хIутту авторан З. Муталибовн шен васт, цуьнан дахаран некъ. Иштта, масех дийцарехь кхоллало полкан командиран Висаитовн а, разведчикан Эдельхановн а, яздархочун тIеман кхечу накъостийн а васташ.

Муталибовн дерриге а бохург санна дийцарех дийцарш-эпизодаш ала мегар ду. Царах хIоранна тIехь а тIеман цхьана эпизодах лаьцна дуьйцу. Иза яздархочунна шена дагаеана, я цхьамма йийцина ю. Дукхахдолчу дийцаршкахь гойтург тIеман хьалхара мур бу, фронтехь эшамаш хиларца билгалбаьккхина болу. Цуьнан турпалхой могIарера бIаьхой, разведчикаш, водительш, санинструкторш, вуьшта аьлча, тIеман могIарера салтий бу. Царах массеран а ницкъ ца кхочу турпалалла гайта, амма уьш цхьаъ бо оьздангаллин цIеналло, хьаналло, хьуьнарна кийча хиларо, стогалло, шен Даймахкана, шен халкъана тешаме хиларо».

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь вайн махкахоша гайтина турпалалла билгалйолу Муталибов Зайндин произведенешкахь.

Муталибов Зайнди вевзаш вара гочдархо санна а. Цо оьрсийн маттера нохчийн матте яьхна М.А. Шолоховн «Адаман кхиэл», Г.К. Орджоникидзен «Статьяшший, къамелашший», кхиболчу авторийн произведенеш а.

Муталибов Зайнди нохчийн яздархойх дуьххьарлерниг вара шен поэзин а, прозин а дукхахайолу произведенеш тIеман тематикина лерина. Шен накъостийн-бIаьхойн тIеман хьуьнарш исбаьхьаллин литературехь гайтарна тIехьажийнера цо шен берриг кхоллараллин ницкъаш. Цуьнан тоьлла произведенеш къоман литературехь нохчин-тIемалочун васт кхолларан масал ду.

МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Суьйре // Ленинан некъ. 1940. 22 сент. Сийлахь Октябрь // Ленинан некъ. 1940. 6 нояб. Керла шо // Ленинан некъ. 1941. 1 янв. Сийлахь-воккха Ленин // Ленинан некъ. 1941. 22 янв. Турпала ЦIе Арми // Ленинан некъ. 1941. 23 февр. Турпалчу ЦIечу Армииа // Ленинхо. 1941. 23 февр. Винчу нене // Ленинан некъ. 1942. 2 апр. Езачуьнга // Ленинан некъ. 1942. 28 май. Весет. Хьоме доттагIчунна-поэтана // Ленинан некъ. 1944. 9 февр. Итт минот // Къинхьегаман байракх. 1956. 29 март. Воккхаве безамах // Къинхьегаман байракх. 1956. 14 июнь. Сийлахь Октябрь // Къинхьегаман байракх. 1956. 7 нояб. Ойланаш // Къинхьегаман байракх. 1957. 4 янв. Даймохк Iалашбарехьа… // Къинхьегаман байракх. 1957. 10 май. Суьйре // Ленинан некъ. 1957. 18 июль. Октябрах илли // Ленинан некъ. 1957. 9 окт. Сийлахь Октябрь // Къинхьегаман байракх. 1957. 7 нояб. Ойланаш // Сердало. 1957. 12 дек. Ойланаш // Ленинан некъ. 1957. 12 дек. Керла шо // Къинхьегаман байракх. 1958. 1 янв. Хьомечу поэте // Ленинан некъ. 1958. 19 янв. БIаьхочун весет. Дийцар // Ленинан некъ. 1958. 19. 21 февр. Турпала арми // Ленинан некъ. 1958. 28 февр. Депутате // Ленинан некъ.1958. 16 март. ТIамна кечлуш. Дийцар // Ленинан некъ. 1958. 6 апр. Сийлахь-воккха Ленин // Ленинан некъ. 1958. 27 апр. Керла дакъа. Повесть тIера // ДоттагIалла. 1958. № 1. А. 34-41. ТIеман хьалхара де. Армейски дневник тIера. 1958. №61. 31 июль. Сийлахь-воккха Ильич. Сийлахь Октябрь. Долало, Керла шо. Воккхаве безамах // ДоттагIалла. 1958. № 1. А. 17-20. Даггара. Стихаш. Грозный, 1958. Дин беллачу кIентан илли // Ленинан некъ. 1959. 12 июль. БIаьхочун весет. Повесть. Грозный, 1960. Безаман вальс // Орга. 1960. № 3. С. 53. Турпалчу армина // Ленинан некъ. 1960. 24 февр. Генахь Iан бакъо яц хьан // Орга. 1960. № 4. А. 52-53. ЦIа вогIуш // Сердало. 1960. 11 авг. Аьхкенан вальс // Ленинан некъ. 1960. 24 авг. Таисига // Орга. 1961. № 1. А. 76-77. Комбайнеран илли // Ленинский путь. 1961. 6 янв. Дека, сан илли. Стихаш. Грозный, 1961. Депутате // Ленинан некъ. 1962. 18 март. Алжиран халкъе // Ленинан некъ. 1962. 23 март. Сийлахь Октябрь // Ленинан некъ. 1962. 11 апр. Октябран сий. Песня // Ленинан некъ. 1962. 11 апр. Ленински комсомолана // Ленинан некъ. 1962. 15 апр. Владимир Ильич Ленин // Ленинан некъ. 1962. 22 апр. ТIаламазалла // Ленинан некъ. 1962. 8 июль. Веданахь аьхкенан суьйре. Йиш // Ленинан некъ. 1962. 22 июль. Даьхнилелоран ферме // Ленинан некъ. 1962. 12 авг. Могуш вац // Ленинан некъ. 1962. 2 нояб. Буьйса // Ленинан некъ. 1962. 5 дек. Ойланаш // Ленинан некъ. 1963. 14 апр. Мила ву бехке? Дийцар // Орга. 1963 № 4. а. 32. Мустапан каранаш. Дийцар // Ленинан некъ. 1963. 8 сент. Суьйре // Сердало. 1963. 12 окт. Даима хьоьца. Стихаш. Грозный, 1964. Со хьан кIант ву. Стихаш. Грозный, 1966. Дорцана дуьхьал. Грозный, 1972. Ши некъ. Грозный, 1981.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Пульс эпохи. Стихи. Грозный, 1966. Раненая анкета. Рассказы. Грозный, 1968. Бессмертный всадник. Стихи и поэмы. Грозный, 1968. Истоки. Грозный, 1978.
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1410 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1578 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:854 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4843 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1240 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3066 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5965 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6341 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2731 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2503 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5369 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4630 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8383 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »