• VTEM Image Show

Сулаев Мохьмад
Арсанукаев Iабдулла

СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992)

Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу таханлера хан а. Делахь а вайн халкъан дIаяхна зама вайн яздархоша шайн произведенешца дика йийцина а, кхин а йийца  йиш йолуш а ю. Амма дIадаьлларг сов а дуьйцуш, таханлерчу денойн турпалалла гайтар тIаьхьа а туьттуш вай Iийча, кху денойн тешаш долчу вайгачул дика гайталур юй тIаьхьенга вайн зама? Кху заманан бIаьхой а, тешаш а долчу вайн декхар ду вешан зама исбаьхьаллин произведенешкахь ма-ярра схьаохьар. И вайга дикахо далур ду: и вайна гергахь ду. И вай ца дахь, тIаьхьено вайна бехк буьллур бу». Яздархочун и кхайкхам муьлххачу хенахь а шен маьIна лахлур доцуш бу аьлла хета.

Нохчийн халкъан поэт, прозаик, критик Сулаев Мохьмад вина 1920 шеран 20 сентябрехь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан районерчу ГIойтIахь совдегаран Абу доьзалехь. Шен бархI шо кхаччалц винчу юьртахь хьалакхиъна Мохьмад. 1928-чу шарахь церан доьзал Соьлжа-ГIала кхелхина. ГIаларчу 16-чу школехь дешна цо. Цул тIаьхьа Асланбековски юьртахь (хIинца Серноводск) дешаран городокехь школа чекхъяьккхина.     

Мохьмадан да Абу гIеххьа таро йолуш совдегар хилла. Нохчийчохь а, Баку гIалахь а дIакхехьна цо шен гIуллакхаш. Цундела Баку гIалахь а ехха хан йоккхуш хилла СулаевгIар. Мохьмада 1933-чу шарахь Баку гIаларчу С.М. Киров цIарах йолчу педагогически рабфаке деша вахна. Рабфакера ваьлча, Азербайджански медицински институте деша а хIоьттина, 1941 шарахь иза чекхъяьккхина Сулаев Мохьмада.

Мохьмадан дена Абуна, советан пачхьалкхехь Сталинан Iазап лаьттинчу хенахь чу а воьллина, 1938 шарахь тоьпаш тоьхна. Доьзална шайн дех лаьцна  дерг хоуьйтуш а ца хилла. Сулаев Мохьмада шен йоьхначу ойланца хIетахь язйина ю хIара беамогIанан стихотворени:

     ГIийла ойлаян дог догIу,
             Хийла ойла шен йоьхначуьна:
            ХIор суьйре тIе моссаз йогIу,
              Сайн вайна да дагавогIу суна.

Оцу хенахь Мохьмадан терго йина Магомаев Iабдул-Муслима. Йоккхачу-АтагIара схьаваьлла волу нохчи Магомаев  Iабдул-Муслим Азербайджански музыкальни театр кхоьллинчарах а, церан къоман оперин бухбиллинчарах а волуш, СССР-ехь цIеяххана музыкант хилла. Вайн заманан гIараваьлла эшаршлакхархочун  Магомаев Муслиман ден да хилла Iабдул-Муслим.

Институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу цIа веана Сулаев Мохьмад. Сийлахь-Боккха Даймехкан тIом болабелча фронте ваха гIоьртина иза, амма бIаьрса ледара хиларна ца вахийтина. Цо тIеман госпиталехь болх бина, чевнаш йинчу тIемалошна дарба лелош. ТIаьхьо Итум-Кхаьллан районерчу больнице хьажийна, цигахь коьртачу лоьран болх бина Сулаев Мохьмада. Шен «Ши ойла» цIе йолу гIеххьа йоккха стихотворени 1941 шарахь Итум-Кхаьллахь язйина цо.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944 – 1957 шерашкахь, Сулаев Мохьмада Казахстанерчу Джамбул гIалин поликлиникехь терапевтан лоьран болх бина, цул тIаьхьа, специализацех чекх а ваьлла, Джамбулерчу областнойн больницехь лор-психоневролог хилла. 

Даймахка цIавеъча  шен лоьран балха дIавахна иза. 1958 шарахь Сулаев Мохьмад республикин уьнах цIоналла яржоран ЦIийнан (Дом санитарного просвещения) коьрта лор хIоттийна. 1961 – 1964 шерашкахь, Сулаев Мохьмада Хьалха-Мартанан районан больницехь коьртачу лоьран болх бина. Республикехь уггар йоккхачу районан здравоохранени тоян хьажийнера иза. Цигара ваьлча юха а уьнах цIоналла яржоран ЦIийне коьрта лор дIахIоттийна. Шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц оцу балхахь хилла иза.

Сулаев Мохьмад цIеххьана кхелхина 1992 шеран 27 июнехь Соьлжа-ГIалахь.

Сулаев Мохьмад яздан волавелла шен 14–15 шо долуш. 1935-чу шарахь язйина шен дуьххьарлера стихотворени «Нохчийн йиш». Иза барта кхоллараллехь йолчу нохчийн эшарех пайдаоьцуш, царах таръеш язйина яра. Поэтан говзалла кхуьуш хилар гойтуш яра цул цхьа шо тIаьхьа язйина «Орга» стихотворени. И стихотворени литературехь шена чIогIа гIо деш волчу Бадуев СаьIидана лерина язйинера цо. 

Сулаев Мохьмадан дуьххьарлера стихаш арайийлина «Ленинан некъ», «Ленинхо» газетийн агIонаш тIехь а, журналаш тIехь а.  Оцу стихаша гайтира Сулаев Мохьмад шен хатI долуш а, поэзехь ала шен дош долуш а хирг хилар. Иза къеггина гучуделира дукха хан ялале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча. Нуьцкъалчу исбаьхьаллин дашца поэт кхойкхура Даймохк фашистки йовсарех Iалашбаре. Фашистийн мехкашдIалецархойн ма-ярра ямарт Iалашонаш Iорайохура цо шен поэтически произведенешкахь. «Малх къуьйсу тIом», «ГIовтта» иштта кхийолу а стихотворенеш язйира поэта тIом болабеллачу хенахь. Церан маьIна дара даймохк ларбан адамийн ойла гIаттор, мостагIчунна тIехь толам баккхаре кхайкхар.

1943-чу шарахь Сулаев Мохьмада язйина «Малх тоьлур бу» цIе йолу поэма. Иза тIеман хенахь нохчийн литературехь язйинчарах уггар йоккха а, чулацаме а произведени ю. Шуьйра чулацам бу поэмин, кIорггера идейни маьIна ду цуьнан. Фашистки Германин Iаьржа хьарамло ма-ярра гайтар, даймахкарчу адамийн йоккха патриотизм, дерриг адамаш цхьабарт болуш мостагIчунна ондда дуьхьал довлар, вайн тIемалой турпалалла, церан йоккха патриотизм, тылехь адамаша боху къинхьегаман толамаш,  мостагIчунна тIехь толам баккхийта массанхьа а адамаш вовшахтохар – иштта шуьйра чулацам болу гIуллакхаш къастадо поэми тIехь. МостагI мел чIогIа велахь а цунна тIехь толам боккхург хилар чIагIдо автора.

«Малх тоьлур бу» поэми тIехь автора говза пайдаоьцу поэтически гIирсах: символаш, дуьхь-дуьхьал хIоттош хIума гайтар, даьржина дустарш, метафораш, стихан интонаци – и берриг исбаьхьаллин гIирсаш цхьана Iалашоне хьовсийна бу, поэмин чулацам хIоранна а даг тIе кхачийтаран Iалашонца пайдаэцна царах.

Поэта ши идея, ши ницкъ гойту шен поэми тIехь дуьхь-дуьхьал лаьтташ «Цхьаъ – Серло – СССР коьртехь! Важа – Бода – гитлеризм коьртехь!» Серлой, Бодий поэтан символаш ю. Серло – диканиг, адамашна паргIато яхьарг, машаран идеалах дозуш дерг ду. Бода – вониг, къизаниг, Iазапехь адам латтош дерг, фашизмах дозург ду. Иза тидаме эцча къеггина билгалдолу поэмин А.С.Пушкинан дешнех лаьттачу эпиграфан маьIна а «Малх бехийла, дIабойла бода!».

Фашисташ ямарт Iалашонаш йолуш бу, уьш машаречу адамийн мостагIий бу. Поэта говза суртхIоттош боху иза:

                            Фашисташ! Можа кучамаш! Iаьржа дегнаш!
              ТIаьххьара, шаьш далале аьлла.
         Шу тохаделла, карзахдевлла,

И шайна дин хаьржина,
           Дуьненчохь и хоьхкуш хьийза:
   Доцчу вон кхачо гIерташ,
       Долчохь дика дохо гIерташ.

Амма оцу адамийн мостагIашна, «зулам дебош» болчу фашисташа дуьхьал гIевттина «миллионийн дегнаш», цундела уьш эшор бу, шаьш балале, тIаьххьара зуламаш ду цара деш дерш, боху поэта.

Боккхачу Даймехкан дерриг халкъаш вовшашца юххера доттагIалла, вошалла долуш хиларо а, уьш цхьатерра  мостагIчунна дуьхьал довларо а тоьшалла дора фашизм хIаллакйийриг хиларан. Поэми тIехь къастош хьахийна республикаша фашисташна тIехь толамбаккхарехь лоцуш долу дакъа.

МостагIчунна дуьхьал лаьтташ волчу бIаьхочун лаам а, доьналла а нуьцкъала сурт хIоттош гойту поэта: 

                 Шу гинчу сохьтехь карахь герз ца нислахь,
             Шен кийрара даьккхина цо дог тухур ду!
                         Дуьненнал бомба тIекхетча санна, Шу лелхар ду.

Исторически дIадахнарг теллича а билгалдолу поэмин лирически турпалхочунна фашисташ «шайн Iожаллина тIе» боьлхуш хилар.

ТIом чекхбала ши шо долуш язйинчу поэми тIехь Сулаев Мохьмада дог тешош гайтира даймехкан халкъаша фашисташна тIехь шеко йоццуш толам боккхург хилар. ТIеман халчу муьрехь мостагI эшориг хиларан ойла адамийн дегнашкахь чIагIъяр доккха маьIна долуш гIуллакх дара.

1943 шарахь Сулаев Мохьмад дIаэцна СССР-н яздархойн Союзе. 

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь нохчийн йоза лелаш дацара, нохчийн маттахь зорбатохар дихкина дара. 1944 – 1955 шерашкахь лаьттира и харцо. Казахстанехь Алма-Ата гIалахь 1955 шеран  1 июнехь арахеца долийра нохчийн маттахь «Къинхьгаман байракх» газета, цу тIехь зорбатохара нохчийн поэтийн стихаш, прозаикийн кегийра произведенеш. Сулаев Мохьмадан «Гила», «ТIамна дуьхьал», кхийолу стихотворенеш а араевлира «Къинхьгаман байракх» газета тIехь. 

Нохч-ГIалгIайн республика юха метта а хIоттийча, 1957 шарахь даймахка цIа а веана, боккхачу айамца болх бо Сулаев Мохьмада исбаьхьаллин литературехь.

Республикин газеташ тIехь, радиохь, «Орга» альманаха тIехь арайовла юьйлаелира цуьнан стихаш, очеркаш, дийцарш, критически статьяш. Сулаев Мохьмадан кхоллараллин дахарехь эвсара мур дIаболало 1958 шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу поэзин сборник араяларца. Лирически стихаш яра книги тIехь, шаерш бохург санна. Царах дукхахаерш, композиторша мукъамаш а баьхна, эшаршка йирзира.

1959 шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос арахийцира Сулаев Мохьмадан «Велларг денвар» цIе йолу дийцарийн, очеркийн книга. Цу тIерачу произведенех коьртаниг «Велларг денвар» дийцар дара. И дийцар дика лерина книгашъешархоша. Критикехь а дика мах хадийна цуьнан. Дийцар теллинчара иштта билгалдаьккхина цуьнан маьIна: вайн лоьраша адамийн могашалла ларъеш шайн ницкъаш ца кхоош хьанал гIуллакх деш хилар, даймехкан медицинан говзалла лакхара хилар; вайн къаьмнийн доттагIалла: оьрси – милицин капитан, киргиз – прокурор, нохчо – хирург – массара а бертахь бечу балхаца лечуьра хьалхавоккху могIарера белхало Гранаткин, вайн даймахкахь уггаре а йоккха хазна адам ларар гойтуш ду дийцар (Нохчийн советски литературан историн очеркаш. Грозный, 1961. А. 235.)

Пачхьалкхана къола дина вогIуш волчу зуламхочо Мечника шена дуьхьал кхетта Гранаткин, ша дина къола гучу ца далийта, коьртах хIума а тоьхна вийна, аьлча а иза велла моьттуш, цхьана бердах къайла а ваьккхина, хьулвина. Цул тIаьхьа ткъе кхоъ де даьлча кара а вина, иза дийна хилар а хиъна, лоьраша иза меттавало гIерташ къийсам латтабо. Гранаткин меттавогIу, иза «денло», тIаккха цуьнан гIоьнца зуламхо гучувоккху – иштта бу дийцаран хиламаш.

Къеггина ду дийцаран турпалхойн васташ. Царах хIора а шен амалш, шен меттан башхаллаша йолуш гайтина автора. Уьш берриш а хьанал белхалой бу, шайн-шайн меттехь шайн декхарш кхочушдеш бу уьш. Стеган дахарал мехала хIума ца лору цара, коьртаниг стаг шен дахаре юхаверзор, цуьнан могашалла меттахIоттор ду. Оцу агIора къаьсттина шена тIе тидам боьдуш ду воккхачу лоьран Шахаб Шапиевичан васт. Иза дуккха а дахар гина а, лоьран лаккхара говзалла шегахь йолуш а ву. Шахаб Шапиевич сих ца ло Гранаткин велларг лара, кегийра лоьраш а юха узу цо оцу сацамах. Юьхьанца хетало воккхачу лоьран шеко бух болуш яц, олий. Ткъе кхоъ де бердах воллуш даьккхина волу стаг дийна муха хир ву, иза-х мацалла а лийр вара, олий хетало, амма оцунах теша а сих ца ло Шахаб Шапиевич. ТIаьххьаре а гучудолу Гранаткин чохь са долуш хилар.

ТIаккха къийсам латтабо лоьраша велла лоруш хиллачу стагана юха могашалла яларехьа. И къийсам лоьрийн толамца чекх а болу. Гранаткин то а лой, когаш тIе хIутту. Цо гIо до милицина зуламхо Iораваккха.

«Велларг денвар» дийцаран цIе гиперболически ю, велларг денлур вац, иза денлуш ца хуьлу, амма велла моьттуш, адамийн кхетамехь велла хила а везаш волчу стагана юха могашалла елла говзачу лоьраша, шаьш хIор лазархочун а йоккха терго еш хиларна. Бакъду шолгIа арахоьцуш цуьнан цIе хийцира автора.

Ша арадаьллачу хенахь мехала произведени лоруш дара дийцар. Сулаев Мохьмада прозехь яздан а таронаш хилар гайтира цо.

Поэтан рогIера книга «Даймехкан зIаьнарш»  араелира 1961 шарахь. Шен барамца йоккха йоцу и сборник стихотворенех, балладех, поэмах лаьтташ ю. Оцу книги тIерачу стихийн лаккхара мах хадош Мамакаев Мохьмада шен «Поэты и современность» цIе йолчу статья тIехь билгалдаьккхина Сулаев Мохьмадан лирика кхуьуш хилар, шен махках йолу беркате ойланаш поэтан даг чу а ца хоьъна, исбаьхьаллин стихашца Iана яхна, бахара цо. Авторан болх книгин барам жима я боккха хиларца лоруш хила ца беза, поэтан ойла дахаран кIоргене кхачарца, шена гинарг, ша лайнарг исбаьхьаллин кепе дерзо цунна хаарца хадо беза белхан мах, тIаккха жима книга йоккхачу тома метта хуьлу, чагIдора нохчийн поэзин къаночо Мамакаев Мохьмада «Даймехкан зIаьнарш» шен барамца жима книга хилар тидаме оьцуш.

Сулаев Мохьмадан поэтически кхоллараллехь хьовха, ерриг нохчийн поэтийн лирикехь а шен исбаьхьаллица, аьхналлица, адаман кийрахь къинхетамен ойла гIатторца къаьсташ ю «Даймехкан зIаьнарш» книги тIера «Сай» цIе йолу стихотваорени.

 

                 Вахнера цкъа гурахь,  
       Со лам чу талла,
        Мажар а оьллина
      Белша тIе сайн,
               Схьалаха лаьмнашца,
           Илли тIехь буьйцу,
               ЦIен огар шен багахь
   Леш болу сай.

       Эххар а, гин суна
     Сай, бахна гора,
               Шовданан хи муьйлуш,
   Шен дегош тIа,
       Гарачу маIа тIехь
     Дай-й дегадора,
           Геннарчу хьуьнхара
 Цо деъна гIа.

               Шовданан куьзганахь
        Гуш дара дегош,
           Iожаллех дадийна,
     Сен оьзда куц,
              Чов хилла и хьаьдча
Яаза йисна
              Схьагора сен багахь
     ЦIийелла буц.

               Мелла хи цIийделла,
            Багахь схьаIаьнна,
             Цо бай тIе харцийра
    Шен кура кур.
               Сатоссуш довш хуьлу
        Седарчий санна,
                   Кхоьлира сен бIаьргаш,
        Шайн дайна нур.

              Кийрара дог Iийжош,
      Синтем а байна,
              Лаьттира со хьоьжуш
    Мажаре сайн…
           Ма халчу хIоьттира
    Со, гича сайна
              ЦIен огар шен багахь
   Леш болу сай.

Юьхьанца сен хазалла, оьзда куц, сирла сибат гойтуш долу лаккхарчу исбаьхьаллин васт кхоьллина, тIаккха гойту стихотворени тIехь и инзаре исбаьхьалла мажаро йожор. Цул тIаьхьа ю оцу дегаIийжамечу суьрто кхоьллина лирически турпалхочун къинхетаме ойла. И ойла вайга кхочуш а, вайн дегнашкахь юьсуш а ю.

Сулаев Мохьмадан кхолларалла шен орамашца нохчийн фольклорах йозаелла ю. Яц къоман барта кхоллараллин сюжеташший, васташший цо шен произведенешка деккъа схьаоьцуш-м, халкъан произведенийн исбаьхьаллин мутт ду цуьнан поэзехь хаалург.

Поэтан «Сай» цIе йолу стихотворени нохчийн барта кхоллараллин жовхIарех долу «Сай» илли дагадоуьйтуш, цуьнца йогIуш ю. Амма поэта шен стихотворенин маьIна, илли тIехь санна доцуш, кхечу агIора дерзийна. Кхузахь коьртаниг адамалла, адамийн къинхетам бу. Iаламе, дийнаташка, адамашка, Дала мел кхоьллинчу хIумане хила еза къинхетамалла ю, беркате хилар шена тIехь долу адаман дог-ойла ю поэта шен стихотворенин чулацаме йиллинарг.

Адамаллин тема Сулаев Мохьмадан поэзехь а, прозехь а коьртачарах ю. «Адамалла» цIе йолуш книга араяьлла цуьнан. И цIе автора ларамаза ца тиллина книгина. Цу тIера дукхахайолу произведенеш нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллина лерина ю. Къинхетам, стогалла, доттагIалла, безам, хьошалла, ненан беркат, адамийн лерам, собар… – оцу къоман синмехаллийн ойлайо поэта. Царах лаьтташ ю къоман гIиллакх-оьздангалла, цара кхуллу адамалла, адамалла къоман гIиллакх-оьздангаллийн лаккхара тIегIа лору цо:

                 Вайн нана-льамнашкахь
 Вайнаха угар
       Лаккхара лерина
      Собар, стогалла,
       Делахь а царел а
     Лаккхара гуттар
      Вайнаха ма лору
     Бакъ адамалла!

Иштта бу поэтан лирически турпалхочун хьежамаш.

Сулаев Мохьмадан стихашкахь даймахкаца йолу юкъаметтиг а ю цхьа ша-тайпана аьхна. Цуьнан лирически турпалхо, шена даймохк дукхабеза, ша и боцуш мегар вац, бохуш, кхайкхамаш беш вац. Цуьнан дагца, цуьнан ойланца, цуьнан бIьаьрхишца бу даймохк:

          Вай динчу махкара
         Къайллаха деана,
        Хьуна ас безамна
           ХIара зезаг лур ду.

            Схьа да и: сагатдеш
           Вай динчу махкана,
        Веллачу ден коше
     Ас иза хьур ду…

          Вай динчу махка со
        Вухавоьду кхана,
        Хьоьгара безамна
         ХIун хьуо ас, ала?
             Доьху хьоь, доттагIа:
             Сан бIаьрхиш канахь
             ДIахьолахь ахь цига,
            Цхьа цинц ца Iанош.

«Вайнехан фольклоран суйнаш» (XVIII – XIX бIешо) аьлла, коьрте а яздина, стихийн жима цикл ю поэтан, цу тIера ю и диалогах лаьтташ йолу стихотворени. Адам даймахаках даккхар хьахо ца могуьйтуш хиллачу советан пачхьалкхан цензурах стихаш ларъеш дехкиний техьа автора къовларш юккъера терахьаш а, язйини техьа циклан цIе а олий, дагадогIу.

Алссам поэтически книгаш арахецна Сулаев Мохьмада. Вай хьахозачарах ю «Даймехкан зIаьнарш» (1961), «Дагчуьра суйнаш» (1968), «Йовш йоцу цIе» (1970), «Бакъдерг» (1973), «Лаьттан бос» (1978), «Сирла суьйре» – хаьржинчу поэзин, прозин книга (1980), «Лаьмнаша ца дицдо» – роман, стихаш, поэмаш (1990). Оьрсийн маттахь Соьлжа-ГIалахь а, Москвахь а арайийлина книгаш «Бой за солнце» (1970), «Чинар на скале» (1972), «Иду на зов» (1979), «Цвет планеты» (1982), «Орлиной тропой» (1987).

Сулаев Мохьмадан масех стихотворени ю «ДоIа» цIе йолуш. Нохчийн дош «доIа» Iаьрбийн «дуIан» бохачу дашах схьадаьлла ду. Дехар, ламаз боху маьIна ду оцу дешан.

                Йо, Дела! Цхьа шеко 
       Сан дагах лета:
               Iожаллех цакхерар –
              Цакхерар хьох хета!
                   Iожаллех тIех кхерар – 
             Цатешар хьох хета! 
             Нисвехьа нийссачу 
        Барамехь, Дела:
                  Ийманехь чIагIваллалц
         Iожаллех ларвай,
               Iожалла тIекхаччалц 
              Стогаллехь чIагIвай,
               Кхачаве ахь тIаккха  
              Хьайн дикчу кхиэле.

Сулаев Мохьмад ийман долуш стаг хилла. Цуьнан лирически турпалхочо Деле доьху ша дикачу Iамалехь нисвар. Далла дуьхьал воьдуш цIенчу ойланца, ийманехь чIагIвелла хила лаьа цунна.

Сулаев Мохьмадан поэзи коьрта долчунна лирикех лаьтташ ю. Цуьнца цхьаьна поэтан кхоллараллехь балладаш а, поэмаш а ю. Шена тIе тидам боьдуш ю «Хьерабаьлла дин» цIе йолу баллада. ГIебарточо гIалгIайн махкара шена хазбелла дин бигна. Керлачу махкана, гIебарточунна тIе ца боьрзу аьрха дин. КIанта дин хьоьсту «хазачу нускалал» а хьоме хеташ, «Iуьйренца тхи милош», «туьханца чам тобина кIай, борцций» латтош. ТIаьххьар а «джайрахойн дин шена тIебирзина» моьттира кIантана. Амма цхьа хан яьлча «Генарчу Мят-Ломан / Басера мохца / Цхьа хьожа кхечира» Цу дине схьа». И хьожа схьакхетташехь карзахбаьлла, баргол а хадийна, дIахьаьдда дин:

            Боьдура и баьлла
         Буракъах тIома,
                      Шуьйра кхес, тIам санна
      ДIаслесталуш,
                 Ахках дIа чу туьлуш,
              Хьалатуьлуш лома,
                Боьдура, хьаннашка
    Ца сацалуш.

          Шех тарлуш мохо
                ДIайовдийна мархаш,
               Шех тарлуш дорцаца
    ДIауьду жин,
                 ТIехь бере гуш воцуш,
    Яйина архаш,
             БIаьрге ца лацалуш
    Боьдура дин.

                Цецбевлла нах тIаьхьа
        Хьуьйсура цунна:
           «И хьерабаьлла бу…
     Лацалур бац…»
          Хаацара цхьанна а
И бохучунна
              Цу дине дIакхойкхург
          Буй нана-арц!        

Адамна, дийнтана, массо а са долчу хIуманна хьоме бу шен мохк, шен махкахь бен дац сапаргIат дахар. И тема юх-юха а керлачу исбаьхьаллин васташца гучуюьйлу поэтан кхоллараллехь.

Сулаев Мохьмадан поэзехь ю яккхий жанрашкахь йолу произведенеш а: «Лаьттан бос», «Винчу лаьттан цинц», «Дайн кешнашкахь», «ГIойтIарчу Чочех илли», кхиерш а.

«Лаьттан бос» поэма ялх стихах йолчу 47 строфах лаьтташ ю, цхьа барам, цхьа ритм йолуш. Лирико-философски произведени ю иза. Адам а, Латта а ю цуьнан тема. Къинхьегам, хьанал къинхьегам бу Адаман Лаьттаца уьйр латториг. Латта цхьаъ ду, тайп-тайпан меттигашкахь иза бес-бесара хетахь а, цу тIехь мел деха Адам а цхьаьна хила деза. Лаьттан бераш ду цу тIехь мел еха садолу хIума а. Уьш Адаман гIоьнчий ду, бертахь хазда деза цхьаъ бен доцу Латта. Иштта ойла кхиош ю «Лаьттан бос» поэма.

«Винчу лаьттан цинц» йоккха поэма ю. Цхьа эзар гергга стихах лаьтташ ю иза. Поэма дуьххьара араелира «Нохчийн кIант Волгин йистехь» цIе йолуш. Поэмин коьрта турпалхо Заур Сийлахь боккхачу Даймехкан тIамехь шен накъосташца цхьаьна мостагIчунна дуьхьал лаьтташ ву. Цуьнан а, цуьнан накъостийн а бIаьхаллин хьуьнарш ду поэмин чулацамехь. Боккха кхиам хилира поэмин. 1984 шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Ленински комсомолан совгIат а делла цунна. Юха зорба тухуш поэмин цIе «Винчу лаьттан цинц» тиллина автора.

Мехала ю Сулаев Мохьмада проза а. Къаьсттина «Лаьмнаша ца дицдо» цIе йолу роман. 1966 шарахь Сулаев Мохьмада арахийцира «Товсолта ломара дIавоьду» цIе йолу роман. Иза кхин а шоръеш, тоеш болх а бина, «Лаьмнаша ца дицдо» цIе а йолуш, юха арахийцира 1990 шарахь. Оьрсийн маттахь араелира 1992 шарахь «Горы молчат, но помнят» цIарца. Роман шен чулацамца а, исбаьхьаллин башхаллашца а Iаламат мехала произведени ю. Нохчийн халкъан дахарехь уггар халчу муьрехь (1940 – 1960 шерашкахь) хилла адамийн кхолламаш гайтина роман тIехь. Къоман гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ Товсолтин вастаца ду. Советан заманахь кхиина цуьнан ши йоI Нурседий, Селитий комсомоло бохачунна тIегIерташ, кхечу амалехь ю. Ши йоI деца эвхьаза ца йолу, юьхь дуьхьал эхь-бехк лардо, амма царна  юкъахь къийсам бу. Яздархочо шуьйра гайтина оцу хенахьлера къоман дахар: Сийлахь-боккха Даймехкан тIамехь нохчийн юьртахоша дакъалацар; фронтана, бIаьхошна оьшург вовшахтухуш, дIаяхийтар; нохчийн къам махках а даьккхина, лайна халонаш; юха «декъаза цIадерзар». «Лаьмнаша ца дицдо» роман нохчийн литературехь дуьххьарлера произведени яра нохчийн къам махкахдаккхаран тема иштта шуьйра хIоттийна.

 

Сулаев Мохьмад литературни критик а вара. Цуьнан кхоллараллин цхьа дакъа ду литературно-критически белхаш. Цо вайнехан яздархойн кхоллараллех алссам язъеш йолу критически статьяш, рецензеш арайийлина «Ленинан некъ», «Сердало», «Грозненский рабочий», «Комсомольское племя» газеташ тIехь, «Орга», «Ломан Iуьйре» журналаш тIехь. Кест-кеста цуьнан статьяш оьрсийн маттахь зорбатухура «Дон», «Знамя», «Дружба народов» кхидолчу Москвахь арадовлачу стаммийн журналаш тIехь. 1968 шарахь Сулаев Мохьмада арахецна нохчийн литературах лаьцна «Октябро кхоьллинарг» цIе йолу шен литературно-критически белхех лаьтта сборник.

Сулаев Мохьмад дика гочдархо а вара. Цо нохчийн матте яьхна оьрсийн, гIалгIайн, хIирийн, жIайхойн, лаьзгийн, гIазгIумкийн, гIумкийн, карелийн, гуьржийн, таджикийн, туркменийн, туркойн, корейцийн, китайцийн, афганхойн, немцойн, австралин поэтийн стихаш.

Сулаев Мохьмадан стихаш гочйина гIалгIайн, оьрсийн, украинийн, хIирийн, гIебертойн, балкхаройн, гуьржийн, жIайхойн, лаьзгийн, гIазгIумкийн, гIумкийн, туркойн, иштта дIа кхечу къаьмнийн а меттанашка.

Сулаев Мохьмадан шен «Заманан йийсар» цIе йолчу стихотворени тIехь яздо:

       Торха тIера Iома чу
         Боьжна  тIулг санна,
 Замана айми чу
Воьжна ву со.

              ТIулг Iуьллу хин бухахь,
    ГIамарла бахна, −
                   Заманан тулгIеша Со идаво.

                             ДIахьо со замано, Вадийна маса, −
                         Йиллинчу ша метте ДIакхачаван.

                                 Со-м гIерта заманан Урх буйна лаца –
                           Сайн лааме заманан Юьхь ерзаян.

                                 Заманан урх карахь, И дIа ца хоьцуш,
                                   Воьду со, хьалхахьа Боккхуш сайн ког.

 ХIетте а, заманах
  Хадарна кхоьруш,
                      Деттало тем байна Кийрара дог.

  Заманан декхарех
Кхуьурий-техьа?
                               Дерриш уьш кхочушдан Лароррий-те?

                              Йо, Зама! Ахь айхьа Сан аьтто бехьа
     Хьайн дуьхьа ягийта
Сан кхерчан цIе! 

Сулаев Мохьмадан поэзин кхерч бовха бу, хIинцалерчу нохчийн литературехь серлаяьлла йогуш ю цуьнан поэзин цIе.

СУЛАЕВ МОХЬМАДАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Нурадиловн сий. Поэмин дакъа // Ленинан некъ. 1943. 17 окт. Малх тоьлур бу. Поэма. Грозный, 1943 Малх тоьлур бу. Поэмин дакъа // Ленинан некъ. 1944. 13 февр. Гила // Къинхьегаман байракх. 1956. 9 авг. Гила // Ленинан некъ. 1957. 9 окт. ТIамна дуьхьал // Къинхегаман байракх. 1957. 18 окт. Хьан урам // Ленинан некъ. 1957. 12 дек. Iехор // Сердало. 1957. 12 дек. Воккха лор. Очерк // Ленинан некъ. 1958. 16 март. Велларг денвар. Дийцар // Ленинан некъ. 1958. 13 апр. Безаман эшарш. Стихаш. Грозный, 1958. Суьйренан беттаса // Сердало. 1958. 31 июль. Борзбасера шайхаш. Рассказ // Ленинан некъ. 1959. 10 июнь. Йиш // Ленинан некъ. 1959. 15 ноябрь. Велларг денвар. Дийцарш, очеркаш. Грозный, 1959. Вай тоьлар ду. Отрывок из поэмы «Солнце победит» // Сердало. 1960. 23 окт. Зевне хьеший //Ленинан некъ. 1960. 4 нояб. КIант а, Октябран байракх а. Баллада // Ленинан некъ. 1960. 7 нояб. Жима кIант а, Октябран байракх а. Баллада // Орга. 1960. № 4. С. 44. Ламанхо-йише // Ленинан некъ. 1960. 25 нояб. Керлачу шарца // Ленинан некъ. 1961. 1 янв. Сай // Ленинан некъ. 1961. 19 март. Сай // Орга. 1961. № 1. А. 81. Шина бригадехь. Очерк // Орга. 1961. № 2. А. 29-34. Шира доттагIий юха вовшахкхета. Документальни дийцар // Орга. 1961. № 3. А. 12-21. Даймехкан зIаьнарш. Стихаш, поэма. Грозный, 1961. Нохчийн йоIе // Ленинан некъ. 1962. 5 янв. ДоттагIий юха вовшахкхета. Дийцарш, очеркаш. Грозный, 1962 ХIорде // Орга. 1963. № 3. А. 42-43. Тавсолта ломара дIавоьду. Роман. Грозный, 1966. Даг чуьра суьйнаш. Стихаш. Грозный, 1968. Йовш йоцу цIе. Грозный, 1970. Бакъдерг. Грозный, 1973. Лаьттан бос. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1978. Сирла суьйре. Грозный, 1980. Адамалла. Стихийн книга. Грозный, 1984. Лаьмнаша ца дицдо. Роман, стихаш, поэмаш. Грозный, 1990.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Если будет лунная ночь… // Дружба. 1958. № 1. С. 11. Горькая чаша. Пер. В. Щепотев // Поэзия Чечено-Ингушетии.М., 1959. С. 265. Благородные гости (Подражание корейскому) Пер. В. Щепотев // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С. 265. Ожидание. Пер. В. Щепотев // Поэзия Чечено-Ингушетии.М., 1959. С. 266. Ключ счастья // Грозненский рабочий», 1960. 20 нояб. Горянка // Комсомольское племя. 1961. 15 янв. Чтоб дружба цвела на земле // Социалистическая Осетия», 1961. 5 март. Ленин и заморский гость. Баллада // Грозненский рабочий. 1961, 22 апр. Олень. Пер. А. Греков. // Социалистическая Осетия. 1962. 22 июль. Бой за солнце. Грозный, 1970. Чинар на скале. Грозный, 1972. Чинар на скале. М., 1975. Иду на зов. Грозный, 1979. Цвет планеты. М., 1982. Орлиной тропой. Грозный, 1987. Горы молчат, но помнят. Роман. Грозный, 1992.

КХЕЧУ МЕТТАНАШКАХЬ
Горький бокал. Пер. на кабард. Хабала Беров // Ошхамахо. 1959. № 5. С. 106. Самый красивый цветок. Пер. на осет. Х. Ардасенов // Растдзинад. 1960. 26 окт. Шутка. Пер. на кабард. З. Тхагазитов // Ошхамахо. 1962. № 1. С. 62.

СТАТЬЯШ, РЕЦЕНЗЕШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Хьалхара гIулч. М. Ясаевн кхоллараллех // Ленинан некъ. 1959. 18 март. Гайсултанов Iумаран «Болат-ГIала йожар» книгина рецензи // Ленинан некъ. 1959. 18 окт. Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар. Статья // Ленинан некъ. 1959. 3 дек. А.Хамидовн «Абубешар» книгина рецензи // ДоттагIалла. 1959. № 2. А. 68 – 78. Нажаев Ахьмад // Ленинан некъ. 1960. 29 июнь. Пайдехьа совгIат. Бадуев СаьIидан хаьржина произведенеш арахецарна // Ленинан некъ. 1960. 10 июль Къоначийн гIулчаш // Орга. 1961. № 4. А. 43 – 46. Поэзин зIийдигаш // Орга. 1962. № 4. А. 72 – 76. Лаьттан мутт // Орга. 1963. № 1. А. 67 – 69. Талантан къайле. Эдилов Хасмохьмадан «Шинна къайле» поэмех лаьцна // Ленинан некъ. 1963. 22 дек. Октябро кхоьллинарг. Критически статьяш. Грозный, 1968.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Успехи и задачи чеченской художественной литературы // Дружба. 1958. № 1. С. 61 – 66. Чеченская советская литература в борьбе с религиозными пережитками. Грозный, 1962. Ш.К. Айсханов // Очерк истории чечено-ингушской литературы. Грозный, 1963. С. 124–132. Поиск правды. Очерк о творчестве А. Дадашева // Литературная Чечено-Ингушетия. 1991. № 2–3 Ислам и власть. Статья // Голос Чеченской Республики. 1992 май.
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:853 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4843 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5964 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6340 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2730 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2503 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5368 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4629 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8382 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »