• VTEM Image Show


Сальмурзаев Мохьмад
Арсанукаев Iабдулла

САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958)

Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду.

Нохчийн прозаик Сальмурзаев Мохьмад вина 1900 шарахь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Йоккхачу-АтагIахь ахархочун Сальмарзин доьзалехь. Шен хенахь кхиберш а санна, хьуьжаре деша вахна Мохьмад, амма иза чекх ца яьккхина.

Сальмурзаев Мохьмада андаваьлча оьрсийн мотт а, йоза а Iамийна. Цул тIаьхьа хьехархойн курсаш чекх а яьхна, цхьана муьрехь ярташкахь а, тIаккха Cоьлжа-ГIалахь а хьехархочун болх бина. Хьехархочун балхаца цхьаьна «Серло» издательствехь гочдархо а хилла иза. Школан дахар а, хьехархочун болх а бевзаш волу Сальмурзаев Мохьмад Нохчийн областан халкъан дешаран отделан инспекторан балха хIоттийна. Нохчийн йоза хийцало мур хилла иза. Сальмурзаев Мохьмада дакъалаьцна керла алфавит хIоттош. Iаьр-бин йозанан буха тIехь йолчу меттана латинийн элпийн буха тIехь йолу алфавит хIоттий-на нохчийн йозанна.


Сулаев Мохьмад
Арсанукаев Iабдулла

СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992)

Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу таханлера хан а. Делахь а вайн халкъан дIаяхна зама вайн яздархоша шайн произведенешца дика йийцина а, кхин а йийца  йиш йолуш а ю. Амма дIадаьлларг сов а дуьйцуш, таханлерчу денойн турпалалла гайтар тIаьхьа а туьттуш вай Iийча, кху денойн тешаш долчу вайгачул дика гайталур юй тIаьхьенга вайн зама? Кху заманан бIаьхой а, тешаш а долчу вайн декхар ду вешан зама исбаьхьаллин произведенешкахь ма-ярра схьаохьар. И вайга дикахо далур ду: и вайна гергахь ду. И вай ца дахь, тIаьхьено вайна бехк буьллур бу». Яздархочун и кхайкхам муьлххачу хенахь а шен маьIна лахлур доцуш бу аьлла хета.

Нохчийн халкъан поэт, прозаик, критик Сулаев Мохьмад вина 1920 шеран 20 сентябрехь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан районерчу ГIойтIахь совдегаран Абу доьзалехь. Шен бархI шо кхаччалц винчу юьртахь хьалакхиъна Мохьмад. 1928-чу шарахь церан доьзал Соьлжа-ГIала кхелхина. ГIаларчу 16-чу школехь дешна цо. Цул тIаьхьа Асланбековски юьртахь (хIинца Серноводск) дешаран городокехь школа чекхъяьккхина.     


Ошаев Халид
Арсанукаев Iабдулла

ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977)

Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу «Нефтерабочий» я «Красный труд» газета тIехь. Яздархочо ша билгал ма-даккхара, советан Iедал тIедеанчул тIаьхьа нохчийн литературехь язйина дуьххьарлера произведени ю иза. (Туркаев Х. «Жажда неутоленная». 2007). Цу тайпана, ХХ бIешеран нохчийн литература йоллалучу юьххехь язйина Ошаев Халида шен дуьххьарлера произведенеш. Иза нохчийн йозанан литература йолийнчеран хьалхарчу могIаршкахь ву.  Прозехь, драматургехь, публицистикехь йоккхачу эвсараллица болх бина яздархочо.  Кхоллараллин таронаш яккхий йолуш яздархо вара Ошаев Халид.

Ошаев Халид вина 1898 шеран 1-чу январехь Йоккха-АтагIана гена йоццуш хиллачу Чахкара-ГIалахь хьуьнан белхахочун Дудин доьзалехь. Шен 11 шо долуш Соьлжа-ГIаларчу реальни училище деша вахна Халид. Цигахь хинволчу яздархочунна евзина, еза а елла оьрсийн классически литература.


Нажаев Ахьмад
Арсанукаев Iабдулла

НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943)

Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш шайн исбаьхьаллин башхалашца хIинцалерчу литературица йогIуш цахилар, амма къоман исбаьхьаллин литература йолийнчеран кхоллараллин мехаллаш ша-тайпана ю, цара динчун маьIна а ша-тайпана деш ду. Церан цIаршца, церан исбаьхьаллин произведенеш тIера дIайоьдуш хуьлу муьлххачун къоман литература. Исторехь юьсуш ю йозанан исбаьхьаллин дешан юьхь йолийнчеран цIерш.
Нохчийн исбаьхьаллин литература йолийнчарах ву  поэт, прозаик, фольклор гулъярхо, школашна язйинчу дешаран книгийн автор  Нажаев Ахьмад. Нохчийн маттахь дуьххьара къоман барта произведенийн книга арахецар Нажаев Ахьмада кхочушдина. Къоман йозанан поэзино хьалхарчу муьрехь яьхна гIулчаш а цуьнан цIарца йозаелла ю.


Муталибов Зайнди
Арсанукаев Iабдулла

МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978)

Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю дукхахйолу шен произведенеш цо Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах лаьцна язйина хилар. Буьрсачу, къизачу тIеман суьрташ ма-дарра гайталур дац и дерриг а шен бIаьрга гина, шен дагца, дегIаца лайна болчаьрга санна. Муьлхха тIом шен сица къийлина, шен дагах а, цIийх а чекхбаьлла боцчаьрга. Цундела мехала ду тIеман дакъалацархойн-яздархойн цунах лаьцна долу муьлхха а тоьшалла. Муталибов Зайндин тIамах лаьцна долу дийцарш, повесташ, стихотворенеш бIаьхочун тIеман некъех лаьцна йозанаш ду. Уьш гергара а ду вайна, иза ша оцу буьрсачу хиламийн дакъалацархо хиларна».

Нохчийн поэт, прозаик Муталибов Зайнди вина 1922-чу шеран 15-чу сентябрехь Веданан районерчу Хоттани юьртахь ахархочун Iабдулхьалиман доьзалехь. Юьртарчу ворхIшеран школехь дешна Зайндис, иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа, шен 15 шо долуш, школе пионервожати вахна иза. ХIетахь дуьйна дIаболабелла Муталибов Зайндин белхан некъ.