• VTEM Image Show


Айдаев Юшаl
Арсанукаев Iабдулла.  

АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004)

Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу гIуллакхъхо» сийлаллин цIерш лелийна волу Айдаев ЮшаI ХХ бIешеран 60–90-чу шерашкахь къоман литература, Iилма, культура кхиорехь эвсараллица болх бина вара. Цуьнан Iилманан-талламан белхаш нохчийн литературоведени, литературин критика кхиарехь Iаламат мехала хилла.

Айдаев ЮшаI вина 1938 шеран 20 мартехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Ахъядан доьзалехь. Хьалххе да а кхелхина кхаа кIантаца йисина нана. Воккхаха волу ваша Юнус хилира шайна ден метта, олура ЮшаIа.


Абдулаев Зияудин
Арсанукаев Iабдулла

АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994)

Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах ву Зияудин». Яздархо Абдулаев Зияудин шуьйра вевзира нохчийн къам махках даккхарх лаьцна язйинчу произведенешца.

Абдулаев Зияудин вина 1926 шеран 4 августехь Ачхой-Мартанан районан Котар-Юьртахь СаIдуллин доьзалехь. Юьртахоша лоруш, доьналла долуш стаг хилла СаIдулла.

Шен юьртара школа чекхъяьккхинчул  тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу рабфакехь дешна Зияудин, цуьнца цхьаьна исбаьхьаллин студи а чекхъяьккхина. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом лаьттинчу шерашкахь болх бина “Окна ТАСС”-н  Соьлжа-ГIаларчу отделенехь. Исбаьхьаллин дашца, суьртийн плакатан гIирсашца адаман ойла фашисташна дуьхьал яккхарехь доккха гIуллакх дора Соьлжа-ГIаларчу “Окна ТАСС”-н белхахоша. Царна юккъехь вара къона Абдулаев Зияудин а.


Эдилов Хасмохьмад
Арсанукаев Iабдулла

ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991)

Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада элира, нохчийн дикахволчу итт поэтан цIе яккха шега аьлча, царна юккъехь Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, нохчийн дикахволчу пхеа поэтан цIе яккхка альча, царна юккъехь Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, нохчийн дикахволчу кхаа поэтан цIе яккха аьлча царна юккъехь а Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, уггар дикачу нохчийн цхьана поэтан цIе яккха аьлча, Эдилов Хасмохьмадан цIе йоккхура яцара ша, кхечарна хала ца хетийтархьама. 

Поэт, прозаик Эдилов Хасмохьмад вина 1922 шеран 16 ноябрехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартан районерчу ВаларгтIехь ахархочун Эдалан доьзалехь. Эдилов Хасмохьмада юьхьанца цIахь дешна. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа 1936-чу шарахь хьехархойн училищехь а, тIаккха Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан дешаран комиссариатехь йиллинчу политпросвет школехь а дешна цо.


Хамидов Iабдул-Хьамид
Арсанукаев Iабдулла

ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969)

Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна къоман барта произведенеш, уьш дагахь латтош а хилла.

Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1935 шарахь Серноводскерчу педаго­гически училище деша вахна иза. Кхузахь доьшуш волуш, кхидIа а чIагIделла Iабдул-Хьамидан халкъан исбаьхьаллин даше марзо хилар. ХIетахь  педучилищехь доьшуш хиллачу Эдилов Хасмохьмада яздо: "Цунна дукха хаьара нохчийн хьалхазаманахьлера а, хIетта юкъадуьйлуш долу а халкъан дийцарш, кицанаш, забарш. Студентийн дехаршца цо уъш кест-кеста дуьйцура общежитин кертахь мукъачу денойн суьйренашкахь тхо гуллуш хиллачу майданахь. Цу дийцаршна юккъехь цо ша кхуллуш дерш а хуьлура, амма цо ца олура цу хенахь, уьш ша кхоьллина ду". Схьахетарехь, оцу хенахь дуьйна волавелла Хамидов Iабдул-Хьамид исбаьхьаллин дешан говзалла караерзо.


Сулейманов Баудди
Арсанукаев Iабдулла

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961)

ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула цо илли олуш хезча, саца а велла, цуьнга ла ца дугIуш  стаг хир а вуй техьа олий, хетара. Иштта шен иллешца нахана вевзаш а, дукхавезаш а вара иллиалархо Баудди.

Халкъан иллиалархо Сулейманов Баудди вина 1902 шарахь Девлатгирин -Эвлахь ахархочун Салин Сулимин доьзалехь. Бауддин да Сулима а, нана Батти а нахаца йоккха марзо йолуш, наха лоруш а, нахана дукхдезаш а хилла. Шайн комаьршаллица цIеяхна а хилла уьш. Жима волуш ненах ваьлла Бауддин, кIентан ворхI шо кхаьчча кхелхина цуьнан нана. Беран хенахь морзгалийн цамгарх бIаьрсан дайна, гуттаренна са ца гуш висна Баудди.

СулимгIеран хIусамехь адам латтара, дехьа-сехьара хьеший а хуьлура. Царна юкъахь нислора барта шира дийцарш хуурш а, иллеш олурш а. Лерина ладугIура жимчу Бауддис ширчу дийцаршка, халкъан иллешка.