• VTEM Image Show

Нажаев Ахьмад
Арсанукаев Iабдулла

НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943)

Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш шайн исбаьхьаллин башхалашца хIинцалерчу литературица йогIуш цахилар, амма къоман исбаьхьаллин литература йолийнчеран кхоллараллин мехаллаш ша-тайпана ю, цара динчун маьIна а ша-тайпана деш ду. Церан цIаршца, церан исбаьхьаллин произведенеш тIера дIайоьдуш хуьлу муьлххачун къоман литература. Исторехь юьсуш ю йозанан исбаьхьаллин дешан юьхь йолийнчеран цIерш.
Нохчийн исбаьхьаллин литература йолийнчарах ву  поэт, прозаик, фольклор гулъярхо, школашна язйинчу дешаран книгийн автор  Нажаев Ахьмад. Нохчийн маттахь дуьххьара къоман барта произведенийн книга арахецар Нажаев Ахьмада кхочушдина. Къоман йозанан поэзино хьалхарчу муьрехь яьхна гIулчаш а цуьнан цIарца йозаелла ю.

Нажаев Ахьхмад вина 1895 шарахь Йоккхачу-АтагIахь, ахархочун Идиган доьзалехь. Дуьххьара йоза-дешар хьуьжарехь Iамийна Нажаев Ахьмада. Цул тIаьхьа ша оьрсийн мотт а, йоза а Iамийна. Хьехархойн курсаш чекх а яьхна, 1923 шарахь Йокхачу-АтагIахь юьхьанцарчу школе хьехархочун болх вахна иза. Оцу хенахь, хьехархочун балхаца цхьаьна, доккха гIуллакх дина Нажаев Ахьмада нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъярехь. Цо дуккха а иллеш, эшарш, туьйранаш, дийцарш дIаяздина.

1924 шарахь Соьлж-гIала Нохчийн областан дешаран отделе балха схьавалаво Нажаев Ахьмад. Кхузахь а дIахьо цо халкъан барта кхолларалла гулъяран болх. Фольклоран произведенеш дIа а язъеш, зорбане кечйо цо.  1926 шарахь араелира Нажаев Ахьмада гулйина «Нохчийн эшарш, дийцарш, кицанаш» цIе йолу книга.

Иза дуьххьарлера книга яра вайнехан эшарш, дийцарш, кицанаш нохчийн маттахь зорбатоьхна. Оццу хенахь араелира  Нажаев Ахьмада  И. Ибриевца цхьаьна хIоттийна «Нохчийн эшарш» боху сборник а.    Халкъан барта кхолларалли тIехь болх баро Нажаев Ахьмадана гIо дира нохчийн меттан исбаьхьалла йовза, цуьнан мехаллах кхиа, цунах пайдаэца. Цунна чIогIа пайдехьа хилира шен поэтически кхоллараллин говзалла лакхаяккхарехь, исбаьхьаллин суртхIотто Iамарехь, ша халкъан барта произведенеш тIехь бина болх. Нохчийн областан халкъан дешаран отделехь испекторан болх бо Нажаевс. Доккха гIуллакх до цо Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь, школийн болх тобарехь. Нажаев Ахьмада нохчийн мотт хьехна юкъардешаран школашкахь, совпартшколехь, цу хенахь йохкуш хиллачу тайп-тайпанчу курсашкахь: хьехархойн курсашкахь, партактиван курсашкахь.

1926 шарахь дуьйна «Серло» газета тIехь арайовла юьйлаелира Нажаев Ахьмадан дуьххьарлера стихотворенеш. Оцу стихотворенеша адамаш  керлачу дахаре кхойкхура. 1934 шарахь араелира Нажаев Ахьмадан стихотворенийн сборник «Керла дуьне». Нажаевн лирически турпалхо керла стаг ву. Цо  къоман хиндолчу ойлайо, иза адамашка кхойкху:  дIадаха нахана юкъара зуламен хIуманаш, дешийта школашкахь берашка, зударий дахаран юкъаралле озабе, халкъ серлонга боьдучу новкъахь къобалде, кхечу къаьмнашца барт лаха, доттагIалла таса. «Керла дуьне» поэтически сборнико гучудаьккхира Нажаев Ахьмадан кхоллараллин таронаш идейни а, исбаьхьаллин а агIоран кхиъна йогIуш хилар. Оццу 1934 шарахь «Кхиам» цIе йолчу журнало зорбатуьйхира Нажаев Ахьмадан «Тховх тапча тохар» цIе йолу беламе (сатирически) дийцар.

