• VTEM Image Show


ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА
На Фото Дадашев lабдулла

Абдулла Арсанукаев.

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010)

Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла. Школа Казахстанехь чекхъяьккхина. Жимчохь дIаболабелла хинволчу яздархочун къинхьегаман некъ. ХIетахь дуьйна 1957 шо кхаччалц цо  белхаш бина тайп-тайпанчу меттигашкахь: юьртабахамехь, гIишлошъечохь, маша бечу фабрикехь, шахтехь. Деша таро ца хилла дикка тIаьхьа бен. 1968 шарахь Дадашев Iабдуллас заочно чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан филологин факультет. Оцу хенахь иза цхьана муьрехь «Ленинан некъ» газетан редакцехь литсотрудник, корреспондент, тIаккха отделан куьйгалхо, цул тIаьхьа жоьпаллин секретарь хилла. 1970-1981 шерашкахь Хьалха-Мартанан районан «Ленинская правда» газетехь редакторан болх бина. Иза цу хенахь, хууш ма хиллара, доккхачу жоьпаллин болх бара, цу заманан идеологин хоршара жимма а дIасхьатаIар нислахь, доккха гIалат лорий, партийни таIзар деш.


ГАЦАЕВ САЬIИД
На Фото Гацаев Саьlид

Абдулла Арсанукаев.

ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012)

ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи, Саракаев Хьамзат, Курумова Селима, Хасбулатов Ямлихан, Дикаев Мохьмад, Кусаев Iадиз, Рашидов Шаид, Кибиев Мусбек, Окуев Шима, Сатуев Хьусейн,  Махмаев Жамалди, кхиберш а. Хан яларца исбаьхьаллин дешан говзанчаш а хилла дIахIиттира уьш. Царах хIоранна а кхолларалла нохчийн литература кхидIа а кхиарехь мехала хилира. Церан произведенеша къоман литература теманашца, ойланашца, жанрашца, мукъамашца шорйира, исбаьхьаллин лакхарчу тIегIане яьккхира. Оцу яздархойн нуьцкъалчу тобанах вара Гацаев СаьIид а. 


БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД
На Фото Берсанов Хожа-Ахьмад

Абдулла Арсанукаев.

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра доьзалш. Махкахь коллективизаци кхочушъеш, колхозаш йохку мур хилла и. ТIехь да воцуш бисинчу доьзалх а хьакхаелла оцу заманан харцо. Кхеран долахь йолу бежан-хIума дIа а яьккхина, юьртахь юьллучу колхозе дIаелла. ЦIенош чу колхозан правлени яийтина. Гатто-хало хиллехь а, нанас кога-ира хIиттийна бераш. Хожа-Ахьмада школа шайн юьртахь чекхъяьккхина. Цул тIаьхьа деша вахна Серноводскерчу юьртабахаман техникуме зооветеринаран корматаллин отделени. Иза чекх ца яьккхина. 1938 – 1940 шерашкахь дешна Соьлжа-гIаларчу политпросветшколехь, амма иза чекхъяккхар а ца нисделла. Дуккха а тIаьхьа заочно доьшуш чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан филологин факультет.


Арсанукаев Шайхи
На Фото Арсанукаев Шайхи

Абдулла Арсанукаев.

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

«Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин а санна, нохчийн литературин а коьрта кхо «турпалхо» ву: хьалхара – Адам (Адаман амал, цуьнан ойла, сатийсам, гIиллакх, гIуллакх). ШолгIа – и Адам шена тIехь дехаш долу Латта (Даймохк). КхоалгIа – и Адам шена чохь дехаш йолу Зама. Нохчийн яздархоша – прозаикаша, поэташа, драматургаша – хестош дерг а ду дезаниг, даима а сийлахьниг: Даймохк, Нана, Адамалла, Къинхетам, Къинхьегам, Оьздангалла, Къонахалла, Тешам, ДоттагIалла, Безам» – яздина Арсанукаев Шайхис шен цхьана статья тIехь. Оцу мехаллаш тIехь кхиъна ю Арсанукаев Шайхин поэзи. И мехаллаш ю цуьнан кхоллараллехь коьртанаш, цо чIагIйираш.


Абдулла Арсанукаев.  

АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005)

Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан а оьзда кIант, гIараваьлла вевзаш а, лоруш а волу яздархо, публицист, юкъараллин деятель, баккхийчара а, кегийчара а лоруш а, сийдеш а волу хьехархо! Вайн веза-воккхачу АллахIа хьайна комаьрша деллачу похIмица ахь йоккха хазна йиллина нохчийн къоман литература кхиоран гIуллакхана юкъа. Книгашъешархоша а, критикаша а лаккхара мах хадош тIеэцна хьан «Нена дог», «Винчу лаьмнашкахь», «Лаьмнашкахь серло», иштта кхийолу произведенеш а.