• VTEM Image Show


Мусаев Мохьмад
Арсанукаев Iабдулла

МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999)

Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара тхойшиъ. Цо дас санна, терго йора сан, даим гIо дора. Мохьмад нохчийн къоман тоьлла яздархо, журналист хилла ца Iара, иза дог дика стаг вара, лаккхара похIма а долуш, шен халкъан, ненан меттан дезаршна кийчча вара».

Нохчийн прозаик, драматург Мусаев Мохьмад вина 1915 шеран 15 июнехь Соьлжа-ГIалина юххерчу нохчийн юьртахь Алдахь ахархочун Мусан доьзалехь. Жимчохь дуьйна а тIах-аьлла, хIума хаа лууш, керланиг довза гIерташ хилла Мохьмад. Шен дас хьуьжаре деша вахийтина иза. Дика доьшуш, хьуьжарехь хьоьхург тIевирззина Iамош хилла Мохьмад.


Музаев Нурдин
Арсанукаев Iабдулла

Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна

Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа а веана, шовзткъе иттех шарахь поэзехь, прозехь, драматургехь йоккхачу эвсараллица болх бина ву Музаев Нурдин. Цуьнан кхоллараллехь массо а жанрашкахь произведенеш ю: лирически стихотворенеш, поэмаш, повесташ, романаш, пьесаш.  Къоман исторехь хилла долу а, ша ваьхначу  заманан а  гIуллакхаш ду яздархочун произведенийн чулацамехь.

Поэт, прозаик, драматург Музаев Нурдин вина 1913 шеран 15 октябрехь Шелан районерчу БелгIатой-эвлахь  ахархочун Джамалдинан доьзалехь. Шайн юьртахь дIадахана хинволчу яздархочун бералла.  Жимчохь кIанта дукха ладийгIина денанас Бецис шена дуьйцуш хиллачу туьйранашка. «Жоьра-Бабин кIант», «Саьрмак эшийнарг», «Соскин Солса», кхидолу а денанс дийцина туьйранаш воккхахилча а дагахь лаьттина цунна. 


Мамакаев Iаьрби
Арсанукаев Iабдулла

МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958)

Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а язйина мехала произведенеш. Иза автор ву дийцарийн, очеркийн, повестан, пьесийн.
Мамакаев Iаьрби вина 1918-чу шеран 2-чу декабрехь Теркайистерчу Лаха-Неврехь халкъан хьехархочун Шамсуддинан  доьзалехь. Iаьрбин да Шамсуддин дикка дешна хилла. Цо чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалара ламанхойн школа, цул тIаьхьа Тифлисехь хьехархойн семинари а. ШамсуддингIеран хIусамехь дуккха а книгаш хилла. Жимчохь Iемина Iаьрбина деша а, яздан а. Берахь дуьйна книгашца уьйр йолуш кхиъна кIант.


Мамакаев Мохьмад
Арсанукаев Iабдулла

МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973)

Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна хIаллакбина къоман тоьлла яздархой Бадуев СаьIид, Айсханов Шамсудди, Актемиров Мусита, Дудаев Iабди, Нажаев Ахьмад. Чубоьхкина, ГУЛАГан  лагершкахь яккхий хенаш яьхна Арсанов СаьIид-Бейс, Ошаев Халида, Мамакаев Мохьмада, Мамакаев Iаьрбис, кхечаран а. Оцу инзаре халчу хьелашкахь адамаллица ца догIу Iазап шаьш токхуш, доьналлех, къонахаллех ца боьхначу нохчийн яздархойх вара Мамакаев Мохьмад.


Дудаев Iабди
Арсанукаев Iабдулла

ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937)

Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш нохчийн йозанан литература йолорехь, исбаьхьаллин дош кхиарехь  мехала хилла ю. Къоман литература, культура кхиорехьа къийсам латтош шайн хьуьнарш, дахар дIаделла оцу яздархоша. Шайн йозанан корматалла бахьана долуш сталински таIзар лаьттинчу хенахь бехк боцуш, лаьцна  чу а боьхкина, хIалакбина и вай цIерш яьхна яздархой цхьа Сальмурзаев Мохьмад воцург, иза а махках ваьккхинчуьра цIа верзар ца хуьл.

ХIинцалера нохчийн литература оцу яздархойн произведенешца юьстича ша кхиарехь дуккха а лакхарчу тIегIане яьллехь а, церан цIерш йицъян ца йогIу. Нохчийн литератураца бала болчарна бовза а, шайга лерам хила а хьакъ бу и яздархой.