Оцу дийцаро, беламе дахарца къийсам латтабора адамашна юкъара дIадаха хьакъдолчу цхьацца хIуьмалгашца. 1935 шарахь  оьрсийн маттахь Москвахь араяьллачу «Поэты Чечено-Ингушетии» цIе йолчу поэзин сборника юкъаяхара Нажаев Ахьмадан «Отпор», «Красноармейская песня», «Советскому писателю», «Величие науки» цIерш йолу стихаш. Пятигорскехь 1937 шарахь араяьллачу  «Поэты советской Чечено-Ингушетии» цIе йолчу стихийн сборника тIехь а яра Нажаев Ахьмадан «Мужественный ленинец», «Славный путь», «Конники», «Пондур» цIерш йолу стихотворенеш. Цу тайпана йоккхачу советан пачхьалкхехь кхечу къаьмнашна а евзира Нажаев Ахьмадан поэзи.

Нажаев Ахьмада поэзин яккхийчу жанрашкахь а болх бина. 1936 шарахь араяьлла цуьнан «ЖаIу» цIе йолу йоккха поэма. Поэми тIехь исбаьхьаллин гIирсашца толлу автора вайн халкъан дахаран цхьа мур. Поэмин коьрта турпалхо Муца ву, цуьнан дахаран некъ гайтарехула хIоттийна ю поэмин сюжет. «ЖаIу» 1930 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь дикачу произведенех ларалуш яра.
Сталински зулам даьржинчу хенахь, 1937 шарахь лаьцна дIавигна Нажаев Ахьмад, Чувоьллинчохь 1943 шарахь кхелхина лору Нажаев Ахьмад.
Поэтан цхьайолчу произведенешна юха зорбатоьхна. «Хаьржинарш» цIе йолу цуьнан поэтически сборник араяьлла 1967 шарахь.    Нажаев Ахьмадан кхолларалла 20-30 шерашкахьлерчу нохчийн поэзин цхьа агIо ю.

Поэтан кхоллараллин тематика яра замано хьалха хIиттийна декхарш кхочушдаре хьажийна. Шен стихашкахь Нажаевс къобалдора дахарехь кхуьуш долу керланиг. Дешаро халкъана бахьа пайда гойтуш, керлачу заманахь дешаро бен пайдехьа стаг кхиориг цахилар чIагIдеш яра 20-30 шерашкара нохчийн поэзи. Нажаев Ахьмада  дика гойту дешарца халкъ серлонга даккха дезаш хилар. Иштта ю цуьнан стихаш «Советийн яздархошка», «Конференци», кхиерш а. Дешаран, культура кхиоран тема шен произведенешкахь къастош, Нажаевс билгалдоккху оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а культурера диканиг тIеэца дезаш хилар. Iилманах, поэзих  пайдаэца безаш хилар гойту автора. Оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а сийлахьчу нахах лаьцна дуьйцу. Масала, стихотворени «Сийлахь поэт – Пушкин».
Халкъашна юкъара доттагIалла чIагIдаран тема ойбу поэта. Тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамаша цхьабартболуш къахьегаро алсамдоккху мехкан хьал, боху цо. Къаьмнашна юкъара доттагIалла  чIагIдар шен сийлахь декхар лору Нажаевс. ДоттагIаллин уьйраш кхиорна лерина ю цуьнан дуккха а стихаш («ЦIен эскархойн йиш», «Конференци» и дI. кх.).
Нажаев Ахьмадан кхоллараллехь гIеххьа меттиг дIалоцуш ю  Iаламах лаьцна стихотворенеш. Нохчийн поэзехь 30-чу шерашкахь кIезиг яра, аьлча а, янний ян а яцара ала тарлуш ду Iалам гойтуш йолу стихотворенеш. Поэташна «бегIийла ца хетара» баккхийра классови хийцамаш хуьлуш лаьттачу хенахь Iаламан хазалла эшаршкахь йийцар. Амма Нажаев Ахьмада Даймехкан Iаламан исбаьхьалла гайтарца а кхио  безаш лерина Даймахке безам.
Поэтан Iаламах лаьцна йолу произведенеш шайн чулацамца а, исбаьхьаллин гIирсашца а цу хенахьлерчу поэзин тIегIанехь ю. Масала, «КIайн хьаша» стихотворени:

Цу шакарийн цIогIанца, чехкачу боларца,
КIайн хьаша схьавалош, мох хьийза дарцаца,
Iаьржачу цу лаьтта шен хьошалла дилларца,
КIайн хьаша кхечи, бамбин мотт билларца.

Цу бамбийн ва меттахь кIайн юргIа даржийна,
КIайн гIайба гIевлингахь ша охьавижна,
Боданан и буьйса ша серлаяьккхина,
«IА» боху кIайн хьаша охьахиъна ханна.

Цу лаьмнийн кортошна кIайн чалба хьерчош,
Цу лекхачу хьаннаш тIе кIайн кхокхий хийшош,
Дарц хьалха ша хьоькхуш, тхевнашкахь шок етташ,
Веъна ша схьакхечи кIайн хьаша, мохь бетташ.

Сов чIогIа хазахеташ, шаьш кхаьънаш дохуш,
КIедачу цу лай тIехь шаьш хаза ловзуш,
Бераш гуш ду вайна, салазаш хоьхкуш,
Iа доьлла хазахеташ, вовшашка кхойкхуш.

Цу тайпана яра Нажаев Ахьмадан кхийолу Iалам гойтуш йолу стихотворенеш а. Ошаев Халида билгалдаьккхина Нажаев Ахьмада дуьххьара нохчийн стихашка халкъан иллин ритмика ялийна хилар –  шина-кхаа стопах лаьтташ йолу дактиль.
Нажаев Ахьмадан кхоллараллин жамI ларалуш ю 1936 шарахь араяьлла «ЖаIу» цIе йолу поэма. Шен поэми тIехь автора гайтина нохчийн халкъо 20-30-чуй шерашкахь бина исторически некъ. ХХ бIешо доладелчхьана 30-гIа шераш юккъедовллалц болу къоман дахаран мур бу поэми тIехь поэтически гIирсашца толлуш берг. Поэмин коьртачу турпалхочун Муцин шен дахарх лаьцна долу дийцар ду произведенин чулацаман бухе диллинарг. Шина декъах лаьтташ ю поэма. Хьалхарчу доккхахдолчу декъа тIехь гайтина ХХ бIешарахь Октябрьски революцина тIекхаччалц йолчу хенахь Нохчийчохь хилла социальни дIахIоттам. ШолгIа дакъа революци а, граждански тIом а, цул тIаьхьа ярташкахь керла дахар а дIахIотторехьа латтийна къийсам гойтуш ду.
Муцин дахаран некъ Нохчийчохь хуьлуш болчу социальни хийцамашца цхьаьна гайтина поэми тIехь.

Поэма йолаелчхьана дуьйна иза чекхъяллалц халкъан, даймехкан теманаш ю хаддаза автора схьаяхьаш ерш. Вовшашца юьйцина цхьана йостуш ю автора оцу поэмин коьрта теманаш. Материальни а, духовни а хазна кхуллуш дерг халкъ ду, шен кхолламан да хилла дIахIотта  деза иза – иштта ду поэмин коьрта маьIна.
Поэмин композици цуьнан маьIна къеггина гучудолучу кепара хIоттийна ю. Стих йоца а йолуш, еша а, кхето а атта ю. Поэма строфашка екъна ю, строфаш 10-14-16 стихах лаьтташ ю. Коьрта долчу декъана шина стопах лаьттачу хорейн барамехь  язйина ю поэма.
Поэми тIехь гуш ду автора фольклорах пайдаэцар. Автора  васташ хIиттор вайнехан иллешкахь турпалхойн амалш гайтарца догIуш ду. Эпически шуьйра дахаран суьрташ хIиттадар а, поэмин хиламашкахь драматизм хааялар а вайнехан турпалхойн хьуьнарш гойтучу иллешкахь санна ду. Халкъан эшарш, иллийн кийсакаш ю поэмина юкъаялийна. Уьш поэмин мукъамца дика йогIуш ю, кхечахьара схьа а эцна юкъаялийна аьлла, хеташ а яц. Дукха ду поэми тIехь кицанаш, халкъан говза дешнаш, ира хабарш.
Оцу фольклорни материало гIо до авторна адамийн дагах хьакхалучу тайпана шен ойла гучуяккха.
«ЖаIу» поэми тIехь Нажаевс идейни кIоргаллица къастийна шен заманахь лаьтташ хилла проблемаш. Нохчийн поэзехь эпически жанр кхиарехь мехала яра «ЖаIу» поэма. Лиро-эпически жанрехь иштта йоккха, кIорггера дахар толлуш произведенеш яцара цу хенахь вайн литературехь. «ЖаIу» поэма 30-чу шерийн литературехь эпически поэзехь тоьлашха йолу произведени яра.

Сулаев Мохьмада нохчийн литература йолийнчу «дуьххьарчийн туркх» аьлла Нажаев Ахьмадах. 20-30-чуй шерашкахь халкъана хьалхалаьтташ хилла декхарш кхочушдарехь поэтически дашца дакъалаьцна поэто шен кхоллараллица.
Iарбийн а, оьрсийн а поэзех пайда а оьцуш, дуьххьара вайнехан стих кхоьллинчарах цхьаъ ву иза. Даймехкан тема, керла дахар дIахIоттор, цунна новкъарло еш долу хIуманаш дIадахар, къаьмнашна юкъара доттагIалла кхиор – иштта теманаш яра Нажаевн кхоллараллехь коьртанаш.
Нохчийн литературин исторехь шен цIе а йолуш, литература йолийнчеран могIарехь лаьтташ ву поэт Нажаев Ахьмад.

НАЖАЕВ АХЬМАДАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Нохчийн эшарш, дийцарш, кицанаш // Соьлжа-ГIала, 1926. Нохчийн эшарш // Соьлжа-ГIала, 1926. ( И.Ибриевца цхьаьна). Конференцига маршалла // Серло. 1929. 19 дек. (1929 шеран 16 декабрехь Соьлжа-ГIалахь схьайиллина ненан маттана лерина конференци). Колхозан йиш // Серло. 1930. 14 окт. Конференци // Серло. 1930. 24 дек. Октябрь // Сердало. 1931. 13 нояб. Селькорашка редакцин кхайкхам // Серло. 1932. 9 май. Колхозан бIаьсте // Серло. 1932. 5 май. Ши дуьне // Серло. 1932. 19 сент. Сийлахь Октябрь // Серло. 1933. 7 нояб. Горячеводскера курсашкарчу хьехархошна лерина йиш // Серло. 1934. 6 июль. Iилманан кIоргенаш // Серло. 1934. 1 нояб. Керла дуьне. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1934. Тховх тапча тохар. Дийцар. «Кхиам», 1934, №1. Казбек. Iилманан кIоргенаш // Кхиам. 1934. № 1. А. 75-81. Сийлахьчу Октябран 17 шо кхачарна // Серло. 1934. 7 нояб. Гучиговн бригада // Ленинан некъ. 1935. 26 апр. Вайн сийлахь самолет // Ленинан некъ. 1935. 30 май. Зелимханан мукъамаш // Ленинан некъ. 1935. 29 июнь. Серноводск // Ленинан некъ. 1935. 2 авг. Гуьйренан малх // Ленинан некъ. 1935. 6 сент. Казбек // 1935. 29 нояб. Майра ленинец. (С.М. Кировх лаьцна) // Ленинан некъ. 1935. 1 дек. Ленин // Ленинан некъ. 1936. 21 янв. Турпала береш // Ленинан некъ. 1936. 6 февр. Москвахь // Ленинан некъ. 1936. 26 апр. Хьалхара май // Ленинан некъ. 1936. 1 май. ЖаIу. Поэма. Соьлжа-ГIала, 1936. Сийлахь поэт – Пушкин // Ленинан некъ. 1937. янв. № 33 Сийлахь куьйгалхо кхалхарна. (Орджоникидзе) // Серло. 1937. февр. Хаьржинарш. Грозный, 1967.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
«Отпор», «Красноармейская песня», «Советскому писателю», «Величие науки». Стихи. // Поэты Чечено-Ингушетии. М.,1935. «Мужественный ленинец», «Славный путь», «Конники», «Пондур». Стихи // Поэты советской Чечено-Ингушетии. Пятигорск, 1937.
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1410 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1578 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:854 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4843 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1240 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3066 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5965 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6341 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1998 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2731 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11788 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2503 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1798 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5369 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4630 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8383 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »