• VTEM Image Show

Сулейманов Баудди
Арсанукаев Iабдулла

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961)

ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула цо илли олуш хезча, саца а велла, цуьнга ла ца дугIуш  стаг хир а вуй техьа олий, хетара. Иштта шен иллешца нахана вевзаш а, дукхавезаш а вара иллиалархо Баудди.

Халкъан иллиалархо Сулейманов Баудди вина 1902 шарахь Девлатгирин -Эвлахь ахархочун Салин Сулимин доьзалехь. Бауддин да Сулима а, нана Батти а нахаца йоккха марзо йолуш, наха лоруш а, нахана дукхдезаш а хилла. Шайн комаьршаллица цIеяхна а хилла уьш. Жима волуш ненах ваьлла Бауддин, кIентан ворхI шо кхаьчча кхелхина цуьнан нана. Беран хенахь морзгалийн цамгарх бIаьрсан дайна, гуттаренна са ца гуш висна Баудди.

СулимгIеран хIусамехь адам латтара, дехьа-сехьара хьеший а хуьлура. Царна юкъахь нислора барта шира дийцарш хуурш а, иллеш олурш а. Лерина ладугIура жимчу Бауддис ширчу дийцаршка, халкъан иллешка.

Цунна езаелира нохчийн барта кхолларалла. Сулимин хьешаша Iамийра Бауддина дечиг-пондар лакха а, илли ала а. Говза илли олуш вара Галнера Дубин ТIака. Дуьххьара цо Iамийра Бауддина дечиг-пондар тIаьхьара а балош илли ала. Дубин ТIакас  Iамийна Бауддина “Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли”, “Таймин Бийболатан”, “Эвтархойн Ахьмадан”, “Мержойн КIезалган” иллеш ала. Бауддис дог  тIедаххийтина сиха караерзийра илли аларан корматалла. ХIинца иза кхечу ярташка а воьдура иллеш ала. Цунна бевзира Нохчийчохь цIеяххана болу иллиалархой, цара гIо дора къоначу илланчина. 

Бауддин илли аларан корматалла кхиарехь къаьсттина доккха гIуллакх дина  гIараваьллачу иллиалархочо ГихтIарчу Уьдин Эдас. Бауддис шен хьехархо лорура иза. Уьдин Эдас ша олуш долу дуккха а иллеш Iамийна Бауддина. Царах дара “Зайтан Шихмирзин”, “Мадин Жаьммарзин”, “Къеначу Дадин”, “ВорхI вешин йишин” иллеш.

Бауддин да Сулима кхелхина 1922 шарахь. Кхера хIусаме Сулимина тIеоьхуш хилла хьеший лахбелира. Делахь а иллиалархочун Сулимин Бауддин цIе Нохчийчохь дIаяхнера. Оцу хенахь дуьйна дIаболабо цо концерташ юкъахь дакъалацаран болх. Нохчийн областан клубашкахь, изба-читальнешкахь концерташ луш хилла цо. 1930 шарахь радиокомитете балха дIаэцна Баудди. Нохчийн фольклор гулъярхо а, фольлорист  хиллачу Эльмурзаев Сиряждина яздина: «Нохчийн театран, радиокамитетан артисташца Пятигорске а, Ростох а,  Москва а исбаьхьаллин декадашкахь тайп-тайпанарчу совещанешкахь дакъалоцу Бауддис. Москва-гIаларчу радиоцентрехула хезара Бауддис олу иллеш а, локху эшарш а.

Радиокомитетехь а, Нохч-ГIалгIайн хелхарийн, иллийн ансамблехь а балхахь волуш Бауддин доттагIалла тасаделира нохчийн гIараваьлла яздархо ‒ литературан бух дIахIотторхо хиллачу Бадуев СаIидаца а, яздархошца Нажаев Ахьмадца а, Айсханов Шамсуддинца а, композиторца ‒ пондарчица Димаев Iумарца а. Цаьргара исбаьхьаллин произведенеш кхолларан говзалла Iамийра цо. Амма вайнехан яздархоша дош кхоллан говза а, нохчийн мотт кIорггера хууш а волчу Бауддигара а Iамадора шешан кхолларалин балхахь пайдехьа дерш дукка а». Оцу яздархоша гIо дина Бауддина иллеш йозане кепе дерзо а, зорбанехь, радиохь арадаха а.

Баудди, халкъан иллеш аларал совнаха, ша иллеш дохуш а вара. Оцу агIора мехала яра цуьнан яздархошца йолу уьйраш. Цара гIо дора иллиалархочун кхоллараллин корматалла кхиарехь. Шуьйра девзаш ду Бауддис даьхна иллеш. Царах ду Шерипов Асланбекахь даьккхина илли, Ханпашех лаьцна илли. Халкъан иллешкахь а санна, царна тIехь чIагIдо махкана, къомана тешаме хилар. Даймехка дуьхьа шайн дахар дIаделлачийн цIеран йицлуш яц, уьш гуттаренна а юьсу адамийн дегнашкахь. “Лаьмнашха лаьтта уьш даима къегаш”, – боху илланчас.  

Безаман, доттагIаллин уьйраш ю “Мерза маршалла ду массаьргаа”, “Дозанхо”, “Тамарина даьккхина илли”, “КIанта йоIана аьлла илли”, “Геннара бералла”, “Бабин хаза йоI” бохачу иллешкахь.

Нахана къаьсттина дукха дезаш хилла «Дог майрачу Юнусах» лаьцна забаре илли. Цу тIера дакъош даладо вай: 

Дечге ваха велир, тов, дог майра Юнус.
Цу хьуьн чу гIорта барзаха ца ваьхьна,
Варшашкахь ша сецна, сема ла ва доьгIна.
Говран пIендарш санна долу и даккхий гараш,
Сихонца лахьийна, вордан тIе доьттина,
Мокхазар берд санна, и ворда къевлина,
Вордан тIе хиъча – охьакхетарна кхоьруш,
Юххе хIоьттича – тIехарцарна кхоьруш,
ТIехьа хIоьттича – барзо вахьарна кхоьруш,
Стеран юьхь лаьцча – маIа Iоттарна кхоьруш,
Хьакхин херси санна, болу и къорза бIаьргаш,
Вордан чIургаш санна, ша цIехьа керчабеш,
Веана цIа кхечир, тов, дог майра Юнус.

Ваьлла вахара, тов, цу наьрсийн ва беша,
Цуьнан бIаьрг ма кхийтир цхьана торгIал оьпанах!
Мохь-цIогIа элира цо хIусаман нене:
Вайн наьрсаш юкъахь  торгIал оьпа шена карий,
Чехка далахь селхана туьйсина жамбалт.
Настарх лардай, оьпанна тохалахь, – аьлла,
ДIаделир цо чIогIа ирдина жамбалт.
Оьпанах лардина, настарах ва тоьхна,
Ша вала вуьйжир-кха дог майра и Юнус.
Ломахь лоьман ва санна, цIе йолу Юнус,
Гила берзан санна, ка долу ва Юнус,
Ирзешкахь  лелаш кхиъна сира сай санна,
Оьзда кхиъна, там болу дог майра Юнус,
Хьан самукъадаккха нийсарчу мехкарша,
Хьо кхача ма ве ирс дайначу цу метте,
Хьо хIотта ма ве-кх аьтто боцучу тIаме,
Барзал майра дог хьайн кийрахь сецадеш,
Къахета шена хьох, чал дера ва Юнус.
Ва, барзал майра ву, чал дера ву хьо,
Цхьогалал мекар ву, цу лоьмал чехка ву,
Яхь йолу ва кIанат, дог майра и Юнус!
Цу хIордо ловзо цIеркема ва санна,
Дуьне ловзориг хьо веца цхьанделхьа,
Ва хьоьца дика яра ненан хаза йоI.
Сирчу аьттан санна, сий долу ва Юнус,
ЦIечу аьттан санна, цIе йолу Юнус,
Ка хьокхуш йиллинчу шерачу цу цIенкъахь
Ира кIохцал даххал декъаза ва Юнус,
Ва сийна Терк доькъуш,
Хин чами ца кхаччал
Декъаза Юнус,

 Йоккхачу забарца вийцина илли тIехь Юнус, беламе даьхна цуьнан гIуллакхаш. Юьхьанца Юнусан амалш ма ярра йийцина илли тIехь, стешха хилар гайтина. Дечиг дан вахча: «Цу хьуьн чу гIорта барзаха ца ваьхьна, варшашкахь ша сецна, сема ла ва доьгIна». Дечиг дахьаш цIа ван новкъа ваьлча: «Вордан тIе хиъча – охьакхетарна кхоьруш, юххе хIоьттича – тIехарцарна кхоьруш, тIехьа хIоьттича – барзо вахьарна кхоьруш, стеран юьхь лаьцча – маIа Iоттарна кхоьруш», хала цIа веана дог майра Юнус. Цул тIаьхьа Юнус вуьйцуш, илли тIехь боху: «Ва, барзал майра ву, чал дера ву хьо, Цхьогалал мекар ву, цу лоьмал чехка ву, Яхь йолу ва кIанат, дог майра и Юнус! Цу хIордо ловзо цIеркема ва санна, Дуьне ловзориг хьо веца, цхьанделхьа».

И дагардинарш Юнусца данне а доцу хьуьнарш ду,  уьш цуьнца ду бахаро беламе воккху иллин турпалхо. Юнусан амалшна нисса бIостанехьа догIучу хьуьнаршца  «хаставо» иза илли тIехь. Поэтически гIирсах ироних говза пайдаоьцуш кхоьллина васт ду Юнасниг  МаьIница догIуш долчунна нийсса дуьхьал дерг, бIостанехьа дерг аларца хIума беламе даккхар иронин билгало ю. Баудди Iаламат говза хилла ироних пайдаоьцуш васт кхолла.

Бауддина дукха иллеш хууш хилла. Цунна хууш а, цо олуш а хиллачу иллешца дуьстича, цо ша даьхнарш башха дукха а дац. ЛадогIа дог доуьйтуш, говза, ша-тайпана хазачу мукъамехь, пондар говза тIаьхьара балош алара цо халкъан иллеш. Мелла а аз дахдеш, мукъам шера хуьлуьйтуш, кхечарех тера йоцуш, шен исбаьхьаллин кеп яра Бауддис илли аларан.

Вайн къам махках даьккхина, Казастанехь долчу хенахь Баудди луларчу юьрта вахана вогIуш, буьрса дарц даьлла, некъах тилла шийлачу Iаьнан буса арахь а висна, куьйган а, коган а пIелгаш дахьийна охьаэгна цуьнан. Дечиг-пондар ца лакхалуш висна илланча. ТIаккха цо кехат-пондар а Iамийна, иза тIаьхьара а балош аьлла иллеш. 

Шайн чулацамца а, исбаьхьаллин кепехь а тайп-тайпана дара Бауддис олу иллеш. Цхьабосса дика алара цо эпически а, лирически а иллеш. Цо олучарна юкъахь дара “Анзоран Зазин илли”, “Бос хазчу Мусан илли”, “Таймин Бийболатан, дог майрачу ЧIегин илли”. “Бос хазчу Тахун илли”, дуккха а кхидерш а.

1957 шарахь дуьйна даим а Нохч-ГIалгIайн филармонехь балхахь хилла Баудди. Кест-кеста радиохь а хуьлура цуьнан иллеш олу передачаш. Радиохула Нохчийчоьнан массо маьIIе кхочура Бауддин иллеш.  Дукха адамаша хазахеташ ладугIура цаьрга. Филармонин артисташца цхьаьна районашкахь лучу концерташкахь даим дакъалаьцна  цо. Сцени тIера а хаза декара Бауддис олу нохчийн халкъан иллеш.

Сулейманов Баудди кхелхина 1961 шеран 6 ноябрехь. Бауддис олуш хилла иллеш хIинца а ду адамийн дегнашкахь. Поэташа стихаш  язйо Баудди дагалоцуш.

Поэта Бисултанов Аптис «Ширчу илланчин узам» цIе йолу стихотворени язйина Сулейманов Баудди безамна:

Ховхачу бIаьргаш чохь Iуьйренаш йоьлуш,
Ховхачу куьйгаш тIехь суьйренаш йоьлуш,
Ден-ненан цIарах со дуьнен чу ваьлча,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан ховха бIаьрса.

Ден-ненан доккхадер дайн тIемаш хилла,
Декхаран жоьпалла беза мохь хилла,
Дуьххьара новкъа со волучу дийнахь,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан деган къийлар.

Къийсаман цIе эцна со новкъа ваьлча,
Хела йоI санна сан некъ хьийза баьлча,
Ца вуьтуш лела со аренца тилла,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан некъан илли.

Вешина ва метта буто ша боьлхуш,
Йишина ва метта куьйса эрз боьлхуш,
Генарчу махкахь сан бIаьрзъелча ойла,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан гIенийн гIовла.

Нуьречу бIаьргаш тIе кIайн марха еъча,
Сайн доьзал ца бевзаш сан бIаьрса эшча,
Висча со стаг воцуш гIо-дакъа лаца,
Даймохк, хьо хуьлур-кха ас луьйзу Iаса.

Некъаша Iийшина кура дог сецча,
ТIаьххьара къонахийн верта тIе тесча,
ТIаьххьарчу новкъа со ойучу ханна,
Даймохк, хьо хилалахь со ойу барма.

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИН ИЛЛЕШ

Октябрьски революцин 21 шо кхачарна // Ленинан некъ. 1938. 10 нояб. Шина заманах илли // Ленинан некъ. 1939. 26 апр. Ханпашех лаьцна илли // Къинхьегаман байракх. 1956. 13 сент. Заманан илли // Ленинан некъ. 1959. 16 авг. Халкъан иллиалархо. Иллеш. Грозный, 1962.
Пред След Страница:

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

Просмотров:4308 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

ЮСУПОВ IАЗИМ

Просмотров:2406 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

Просмотров:2578 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

Просмотров:3481 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Махмаев Жамалдин

Просмотров:5735 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Просмотров:1698 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

КИБИЕВ МУСБЕК

Просмотров:2263 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

ДИКАЕВ МОХЬМАД

Просмотров:3085 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

Просмотров:1495 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

ГАЦАЕВ САЬIИД

Просмотров:1409 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Просмотров:1578 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

Просмотров:5634 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ  (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Просмотров:3596 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Айдаев ЮшаI

Просмотров:854 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Абдулаев Зияудин

Просмотров:830 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

Просмотров:629 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Эдилов Хасмохьмад

Просмотров:4843 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Хамидов Iабдул-Хьамид

Просмотров:2022 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Просмотров:1239 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Сальмурзаев Мохьмад

Просмотров:3066 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Просмотров:2377 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Сулаев Мохьмад

Просмотров:5965 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Ошаев Халид

Просмотров:6341 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Нажаев Ахьмад

Просмотров:2143 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Муталибов Зайнди

Просмотров:1997 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Мусаев Мохьмад

Просмотров:2968 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Музаев Нурдин

Просмотров:2731 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Мамакаев Iаьрби

Просмотров:5469 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Мамакаев Мохьмад

Просмотров:11787 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Дудаев Iабди

Просмотров:2503 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Гайсултнов Iумар

Просмотров:1797 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Гадаев Мохьмад-Салахь

Просмотров:5369 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Ахматова Раиса

Просмотров:3699 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Арсанов СаьIид-Бей

Просмотров:2946 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Анзорова Балкан

Просмотров:1325 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Айсханов Шамсуддин

Просмотров:4630 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Авторханов Iабдурахьман

Просмотров:2178 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Бадуев СаьIид-Салихь

Просмотров:8383 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »