• VTEM Image Show

Сальмурзаев Мохьмад
Арсанукаев Iабдулла

САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958)

Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду.

Нохчийн прозаик Сальмурзаев Мохьмад вина 1900 шарахь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Йоккхачу-АтагIахь ахархочун Сальмарзин доьзалехь. Шен хенахь кхиберш а санна, хьуьжаре деша вахна Мохьмад, амма иза чекх ца яьккхина.

Сальмурзаев Мохьмада андаваьлча оьрсийн мотт а, йоза а Iамийна. Цул тIаьхьа хьехархойн курсаш чекх а яьхна, цхьана муьрехь ярташкахь а, тIаккха Cоьлжа-ГIалахь а хьехархочун болх бина. Хьехархочун балхаца цхьаьна «Серло» издательствехь гочдархо а хилла иза. Школан дахар а, хьехархочун болх а бевзаш волу Сальмурзаев Мохьмад Нохчийн областан халкъан дешаран отделан инспекторан балха хIоттийна. Нохчийн йоза хийцало мур хилла иза. Сальмурзаев Мохьмада дакъалаьцна керла алфавит хIоттош. Iаьр-бин йозанан буха тIехь йолчу меттана латинийн элпийн буха тIехь йолу алфавит хIоттий-на нохчийн йозанна.

 Оцу хьокъехь Саламов Iабдул-Хьамида шен цхьана статья тIехь яздо: «Партин Оргбюрон сацамца кечдира латинийн элпийн буха тIехь нохчийн керла йоза. И кечам беш коьрта дакъалаьцнарг Мохьмад Сальмурзаев вара. 1925-чу шеран гурахь дуьйна «Серлонан» агIонаш тIехь гучудаьккхира керла йоза. Сов мехала бара и йоза хал-къана довзуйтуш, хаздеш газето бина болх. Керла йоза сов безамца тIеийцира кегийрхо-ша».

1928-1930 шерашкахь «Серло» издательствон отделан куьйгалхочун болх бина Сальмурзаев Мохьмада.

Халкъан барта кхолларалла гулъеш, дIаязъеш, барта произведенеш зорбане кечъеш гIуллакх а дина Сальмурзаев Мохьмада. Цо кеч а йина, арахецна халкъан барта произве-денинй книгаш: «Берийн туьранаш» – 1928 шарахь, «Нохчийн ира дийцарш» –1930 ша-рахь, «Берийн туьйранаш, хабарш» – 1930 шарахь. Шен исбаьхьаллин произведенешкахь а говза пайдаэцна яздархочо халкъан барта кхоллараллех. Иза билгалдолу цуьнан произве-денийн маттаца а, персонажийн амалш гайтаран башхаллашкахь а.

Шена тIе тидам бохуьйтуш ю “Нохчийн ира дийцарш” цIе йол книга. Цу тIехь ша-тайпа забаре а, сатирически а дийцарш ду. Адамашна юкъахь барта лелаш хилла бегаше, забаре хабарш ду оцу дийцарийн бухе дехкинарш, амма яздархочо церан юкъараллин маьIна шордеш болх бина царна тIехь. «Пайдехьа дерг кхетамана схьалаца дика ду, пайдехьа доцург и санначух ларвала дика ду», – боху автора шен дийцаршна хьалха яздин-чу довзийтар тIехь. Изза Iалашо кхочушъеш ду и дерриг а дийцарш. Стеган ира хьекъал, меттахь дош ала хаар гойтуш ду книги тIехь Дубин-эвлахошкара ду аьлла далийна ха-барш. Самукъане хилар, муьлххачу хьоле нисвелча а воха цавезар гойту катархойн Мазех лаьцна долчу дийцарша. Сутаралла, саьхьаралла, тIаламазалла, сихалла, цаьрга терра кхи-болу а адамийн амалшкахь нислу эшамаш Iорабоху «Говр йицъяр», «Наб ца кхета», «Вор-данна гонаха керт», «Новкъахь йоьжна», «Дена аьлча хи чу иккхина» цIерш йолчу а, кхи-долчу а дийцарш тIехь. Оцу тайпана кегийра а, даккхийра а 56 дийцар, я яздархочо ша ма-баххара, аларш ду “Нохчийн ира дийцарш” цIе йолчу книги тIехь. Адамийн амалшца нислуш долу кегий сакхташ беламе дохуш, царна дуьхьал къисам латтабо яздархочо, гул а дина, шен книги юкъадахийтинчу дийцаршца. Кхин а масех книга арахецна Сальмурзаевс I930 шарахь.

Сальмурзаев Мохьмада дахар къомн йоза-дешар, литература кхиорца дозаделла хилла. Нохчийн школашна дуьххьара дешаран книгаш хIиттош а, учебникаш язъеш а дакъалаьцна цо. Масех дешаран книгийн автор ву иза.

Яздархочу Сальмурзаев Мохьмадан цIе нохчийн литературехь прозин жанр йо-лалучу юьххьехь лаьтташ ю. Шен дуьххьарлера исбаьхьаллин произведенеш 20-гIа ше-раш дуьйлалучу муьрехь язйина цо. I923 шарахь яздина лоруш ду Сальмурзаев Мохьмадан шен “Кхетаме Хьамид” цIе йолу дуьххьарлера дийцар. Иза нохчийн литературехь а дуьххьарлера дийцар ду. Цу тайпана, Сальмурзаев Мохьмад нохчийн литературехь дийцаран жанр йолорхо ву. “Кхетаме Хьамид” цIе йолчу дийцар тIехь гайтина нохчийн къехочун доьзалан дахарх цхьа кIезиг мур. Ярташкахь школаш яхка йолийна хан ю Сальмурзаевс йийцинарг. Дахарехь хуьлуш болчу хийцамашца адамийн ойла хийцалуш хилар гойту яздархочо.

Дийцаран турпалхо Къайма керлачу интеллегенцин векал ву. Иза, шен кIорггера кхетам болуш, дешаран серло халкъа юкъа яржо лууш ву. Ша юьрта балха веъчхьана, школехь дешархой кхетош-кхиорал совнаха, юьртарчу кегирхойн даг тIе боьду некъ лоху Къаймас, цундела цаьрца уьйр таса, уьш бовза лаьа цунна. Къаймина дика хаьа адамийн психологи хийцаялар сиха кхочушхуьлуш гIуллакх доцийла, цо паргIат, амма хаддаза дIахьо къехой кхеторан болх. Дийцар тIехь Къаймин васт кхолларан шен башхаллаш ю. Яздархочо ца гойту вайна шен турпалхочо еш йолу ойланаш, башха дукха ца бийцина цуьнан болх а, амма къеггина схьагайтина Къаймин белхан жамIаш. Уьш, яздархочо ша схьадийцина доцуш, дийцаран кхечу персонажашкахула билгалдовлу вайна. Юьртара дукхахдолу бераш школехь доьшуш хилар го. Дешархоша Къаймас хьоьхушдерг дика Iамадар а, царна иза везаш хилар а билгалдолу Хьамидан дешар а, цуьнан лелар а тергал дича. Къехойн Къаймега йолу дог-ойла ма-ярра гучуйолу хьалха цуьнга шовкъ йоцуш хилла волу Мурда хIинца цунна чIогIа резахиларца.

Шен произведени тIехь Сальмурзаев Мохьмада исбаьхьаллин гIирсашца гайтина 20-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь дахарехь хуьлуш болчу хийцамаша адамаш керлачу ойлане дерзош хилар.

“Кхетаме Хьамид” ю дийцаран цIе. Дийцаран коьртачу турпалхойх цхьаъ ву Хьамид. Яздархо теша Нохчийчоьнан хиндерг шайх дозаделла болу кегийрхой нийса кхе-там а, сирла ойла а йолуш, бакъ новкъа дIагIург хиларх. Оцу дегайовхонца яздина автора шен дийцар, изза ойла кховдайо цо и доьшуш волчуьнга а.

Цхьана кхечу дийцар т\ехь а кегийрхойн васташ кхоьллина яздархочо. Хьарамчу некъаца гулдинчу хьоло стаг талхош хилар къеггина гойтуш ду Болатан васт. Жима стаг Болат хьалдолчу нехан ву. Даьхни алсамдаларо даг куралла тесна цунна. Кхиболу нах шел кIезиг хета цунна, царах ца веша иза. Шега муьлхха йоI йогIург хиларг тешна ву Болат, хIунда аьлча шен шортта хьал ду, тIаккха мульххачу а йоIана ша везалур ву бохург ду цуьнан дагахь. Шена езачу йоIе Самарте къамел деш а, шен хьал ду, цундела, хьуна ян ца лаахь а, ницкъ кхочур бу шен хьо яло, боху Болата. Амма ницкъ ца кхечира: Самарт шен безам хьолах бухкур болуш а, я нахе ловзабойтур болуш а яцара.

Ражап вацара Болатах тера. Иза къинхьегаман стаг ву, цуьнан цIена дог а, сирла ойла а ю. Ражапана Самарт еза. Оьзда а, хьанал а бу цьунан безам. Самартана Ражап а веза.

Цу шинна юккъе гезган маша бузуш ву Муса.

Болата Мусина кхаъ лур бу аьлла, цо шена Самарт ялаяхь. Цундела воьду иза, шеца нах а оьций, Болатана Самарт еха. Иза хиинчу Ражапа хабар дахьийтира Самарте: «… хьан дас Мусина дехар даларх, Болатан хьал ду аьлла, хьан нана реза хиларх, хьо ца яхийтал стогалла ю соьгахь, хьо реза хилла гIахь, собар далла яхь а ю соьгахь – юьртан тхьамданаша тIедеанчу гIуллакхана хIун ойла ю хьан», – аьлла. Ражапан къонахчун дог а, къинхетамен ойла а билгалйоккхуш ду и дешнаш. Шен безам, шена езаш йолу йоI ларъеш муьлххачу а къийсаме вала кийча ву иза, амма Самартана кхечухьа маре яха лаахь, цунна дуьхьал ца волу Ражап. Иза, хьангга йодахь а, ирс а долуш ехийла лаьа цунна.

Самарт а яцара шен безамца шалхе йолуш. Жимчохь дуьйна Ражапе бахана бовха безам леррина Iалашбора цо. «Дохнаца куралла ечу кIанте ца яххал яхь а ю, жимчохь дуьнйа вайша вовшашка хьажийна бIаьрг ца бицбалла стогалла а ю, амма хьох бIо булуш ас динчунна ахь со юхьIаьржа ма хIоттае», – аьлла, жоп а делла, Ражапан шеконаш дIа-ехира Самарта.

Оьздачу йоьIан безам бухкуш-оьцуш бац, шен даго хьаржинарг веза Самартана. Декъазчу кхолламана кIел а сецна, йоIстеган сий дожор долуш яц иза.

Шайн оьздангалла, безам, сий лардеш шайн цIена къона дахар дIаделира кегийр-хоша Ражапа а, Самарта а.

Сальмурзаевн дийцар тIехь шеко йоццуш гучубовлу авторан озабезамаш. Яздархочо Iаьржа басарш ца кхоадо Мусин а, Батин а, хьолахочун Болатан а, цаьрга терра кхибол-черан а васташ кхуллуш: церан сибат-амат гайтарца, гIиллакхаш, амалш йовзийтарца, шайн Iер-дахарехь уьш бийцарца го вайна авторан цаьрга шовкъ цахилар. Дийцар шен хиламашкахь кIарг мел дели а авторан цаьрга болу цабезам алсамболуш хаало. Сирлачу ойланца дехкина автора Ражапан, Самартан васташ. Ерриг шен дегайовхо, безам царна дIабелла автора.

Исбаьхьаллица яздина дийцар. ХIор васт шен къастамаш болуш ду, турпалхойн амалш церан социальни хьелашка хьаьжжина ю.

Дийцаран исбаьхьаллин хорманехь халкъан барта произведенийн тIеIаткъамаш гу-чубовлу.

Ритм йолу прозехь яздина Сальмурзаев Мохьмада шен дийцар. Цхьацца йолчу мет-тигашкахь стихотворенин хорманна къаьсттана герга гIерта иза. ЦIенчу, шерачу маттаца яздина долу дийцар шен чулацамехь а, сюжет дIахIотторехь а чолхенаш йоцуш, кхета атта а, дагчу дуьжуш а ду.

Сльмурзаев Мохьмадан произведенеш шен заманан лехамашца язйина яра, цу заманан идеологи ю церан чулацамехь, амма уьш мехала яран къоман литературехь дийцаран жанр кхоллаяларехь, иза шар а елла дIаяхарехь.

1930-чу шерашкахь, сталински харцо лаьттинчу муьрехь, бехк боцуш чохь валлийна Сальмурзаев Мохьмад, амма бехке ван хIума а ца карийна аравалийтина. 1944 – 1958 шерашкахь дерриг нохчийн халкъаца махкахваьккхича, Къилба-Казахстанан областехь гIишлошъяран организацешкахь белхаш бина Сальмурзаев Мохьмада.

Даймахка цIаверза дукха сатийсина хилла яздархо Сальмурзаев Мохьмад, аьтто а баьлла, цIа ван кечвеллачу меттехь кхелхина 1958 шеран 17 апрелехь Къилба-Казахстанан областерчу Белоусовка юьртахь.

Сальмурзаев Мохьмад къоман литературехь дуьххьара прозехь яздинчарах ву. Нохчийн дийцаран жанр йолорхо ву иза.

САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАДАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

Берийн туьйранаш. Соьлжа-ГIала, 1928. Берийн ловзарш. Соьлжа-ГIала, 1930 Кхетаме Хьамид. Соьлжа-ГIала, 1930. Нохчийн ира дийцарш. Соьлжа-ГIала, 1930. Берийн туьйранаш, хабарш. Соьлжа-ГIала, 1930. Берийн ловзарш. Ростов-Дон, 1933.
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1577 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:854 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4843 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3065 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5965 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6341 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2731 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2503 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5369 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4630 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8383 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »